×

Делан Йозанаш 2012

ЮшаӀ 16

1
Юсупан тайпанна деллачу декъан доза Ерихонна уллорачу Йордан-хина тӀера, малхбалехь долчу Ерихонан шовданаш долчуьра долалуш дара. Ерихонна тӀера, яьссачу арахула дӀа а доьдий, шайна тӀехь Бетал-гӀала йолчу гунаш тӀе кхочура иза.
2
Бетална тӀера Луз-гӀалина тӀе а доьдий, цигара дӀа Ӏаьркхахойн лаьтта тӀехула чекх а долий, Ӏатрут-гӀала кхочура иза.
3
Цул тӀаьхьа малхбузехьа яплатихойн лаьтта тӀекхаччалц дӀадоьдура иза, цигара, Лахарчу Байт-Хьоронна тӀе а доьдий, ГӀазар-гӀалина тӀе кхочура. Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь чекхдолура и доза.
4
Иштта дара Юсупан шина кӀентан, Маннашан а, Эпрайман а, дакъош.
5
Шайн гаранашкахь Эпрайман тайпанан дакъа иштта дара: церан доза малхбалехь Ӏатрут-Адар-гӀалина тӀера Лакхарчу Байт-Хьоронна тӀекхаччалц дара.
6
Цигара дӀа доза хӀорда тӀе доьдура, Михметатна къилбаседехьарчу агӀор а долий. Юха, Таанат-Шилун гӀалин малхбалерчу агӀор дӀа а доьрзий, цунах тӀехдолура иза. Ткъа Янохь-гӀалина а малхбалехь йолчу агӀонгахула дӀадоьдура доза.
7
Янохьана тӀера, Ӏатрут а, НаӀран а гӀаланашка чу а дуссий, Ерихонна тӀекхочура иза, цигара дӀадахча, Йордан-хина тӀехь соцура.
8
Тапухьа-гӀалина тӀера малхбузехьа Кхана-хина тӀе а доьдий, хӀорда тӀехь чекхдолура доза. Иштта дара Эпрайман тайпанан гаранашна делла долу дакъа.
9
Эпрайман тайпанна елла шайн ярташца йолу гӀаланаш Маннашан тайпанан лаьттан декъа тӀехь яра.
10
Амма Эпрайман тайпанах болчу наха ГӀазар-гӀалахь Ӏаш болу канаӀанхой дӀа ца лаьхкира, таханлерчу дийне кхаччалц эпраймхошна юкъахь бехаш бу уьш, леш санна царна белхаш а беш.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки