×

Делан Йозанаш 2012

Шамъал 21

1
Нуб-гӀалара динан да волу Ахьи-Малик волчу кхечира Дауд. Иза шена гича, Ахьи-Малика цецваларца цуьнга хаьттира: «Хьо-хьо хӀунда ву? Хьоьца цхьа а хӀунда вац?»
2
Дауда цуьнга элира: «Паччахьо цхьа гӀуллакх тӀедиллина суна. Цо соьга элира: „Цхьанна а ма хаийта хьо хӀунда вахийтина ву а, аса хьайна тӀедиллинарг а“. Ткъа сайн накъосташца аса барт бина, оха билгалъяьккхинчу меттехь вовшахкхетар ду аьлла.
3
Ткъа хӀинца ахьа суна пхи бепиг я хьайн куьйга кӀелахь йолу яа хӀума яла еза».
4
Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тӀаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дӀахьо».
5
Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХӀоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цӀеналла лар а йо, тхайна тӀедиллинарг кхочуш ца дойту хӀума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цӀеналла ларйина, тхаьшна тӀедиллинарг кхочушдархьама».
6
Динан дас шен кхин бепиг доцу дела, цунна деза бепиг делира. Иза Делан цӀа чуьра Везачу Элана хьалха охьадиллина долу бепиг дара. Цу дийнахь цуьнан метта керла бепиг охьадиллина хилла.
7
Цу дийнахь кхузахь Везачу Элана хьалха нисвеллера Шаулан ялхойх волу ДуагӀа цӀе йолу эдомхо. Иза Шаулан жаӀушна тӀехӀоттийна вара.
8
Дауда Ахьи-Малике элира: «ТӀекхочехь гоьмукъ я тур дац хьан? Паччахьо сайна тӀедиллинарг дукха сиха кхочушдан дезаш а хилла, аса сайца я тур а, я кхин йолу хӀума а схьа ца эцна».
9
Динан дас элира: «Ахьа Эла-тогӀи чохь вийна пӀелаштамхо волчу ГӀолиатан хӀара тур ду хьуна. Езачу ийпадна тӀехьа бедаршна юккъе а хьарчийна Ӏуьллуш ду иза. Хьайна лаахь, иза схьаэца. Кхин хӀумма а яц кху чохь». Дауда элира: «И санна дерг кхин хир а дац. Схьало иза соьга».
10
Цу дийнахь Дауд Шаулах ведда дӀавахара. Иза Гати-гӀалара паччахь Ахаш волчу вахара.
11
Ахашан ялхоша цуьнга хаьттира: «Исраилан махкара паччахь-м вац иза? Халхарш дечу хенахь цунна лоькхуш-м яц те и эшарш: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда — итт эзарнаш“, — бохуш?»
12
И дешнаш Даудан дагахь кхийтира. Цундела иза Гати-гӀалин паччахьах Ахашах кхоьрура.
13
Иза, паччахьна а, цуьнан ялхошна а хьалха ша хьераваьлла моттуьйтуш, волавелира. Цо неӀарш тӀехь яздора, шен можана тӀехула шеташ охьаоьхуьйтура.
14
ТӀаккха Ахаша шен ялхошка элира: «Хьажал цуьнга. И стаг хьераваьлла ву. ХӀунда валийна аша иза со волчу?
15
Я сан хьерабевлларш кӀезиг бу, суна хьалха дастама хӀуманаш цуьнга леладайттал? Сан цӀа чу-м вер ма хир вац иза?»
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки