|
| 1 |
|
| Сисра вийначу дийнахь Дебирассий, Аби-НуӀаман кӀанта Баракхий хӀара назма элира: |
|
| 2 |
|
| «Исраилхойн баьччанаш хьалхабевлла арабовларна а, халкъ лараме хьалагӀаттарна а, хаставе Веза Эла! |
|
| 3 |
|
| ЛадогӀалаш, паччахьаш! Тергаме хилалаш, хьалдолу нах! Хьуна дӀаолу аса хӀара назма, ва Веза Эла. Исраилан халкъан Везачу Далла хастам а бо ас. |
|
| 4 |
|
| Веза Эла, Хьо, СеӀирера ара а ваьлла, Эдоман аренгахула схьавогӀучу хенахь, латта дегош дара, стигалш тӀадамаш ледош яра, мархаш догӀа Ӏенош яра. |
|
| 5 |
|
| Лаьмнаш дегош дара Везачу Элана хьалхахь, ур-атталла хӀара Синай-лам а бегабора Исраилан халкъан Везачу Далла хьалха. |
|
| 6 |
|
| Ӏанатин кӀант Шамгар паччахьалла деш волчу хенахь а, ЯӀалан заманашкахь а некъахой шайн эмкалийн ковранашца юьстахчу некъашкахула лелара, ткъа некъаш даьсса дара. |
|
| 7 |
|
| Исраилан махкахь йолчу ярташкахь кхин ца Ӏийра, со, Дебира, гӀатталц, ца Ӏийра цигахь нах, Исраилан халкъан нана со хилла дӀахӀотталц. |
|
| 8 |
|
| Уьш керлачу деланашна тӀаьхьахӀиттича, гӀалин кевнна улло тӀом беана схьакхечира. Шовзткъа эзар стаг шена юкъахь а волуш долчу Исраилан эскарехь я турс а, я гоьмукъ а ца карийра. |
|
| 9 |
|
| Исраилан мехкан куьйгалхой, сан дог шуьца ду. Шен даго ма-хьоьхху, халкъана юкъара хьалагӀевттинчаьрца ду. Хастам хуьлийла Везачу Элана! |
|
| 10 |
|
| КӀайн варраш тӀехь дӀадоьлхурш а, нуьйра тӀехь хиъна Ӏийраш а, гӀаш дӀадоьлхурш а, ойла елаш Везачу Эло диначун! |
|
| 11 |
|
| Руьйтанахь бежанаш схьагуллучохь хезаш ду адамийн аьзнаш. Цигахь Везачу Элан нийсачу толамашна хастам беш бу, Исраилан махкара Цуьнан халкъо баьккхинчу толамашна: Хьала а гӀаьттина, Везачу Элан халкъ гӀалин кевнашна тӀедахара. |
|
| 12 |
|
| ХьалагӀатта, Дебира, хьалагӀатта! Хьайн назма дӀаала! ХьалагӀатта, Аби-НуӀаман кӀант Баракх, шайна йийсар динарш схьалеца! |
|
| 13 |
|
| ТӀаккха халкъ Сарид-юьрта охьадоьссира, куьйгалхошна дуьхьал. Везачу Элан халкъ соьца цхьаьна майрачарна дуьхьалделира. |
|
| 14 |
|
| Ӏамалекхахь орамаш хилларш Эпрайм-махкара схьабогӀура, ва Бен-Яманан тайпа, хьоьца болу нах хьуна тӀаьхьа хӀиттина. Макир волчуьра схьабогӀура куьйгалхой, Забулан тӀаьхьенан хьаькамаш а схьабаьхкина. |
|
| 15 |
|
| Иссарханан элий а Дебирица бара, Иссарханан тайпа иштта Баракхца дара. Цунна тӀаьхьа тогӀи чу араделира иза. Раабанан тайпанна юкъахь доккха дар-дацар дара лаьтташ. |
