|
| 1 |
|
| ТӀаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦӀеначу ангалих тера цӀена хи дара иза. Делан а, Ӏахаран а Ӏаршера схьадолура и шовда. |
|
| 2 |
|
| Иза гӀалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агӀор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло — хӀора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тӀера гӀаш халкъашна дарбана делла. |
|
| 3 |
|
| Шайна неӀалт кхайкхийнчарах кхин хӀумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Ӏахаран а Ӏарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Ӏамал еш. |
|
| 4 |
|
| Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цӀе а хир ю церан хьаьжнашна тӀехь. |
|
| 5 |
|
| Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хӀунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь. |
|
| 6 |
|
| Малико соьга элира: «ХӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахӀуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хӀуманаш Шен ялхошна гайта». |
|
| 7 |
|
| «Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!» |
|
| 8 |
|
| Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хӀуманаш хезна а, гина а ваьллачул тӀаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Ӏибадат дархьама. |
|
| 9 |
|
| Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хӀунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тӀехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Ӏибадат!» |
|
| 10 |
|
| Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тӀехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хӀунда аьлча и дерриг а хир долу хан тӀекхочуш ю. |
|
| 11 |
|
| Харцдерг лелочара кхидӀа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидӀа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цӀена берш кхидӀа а цӀена лелийла». |
|
| 12 |
|
| Ӏийсас боху: «Со кестта вогӀур ву. Сан ял а Соьца ю, хӀоранна а, ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀадалархьама. |
|
| 13 |
|
| Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТӀаьххьарлераниг а». |
|
| 14 |
|
| Декъала бу шайн духарш цӀандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гӀалин чу бовла а, дахаран диттана тӀера стом баа а. |
|
| 15 |
|
| ГӀалина арахь буьсур бу жӀаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цӀушна Ӏамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш. |
|
| 16 |
|
| «Аса, Ӏийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хӀуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТӀаьхье а, Ӏуьйренан сирла Седа а». |
|
| 17 |
|
| Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» — бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогӀийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи. |
|
| 18 |
|
| Кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хаамийн дешнаш хезаш волчу хӀоранга а Аса дӀахьедар до: «Нагахь цхьаммо кху дешнашна тӀе цхьа хӀума тӀетохахь, Дала цу тептар тӀехь бийцина болу массо а баланаш тӀебоуьйтур бу цунна. |
|
| 19 |
|
| Нагахь кху тептар тӀехь дӀаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хӀума тӀера дӀадаккхахь, Дала кху тептар тӀехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гӀалина чохь а дакъалацар дӀадоккхур ду цуьнан». |
|
| 20 |
|
| Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогӀур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Ӏийса! |
|
| 21 |
|
| Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца даим а. |
|
|
|
|