|
| 1 |
|
| ХӀара шолгӀа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тӀехь шун цӀена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца. |
|
| 2 |
|
| Дагахь латтаде шайна хьалха безачу пайхамарша аьлла дешнаш а, КӀелхьардохург волчу Везачу Эло шуна даийтинчу Шен векалшкахула шайна тӀедиллинарг а. |
|
| 3 |
|
| Уггар хьалха шуна хаа деза, тӀаьхьарчу деношкахь богӀур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш, |
|
| 4 |
|
| цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогӀур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хӀума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара». |
|
| 5 |
|
| Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а. |
|
| 6 |
|
| Делан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хӀаллакдина. |
|
| 7 |
|
| Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хӀинцалера стигалш а, латта а даго Ӏалашдеш ду, къематан а, Ӏеса нах хӀаллакбен а де тӀекхаччалц. |
|
| 8 |
|
| Цхьа хӀума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду. |
|
| 9 |
|
| Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хӀунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хӀаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хӀуманна дохко а даьлла, Шена тӀедерза лаьа Цунна. |
|
| 10 |
|
| Нахана ца хууш вогӀу къу санна, догӀур ду Везачу Элан де, тӀаккха гӀовгӀанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тӀехь дерг а, даьгна, дӀадер ду. |
|
| 11 |
|
| Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цӀена а, суьпа а хила деза, |
|
| 12 |
|
| Делан де тӀекхачаре сатуьйсуш а, и тӀедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цӀе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду. |
|
| 13 |
|
| Амма, Дала динчу ваӀдане а хьаьжна, нийсонан цӀа долчу керлачу стигале а, лаьтте а сатуьйсуш ду вай. |
|
| 14 |
|
| Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дӀахӀитта а, Цуьнца бертахь хила а. |
|
| 15 |
|
| Вайн Везачу Элан собаре хилар вайн кӀелхьардовлар ларалаш, шена деллачу хьекъалца вайн хьомечу вашас ПахӀала шуьга яз-ма-дарра. |
|
| 16 |
|
| Цо цунах лаьцна дуьйцу шен массо а кехаташ тӀехь. Кхета хала хӀуманаш ду царна тӀехь, цундела кӀорггера хаарш доцучу а, динехь чӀогӀа боцучу а наха, кхидолу Деза Йозанаш санна, талхадо уьш, цу бахьаненна шаьш хӀаллак а хуьлуьйтуш. |
|
| 17 |
|
| Иштта, хьоменаш, хӀара дерриг а довзийтина долу шу ларлолаш, харцхьехамчийн галбаьллачу новкъахула дӀа ца дигийтархьама а, шаьш ондда лаьтташ долчунна тӀера ца дохийтархьама а. |
|
| 18 |
|
| Вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тӀейогӀу йолчу ерриге хенахь а. Амин. |
|
|
|
|