|
| 1 |
|
| Абу-Малик веллачул тӀаьхьа кхин цхьаъ а гӀаьттира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза вара Иссарханан тӀаьхьенах волу Додин кӀентан Пувин кӀант ТовлаӀ. ТовлаӀ Эпрайм-лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Шамир-гӀалахь вехаш вара. |
|
| 2 |
|
| Иза ткъе кхаа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттина вара. Веллачул тӀаьхьа иза Шамир-гӀалахь дӀавоьллина. |
|
| 3 |
|
| ТовлаӀ веллачул тӀаьхьа ГалӀадара Яир гучувелира. Ткъе шина шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира иза. |
|
| 4 |
|
| Цуьнан ткъе итт кӀант вара. Уьш ткъе итт вир тӀехь лелаш бара. Церан ГалӀадан махкахь ткъе итт гӀала яра. Царах хӀинца а Яиран гӀаланаш олу. |
|
| 5 |
|
| Яир веллачул тӀаьхьа Кхамон-гӀалахь дӀавоьллира. |
|
| 6 |
|
| Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаӀална а, Ӏаштартана а, арамхойн а, цӀаданхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а харцделанашна Ӏамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Ӏамал ечуьра севцира уьш. |
|
| 7 |
|
| Веза Эла оьгӀазвахара исраилхошна. Цундела Цо уьш пӀелаштамхойн а, Ӏамминхойн а кара дӀабелира. |
|
| 8 |
|
| Цу шарахь цара Йорданна малхбалехьа йолчу хийистехь ГалӀадахь эмархойн махкахь дехаш долу Исраилан халкъ эша а дина, берхӀитта шарахь иза дацийра. |
|
| 9 |
|
| ТӀаьххьара а Ӏамминхой, Йорданал дехьа а бевлла, тӀамца ЯхӀудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а халкъашна тӀегӀоьртира. Дуккха а зенаш дира Ӏамминхоша Исраилан халкъана. |
|
| 10 |
|
| Везачу Эле гӀо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кӀентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаӀал санна долчу харцделанашна Ӏамал еш дара тхо», — бохура цара. |
|
| 11 |
|
| Везачу Эло Исраилан халкъе элира: «Шаьш мисархойн а, эмархойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а, |
|
| 12 |
|
| цӀаданхойн а, Ӏамалекхахойн а, маӀунхойн а карахь долуш аша Соьга гӀо доьхура. Аса цу нехан карара шу схьа ма дехира. |
|
| 13 |
|
| Амма шу, Со а витина, кхечу деланашна Ӏамалъян дуьйладелира. Аса шу кхин кӀелхьардохур дац. |
|
| 14 |
|
| Даха а гӀой, шаьш хаьржинчу деланашка гӀо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кӀелхьара». |
|
| 15 |
|
| Амма Исраилан халкъо Везачу Эле элира: «Оха тхайх къа латийна. Хьайна луъург тхох дан а дай, хӀинца кӀелхьардахахьара Ахьа тхо». |
|
| 16 |
|
| Харцделанаш дӀа а тесна, Исраилан халкъ Везачу Элана Ӏамал еш дӀахӀоьттира. Цара хьоьгуш болчу балана са ца детталора Везачу Эле. |
|
| 17 |
|
| Ӏамминхой тӀом бан кечбеллера. ГалӀадан лаьтта тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Исраилхоша а, схьа а гулбелла, МицӀпа-гӀала йолчохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра. |
|
| 18 |
|
| ГалӀадхойн куьйгалхоша элира: «Ӏамминхошца дуьххьара тӀом болийнарг ГалӀадахь долчу массо а халкъана тӀехь хьаькам хилла дӀахӀуттур ву». |
|
|
|
|