|
| 16 |
|
| ХӀунда Ӏа хьо гӀотанашна юкъахь хиъна, бажа Ӏоьхуш ла а доьгӀуш? Раабанан тӀаьхьенна юккъе даккхий дар-дацарш ма деана. |
|
| 17 |
|
| ГалӀадара халкъ Йордан-хил дехьа дисира. Ткъа Данан тайпа хӀунда дисира хинкеманашца? Ашаран тайпа хӀордан йистехь дисира, йисте догӀийла йолчохь. |
|
| 18 |
|
| Амма Забулан а, Напталан а халкъаша, шайн дахар ца кхоош, лаьмнашкахь тӀом бира. |
|
| 19 |
|
| Паччахьаш вовшахлата схьабаьхкира, канаӀанхойн паччахьаша тӀом бира. ТаӀнакахь, МагӀиддан хиш долчохь, и хилла, амма дато хӀонс ца кхечира царна цигара. |
|
| 20 |
|
| Стигалара седарчий а дара вовшахлеташ. Уьш шайн некъашкахь Сисрица тӀом беш дара. |
|
| 21 |
|
| Къишун-хино дӀабаьхьира уьш. Чехка доьдуш долу хи ма ду иза. Сан са, нуьцкъала хьалхадалий, дӀагӀо! |
|
| 22 |
|
| ТӀаккха Сисрин говрийн бергаш схьайогӀуш яра, цара ден татанаш схьахезаш дара. |
|
| 23 |
|
| „НеӀалт хуьлда Мераз-гӀалина, — элира Везачу Элан Малико, — Билггал неӀалт хуьлда цуьнан бахархошна, цара Везачу Элана гӀо ца дарна, шайн майрачу тӀемалошца цхьаьна“. |
|
| 24 |
|
| Декъала хуьлда кхенахо волчу Хьебаран зуда ЯӀал! Четарш чохь бехаш болчу зударшна юкъахь декъала хуьлда иза! |
|
| 25 |
|
| Сисрас мала хи дехча, цо цунна шура елира. Элашна хьалхахь лелош болчу кеда чуьра схьа а йоьттина, мустъелла шура елира. |
|
| 26 |
|
| Шен четар чуьра ара а яьлла, хьокха схьа а эцна, аьтту куьйга варзап схьаийцира цо. И хьокха Сисрин лергъагӀонах чекхбаьккхира цо. |
|
| 27 |
|
| Цуьнан когаш тӀе а тевжина, иза циггахь воьжна Ӏуьллуш вара. Цуьнан когаш тӀе таьӀӀинчохь валар а хилира цуьнан. |
|
| 28 |
|
| Корах арахьоьжуш яра Сисрин нана. Цо елхарца хаьттира: „Сан кӀентан гӀудалкх хье хӀунда елла? ХӀунда ца хеза цуьнан говрийн бергийн тата?“ |
|
| 29 |
|
| Хьекъал долуш болчу цуьнан ялхоша жоп лора цунна, цо ша-шена ма-даллара: |
|
| 30 |
|
| „Схьахетарехь, уьш, хӀонс а карийна, шайна юкъахь иза йоькъуш хир бу. ТӀемалоша хӀораммо а шайна цхьаъ я ши йоӀ схьаоьцуш хир ю. ХӀонс юкъара бес-бесара бедарш Сисрас шена схьахоржу. ХӀонс юкъара бес-бесара юьйцина цхьа бедар а, бес-бесара тир яьккхина ши бедар а хӀонс яьккхинчун коча уллу“. |
|
| 31 |
|
| Иштта хӀаллакьхуьлийла Хьан берриг а мостагӀий, Веза Эла! Ткъа Хьо везаш берш, шен нуьцкъаллица схьакхетта богӀуш болу малх санна, ницкъ болуш хуьлийла!» Шовзткъа шарахь лаьтта тӀехь машар лаьттира. |
|
|
|
|