Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бӀаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Ӏотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара. |
| 2 |
| И дахар гучудаьлча, тхуна иза гира. Цундела цу бакъдолчу дахарх тоьшалла а до, кхайкхам а бо оха. И дахар стигаларчу Дегахь дара, ткъа хӀинца тхуна довзийтина иза. |
| 3 |
| Тхайна гиначух а, хезначух а лаьцна хаам бо оха шуьга. Оха и дуьйцу, шун а тхоьца уьйр-марзо хилийтархьама. Ткъа тхан уьйр ю Деца а, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а. |
| 4 |
| ХӀара яздо оха, вайн хазахетар кхоччуш дуьззина хилийтархьама. |
| 5 |
| Тхуна Цуьнан КӀантера хезна болу а, оха шуна дӀакхайкхош болу а кхаъ хӀара бу: Дела — серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац. |
| 6 |
| Нагахь санна Делаца уьйр ю а бохуш, боданехь лелахь, вай аьшпаш а бутту, бакъдолчуьнца а ца лела. |
| 7 |
| Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КӀант волчу Ӏийсан цӀийно вай массо а къинойх цӀандо. |
| 8 |
| Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тӀаккха вай цу дешнашца ваьш Ӏехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац. |
| 9 |
| Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цӀан а дийр ду, хӀунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву. |
| 10 |
| Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тӀаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/1john/001.mp3
5
1