× Язык Европа Русский Белорусский Украинский Польский Сербский Болгарский Словацкая Чешский Румынский Молдавский Азербайджанский Армянин Грузинский Албанский Аварский Башкирский Татарский Чеченский Словенский Хорватский Эстонский Латвийский Литовский Венгерский Финский Норвежский Шведский Исландский Греческий Македонский Немецкий Баварский Голландский Датский Валлийский Гэльский Ирландский Французский Баскский Каталонский Итальянский Галакский Романи Bosnian Kabardian Северная Америка Английский Южная Америка Испанский Португальский Гуарани Кечуа Аймара Центральная Америка Ямайский Науатль Киче Кекчи Гаитянский Восточная Азия Китайский Японский Kорейский Монгольский Уйгурский Хмонг Tibetian Юго-Восточная Азия Малазийский Бирманский Хаха Чин Непальский Кебуано Тагальский Камбоджийский Тайский Индонезийский Суданский Вьетнамский Яванский Лаос Ибан Ю Миен Качин Лаху Aceh Balinese Bugis Pampanga Sasak Shan Waray Южная Азия Хинди Одиа Авадхи Mizo Каннада Малаялам Маратхи Гуджаратский Тамильский Телугу Панджаби Курух Ассамский Майтхили Бенгальский Урду Сингальский Догри Харианви Мейтей Конкани Сантали Синдхи Коя Тадо Санскритский деванагари Adilabad Gondi Ahirani Белуджи Bundeli Chhattisgarhi Garhwali Kangri Kumaoni Mewari Munda Sadri Seraiki Shekhawati Sylheti Bagri Bhilali Bodo Braj Tulu Центральная Азия Кыргызский Узбекский Таджикский Туркменский Казахстан Каракалпак Средний Восток Tурецкий Еврейский Арабский Персидский Курдский Mazanderani Пушту Коптский Африка Африкаанс Ксоза Зулусский Ндебеле Сото Амхарский Волайтта Нигерийский Мосси Ика Динка Кабильский Эве Суахили Марокканский Сомалийский Шоны Мадагаскар Игбо Лингала Баул Сисвати Тсонга Тсвана Гамбия Йоруба Камба Киньяруанда Хауса Chewa Луо Макуа Дюла Фульфульде Календжин Кикуйю Кикванго Кирунди Крио Нигерийский Пиджин Оромо Чилуба Чивенда Тви Умбунду Лугбара Лугуру Пулярный Гусси Маасаи Туркана Моба Нуэр Шиллук Тамашек Маконде Bemba Fon Hadiyya Ibibio Kimbundu Kimiiru Lango Liberian Kreyol Lomwe Mende Morisyen Ndau Nyankole Sena Sidamo Soga Songe Sukuma Tarifit Teso Tiv Zande Dagbani Edo Kituba Континент Австралии Новая Зеландия Папуа Новая Гвинея Старые Языки Арамейский Латинский Эсперанто 1 1 1 Чеченский Чеченский1 1 1 Дауд ДоладаларАрадаккхарӀамалъярЛеларКарлабаьккхинаргЮшаӀКуьйгалхойРутиШамъалДаудСулимТӀаьххьарнаш1 Шерашкахь2 ШерашкахьӀезарНахьми-ЯхӀуЭсиратАюбЗабурКицанашУстазИллиЕшаӀ-ЯхӀуЯрми-ЯхӀуТийжамашЯхьазкхиалДаниалХӀушаӀЮалӀамосӀабди-ЯхӀуЮнусМика-ЯхӀуНахьумХьабукъаЦапни-ЯхӀуХьагайЗакри-ЯхӀуМалъаки--- --- ---МаттайМаркЛакаЯхьъяВекалийнРимхошка1 Коринтхошка2 КоринтхошкаГалатахошкаЭпасхошкаПилапхошкаКовлусихошка1 Тассалникахошка2 Тассалникахошка1 Тимапига2 ТимапигаТитеПхьалманеӀебархошкаЯкъуба1 Кипин2 Кипин1 Яхьъяс2 Яхьъяс3 ЯхьъясЯхӀудаДовзийтинарг1 1 1 18 1234567891011121314151617181920212223241 1 1 : 1 1234567891011121314151617181920212223242526272829303132331 1 1 Делан Йозанаш 2012 Дауд 18 Сохранить Заметки 