|
| 1 |
|
| Латта схьадаьккхинчул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дӀахӀоттийра цара цигахь. |
|
| 2 |
|
| Исраилхойх лаьттан дакъа кхачаза кхин а ворхӀ тайпа дара. |
|
| 3 |
|
| ЮшаӀа элира исраилхошка: «Кхин мел Ӏан дагахь ду шу, шун дайн Везачу Дала шайна делла латта схьа а ца оьцуш? |
|
| 4 |
|
| ХӀора тайпанах кхоккха стаг схьакъаставе. Ас лаьтте хьовса а, цунах дерг дӀаяздан а бохуьйтур бу уьш. ХӀора тайпанна догӀучуьнга хьаьжжина, иза муха декъа деза дӀа а яздина, суна тӀе юхабогӀур бу уьш. |
|
| 5 |
|
| Латта ворхӀ декъе декъа деза. ЯхӀудан тайпа шен лаьтта тӀехь къилбехь Ӏийр ду, ткъа Юсупан тайпа шен лаьтта тӀехь къилбаседехь Ӏийр ду. |
|
| 6 |
|
| Лаьттан ворхӀ декъах яздинарг суна схьада. Аса вайн Везачу Далла хьалха шуна кхаж тосур бу. |
|
| 7 |
|
| Левихошна шуна юкъахь дакъа хир дац, хӀунда аьлча Везачу Элана гӀуллакх дар ду церан дакъа. Ткъа Гадин а, Раабанан а тайпанаша а, Маннашан эха тайпано а Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла дакъош Йордан-хин малхбалерчу агӀор схьаэцна». |
|
| 8 |
|
| Хаьржина болу нах лаьтте хьовса бахара. Уьш дӀабахале, ЮшаӀа царна тӀедиллира: «Даха а гӀой, лаьтте а хьовсий, цунах дерг дӀа а яздай, суна тӀе юхадуьйла. Ас кхузахь, Шилунехь, Везачу Элана хьалха шуна кхаж тосур бу». |
|
| 9 |
|
| Уьш, дӀа а бахана, цу лаьттахула чекхбевлира. Дерриг а цунах дерг а, ерриг а гӀала а тептар тӀехь ворхӀ декъехь дӀаязйира цара. Юха ЮшаӀ волчу Шилуне схьабаьхкира уьш. |
|
| 10 |
|
| ЮшаӀа Шилунехь Везачу Элана хьалха кхаж тесира царна. Юха исраилхойн дисинчу хӀора тайпанна дӀадийкъира цо билгалдаьхна долу лаьттан дакъош. |
|
| 11 |
|
| Хьалхара кхаж Бен-Яманан тайпанах долчу гаранашна белира. ЯхӀудан а, Юсупан а тайпанашна юккъехь Ӏуьллуш дара церан латта. |
|
| 12 |
|
| Къилбаседерчу агӀор церан доза Йордан-хина тӀера долалуш дара. Ерихонна уллохула къилбаседехула чекх а долий, малхбузехьа а доьрзий, гунаш тӀе хьаладолура иза. Цигара дӀа Байт-Аван цӀе йолчу яьссачу аренга кхочура иза. |
|
| 13 |
|
| Юха доза, Луз-гӀалин (кхечу кепара Беталан) къилбехь йолчу басенна тӀе а доьдий, цигара Ӏатрут-Адар-гӀала йолчу чу а дуссий, Лахарчу Байт-Хьорон-гӀалин къилбехьарчу агӀор лаьттачу лома тӀе доьдура. |
|
| 14 |
|
| Цул тӀаьхьа, цу ломан малхбузерчу агӀонна тӀера къилбехьа дӀа а доьрзий, ЯхӀудан тайпанан йолчу Кхиръят-БаӀал-гӀалина (я кхечу кепара Кхиръят-ЯӀаримна) тӀедоьдура иза. Малхбузера доза иштта дара. |
|
| 15 |
|
| Къилбера доза, Кхиръят-ЯӀаримна тӀера дӀа а долалой, Нептухь цӀе йолчу хьостана тӀе кхочура. |
|
| 16 |
|
| Юха, ХӀинам-тогӀина дуьхьал болчу ломан когашка чу а дуссий, репахойн тогӀи чухула къилбаседехьа а доьдий, Явсай-гӀалин къилбехьарчу агӀор ХӀинам-тогӀи чу дуссура иза, цигара дӀа Ӏейн-РегӀал цӀе йолчу хьостана тӀе доьдура. |
|
| 17 |
|
| Цул тӀаьхьа, къилбаседехьа дӀа а доьрзий, Ӏейн-Шемешана тӀе а доьдий, цигара дӀа Адуммим-Ӏинна дуьхьал йолчу Галилутна тӀедоьдура доза. Цигара дӀа Раабанан кӀентан БохӀанан тӀулг болчу чудуссура иза. |
|
| 18 |
|
| Юха, Ӏариба-тогӀина дуьхьал долчу гунийн къилбаседерчу агӀор дӀа а доьдий, тогӀи чу дуссура иза. |
|
| 19 |
|
| Цул тӀаьхьа, Байт-ХьагӀла-ломан къилбаседерчу агӀор чекх а долий, Дуьрачу хӀордан къилбаседерчу берда йистехь чекхдолура доза, Йордан-хи хӀордах кхетачу меттехь. Иштта дара къилбера доза. |
|
| 20 |
|
| Малхбалера доза хилла догӀуш Йордан-хи дара. Массо а агӀор долчу дозанашца иштта дара Бен-Яманан тайпанан лаьттан дакъа. |
|
| 21 |
|
| Бен-Яманан тайпанан хӀара гӀаланаш яра: Ерихон, Байт-ХьагӀла, Ӏемакх-Кхациц, |
|
| 22 |
|
| Байт-Ӏариба, ЦӀемарайм, Бетал, |
|
| 23 |
|
| Ӏавайм, Пара, Ӏапру, |
|
| 24 |
|
| Кепар-Ӏамуна, Ӏапни, ГибаӀ — шийтта гӀала шайн ярташца. |
|
| 25 |
|
| ГавӀон, Рама, Баировт, |
|
| 26 |
|
| МицӀпа, Капира, Моца, |
|
| 27 |
|
| Рекхам, Йирпиал, Тар-Ала, |
|
| 28 |
|
| ЦелаӀ, Элеп, Явсай (я кхечу тайпана Ярушалайм), ГебаӀ, Кхиръят-ЯӀарим — ейтта гӀала шайн ярташца. Иштта дара Бен-Яманан тайпанан дакъош. |
|
|
|
|