|
| 1 |
|
| Цу заманахь исраилхойн паччахь вацара. Ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна даха ховша меттиг лоьхуш бара. Исраилан халкъах схьадевлла долу кхидолу тайпанаш, шайн-шайн латтанаш а долуш, охьахевшинера, ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна билгалдаьккхина латта доцуш бара. |
|
| 2 |
|
| Данан тӀаьхьенах болчара шайна юкъара пхи тоьлла волу къонах вахийтира лаьттах дерг талла. И пхи стаг ЦорӀера а, Эштаулара а вара. И нах хаьржинера, уьш Данан тайпанах болчеран массо а гаранашкара болу дела. Цаьрга аьллера: «Даха а гӀой, мохк талла». Эпрайман лаьмнашка а баьхкина, цара Микин цӀа чохь буьйса яьккхира. |
|
| 3 |
|
| Микин цӀенна уллохь шаьш долчу хенахь, цуьнан къамелах къона левихо кхузара воцийла хиира царна. ЦӀа чу а баьхкина, цара хеттарш дора: «Хьо кхуза хьан валийна? Хьо кхузахь хӀун деш ву?» |
|
| 4 |
|
| Жимачу стага цаьрга дӀадийцира Микас ша йолах тӀелаьцна хиларх а, иштта ша иза волчохь динан да хилар а. |
|
| 5 |
|
| Цара цуьнга элира: «Деле хаттар дехьа, оха схьалаьцна болу некъ беркате хир буй те алий». |
|
| 6 |
|
| Динан дас жоп делира царна: «Маьрша дӀагӀо, Везачу Эло, шун некъан тергам а беш, шу Ӏалашдийр ду». |
|
| 7 |
|
| И пхи стаг дӀавахара. Лаиш-гӀала кхечира уьш. Цигахь маьрша дехаш долу адам гира царна. Церан дахар, цӀаданхойн ма-хиллара, тийна а, маьрша а дара. Царна гӀело еш мостагӀий а бацара. Уьш ЦӀадан-гӀалина генахь бехаш бара, цхьаьнцца а лелош юкъаметтиг а йоцуш. |
|
| 8 |
|
| И вахийтина волу пхи стаг ЦорӀа а, Эштаула а юхавирзича, гергарчара цаьрга хаьттира: «ХӀун хии шуна?» |
|
| 9 |
|
| Цара жоп делира: «Тхуна чӀогӀа дика латта карийна. Хан ма ялийта! ТӀе а латий, и латта цаьргара схьадаккха! |
|
| 10 |
|
| Цига дӀакхаьчча, шуна гур ду, и мел доккха латта ду. Оьшуш мел дерг шортта хуьлу цу махкахь, цигара халкъ, цхьа а стаг шайна тӀелетар ву аьлла, дагадогӀуш а дац. Дала вайн кара схьалуш ду и латта». |
|
| 11 |
|
| ЦорӀара а, Эштаулара а Данан тайпанах волу ялх бӀе стаг новкъа велира. Уьш тӀамана кийча бара. |
|
| 12 |
|
| Лаиш-гӀала боьдучу новкъахь совца а севцина, ЯхӀуд-махкарчу Кхиръят-ЯӀаримехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Цундела Кхиръят-ЯӀаримана малхбузехьа йолчу цу меттигах хӀинца а Махьаней-Дан олу (иза «Данан меттамотт» бохург ду). |
|
| 13 |
|
| Цигара арабевлла уьш Эпрайман лаьмнашкахь долчу Микин цӀийне кхечира. |
|
| 14 |
|
| Лаишан латта талла вахана хиллачу пхеаммо шайн гергарчаьрга элира: «Цигахь долчу цхьана цӀенна чохь еза ийпад ю. Цигахь кхиболу цӀуш а, тӀе дети диллина волу цӀу а ву. Ойла е, хӀун дан деза». |
|
| 15 |
|
| Къона левихо чохь Ӏаш волчу Микин цӀа чу а бахана, цуьнга маршалла хаьттира цара. |
|
| 16 |
|
| Ткъа Данан тӀаьхьенах волу ялх бӀе стаг тӀамана кийчча кевнна уллохь лаьтташ вара. |
|
| 17 |