1Дауд шен эскаре хьожуш чекхвелира. Цо шен эскарна тӀехь цхьа бӀе а, цхьа эзар а стаг карахь волуш хьаькамаш дӀахӀиттийра.2Шен эскар Дауда кхаа декъе дийкъира. Цхьа тоба, Йоаб коьртехь а волуш, дӀахьажийра цо. ШолгӀа тоба — Йоабан ваша волчу Царуятан кӀант Абушай коьртехь волуш. Ткъа кхоалгӀа тоба гатихо волчу Итица дӀаяхийтира. Паччахьо гулбеллачаьрга элира: «Со а вогӀур ву шуьца».3Амма наха цуьнга элира: «Хьо тхоьца ма вола. Тхо дӀадовдуш хилахь а, цхьаммо а тидам бийр бац тхан. Тхох нийсса ах хӀаллакьхилахь а, иштта тидаме оьцур дац. Ткъа хьо цхьаъ — итт эзар стеган метта ву. Цундела, хьо гӀалахь а сецна, цигара тхо долчу ахьа гӀо даийтича гӀолехь ду».4Паччахьо цаьрга элира: «Аша боххург дийр ду аса». Иза ков долчохь дӀахӀоьттира. Адам гӀалара бӀе а, эзар а стаг юкъахь йолчу тобанашца арадолуш дара.5Паччахьо Йоабигий, Абушайгий, Итигий омра дира: «Жима стаг волу Абушалам кхоаве суна!» — аьлла. Массарна а дӀахезира паччахьо Абушаламах лаьцна шен эскаран хьаькамашка аьлларг.6Даудан эскар аренгахь Исраилан эскарна дуьхьалделира. Уьш Эпрайман хьуьнхахь вовшахлетира.7Даудан эскаро исраилхой эшийра. Боккха толам баьккхира цара цу дийнахь: ткъа эзар стаг вара вийна Ӏуьллуш.8Гонах, массо а меттехула, дӀабаьржира тӀом. Адам хьун бахьана долуш дукха хӀаллакьхилира, тур бахьана долчул.9Шена дагахь а доцуш, Абушалам Даудан тӀемалошна дуьхьалкхийтира. Иза шен вирбӀарзанна тӀехь дӀавоьдуш вара. ВирбӀарза доккхачу ножан диттан генашна кӀелхула дӀайоьдучу хенахь, Абушаламан месаш гаьннех дӀатасаелира. Иза лаьттаний, стигалний юккъехь кхозуш висира, ткъа цуьнгахь хилла йолу вирбӀарза едда дӀаяхара.10И сурт гина волчу цхьана тӀемалочо Йоабе хаам бира: «Абушалам ножан дитта тӀехь кхозуш ву» — аьлла.11Йоаба шега и хаам бина волчу стаге элира: «Хьайна иза гина хилча, иза, тоьхна, лаьтта охьа хӀунда ца виллира ахьа? Аса итт шекхал детий, доьхкий лур ма дара хьуна».12Цо Йоабе жоп делира: «Сайна кара цхьа эзар шекхал дети схьаделча а, аса паччахьан кӀантана тӀе куьг хьур дацара, хӀунда аьлча тхуна массарна а хезира хьоьгий, Абушайгий, Итигий паччахьо аьлларг: „Жима стаг Абушалам кхоаве суна!“13Нагахь санна аса, ахьа бохург а дина, Абушалам вийна хиллехь, иза паччахьна ца хууш дуьсур дацара. ТӀаккха хьо, суна генна а ваьлла, дӀахӀуттур вара».14Йоаба элира: «Сан йиш яц хьоьца хан яйа!» Кхо жима гоьмукъ схьа а эцна, цо уьш ножан дитта тӀехь валаза кхозуш волчу Абушаламан дагах чекхдехира.15Йоабан герз лелош волчу итт къона тӀемалочо Абушаламна го бира. Цара иза вийна дӀаваьккхира.16Йоаба коьман маӀа лекхира. Цуьнан эскар исраилхошна тӀаьхьадаьллачуьра юхадирзира. Уьш Йоаба кхоийра.17Цара Абушаламан дакъа, дитт тӀера схьа а даьккхина, хьуьнхарчу доккхачу ор чу а кхоьссина, тӀе тӀулгаш кхиссира. Цу хенахь массо а исраилхо ведда, шен-шен цӀа чу а вахана, дӀасаваьллера.18Ша дийна волчу хенахь паччахьан тогӀи чохь Абушалама ша-шена хӀоллам хӀоттийнера. ХӀеттахь цо аьлла хилла: «ЦӀе йиц ца яйта цхьа а кӀант