|
| 1 |
|
| Суна Делан цӀа чуьра аз хезира. Цо ворхӀ малике бохура: «ГӀой, Делан оьгӀазлонан ворхӀе а боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадотта». |
|
| 2 |
|
| Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадоьттира. ТӀаккха шайна тӀехь экханан мухӀар а долуш, цуьнан суьртана Ӏибадат деш долчу адамашна тӀехь чӀогӀа дера а, ирча а ноткъа оьху даьӀнаш даьржира. |
|
| 3 |
|
| ШолгӀачу малико шен боган чохь дерг хӀорда чу охьадоьттира. ТӀаккха хӀорд, деллачу адамийн цӀийх а тарлуш, цӀий хилла дӀахӀоьттира. Ткъа хӀорда чуьра массо а дийна мел долу хӀума делира. |
|
| 4 |
|
| КхоалгӀачу малико шен боган чохь дерг хиш чу а, хин хьостанаш чу а охьадоьттира. Царах цӀий хилира. |
|
| 5 |
|
| ТӀаккха хиш карахь долчу малико олуш суна хезира: «Нийса ву Хьо волуш волу а, хилла волу а Везаниг, Ахь йина кхелаш иштта хиларна. |
|
| 6 |
|
| Хьан долахь болчеран а, Хьан пайхамарийн а цу наха цӀий Ӏанорна, Ахь цаьрга цӀий малийти. Царна и дан хьакъ а ду». |
|
| 7 |
|
| СагӀа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш». |
|
| 8 |
|
| ДоьалгӀачу малико шен боган чохь дерг малхана тӀе охьадоьттира. Ткъа малхан караделира адамаш цӀергахь марцар. |
|
| 9 |
|
| Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тӀебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цӀе емалйора цара. Шайн къинойх дӀа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара. |
|
| 10 |
|
| ПхоьалгӀачу малико шен бога экханан олаллин гӀанта тӀе охьаӀанийра. ТӀаккха церан пачхьалкх, Ӏаьржа бода а хӀоьттина, кхоьлира. Адамаша, лазаршна са ца тохадаларна, шайн меттанаш Ӏуьйшура. |
|
| 11 |
|
| Шайн лазарш а, даьӀнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гӀуллакхех дӀа ца боьрзура уьш. |
|
| 12 |
|
| ЙолхалгӀачу малико шен бога Эпрат цӀе йолчу доккхачу хи чу охьадоьттира. ТӀаккха, малхбалехьарчу паччахьашна некъ кечбархьама, и хи лекъира. |
|
| 13 |
|
| ТӀаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин. |
|
| 14 |
|
| Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хӀуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тӀе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тӀаме схьагулбархьама. |
|
| 15 |
|
| «ЛадогӀалаш! Со, къу санна, цӀеххьана вогӀур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тӀеюху бедарш куьйга кӀел а латтош, сема берш». |
|
| 16 |
|
| Иштта, и паччахьаш Ӏебархойн маттахь ХӀар-Магдон олучу метте дӀагулбира оцу жинаша. |
|
| 17 |
|
| ВорхӀалгӀачу малико шен боганна чуьрниг хӀаваэ охьадоьттира. ТӀаккха стигалшкарчу Делан цӀа чуьра Ӏаршана тӀера чӀогӀа аз хезира. Цо элира: «Кхочушхили!» |
|
| 18 |
|
| ТӀаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гӀовгӀанаш евлира, чӀогӀа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чӀогӀа мохк бегийра. |
|
| 19 |
|
| Йоккха гӀала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гӀаланаш хӀаллакьхилира. Йоккха Бавел-гӀала Шена дагахь йолу дела, Дала таӀзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгӀазечу дераллин чагӀар дӀамалийтира цуьнга. |
|
| 20 |
|
| ХӀора гӀайре а дӀаелира, ткъа лаьмнех кхин хӀумма а ца дисира. |
|
| 21 |
|
| Стигалара охьа адамашна тӀе хӀора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТӀаккха адамаша оцу къорано хӀоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хӀунда аьлча и бала инзаре боккха бара. |
|
|
|
|