|
| 1 |
|
| Цхьана дийнахь Шамшон Тамна-гӀала вахча, цунна пӀелаштамхойн цхьа жима зуда гира. |
|
| 2 |
|
| ЦӀа а веана, цо шен дегий, неней элира: «Суна Тамна-гӀалахь пӀелаштамхойн цхьа йоӀ гира. Иза суна схьаялае». |
|
| 3 |
|
| Дас-нанас цуьнга элира: «Хьан гергарчарна я къомана юкъахь яц ахьа ялон мегар йолу йоӀ? Стенна лоьху ахьа сунтбаза болчу пӀелаштамхошна юкъахь хьайна яло зуда?» Амма Шамшона шен дега элира: «Иза ялае суна. И йоӀ суна хазахетта». |
|
| 4 |
|
| Цуьнан дений, нанний ца хаьара, и хӀума Везачу Элера дуйла: Иза пӀелаштамхошна бекхам бан меттиг йоккхуш вара. Цу хенахь пӀелаштамхой Исраилан махкахь олалла деш бара. |
|
| 5 |
|
| Шамшон шен деций, ненаций Тамна-гӀала вахара. Цу гӀалин йистехь йолчу кемсийн беша улло хӀорш нисбелча, цунна дуьхьал, гӀигӀ деш, къона лом делира. |
|
| 6 |
|
| Шамшонна тӀе Везачу Элан Са доьссира, тӀаккха цо и лом, буьхьиг санна, этӀийна, цистина, дӀадаьккхира. Цо шен дега а, нене а цунах лаьцна хӀумма а ца элира. |
|
| 7 |
|
| Шамшона, гӀала а веана, цу пӀелаштамхойн йоӀаца къамел дира. Цунна иза езаелира. |
|
| 8 |
|
| Масех де даьлча, иза юха а цу гӀала вахара, шена пӀелаштамхойн и йоӀ яло дагахь. Новкъахула дӀавоьдуш, ша дийна долчу лоьме хьажа вахара иза. Еллачу хӀуманна чохь цунна гира накхармозийн вай а, моз а. |
|
| 9 |
|
| Шамшона и моз, куьйгаца схьа а эцна, новкъахула дӀавоьддушехь диира. ЦӀа веача, шен дений, нанний кӀеззиг моз делира цо. Цара иза диира. Амма Шамшона цаьрга дӀа ца элира, ша и моз деллачу лоьмана чуьра даьккхина хилар. |
|
| 10 |
|
| Шамшонан да цу йоӀе хьажа вахара. Цигахь Шамшона, зуда ялош волчо ма-хӀоттора, той дӀахӀоттийра. |
|
| 11 |
|
| Шамшон шайна гича, пӀелаштамхоша ткъе итт стаг вахийтира иза волчу. Уьш цуьнца хила безаш бара. |
|
| 12 |
|
| Шамшона цаьрга элира: «Аса хӀетал-метал лур ду шуна. Той дӀахьочу ворхӀ дийнахь шуна иза хаахь, аса гатанан ткъе итт духар а, хуьйцуш юха ткъе итт тӀехулара бедар а лур ю шуна. |
|
| 13 |
|
| Нагахь санна аса делла долу хӀетал-метал шуна ца хаахь, аша суна схьаяла еза ткъе итт коч а, ткъе уьттазза хийца бедар а». Цара элира: «Схьаала хьайн хӀетал-метал. Тхо ладугӀуш ду». |
|
| 14 |
|
| Шамшона цаьрга хӀетал-метал делира: «Юуш волчунна чуьра яа хӀума елира, ткъа ницкъ болуш волчунна чуьра мерзаниг елира». Кхаа дийнахь хӀетал-метална жоп дала ца хууш Ӏийра уьш. |
|
| 15 |
|
| ДоьалгӀачу дийнахь Шамшонан зудчуьнга цара элира: «ХӀетал-метал схьаала бертавалаве хьайн майра. Иза цо схьа ца алахь, оха хьо а, хьан ден цӀа а дагор ду. ЧӀим санна, тхо цӀандан кхайкхинера аша?» |
|
| 16 |
|
| Зуда, йоьлхуш, дӀахӀоьттира Шамшонна хьалха. Цо бохура: «Хьуна со ца еза. Сан къомана хӀетал-метал делла ахьа, ткъа соьга иза ахьа схьа ца олу». Шамшона цуьнга элира: «Сайн дега а, нене а ца аьлла аса иза. Ткъа хьоьга ала дезара аса иза?» |
|
| 17 |
|
| Кхаьргахь той дӀахьочу ворхӀ дийнахь йилхина иза Шамшонна хьалха. ТӀаьххьара а ворхӀалгӀачу дийнахь зуда шега дехар дечуьра ца сецча, цо цуьнга хӀетал-метал дӀадийцира. ТӀаккха зудчо и хӀетал-метал шен къомах болчарна довзийтира. |
|
| 18 |
|
| ВорхӀалгӀачу дийнахь малх дӀабузале пӀелаштамхоша Шамшоне элира: «Мазал мерза хӀун ю, лоьмал ницкъ болуш мила ву?» Ткъа Шамшона цаьрга элира: «Сан дуьхьаргана тӀехь аша охана деш ца хиллехь, шуна сан хӀетал-метал хуур дацара». |
|
| 19 |
|
| Цуьнга ницкъ боуьйтуш, Везачу Элан Са доьссира Шамшонна тӀе. Цо, Ашкхилун цӀе йолчу гӀала а вахана, цигахь ткъе итт пӀелаштамхо а вийна, царна тӀера кучамаш а, кхийолу бедарш а, схьа а яьхна, хӀетал-метал хиъначарна дӀаелира. Цул тӀаьхьа, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, иза шен ден цӀа вахара. |
|
| 20 |
|
| Ткъа Шамшонан зуда церан тойнехь хьаша хиллачу кхуьнан доттагӀчуьнга маре дӀаелира. |
|
|
|
|