|
| 1 |
|
| ХӀара ду исраилхошна юкъахь Йордан-хина малхбузехь болу КанаӀан-мохк бекъарх долу дийцар. Мохк боькъуш, цунах царна дакъош дира динан дас ЭлиӀазара а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а, исраилхойн тайпанашкахь болчу доьзалийн тхьамданаша а. |
|
| 2 |
|
| Везачу Эло Мусагахула тӀе-ма-диллара, кхаж а тосуш, дийкъира цара иза исс тайпанна а, Маннашан эха тайпанна а. |
|
| 3 |
|
| Шина тайпанна а, Маннашан тайпанан вукху эханна а Мусас Йорданал дехьа, малхбалерчу агӀор, дакъа деллера, ткъа Левин тайпанах болчарна царна юкъахь дакъа ца деллера. |
|
| 4 |
|
| Юсупан кӀентех ши тайпа схьадаьллера: Маннашан а, Эпрайман а. Ткъа Левин тӀаьхьенашна латта ца деллера, царна гӀаланаш еллера, бежанаш а, жаш а лело меттигаш а луш. |
|
| 5 |
|
| Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дира исраилхоша дерриг а, шаьш лаьттан дакъош доькъуш. |
|
| 6 |
|
| ЯхӀудан тӀаьхьенах болу нах баьхкира Галгале ЮшаӀ волчу. Епунин кӀанта Килаба, кхеназхочо, элира цуьнга: «Хьуна хаьа Везачу Эло Делан стаг волчу Мусага Кхадеш-БарнаьӀахь хьох а, сох а лаьцна аьлларг. |
|
| 7 |
|
| Сан шовзткъа шо дара, Везачу Элан ялхочо Мусас Кхадеш-БарнаьӀара со лаьтте хьажа вохуьйтучу хенахь. Аса, юха а веана, сайна хеташ дерг дӀадийцира цуьнга. |
|
| 8 |
|
| Соьца баьхкинчу вежарша нехан дегнашка кхерам тесира, ткъа со сайн Везачу Дала бохучунна тӀера ца велира. |
|
| 9 |
|
| Цу дийнахь Мусас чӀагӀо йира суна: „Хьан ког тӀебаьлла латта хьан а, хьан берийн а дакъа хир ду гуттаренна а, хӀунда аьлча сан Везачу Дала бохучунна тӀера ца вели хьо“, — аьлла. |
|
| 10 |
|
| Иштта Везачу Эло дийна витина со, Цо Ша ма-аллара. Шовзткъе пхи шо ма даьлла Везачу Эло Мусага и дош аьллачул тӀаьхьа. Цу хенахь исраилхой яьссачу аренгахула лелаш бара. Хьажал соьга! ХӀинца сан дезткъе пхи шо ду. |
|
| 11 |
|
| Хьалха Мусас со вохуьйтучу хенахь санна, хӀинца а гӀора долуш ву со. ХӀетахь хилла ницкъ бу соьгахь хӀинца а тӀом бан а, кхин гӀуллакх дан а. |
|
| 12 |
|
| Ткъа хӀинца Везачу Эло цу дийнахь суна лур ю аьлла йолу акъареш схьало. Хьуна хезира хӀетахь, цигахь Ӏаш Ӏаьнакхан кӀентий бу, церан гӀаланаш яккхий а, чӀагӀйина а ю аьлла. Амма Везачу Эло гӀо а дина, ас арабаха мега уьш, Везачу Эло ма-аллара». |
|
| 13 |
|
| Везачу Эле Епунин кӀант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гӀала дӀаелира ЮшаӀа. |
|
| 14 |
|
| Хьеврон хӀинца а кхеназхо волчу Епунин кӀентан Килабан тӀаьхьенна дакъа хилла йисна, хӀунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тӀера ца ваьллера. |
|
| 15 |
|
| Хьевронан цӀе хьалха Кхиръят-АрбаӀ хилла. (АрбаӀ цӀе йолуш Ӏаьнакхахойн тӀаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто. |
|
|
|
|