|
| 1 |
|
| Дерриг а Исраилан халкъ Йорданах дехьадаьлча, Везачу Эло ЮшаӀе элира: |
|
| 2 |
|
| «Шийтта стаг схьахаржа нахана юкъара, хӀора тайпанах цхьацца. |
|
| 3 |
|
| Царна тӀедилла, динан дай лаьттинчу меттера, Йорданан юккъера, шийтта тӀулг схьаэца алий. Тховса шаьш буьйса йоккхучу метте, дӀа а хьой, охьадахка ала цаьрга и тӀулгаш». |
|
| 4 |
|
| Исраилхойн хӀора тайпанна юкъара ша хаьржина шийтта стаг тӀекхайкхира ЮшаӀа. |
|
| 5 |
|
| Цо элира цаьрга: «Йорданна юккъе, шайн Везачу Делан тӀорказна хьалха, довла. ХӀораммо а цигара шайн белшаш тӀе цхьацца тӀулг схьаэца. ХӀора тайпанна цхьацца хир бу уьш. |
|
| 6 |
|
| И тӀулгаш шайна билгалонна дита. ТӀейогӀучу хенахь шун бераша хоттур ду шуьга: „Стенна Ӏалашдо аш и тӀулгаш?“ — аьлла. |
|
| 7 |
|
| Аш жоп лур ду царна: „Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха Йордан-хи декъадалар дагахьлатторхьама Ӏалашдо. ТӀорказ дехьадоккхучу хенахь Йордан-хи, декъа а делла, сецира. ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхошна и хӀума дагахь латтор ду цу тӀулгаша“». |
|
| 8 |
|
| ЮшаӀа шайна тӀе-ма-диллара, кхочушдира исраилхоша дерриг а. Везачу Эло ЮшаӀе ма-аллара, Йордан-хина юккъера шийтта тӀулг, исраилхойн хӀора тайпанан цӀарах цхьацца, схьа а эцна, шаьш буьйса йоккхучу метте дӀа а баьхьна, охьабиллира цара. |
|
| 9 |
|
| Бартбаран тӀорказ эцна боьлху динан дай лаьттинчу метте, Йордан-хина юккъе, кхин шийтта тӀулг хӀоттийра ЮшаӀа. И тӀулгаш хӀинца а ду цигахь. |
|
| 10 |
|
| Везачу Эло ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг халкъе дӀаалар, Мусас ЮшаӀе весет ма-дарра. Дерриг а чекхдаллалц, тӀорказ эцна боьлху динан дай Йордан-хина юккъехь лаьттира. Ткъа халкъ цу хенахь сихха хих дехьадолуш дара. |
|
| 11 |
|
| Нах дехьабевллачул тӀаьхьа, Везачу Элан тӀорказ юха а халкъана хьалхадаьккхина дӀадаьхьира динан дайша. |
|
| 12 |
|
| Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенаш а, Маннашан тӀаьхьенах ах нах а, исраилхошна хьалха а бевлла, герзашца хих дехьабевлира, Мусас шайна тӀе-ма-диллара. |
|
| 13 |
|
| ТӀамана кечвелла шовзткъа эзар герга стаг, Везачу Элана хьалхахула чекх а ваьлла, Ерихонан аренашка тӀом бан вахара. |
|
| 14 |
|
| Цу дийнахь Везачу Эло дерриг а Исраилан халкъана хьалха ЮшаӀан сий хьалаайира. Цул тӀаьхьа, Муса санна, ЮшаӀ лерира халкъо, цуьнан дахаран денош чекхдовллалц. |
|
| 15 |
|
| Везачу Эло ЮшаӀе элира: |
|
| 16 |
|
| «Бартбаран тӀорказ эцна богӀучу динан дайшка, Йордан чуьра схьабовла алий, омра де». |
|
| 17 |
|
| ЮшаӀа динан дайшка омра дира: «Йордан чуьра схьадовла!» — аьлла. |
|
| 18 |
|
| Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ эцна богӀу динан дай, Йордан чуьра хьала а бевлла, декъачу лаьтта тӀе бовллушехь, Йорданан хи, ша гуттар а ма-дарра, охьадоладелира, шен бердашна тӀехула а долуш. |
|
| 19 |
|
| Хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь Йорданах сехьа а даьлла, Ерихонна малхбалехьа йолчу Галгал олучу меттехь сецира Исраилан халкъ. |
|
| 20 |
|
| Йордан-хи чуьра шаьш схьаэцна шийтта тӀулг цигахь дӀахӀоттийра ЮшаӀа. |
|
| 21 |
|
| Цо элира исраилхошка: «ТӀейогӀучу хенахь шайн бераша шайга хаттахь: „ХӀорш хӀун тӀулгаш ду?“ — аьлла, |
|
| 22 |
|
| аш цаьрга ала: „Исраилхой Йордан-хих декъачу лаьтта тӀехула дехьабовлар дагахь латтадойту цара“. |
|
| 23 |
|
| Шун Везачу Дала, шу дехьадовллалц, Йордан-хи лакъийра. Изза динера шун Везачу Дала, Эрзийн хӀордах тхо дехьадовлучу хенахь, тхуна хьалхара хи дӀа а лакъийна. |
|
| 24 |
|
| Везачу Эло иза дина дуьнен чуьра дерриг а халкъашна Шен ницкъ мел бу хаийтархьама, шу гуттар а шайн Везачу Делах кхоьруш хилийтархьама». |
|
|
|
|