Шаьш тӀеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогӀур ву Со.
Толам баьккхинчунна тӀе кӀайн духар духур ду. Цуьнан цӀе дахаран тептар тӀера Ас дӀа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха.
«Палидалпи-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догӀа Долчо. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.
„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хьовсал! Цхьаьнгге а дӀакъовлалур йоцу неӀ дӀайиллина Ас шуна хьалха. Шун ницкъ кӀезиг белахь а, аша Сан дош а лардина, Со дӀа а ца тесна.
Толам баьккхинарш Сан Делан цӀа чохь бӀогӀам хилла дӀахӀуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тӀехь Сайн Делан цӀе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гӀалин цӀе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогӀуш йолчу Ярушалайм-гӀалин цӀе хир ю. Сайн керла цӀе а язйийр ю Ас царна тӀехь.