× Язык Европа Русский Белорусский Украинский Польский Сербский Болгарский Словацкая Чешский Румынский Молдавский Азербайджанский Армянин Грузинский Албанский Аварский Башкирский Татарский Чеченский Словенский Хорватский Эстонский Латвийский Литовский Венгерский Финский Норвежский Шведский Исландский Греческий Македонский Немецкий Баварский Голландский Датский Валлийский Гэльский Ирландский Французский Баскский Каталонский Итальянский Галакский Романи Bosnian Kabardian Северная Америка Английский Южная Америка Испанский Португальский Гуарани Кечуа Аймара Центральная Америка Ямайский Науатль Киче Кекчи Гаитянский Восточная Азия Китайский Японский Kорейский Монгольский Уйгурский Хмонг Tibetian Юго-Восточная Азия Малазийский Бирманский Хаха Чин Непальский Кебуано Тагальский Камбоджийский Тайский Индонезийский Суданский Вьетнамский Яванский Лаос Ибан Ю Миен Качин Лаху Aceh Balinese Bugis Pampanga Sasak Shan Waray Южная Азия Хинди Одиа Авадхи Mizo Каннада Малаялам Маратхи Гуджаратский Тамильский Телугу Панджаби Курух Ассамский Майтхили Бенгальский Урду Сингальский Догри Харианви Мейтей Конкани Сантали Синдхи Коя Тадо Санскритский деванагари Adilabad Gondi Ahirani Белуджи Bundeli Chhattisgarhi Garhwali Kangri Kumaoni Mewari Munda Sadri Seraiki Shekhawati Sylheti Bagri Bhilali Bodo Braj Tulu Центральная Азия Кыргызский Узбекский Таджикский Туркменский Казахстан Каракалпак Средний Восток Tурецкий Еврейский Арабский Персидский Курдский Mazanderani Пушту Коптский Африка Африкаанс Ксоза Зулусский Ндебеле Сото Амхарский Волайтта Нигерийский Мосси Ика Динка Кабильский Эве Суахили Марокканский Сомалийский Шоны Мадагаскар Игбо Лингала Баул Сисвати Тсонга Тсвана Гамбия Йоруба Камба Киньяруанда Хауса Chewa Луо Макуа Дюла Фульфульде Календжин Кикуйю Кикванго Кирунди Крио Нигерийский Пиджин Оромо Чилуба Чивенда Тви Умбунду Лугбара Лугуру Пулярный Гусси Маасаи Туркана Моба Нуэр Шиллук Тамашек Маконде Bemba Fon Hadiyya Ibibio Kimbundu Kimiiru Lango Liberian Kreyol Lomwe Mende Morisyen Ndau Nyankole Sena Sidamo Soga Songe Sukuma Tarifit Teso Tiv Zande Dagbani Edo Kituba Континент Австралии Новая Зеландия Папуа Новая Гвинея Старые Языки Арамейский Латинский Эсперанто 1 1 1 Чеченский Чеченский1 1 1 Забур ДоладаларАрадаккхарӀамалъярЛеларКарлабаьккхинаргЮшаӀКуьйгалхойРутиШамъалДаудСулимТӀаьххьарнаш1 Шерашкахь2 ШерашкахьӀезарНахьми-ЯхӀуЭсиратАюбЗабурКицанашУстазИллиЕшаӀ-ЯхӀуЯрми-ЯхӀуТийжамашЯхьазкхиалДаниалХӀушаӀЮалӀамосӀабди-ЯхӀуЮнусМика-ЯхӀуНахьумХьабукъаЦапни-ЯхӀуХьагайЗакри-ЯхӀуМалъаки--- --- ---МаттайМаркЛакаЯхьъяВекалийнРимхошка1 Коринтхошка2 КоринтхошкаГалатахошкаЭпасхошкаПилапхошкаКовлусихошка1 Тассалникахошка2 Тассалникахошка1 Тимапига2 ТимапигаТитеПхьалманеӀебархошкаЯкъуба1 Кипин2 Кипин1 Яхьъяс2 Яхьъяс3 ЯхьъясЯхӀудаДовзийтинарг1 1 1 106 1234567891011121314151617181920212223242526272829303132333435363738394041424344454647484950515253545556575859606162636465666768697071727374757677787980818283848586878889909192939495969798991001011021031041051061071081091101111121131141151161171181191201211221231241251261271281291301311321331341351361371381391401411421431441451461471481491501 1 1 : 1 123456789101112131415161718192021222324252627282930313233343536373839404142431 1 1 Делан Йозанаш 2012 Забур 106 Сохранить Заметки 1 Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!2Иштта олийла Везачу Эло паргӀатбаьхначара, мостагӀийн карара Цо схьа мел баьхначара,3хийрачу мехкашкара Цо схьагулбиначара — малхбалехьара а, малхбузехьара а, къилбаседехьара а, къилбехьара а.4Цхьаберш яьссачу аренашкахула бевлла лелаш бара, шена чохь адамаш долчу гӀала боьду некъ а ца карош.5Цара мацалла а, хьогалла а ловра, церан синош царна чуьра дӀадовлуш дара.6Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.7Цо уьш нийсачу новкъахула дӀабигира, шена чохь адамаш дехаш йолчу гӀала а бохуьйтуш.8Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.9Цо хьогуш верг Ӏаба а во, меца верг диканца вуза а во.10Цхьаберш Ӏаьржачу боданехь бехаш Ӏаш бара, аьчка буржалш а тоьхна, гӀайгӀанехь а болуш,11хӀунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера, Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера.12Церан дегнаш Цо халачу белхашца охьатаӀийра, уьш гал а бевллера, царна орцахвала цхьа а стаг а вацара.13Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.14Цо уьш Ӏаьржачу боданера арабехира, церан буржалш доха а дина.15Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.16ЦӀестан кевнаш Цо доха а до, аьчка гӀораш хьеша а хьоьшу.17Цхьаберш Ӏовдалш бара, гӀело а хьоьгуш, шайн зуламе некъаш а, шаьш летийна къинош а бахьана долуш.18Церан синош массо а кхачанах дӀадирзинера, уьш Ӏожаллин кевне а кхаьчнера.19Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш шайн баланах кӀелхьарбехира.20Цо Шен дашца дарба а дира царна, хӀаллакьхиларх кӀелхьар а бехира уьш.21Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.22Цара Везачу Элана баркаллин сагӀанаш а дохийла, ирсечу эшаршца Цуьнан гӀуллакхех лаьцна дӀа а дуьйцийла.23Цхьаберш хӀордкеманашна тӀехь новкъа бовлура, уьш даккхий хиш тӀера совдегарш бара.24Царна гира Везачу Эло до гӀуллакхаш: кӀоргачу хӀордашна тӀехь долу Цуьнан тамашийна хӀуманаш.25Иза вистхуьллушехь, дарц тӀехьоду, яккхий тулгӀенаш ловза а юьйлуьйтуш.26Хинкеманаш стигала хьала а дахара, юха а кӀоргачу хи чу охьа а ийгира. Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира.27Уьш, бехна нах санна, охьа а бетталуш, когаш а тийсалуш, лелара, церан хилла долу хьекъалалла а дӀадолура.28Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.29Цо дарц тап-аьлла дӀасацийра, тулгӀенийн гӀовгӀа а дӀаелира.30ХӀорд дӀатийна хиларх уьш сакъералуш бара, ткъа Цо уьш шаьш хьаьгначу метте дӀакхачийра.31Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.32Халкъан гуламна юкъахь цара Иза вазвойла, къанойн кхеташонехь Цунна хастамаш а бойла.33Цо хиш хиллачохь яьсса аре дӀахӀоттайо, хин татолаш хилла меттиг, якъайой, дӀа а йоккху.34Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо, цу тӀехь дехаш долчу адамийн волла.35Яьсса аре Цо, Ӏам бой, дӀахӀоттайо, ткъа йокъа хӀоьттинчу меттехь татолаш дохку.36Цо цига баха меца нах а балабо, ткъа цара цигахь шайна даха ховша гӀала а йо.37Кхаш тӀехь ялта цара дӀа а доь, кемсийн таьллангаш цара дӀа а югӀу, цигара шортта ялта схьа а гулдо.38Дукха бераш хилийта, Цо уьш декъал а бо, церан даьхнеш Цо лагӀ а ца долуьйту.39ГӀело хьегар а, бохам тӀебар а, баланаш лар а бахьана долуш уьш кӀезиг хилла дӀахӀитта мега.40ТӀаккха Везачу Эло церан элашна тӀе эхь тотту, уьш некъ боцучу яьссачу аренашкахула лоьлуьйту.41Амма къен стаг Цо гӀелонах схьа а воккху, цуьнан тӀаьхьенаш, жа санна, деба а йо.42Дика нах, и хӀума а гуш, баккхийбеш бу, ткъа вочеран цу хӀуманна дуьхьал ала хӀума а дац.43Хьекъалалла долуш болчарна и хӀуманаш дӀагойла, Везачу Элан хедар боцучу безамах лаьцна цара ойланаш йойла.Chechen Bible 2012 - Делан Йозанаш © Институт перевода Библии, 2012 Делан Йозанаш 2012 Забур 106 00:00:00 00:00:00 0.5x 2.0x https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/106.mp3 150 106