вац сан». Цу хӀолламна цо шен цӀе тиллина хилла. Тахана а, «Абушаламан хӀоллам» аьлла, цӀе йоккху цуьнан.19ЦӀадукъин кӀанта АхьимаӀаца Йоабе элира: «Аса ведда хаам бийр бу паччахье, Везачу Эло, Шен кхел а йина, иза мостагӀех кӀелхьарваьккхина аьлла».20Амма Йоаба цуьнга элира: «Тахана Даудана дика кхаъ бахьаш веанарг хир вац хьо. Муьлххачу а кхечу дийнахь гӀур ву хьо цига, тахана а ца воьдуш, хӀунда аьлча велларг цуьнан кӀант ву».21Цул тӀаьхьа Йоаба цхьана хушахочуьнга элира: «Ваха а гӀой, паччахье хьайна гинарг ма-дарра дӀадийца». И хушахо, Йоабана хьалха корта охьа а таӀийна, сихха Дауд волчу вахара.22Амма ЦӀадукъин кӀанта АхьимаӀаца, ша аьллачунна тӀера ца волуш, юха а Йоабе элира: «ХӀуъа а хилахь, со а воьду хушахочуьнца». Йоаба цуьнга элира: «ХӀунда воьду хьо цуьнца, сан кӀант? Ахьа дӀабахьа кечбинарг дика кхаъ ма бац».23АхьимаӀаца элира: «Иза иштта делахь а, со воьду цига». ТӀаккха Йоаба элира: «Вада, гӀо». АхьимаӀац Йордан-тогӀи чохь болчу новкъахула ведда дӀавахара. Иза хушахочул хьалха дӀакхечира цига.24Дауд шина кевнна юккъехь Ӏаш вара. Кевнан тхов тӀе ваьллачу гӀаролхочун ша цхьаъ волуш ведда вогӀучу стагах бӀаьрг кхийтира.25Цо, мохь а тоьхна, паччахье хаам бира. Дауда элира: «Нагахь санна и стаг ша цхьаъ вогӀуш велахь, иза хаамча ву». Ткъа важа улло кхаьчна вогӀуш вара.26ГӀаролхочунна кхин а цхьа стаг гира, ведда вогӀуш. Цо ков лардархочуьнга мохь туьйхира: «Кхин а цхьа стаг ву ведда вогӀуш». Паччахьо элира: «Иза а хаамча ву».27ГӀаролхочо элира: «Суна хьалха вогӀуш волчун болар го. Иза ЦӀадукъин кӀентан АхьимаӀацан боларх тера ду». ТӀаккха паччахьо элира: «И стаг дика стаг ву. Иза дика кхаъ бахьаш вогӀуш ву».28АхьимаӀаца, мохь а тоьхна, паччахье элира: «Машар!» Цо, лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха шен корта охьа а таӀийна, элира: «Декъала ву хьан Веза Дела. Цо сан эла волчу паччахьна дуьхьал куьг даьхьна болу мостагӀий хӀаллакбина».29Паччахьо хаьттира: «Дийна вуй къона Абушалам?» АхьимаӀаца элира: «Йоаба со кхуза воуьйтучу хенахь цигахь хилла болу нах чӀогӀа боьхна хьийзаш гира суна. Амма цигахь хилларг суна ца хаьа».30Паччахьо элира: «Юьстах а валий, кхузахь саца». Иза, дехьа а ваьлла, сецира.31Эццахь веана хушахо а схьакхечира. Цо элира: «Дика хаам бу сан эла волчу паччахье! Тахана Везачу Эло хьуна дуьхьалбевлла болу мостагӀий эшийна».32Паччахьо хушахочуьнга хаьттира: «Могуш-паргӀат вуй къона Абушалам?» Хушахочо элира: «Сан эла волчу паччахьан мостагӀашна а, цунна дуьхьал мел ваьллачунна а хуьлийла Абушаламна хилларг!»33Паччахь воьхна хьаьвзира. Кевнна тӀехула дина долчу цӀа чу а вахана, вилхира иза. Цу тӀе хьалаваьллачу хенахь цо бохура: «Сан кӀант Абушалам! Сан кӀант, сан кӀант Абушалам! Хьан метта со велла велара, сан кӀант Абушалам!»Chechen Bible 2012 - Делан Йозанаш © Институт перевода Библии, 2012 Делан Йозанаш 2012 Дауд 18 00:00:00 00:00:00 0.5x 2.0x https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/2samuel/018.mp3 24 18