|
| 1 |
|
| Эпраймхой, вовшах а кхетта, Цапун-гӀала дехьабевлира. Цара Яптахье элира: «Хьо Ӏамминхошца тӀом бан воьдучу хенахь тхо хӀунда ца дигира ахьа хьайца? Оха хьан цӀа хьоьца цхьаьна дагор ду». |
|
| 2 |
|
| Яптахьа цаьрга элира: «Тхуний, Ӏамминхошний юкъахь доккха дов дара. Аса шуьга гӀо дийхира, амма аша тхо кӀелхьара ца дехира. |
|
| 3 |
|
| Аша тхуна гӀо ца дойла хиъча, оха тхаьш кхоа а ца деш, хил дехьа а девлла, Ӏамминхошца тӀом бира. Везачу Эло уьш тхан кара схьа а белира. Шу хӀинца стенна даьхкина соьца тӀом бан?» |
|
| 4 |
|
| Цул тӀаьхьа Яптахьа, ГалӀадара массо а стаг схьа а гулвина, эпраймхошца тӀом бира. Царна тӀехь цо толам баьккхира, хӀунда аьлча эпраймхоша аьллера: «Шу бевдда баьхкинчу эпраймхойх а, маннашхойх а тӀаьхьадисина долу цхьа дакъа ду». |
|
| 5 |
|
| ГалӀадхоша Йордан-хих дехьаволуш йолу меттигаш дӀалецира. Шайга хӀаллакбаза бисина болчу эпраймхоша хил дехьадовла пурба дехча, галӀадхоша цаьрга хоттура: «Хьо эпраймхо-м вац?» Цара «Вац» — аьлла жоп делча, |
|
| 6 |
|
| галӀадхоша цаьрга «шибболет» боху дош ала олура. Амма эпраймхошка и дош нийса ца алалуш, цара «сибболет» олура. ГалӀадхошна иштта хаьара, уьш эпраймхой буйла. Уьш цара хил дехьаволийла йолчохь бойура. Цигахь иштта шовзткъе шиъ эзар эпраймхо хӀаллакьхилира. |
|
| 7 |
|
| Яптахь ялх шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира. Цул тӀаьхьа Яптахьан кхалхар хилира. Иза ГалӀадарчу цхьана гӀалахь дӀавоьллира. |
|
| 8 |
|
| Яптахьана тӀаьхьа Исраилан махкахь кхелахо Байтлахам-гӀалара Ивцан вара. |
|
| 9 |
|
| Цуьнан ткъе итт кӀант а, ткъе итт йоӀ а яра. Цо шен зудабераш шайн гергара боцчу божаршка маре бахийтира, ткъа шен кӀенташна шайн гергара боцчу нехан зудабераш далийра. Ивцан ворхӀ шарахь Исраилан махкахь куьйгалхо хилла лаьттира. |
|
| 10 |
|
| Цул тӀаьхьа Ивцан кхелхира. Иза дӀавоьллира Байтлахам-гӀалахь. |
|
| 11 |
|
| Ивцанна тӀаьхьа Исраилан махкахь куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира Забулан тайпанах волу Эйлон. Иза цу даржехь итт шарахь лаьттира. |
|
| 12 |
|
| Цул тӀаьхьа Забулан некъех волу Эйлон кхелхира. Иза дӀавоьллира Забулан лаьтта тӀехь йолчу Айлон-гӀалахь. |
|
| 13 |
|
| Эйлон веллачул тӀаьхьа Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира Ӏабдани. Иза вара ПӀарӀатунарчу ХӀалилин кӀант. |
|
| 14 |
|
| Ӏабданин шовзткъа кӀант а, ткъе итт кӀентан кӀант а вара. Уьш кхузткъе итт вирана тӀехиъна лелаш бара. Иза бархӀ шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира. |
|
| 15 |
|
| Цул тӀаьхьа ПӀарӀатунарчу ХӀалилин кӀант Ӏабдани кхелхира. Иза Ӏамалекхахой Ӏаш хиллачу лаьмнашкахь, Эпрайман лаьтта тӀехь йолчу ПӀарӀатунахь, дӀавоьллира. |
|
|
|
|