|
| 1 |
|
| Левихойн тӀаьхьенийн тхьамданаш баьхкира динан дена ЭлиӀазарна а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а тӀе. |
|
| 2 |
|
| КанаӀан-махкахь йолчу Шилун-гӀалахь дара иза. Левихойн тхьамданаша элира: «Мусагахула Везачу Эло тӀедиллина, тхуна чохь Ӏан гӀаланаш а, даьхни лело цу гӀаланашна уллора аренаш а ло аьлла». |
|
| 3 |
|
| Везачу Эло тӀе-ма-диллара, шайн лаьттан дакъойх схьа а къастийна, левихошна гӀаланаш а, царна уллора аренаш а елира исраилхоша. |
|
| 4 |
|
| Хьалхара кхаж КхахӀатан тӀаьхьенашна белира. И кхаж баларца ЯхӀудан а, ШимӀин а, Бен-Яманан а тайпанех схьабевлла болчу наха левихошна, динан ден АхӀаронан кӀенташна, кхойтта гӀала елира. |
|
| 5 |
|
| Кхаж баларца КхахӀатан кхечу тӀаьхьенашна а Эпрайман а, Данан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Маннашан ах тайпанах болчу нахера а итт гӀала кхечира. |
|
| 6 |
|
| ГӀиршанан тӀаьхьенашна Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Башан цӀе йолчу меттера Маннашан ах тайпанах болчу нахера а кхойтта гӀала кхечира кхаж баларца. |
|
| 7 |
|
| Мерарин тӀаьхьенашна шайн гаранашкахь Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанех схьабевллачу нахера шийтта гӀала кхечира. |
|
| 8 |
|
| Везачу Эло Мусагахула шайна тӀе-ма-диллара, и гӀаланаш царна уллорачу аренашца, кхаж а тосуш, левихошна дӀаелира исраилхоша. |
|
| 9 |
|
| ЯхӀудан а, ШимӀин а тайпанаша левихошна еллачу гӀаланийн цӀераш иштта яра: |
|
| 10 |
|
| КхахӀатан тӀаьхьенах болчу АхӀаронан кӀенташна а, Левин кӀенташна а, царна кхаж хьалха баларна, |
|
| 11 |
|
| Кхиръят-АрбаӀ цӀе йолу гӀала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Ӏаьнакхан ден АрбаӀан цӀарах яра и гӀала. Иза ЯхӀудан гу тӀехь яра, кхин цӀе а яра цуьнан — Хьеврон). |
|
| 12 |
|
| Цу гӀалина уллора аре а, ярташ а Епунин кӀантана Килабана елира. |
|
| 13 |
|
| Иштта динан ден АхӀаронан кӀенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гӀала — Хьеврон а, гӀала Либна а, цу шина гӀалина уллора аренаш а. |
|
| 14 |
|
| Кхин а царна елира шен аренашца Итар-гӀала а, шен аренашца ЭштамуӀ-гӀала а, |
|
| 15 |
|
| Хьулон-гӀала а, цуьнан аренаш а, Дибар-гӀала а, цуьнан аренаш а, |
|
| 16 |
|
| Ӏейн-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЮтӀа-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Шамаш-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цу шина тайпано елла и исс гӀала яра. |
|
| 17 |
|
| Бен-Яманан тайпано елира гӀаланаш: ГавӀон а, цуьнан аренаш а, ГибаӀ а, цуьнан аренаш а, |
|
| 18 |
|
| Ӏанатот-гӀала а, цуьнан аренаш а, Ӏалмун-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра. |
|
| 19 |
|
| АхӀаронан тӀаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонахара аренаш а яра. |
|
| 20 |
|
| КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гӀаланаш. |
|
| 21 |
|
| Эпрайман лам тӀехь йолу Шехем-гӀала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гӀала лурбоьлла нах шена чохь дӀаловчкъуш яра. Цул сов, ГӀазар-гӀала а, цуьнан аренаш а елира царна. |
|
| 22 |
|
| Кхибцайм-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гӀала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гӀала яра уьш. |
|
| 23 |
|
| Данан тайпано елира гӀаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а, |
|
| 24 |
|
| Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елларг. |
|
| 25 |
|
| Маннашан ах тайпано елира гӀаланаш: ТаӀнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гӀала яра. |
|
| 26 |
|
| КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гӀала а, церан аренаш а яра. |
|
| 27 |
|
| ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу левихошна елира хӀара гӀаланаш: Маннашан ах тӀаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гӀала а, цуьнан аренаш а. И гӀала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаӀаш-Тара-гӀала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гӀала. |
|
| 28 |
|
| Иссарханан тайпано елира гӀаланаш: Кхишон а, цуьнан аренаш а, Дубрат а, цуьнан аренаш а. |
|
| 29 |
|
| Ярмут а, цуьнан аренаш а, Ӏейн-Ганим а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала елира цара. |
|
| 30 |
|
| Ашаран тайпано елира гӀаланаш: Мишъал а, цуьнан аренаш а, Ӏабдани а, цуьнан аренаш а. |
|
| 31 |
|
| Хьелкхат а, цуьнан аренаш а, Рахьуб а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елла. |
|
| 32 |
|
| Напталан тайпано елира гӀаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гӀала елира цара. |
|
| 33 |
|
| ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонах йолу аренаш а яра. |
|
| 34 |
|
| Мерарин тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гӀаланаш. Забулан тайпано дӀакъастийра: ЯкхнаӀам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а, |
|
| 35 |
|
| Димна а, цуьнан аренаш а, НахӀлал а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала. |
|
| 36 |
|
| Раабанан тайпано елира Бацар-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯхӀац-гӀала а, цуьнан аренаш а, |
|
| 37 |
|
| Кхадимут-гӀала а, цуьнан аренаш а, МейпаӀат-гӀала, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра. |
|
| 38 |
|
| Гадин тайпанах болчу наха елира гӀаланаш: ГалӀад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дӀаловчкъу Рамат-гӀала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а. |
|
| 39 |
|
| Кхин а елира Хьешбон-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯӀзир-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра. |
|
| 40 |
|
| Кхаж тасарца Мерарин тӀаьхьенах болчу левихошна кхаьчнарг шийтта гӀала яра. |
|
| 41 |
|
| Исраилхойн бахамна юкъахь левихойн долахь шовзткъе бархӀ гӀала а, царна гонахара аренаш а яра. |
|
| 42 |
|
| Цу гӀаланашна гонах аренаш яра, хӀора гӀалин шен латта а долуш. |
|
| 43 |
|
| Иштта Везачу Эло, Ша церан дайшна лур бу аьлла, чӀагӀо йина болу мохк исраилхошна дӀабелира. Иза схьа а эцна, цу тӀехь баха хевшира уьш. |
|
| 44 |
|
| Массо а агӀор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагӀех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дӀабеллера мостагӀий. |
|
| 45 |
|
| Дерриг а Везачу Эло исраилхошна хир ду аьлла диканиг кхочуш ца хуьлуш ца дисира. Дерриг а кхочушхилира |
|
|
|
|