|
| Латта талла вахийтина волчу пхеа стага, цӀенна чу а вахана, дечиган цӀу а, ийпад а, кхиболу цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьа а эцна, уьш чуьра арабехира. Ткъа динан да кевнехь цу ялх бӀе тӀемалочуьнца лаьтташ вара. |
|
| 18 |
|
| ЦӀа чу а бахана, цара ийпад а, цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьаэцча, динан дас цаьрга хаьттира: «Шу хӀун деш ду?» |
|
| 19 |
|
| Цара цуьнга элира: «Вист ма хила. Хьайн куьг бета тӀе а диллий, тхуна тӀаьхьахӀотта. Тхо долчохь тхан хьехамча а, динан да а хир ву хьо. Цхьана стеган динан да хуьлучул, Исраилан халкъан цхьана гаранан я тайпанан динан да хилар гӀоле дац хьуна?» |
|
| 20 |
|
| И дешнаш къоначу левихочунна чӀогӀа дезаделира. Иза, ийпад а, цӀуш а, дато цӀу а схьа а эцна, Данан тӀаьхьенах болчу нахана тӀаьхьахӀоьттира. |
|
| 21 |
|
| Шайн новкъа юзабирзира уьш. Цара шайна хьалха дӀадохуьйтуш шайн бераш а, бежанаш а, бахам а бара. |
|
| 22 |
|
| Уьш новкъа бевллачул тӀаьхьа, Микин лулахой, вовшах а кхетта, данхошна тӀаьхьа а бевлла, царна тӀекхечира. |
|
| 23 |
|
| Цара Данан тӀаьхьенах болчаьрга мохь беттара. Вукхара, юха а бирзина, Микига хаьттира: «ХӀун хилла? Нах стенна схьакхайкхина ахьа?» |
|
| 24 |
|
| Микас цаьрга элира: «Аша ас сайна бина болу цӀуш соьгара дӀабаьхна. Аша иштта сан динан да а дӀавигна. Суна диснарг хӀун ду? Стенна хоьтту аша: „ХӀун хилла?“ — бохуш?» |
|
| 25 |
|
| Данан тӀаьхьенах болчара цуьнга элира: «Тхуна хьайн аз ма хазийталахь, оьгӀазбахана нах шайна тӀе ца латийта. ТӀаккха ахьа хьо а, хьайн доьзал а хӀаллакбойтур бара». |
|
| 26 |
|
| Данан цӀийнах болу нах шайн новкъахула дӀабахара. Ткъа уьш шел тоьлур буйла хууш волу Мика шен цӀа юхавирзира. |
|
| 27 |
|
| Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дӀавигира цара. Уьш, Лаиш-гӀала дӀа а бахана, цигахь маьрша бехаш Ӏаш болчу нахана тӀелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гӀала цӀарца ягийра. |
|
| 28 |
|
| Царна орцахвала стаг вацара, хӀунда аьлча ЦӀадан-гӀала царна генахь яра, кхиболчаьрца цара юкъаметтиг а ца лелайора. Лаиш-гӀала Байт-Рахьубана уллохь йолчу тогӀи чохь лаьтташ яра. Йохийна гӀала лаьттинчу меттехь данхоша керла гӀала а йиллина, уьш цигахь баха хевшира. |
|
| 29 |
|
| Цара цунна, Дан-гӀала аьлла, керла цӀе а тиллира. И цӀе шайн дайх хилла волчу Исраилан кӀентан Данан цӀе бахьана долуш тиллина хилла цара. Ткъа цу гӀалин хьалхалера цӀе Лаиш хилла. |
|
| 30 |
|
| Данхоша шайн гӀалахь дато цӀу дӀахӀиттийна хилла. Шайн динан да вина дӀахӀоттийна хилла цара Мусан кӀентан ГӀиршаман кӀант ЯхӀуната. ЯхӀуната а, цуьнан кӀентий а Исраилан махкахь динан дай хилла лаьттина, цигара дерриг а Исраилан къам, йийсаре а лаьцна, дӀадиггалц. |
|
| 31 |
|
| Данан тайпа Микас бинчу цӀунна корта бетташ лелла, Делан цӀа Шилунехь мел лаьтта. |
|
|
|
|