|
| 1 |
|
| Исраилхойн паччахь воцучу хенахь Эпрайман лаьмнашкахь цхьана юьстахчу меттехь вехаш Ӏаш хилла левихойн тайпанах волу цхьа стаг. Цуьнан, ша ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара а йолуш, цхьа гӀарбаш-зуда хилла. |
|
| 2 |
|
| Цуьнца дов а даьлла, иза ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь Ӏаш волчу шен ден цӀа яхана хилла. Цигахь цо биъ бутт баьккхина хилла. |
|
| 3 |
|
| Цуьнан майра, хьала а гӀаьттина, цунна тӀаьхьавахана. Иза цига вахаран Ӏалашо, цуьнца доггах къамел а дина, иза ша волчу юхаерзор хилла. Ша цига воьдуш, цо шеца шен ялхо а, ши вир а йигна хилла. Цуьнан гӀарбаш-зудчо иза шен да волчу чувигна. Къоначу зудчун дас, иза шена гича, чӀогӀа хазахетта, цунна дуьхьал а веана, даггара цуьнга маршалла хаьттира. |
|
| 4 |
|
| Цуьнан стундена чӀогӀа лаьара иза цигахь сацо. Кхаа дийнахь дууш-молуш, буьйсанаш а йохуш, цигахь Ӏийна иза. |
|
| 5 |
|
| ДоьалгӀачу дийнахь Ӏуьйранна, хьалххехь хьала а гӀаьттина, шен цӀа ваха тохавелла левихо. Амма зудчун дас цуьнга элира: «Цкъа хӀума кхаьллича, гӀолехь ду хьуна. Цул тӀаьхьа дӀагӀур ду шу». |
|
| 6 |
|
| Левихо тӀаьхьа а сецна, и шиъ дууш, молуш Ӏийра. Къоначу зудчун дас цу стаге элира: «Хьайн самукъа а доккхуш, кхин а цхьа буьйса яккха». |
|
| 7 |
|
| ДӀаваха кечвелла волу левихо стундас, дехар а дина, сацийра. Иза кхин а цхьа буьйса йоккхуш Ӏийра. |
|
| 8 |
|
| ПхоьалгӀачу дийнахь иза, Ӏуьйранна хьала а гӀаьттина, дӀаваха кечвелира. Къоначу зудчун дас юха а элира: «Яа хӀума а яий, меттавола. Де делкъе даьлча, дӀагӀур ву хьо». И шиъ юха а дууш, молуш Ӏийра. |
|
| 9 |
|
| Левихо а, цуьнан гӀарбаш-зуда а, ялхо а дӀадаха дагахь хьалагӀаьттира. Амма стундас юха а элира: «Вайна суьйре тӀейогӀуш ю. Тховса кхузахь буьйса яккха, хьайна са а къера. Ткъа кхана, хьалххехь хьала а гӀевттина, шайн цӀа гӀур ду шу». |
|
| 10 |
|
| Амма левихо кхин цхьа буьйса яккха реза ца хилира. Иза, хьала а гӀаьттина, новкъа велира. Цуьнца цхьаьна тӀейоьттина хӀума а йолуш ши вир а, цуьнан гӀарбаш-зуда а яра. Уьш Явсай-гӀала схьакхечира (хӀинца цу гӀалин цӀе Ярушалайм ю). |
|
| 11 |
|
| Уьш цу гӀала схьакхаьчча, де суьйренга даьллера. Ялхочо левихочуьнга элира: «Явсайхойн гӀали чу а дахана, цигахь буьйса яккхийта вайга». |
|
| 12 |
|
| Амма левихочо жоп делира: «Исраилхойх боцу нах бехаш йолчу гӀали чу а ца доьлхуш, ГебаӀ-гӀала дӀагӀур ду вай». |
|
| 13 |
|
| Цо шен ялхочуьнга элира: «Я ГебаӀ-гӀала, я Раме дӀакхача хьовсур ду вай. Цигахь цхьанхьа буьйса йоккхур ю вай». |
|
| 14 |
|
| Уьш новкъа бевлира. Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала уьш схьакхаьчча, малх чубузуш бара. |
|
| 15 |
|
| Кхузахь буьйса яккха сацам бира цара. ГӀалин майдана а баьхкина, охьахевшира уьш, амма цаьрга цхьаммо а шайгахь буьйса яккхийта дӀа ца кхойкхура. |
