|
| 1 |
|
| Цхьадолу къаьмнаш цу лаьтта тӀехь а дитина, цкъа а канаӀанхойн махкахь тӀом база болу исраилхой зен лууш хилла Веза Эла. |
|
| 2 |
|
| Цо иштта динера, Исраилан халкъан тӀаьхьенах тӀом база болчарна тӀеман гӀуллакх карадерзийтархьама. |
|
| 3 |
|
| Везачу Эло цу лаьтта тӀехь дитинчу къаьмнийн цӀераш хӀорш ю: пӀелаштамхойн пхеа гӀалин волу пхи куьйгалхо а, массо а канаӀанхой а, цӀаданхой а, Ливанун-лаьмнашкахь БаӀал-Хьермон-лам болчуьра дуьйна Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан меттигна тӀекхаччалц бехаш болу хьаьвихой а. |
|
| 4 |
|
| И къаьмнаш дитина хилла цаьргахула исраилхой зерхьама, цара Везачу Эло Мусагахула шайна тӀедиллинарг кхочушдойла хьожуш. |
|
| 5 |
|
| Иштта исраилхой бехаш Ӏаш хилла канаӀанхошний, хьетахошний, эмархошний, перезахошний, хьаьвихошний, явсайхошний юкъахь. |
|
| 6 |
|
| Церан зудабераш шайна маре а далош, шайн зудабераш церан кӀенташка маре дӀа а дохуьйтуш, церан деланашна гӀуллакх а деш, Ӏаш хилла уьш. |
|
| 7 |
|
| Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша. Шайн Веза Дела виц а вина, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна Ӏибадат дора цара. |
|
| 8 |
|
| Веза Эла оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цундела Цо иза Арам-махкарчу паччахьан Кушан-Рашхьатайман кара дӀаделира. БархӀ шарахь Ӏийра Исраилан халкъ Кушан-Рашхьатайман куьйга кӀелахь. |
|
| 9 |
|
| ТӀаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дӀахӀоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кӀант Ӏотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кӀелхьара а бехира. |
|
| 10 |
|
| Везачу Элан Са охьадоьссинера Ӏотниалана тӀе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира. Иза тӀом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дӀавелира, цундела Ӏотниала цунна тӀехь толам а баьккхира. |
|
| 11 |
|
| Шовзткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь. Цул тӀаьхьа Кхеназан кӀант Ӏотниал кхелхира. |
|
| 12 |
|
| Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Везачу Эло муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна Исраилан халкъана дуьхьалхӀотта ницкъ белира. |
|
| 13 |
|
| Цо, Ӏамалекхахой а, Ӏамминхой а ша волчу схьа а гулбина, цаьрца цхьаьна исраилхой эшийра, хурма-диттийн гӀала кара а ерзош. |
|
| 14 |
|
| Муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонан куьйга кӀелахь хилира исраилхой берхӀитта шарахь. |
|
| 15 |
|
| Халкъо юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца дехира. Ткъа Везачу Эло Бен-Яманан тайпанах волчу Герин кӀант АхӀуд вахийтира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза ша гезолг вара. Исраилан халкъо АхӀуд вахийтира муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна совгӀаташ эцна. |
|
| 16 |
|
| Цо шена, цхьа дол еха а йолуш, шинна а агӀор ира а йолуш, шаьлта кечйинера. И шаьлта цо шен бедаршна бухахь аьтту хаьн тӀехь дӀайихкинера. |
|
| 17 |
|
| АхӀуд, совгӀаташ а эцна, муабахойн паччахь волчу вахара. ӀегӀлон ша чӀогӀа зоьртала стаг вара. |
|
| 18 |
|
| СовгӀаташ дӀаделлачул тӀаьхьа, АхӀуда уьш схьадахьаш шеца баьхкина болу нах дӀабахийтира. |
|
| 19 |
|
| Галгалахь лаьтташ болчу тӀулган цӀушна уллохула дӀавоьдуш волчуьра юха а вирзина, цо паччахье элира: «Паччахь, сан хьоьга къайлаха ала дезаш хӀума ду». «ЛадогӀалаш! ДӀате!» — элира паччахьо. Цунна гӀуллакх деш болу массо а нах арабевлира. |
|
| 20 |
|
| АхӀуд паччахь волчу чувахара. ӀегӀлон шийлачу лакхарчу цӀа чохь Ӏаш вара. АхӀуда цуьнга элира: «Делера дош ду сан хьоьга дӀаала дезаш». Паччахь шен гӀанта тӀера хьалагӀаьттира. |
|
| 21 |
|
| АхӀуда аьтту хаьн тӀехь кхозуш йолу шаьлта, аьрру куьйгаца схьа а яьккхина, паччахьан гайх чекхъяьккхира. |
|
| 22 |
|
| Шаьлта, ираллина тӀаьххье мукъ а хьуллуш, кӀорга чуяхнера. Паччахьан гай чохь йолчу махьарша шаьлтанан мукъ къайлабаьккхинера. Цундела АхӀуда шаьлта ша йолччохь йитира. Чов йинчу меттехула чуьйраш араевлира. |
|
| 23 |
|
| АхӀуд ученехула аравелира, шена тӀаьхьара лакхарчу чоьнан неӀарш дӀа а къовлуш. |
|
| 24 |
|
| Иза араваьллачул тӀаьхьа, ӀегӀлонан ялхой схьабаьхкира. НеӀ дӀакъевлина шайна гича, цара элира: «Шен гӀуллакх дан сецна хир ву иза шийлачу цӀа чохь». |
|
| 25 |
|
| Ялхой собардеш дуккха а Ӏийра, амма лакхарчу цӀийнан неӀ цхьаммо а схьа ца йиллира. ДогӀа схьа а эцна, неӀ схьайиллира цара. Лаьттахь велла Ӏуьллуш волу шайн олахо гира царна. |
|
| 26 |
|
| Ялхой паччахь араваларе хьоьжуш лаьттинчу юкъана АхӀуд къайлавелира. ЦӀушна уллохула тӀех а ваьлла, иза СаӀирахь кӀелхьарвелира. |
|
| 27 |
|
| Цига схьа а веана, Эпрайман лаьмнашкахь коьман маӀа лекхира АхӀуда. Цу маӀан аз шайна хезча, Исраилан халкъ схьагулделира. АхӀуд хьалхаваьлла а волуш, уьш лаьмнаш тӀера охьабиссира. |
|
| 28 |
|
| АхӀуда цаьрга элира: «Суна тӀаьхьахӀитта! Везачу Эло шун мостагӀий болу муабахой эшо ницкъ белла шуна». Халкъ АхӀудана тӀаьхьахӀоьттира. Цуьнца цхьаьна цара Йордан-хи тӀехула муабахойн махка дехьаволийла схьалецира, цхьа а стаг дехьа а ца волуьйтуш. |
|
| 29 |
|
| Цара итт эзар нуьцкъала, тоьллачу дегӀахь волу муабахо вийра, цхьа а кӀелхьара ца волуьйтуш. |
|
| 30 |
|
| Иштта цу дийнахь исраилхоша шайн караберзийра муабахой. Дезткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь. |
|
| 31 |
|
| Цул тӀаьхьа кхин а цхьана стага кӀелхьардаьккхира Исраилан халкъ. Иза вара Ӏанатин кӀант Шамгар. Цо стерчашна тухуш йолчу гӀожаца ялх бӀе пӀелаштамхо вийра. |
|
|
|
|