|
| 1 |
|
| И хилларг Йордан-хил дехьарчу, малхбузерчу агӀор мел болчу паччахьашна хезира. Лаьмнаш тӀера а, нийсачу арара а, Дуьненаюккъерачу хӀордан берда тӀера а, Ливануна уллора а хьетахойн а, эмархойн а, канаӀанхойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а паччахьаш |
|
| 2 |
|
| цхьаьна гулбелира ЮшаӀана а, исраилхошна а дуьхьал тӀаме бовла. |
|
| 3 |
|
| Амма ГавӀон-гӀалин бахархой, Ерихон а, ГӀай а гӀаланашна ЮшаӀа динарг а хезна, |
|
| 4 |
|
| 4-5 хӀиллане бевлира. Царах масех стаг генарчу махкара богӀу геланчаш санна кечвелира, эттӀа бедарш а, тишъелла, йоманаш летийна мачаш а юьйхина. Шайн варрашна тӀе тишделла галеш а, йоманаш летийна пӀаьлдигаш а дехкира цара. Шайца схьаэцна бепиг декъа а, матардоьлла а дара церан. |
|
| 5 |
|
| *** |
|
| 6 |
|
| Галгал олучу меттехь болчу исраилхойн меттаматте а баьхкина, цара ЮшаӀе а, исраилхошка а элира: «Тхо вуно генарчу махкара даьхкина, тхоьца барт бахьара аша». |
|
| 7 |
|
| Амма исраилхоша элира хьаьвихошка: «Шу тхуна юххехь Ӏаш хила а мега. Оха муха бийр бу шуьца барт?» |
|
| 8 |
|
| Цу наха ЮшаӀе элира: «Тхо хьан леш ду». ЮшаӀа цаьрга хаьттира: «Шу муьлш ду? Мичара даьхкина шу?» |
|
| 9 |
|
| Цара жоп делира: «Вуно генарчу махкара баьхкина хьан леш хьан Везачу Делан дуьхьа, хӀунда аьлча тхуна хезна Цуьнан сийлаллех, Цо Мисар-махкахь динчух лаьцна а |
|
| 10 |
|
| Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агӀонера эмархойн шина паччахьна — Хьешбон-гӀалин паччахьна Сихьонна а, Ӏаштаратехь Ӏаш хилла волчу Башанан паччахьна ӀовгӀина а динчух лаьцна а. |
|
| 11 |
|
| Тхан къаноша а, тхан махкара массо а бахархоша а элира тхоьга: „Новкъахь шайна даа бепиг схьа а эций, царна дуьхьал а гӀой, дӀаала цаьрга: ‘Тхо шун леш ду, тхоьца барт бахьара аша’“. |
|
| 12 |
|
| ХӀара бепиг оха тхайн цӀеношкара, довха а долуш, схьаэцна ду шу долчу догӀучу дийнахь, ткъа хӀинца иза дакъа а делла, матар а доьлла. |
|
| 13 |
|
| Оха чагӀар чудуттуш керла хилла долу пӀаьлдигаш хӀинца эттӀа. ХӀара тхан бедарш а, мачаш а, беха некъ оха барна, тишъелла». |
|
| 14 |
|
| Исраилхоша схьаийцира цаьргара кхача, амма Везачу Элах дага ца бевлира уьш цу хьокъехь. |
|
| 15 |
|
| Цаьрца машаран барт а бина, царна бохам бийр бац аьлла, чӀагӀо йира ЮшаӀа. Исраилхойн тхьамданаша а чӀагӀо йира царна. |
|
| 16 |
|
| И барт бина кхо де даьлча, исраилхошна хиира, и нах шайн лулахой буйла а, уьш шайна уллохь Ӏаш буйла а. |
|
| 17 |
|
| ХӀунда аьлча новкъа бевлла боьлху исраилхой кхозлагӀчу дийнахь церан гӀаланашка кхечира. Цу гӀаланийн цӀераш яра: ГавӀон, Капира, Баировт, Кхиръят-ЯӀарим. |
|
| 18 |
|
| Амма исраилхоша хӀаллак ца беш битира цигара нах, шайн тхьамданаша исраилхойн Везачу Делан цӀарах царна чӀагӀо йина дела. И хӀума бахьана долуш, шайн тхьамданашна хамталлаш еш бара исраилхой. |
|
| 19 |
|
| Берриге а тхьамданаша халкъе элира: «Вай исраилхойн Везачу Делах чӀагӀо йина царна, цундела царах куьг Ӏотта йиш яц вайн. |
|
| 20 |
|
| Ткъа царна вай хӀара дийр ду: уьш дийна буьтур бу вай, царна йина чӀагӀо бахьанехь ваьшна таӀзар ца хилийта». |
|
| 21 |
|
| Тхьамданаша кхин а элира: «Баха бита уьш, амма вайн халкъана дечиг доккхуш а, хи кхоьхьуш а хир бу уьш гуттар а». Тхьамданаша аьлларг дира исраилхоша. |
|
| 22 |
|
| Хьаьвихой тӀе а кхайкхина, ЮшаӀа элира: «Тхо ле хӀунда дира аша: „Тхо шуна вуно генахь Ӏаш ду“, — аьлла, шу-х тхуна уллохь дехаш ду? |
|
| 23 |
|
| Аша харцдерг дийцарна, неӀалт хир ду шуна! Массо а хенахь леш хир ду шу, сан Делан цӀенна дечиг а доккхур ду аша, хи а кхоьхьур ду!» |
|
| 24 |
|
| Цара ЮшаӀана жоп делира: «Хьан лешна хезнера, Шен ялхочуьнга Мусага хьан Везачу Дала, хӀара дерриг латта шуна дӀа а ло, цу тӀехь Ӏаш болу берриг а бахархой шуна хьалха хӀаллак а бе аьлла, омра дина бохуш. Цундела, аша тхаьш дайарна кхоьруш, дина оха и гӀуллакх. |
|
| 25 |
|
| ХӀинца тхо хьан карахь ду. Хьайна бакъахьа а, нийса а хеттарг тхуна дер-кх ахьа». |
|
| 26 |
|
| ЮшаӀа хӀара дира: цо хьаьвихой исраилхойн куьйгех кӀелхьарбехира, цара уьш хӀаллак ца бира. |
|
| 27 |
|
| Цу дийнахь ЮшаӀа царна тӀедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагӀа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара. |
|
|
|
|