|
| 1 |
|
| Муьлхха а вон, харцдерг, шалхо, хьагӀ, лер дӀадаккха! |
|
| 2 |
|
| Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цӀеначу дашах хьага, цуьнан гӀоьнца шу даккхий а хилла, шун кӀелхьардовлар чекхдалархьама, |
|
| 3 |
|
| хӀунда аьлча «Веза Эла мел дика ву шуна хиъна». |
|
| 4 |
|
| Цунна тӀе дуьйла. Наха дӀатесна болу дийна ТӀулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу. |
|
| 5 |
|
| Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха. |
|
| 6 |
|
| ХӀунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тӀехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тӀулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац». |
|
| 7 |
|
| Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхӀар ду, ткъа ца тешачарна: «ГӀишлош еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг, хилла, дӀахӀоьттина». |
|
| 8 |
|
| Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тӀулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтӀахь ца хиларна тийсало — иштта кхоллам бу церан. |
|
| 9 |
|
| Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама. |
|
| 10 |
|
| «Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хӀинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хӀинца Дала къинхетам бина шух». |
|
| 11 |
|
| Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тӀом бечу дегӀан лаамех ларлолаш. |
|
| 12 |
|
| Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тӀаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гӀуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь. |
|
| 13 |
|
| Везачу Элан дуьхьа адамна тӀехь урхалла дечу Ӏедална муьтӀахь хилалаш: паччахьна, хӀунда аьлча цуьнгахь лаккхара Ӏедал ду, |
|
| 14 |
|
| куьйгалхошна, хӀунда аьлча уьш зуламхошна таӀзар дан а, дика гӀуллакх дечарна совгӀат дала хӀиттийна бу. |
|
| 15 |
|
| ХӀунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гӀуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дӀасовцадо. |
|
| 16 |
|
| ПаргӀат даха, амма цу паргӀатона тӀехьа а лечкъаш, вон гӀуллакхаш ма леладе, хӀунда аьлча шу Делан леш ду. |
|
| 17 |
|
| Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де. |
|
| 18 |
|
| Леш, шайн элашна хила ма-деззара муьтӀахь хила, шайца дика а, эсала а болчарна хилла ца Ӏаш, шайца буьрса болчарна а. |
|
| 19 |
|
| Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таӀзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш. |
|
| 20 |
|
| ХӀун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таӀзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду. |
|
| 21 |
|
| Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тӀаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву. |
|
| 22 |
|
| «Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла». |
|
| 23 |
|
| Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дӀалора. |
|
| 24 |
|
| Шен дегӀаца вайн къинош жӀара тӀе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цӀена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна. |
|
| 25 |
|
| Цхьана хенахь, тиладелла уьстагӀий санна, лелла шу, ткъа хӀинца шу шайн синойн Ӏуьнна а, шаьш Ӏалашдечунна а тӀе юхадаьхкина. |
|
|
|
|