|
| 1 |
|
| НуӀматан цӀийнден Элималикан тайпанара а волуш, БоӀаз цӀе йолуш цхьа гергара стаг вара цигахь вехаш. Иза хьал долуш а, нахана вевзаш а вара. |
|
| 2 |
|
| Муабахочо Рутис элира НуӀмате: «Со кха тӀе гӀур ю, дисина мекхан кенаш лехьо. Со декъала йийр йоллучун декъа тӀехь лехьор ду ас кенаш». НуӀмата жоп делира: «Дика ду, сан йоӀ». |
|
| 3 |
|
| Кха тӀе а яхана, маьрсхошна тӀаьхьара мекхан кенаш лехьийра Рутис. Ткъа и дакъа Элималикан тайпанара волчу БоӀазан долахь долуш нисделлера. |
|
| 4 |
|
| Оцу хенахь БоӀаз Байтлахамера кха тӀе веара. Иза маьрсахошка вистхилира: «Везачу Эло гӀо дойла шуна!» — аьлла. «Везачу Эло декъала войла хьо а!» — аьлла, дуьхьал бистхилира вуьш. |
|
| 5 |
|
| ТӀаккха БоӀаза маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу шен ялхочуьнга хаьттира: «И жима зуда хьенан ю?» — аьлла. |
|
| 6 |
|
| Маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу ялхочо, жоп луш, элира: «ХӀара жима зуда муабахо ю, НуӀматца Муаби-махкара еана йолу. |
|
| 7 |
|
| ХӀокхо дехнера тхоьга, цӀевнашна юккъехула маьрсхоша дитина мекхан кенаш лехьадайтахьара шега аьлла. Са тесначхьана еана, хӀинццалц кхузахь ю хӀара. Кху тхов кӀел хӀинцца бен ца еана хӀара». |
|
| 8 |
|
| БоӀаза элира Рутига: «ЛадогӀал, сан йоӀ! Кхечу нехан декъа тӀе кенаш лехьо а ма гӀо, кхузара дӀа а ма яла, сан ялхой-зударшца хӀокху меттехь а хила. |
|
| 9 |
|
| Марс хьокху хӀара сан кха бен ма гойла хьан бӀаьргашна, гӀо хьо цаьрца маьрсхошна тӀаьххье. Ас сайн кегийчу нахана тӀедиллина, хьо хье ма е аьлла. Хьо хьагъелча, сан ялхоша моллучуьра хи а мала». |
|
| 10 |
|
| Цец а яьлла, гора а яхана, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, Рутис хаьттира: «Стенца доьзна ду-те, со кхечу хийрачу махкара йоллушехь, хьо суна иштта реза хилар?» |
|
| 11 |
|
| «Хьайн марнанна ахь мел динарг суна дийцина. Хьайн цӀийнда веллачул тӀаьхьа, хьайн да-нана а дитина, хьайн мохк а битина, хьайна девзаш доцучу къомана тӀееана хьо. |
|
| 12 |
|
| Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тӀома кӀел хьо ларъяйта еанчу хьан!» — жоп луш, элира БоӀаза. |
|
| 13 |
|
| «Сан эла, хьо суна реза хилар ма хедийла, — элира Рутис, — хьайн цхьана а ялхочун мехах йоцучу соьга, хьайн лай йолчу сан даге а хьаьжна, боху-кх ахь иза, сан дог тедархьама». |
|
| 14 |
|
| Делкъе йо хан тӀееача, БоӀаза элира: «Схьа а йолий, хьайна хӀума яа, муьста чагӀар чу бепиг а Ӏуттуш». Рути маьрсхошна юххе охьахиира. ТӀаккха БоӀаза цуьнга кхерзина буьртигаш кховдийра. Ткъа Рутис уьш даа а диира, и юза а юьзира, цуьнгахь кхин а буьртигаш а дисира. |
|
| 15 |
|
| ХӀара кенаш лехьо йоьлча, БоӀаза юха а шен ялхошна тӀедиллира Рутина цӀевнаш юккъехула кенаш лехьо магор а, цунна цхьаммо а вас ца яр а. |
|
| 16 |
|
| «ЦӀевнаш тӀера а дахийта цуьнга кенаш, чеха а ма е иза» — аьлла, буьйр дира цо. |
|
| 17 |
|
| Иштта сарралц кха тӀехь къахьийгира Рутис. Цо гулдинарг эрича, кхо сахь гергга мукх белира. |
|
| 18 |
|
| Иза схьа а эцна, гӀала цӀа яхара Рути. ТӀаккха цо деана ялта гира марнанна. Ша делкъанна хӀума юуш юьзча йитинарг шен тӀоьрмиг чуьра схьа а эцна, марнене елира Рутис. |
|
| 19 |
|
| «Ахь тахана мичахь болх бира? Мичара лехьийна ахь мекхан кенаш? Дала декъала войла хьуна и дика динарг!» — элира НуӀмата. Рутис дӀадийцира шен марнене, ша хьенан кха тӀехь болх бинера. «Ас тахана кха тӀехь болх бинчун цӀе БоӀаз ю», — элира цо. |
|
| 20 |
|
| «Везачу Эло декъалвойла иза. Дала, Шен дош кхочушдеш, беллачарна а, бисинчарна а диканиг до. БоӀаз-м вайна юххера, гергара стаг ву. Иза, вай Ӏалаш а деш, вайна гӀо дан дезачарех цхьаъ ву», — элира марнанас. |
|
| 21 |
|
| «Цо-м шен ялта чудерзийна даллалц, шен ялхошца хила магийна суна», — аьлла, дӀахаийтира Рутис. |
|
| 22 |
|
| ТӀаккха НуӀмата шен несе элира: «Ма дика ду-кх, сан йоӀ, хьо цуьнан ялхошца хир йолуш, нехан кха тӀехь цхьаммо а хьо чехор йоцуш». |
|
| 23 |
|
| Иштта БоӀазан ялхошца кенаш а лехьош, ялта чудерзийна даллалц, шен марненаца Ӏийра Рути. |
|
|
|
|