|
| 16 |
|
| Шен кха тӀера цӀа вогӀуш цхьа воккха стаг вара. Иза ша Эпрайман лаьмнашкахь вина хилла, амма хӀинца ГебаӀ-гӀалахь вехаш хилла. Ткъа кхузахь бехаш болу нах Бен-Яманан тайпанах схьабевлла хилла. |
|
| 17 |
|
| Шена гӀалин майданахь левихо гича, цо хаьттира: «Стенгара вогӀуш ву хьо? Стенга ваха ваьлла хьо?» |
|
| 18 |
|
| Левихочо цуьнга элира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара схьадогӀуш ду тхо, Эпрайман лаьмнашкахь тхаьш дехаш долчу юьстахчу метте дӀадоьлхуш а ду. Тхо хӀинца цӀа догӀуш ду. Амма цхьаммо а буьйса яккха чу ца кхайкхина тхоьга. |
|
| 19 |
|
| Тхоьгахь ча а ду, варрашна яа хӀума а ю, иштта бепиг а, чагӀар а ду суна а, соьца йолчу зудчунна а, сан ялхочунна а даа. Тхуна хӀумма а ца оьшу». |
|
| 20 |
|
| Воккхачу стага элира: «Са ма гатде. Шуна оьшург аса хуьлуьйтур ду, амма майданахь буьйса ма яккха». |
|
| 21 |
|
| Левихо а, цуьнца берш а шен цӀа чу а бигна, церан варрашна яа хӀума елира цо. Шайн когаш а билина, уьш хӀума яа охьахевшира. |
|
| 22 |
|
| Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хӀума а юуш, садоӀуш болчу хенахь, цу гӀалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цӀенна го а бина, неӀ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа». |
|
| 23 |
|
| ХӀусамдас, ара а ваьлла, цаьрга элира: «Сан вежарий, ма дахьара аша и зулам! И стаг сан хьаша ву. Ма дахьара аша цу тайпана долу сонта хӀума. |
|
| 24 |
|
| Хьажал, сан йоӀ а ю шуна, цу стеган гӀарбаш-зуда а ю шуна. Аса и шиъ арайоккхур ю шуна, цаьрца шайна луъург де. Амма цу стагаца ма леладахьара аша и сонта хӀума». |
|
| 25 |
|
| Амма царна воккхачу стаге ладогӀа ца лаьара. ТӀаккха левихочо шен гӀарбаш-зуда уьш болчу араяьккхира. Цара иза сахиллалц хьийзийра, ткъа сахуьлучу хенахь дӀахийцира. |
|
| 26 |
|
| Иза, садаьржачу хенахь схьа а еана, шен майра чохь волчу цӀийнан неӀсагӀина хьалха охьаюьйжира. Ӏуьйре тӀекхаччалц Ӏиллира иза цигахь. |
|
| 27 |
|
| Ӏуьйранна левихочо, хьала а гӀаьттина, цӀийнан неӀарш дӀайиллира. ЦӀа ваха дагахь аравелира иза. Эццахь цунна шен гӀарбаш-зуда гира. Иза неӀарехь Ӏуьллуш яра, ткъа цуьнан куьйгаш неӀсагӀина тӀехь дара. |
|
| 28 |
|
| Левихочо цуьнга элира: «ХьалагӀатта, дӀагӀо вай!» Амма зудчо цунна жоп ца делира. Иза еллера. Левихо, шен гӀарбаш-зуда вирана тӀе а йиллина, цӀа вахара. |
|
| 29 |
|
| ЦӀа веанчул тӀаьхьа, урс схьа а эцна, цо иза, шийтта дакъа доккхуш, йийкъира. И дакъош цо Исраилан массо а маьӀӀе дӀасадахьийтира. |
|
| 30 |
|
| И хӀума гиначара бохура: «И санна дерг тхуна гина дац, Мисар-махкара арадевллачу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц. Цу хӀуманна тӀе тидам а бахийтий, шайна юкъахь дага а довлий, хӀун дан деза ала». |
|
|
|
|