× Язык Европа Русский Белорусский Украинский Польский Сербский Болгарский Словацкая Чешский Румынский Молдавский Азербайджанский Армянин Грузинский Албанский Аварский Башкирский Татарский Чеченский Словенский Хорватский Эстонский Латвийский Литовский Венгерский Финский Норвежский Шведский Исландский Греческий Македонский Немецкий Баварский Голландский Датский Валлийский Гэльский Ирландский Французский Баскский Каталонский Итальянский Галакский Романи Bosnian Северная Америка Английский Южная Америка Испанский Португальский Гуарани Кечуа Аймара Центральная Америка Ямайский Науатль Киче Кекчи Гаитянский Восточная Азия Китайский Японский Kорейский Монгольский Уйгурский Хмонг Юго-Восточная Азия Малазийский Бирманский Хаха Чин Непальский Кебуано Тагальский Камбоджийский Тайский Индонезийский Вьетнамский Яванский Лаос Ибан Ю Миен Качин Лаху Aceh Balinese Bugis Pampanga Sasak Shan Waray Южная Азия Хинди Одиа Авадхи Mizo Каннада Малаялам Маратхи Гуджаратский Тамильский Телугу Панджаби Курух Ассамский Майтхили Бенгальский Урду Сингальский Догри Харианви Мейтей Конкани Сантали Синдхи Коя Тадо Санскритский деванагари Adilabad Gondi Ahirani Белуджи Bundeli Chhattisgarhi Garhwali Kangri Kumaoni Mewari Munda Sadri Seraiki Shekhawati Sylheti Центральная Азия Кыргызский Узбекский Таджикский Туркменский Казахстан Каракалпак Средний Восток Tурецкий Еврейский Арабский Персидский Курдский Пушту Коптский Африка Африкаанс Ксоза Зулусский Ндебеле Сото Амхарский Волайтта Нигерийский Мосси Ика Динка Кабильский Эве Суахили Марокканский Сомалийский Шоны Мадагаскар Игбо Лингала Баул Сисвати Тсонга Тсвана Гамбия Йоруба Камба Киньяруанда Хауса Chewa Луо Макуа Дюла Фульфульде Календжин Кикуйю Кикванго Кирунди Крио Нигерийский Пиджин Оромо Чилуба Чивенда Тви Умбунду Лугбара Лугуру Пулярный Гусси Маасаи Туркана Моба Нуэр Шиллук Тамашек Маконде Bemba Fon Hadiyya Ibibio Kimbundu Kimiiru Lango Liberian Kreyol Lomwe Mende Morisyen Ndau Nyankole Sena Sidamo Soga Songe Sukuma Tarifit Teso Tiv Zande Континент Австралии Новая Зеландия Папуа Новая Гвинея Старые Языки Арамейский Латинский Эсперанто 1 1 1 Чеченский Чеченский1 1 1 ХӀушаӀ ДоладаларАрадаккхарӀамалъярЛеларКарлабаьккхинаргЮшаӀКуьйгалхойРутиШамъалДаудСулимТӀаьххьарнаш1 Шерашкахь2 ШерашкахьӀезарНахьми-ЯхӀуЭсиратАюбЗабурКицанашУстазИллиЕшаӀ-ЯхӀуЯрми-ЯхӀуТийжамашЯхьазкхиалДаниалХӀушаӀЮалӀамосӀабди-ЯхӀуЮнусМика-ЯхӀуНахьумХьабукъаЦапни-ЯхӀуХьагайЗакри-ЯхӀуМалъаки--- --- ---МаттайМаркЛакаЯхьъяВекалийнРимхошка1 Коринтхошка2 КоринтхошкаГалатахошкаЭпасхошкаПилапхошкаКовлусихошка1 Тассалникахошка2 Тассалникахошка1 Тимапига2 ТимапигаТитеПхьалманеӀебархошкаЯкъуба1 Кипин2 Кипин1 Яхьъяс2 Яхьъяс3 ЯхьъясЯхӀудаДовзийтинарг1 1 1 2 12345678910111213141 1 1 : 1 12345678910111213141516171819202122231 1 1 Делан Йозанаш 2012 ХӀушаӀ 2 Сохранить Заметки 1«Шайн вежаршна, „Сан халкъ“ (Ӏами) алий, цӀе тилла, ткъа шайн йижаршна, „къинхетам бинарш“ (Рухьама) алий, цӀе тилла».2«Кхел яйта шайн нанна, жоьпе озаяйта иза! Иза Сан зуда ма яц, ткъа Со кхин цуьнан майра ма вац. Шен сийсазлелар дита ала, шен тешаме ца хилар сацаде ала.3Нагахь санна шен сийсазлелар цо ца дитахь, цуьнан бедарш этӀор ю Аса, нанас дуьнен чу йоккхуш ма-хиллара, ерзина а яьккхина. Иза, яьсса аре санна, дӀахӀоттор ю Аса, иза, декъа латта санна, йийр ю Аса, хьагъярца хӀаллакйийр ю.4Аса къинхетам бийр бац цуьнан берех, тешаме доцу бераш уьш долу дела.5ХӀунда аьлча церан нана тешаме яцара, уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара. Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тӀаьххье дӀагӀур ю со, цара суна бепиг а, хи а, тӀаргӀа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“.6Цо ишттаниг лелорна, коканийн коьллашца Аса цуьнан некъ дӀакъовлур бу, цунна дуьхьал пен дӀахӀоттор бу, цунна некъ ца карабайтархьама.7Иза шен безаргашна тӀаьхьауьдур ю, амма тӀаьхьакхуьур яц. Уьш лоьхур бу цо, амма карор бац цунна уьш. ТӀаккха эр ду цо: „Сайн дуьххьарлерчу майрачунна тӀе дӀагӀур ю со. Цуьнца долу дахар гӀоле дара сан, хӀинца чул“.8Цунна ца лаьа къобалдан ялтий, чагӀаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар, шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар, ткъа цо царах БаӀал-цӀу дӀахӀоттийна.9Ялта чудерзо хан тӀекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта. Кемсаш хилла яьлча, чагӀар а схьадоккхур ду. Аса цуьнгара схьабоккхур бу тӀаргӀа а, вета а, цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу.10Иштта цуьнан дерзина дегӀ гучудоккхур ду Аса цуьнан безаргашна хьалха. Сан карара цхьаьнгге а схьаяккхалур яц иза.11Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а, шеран деза денош даздар а, бутт цӀинбаларан денош даздар а, шоьтан денош ларар а — дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу.12Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хӀара“, — олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу.13Аса таӀзар дийр ду цунна, БаӀал-цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума ягорна а, шен чӀагарш а, туьтеш а шена тӀе а оьхкина, шен безаргашна иза тӀаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», — боху Везачу Эло.14«Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дӀа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса.15Цигара ара а яьккхина, аса цунна юхалур ю цуьнан долахь хилла йолу кемсийн бошмаш. Сингаттамца йоьзна йолу Ӏахур-тогӀех сатийсаран неӀ дӀахӀоттор ю Аса. Цигахь эшарш лоькхур ю цо, шен къоналлин деношкахь санна, иза Мисар-махкара арайолучу хенахь».16Иштта боху Везачу Эло: «Оцу дийнахь „сан майра“ эр ду ахь Сох, кхидӀа „сан БаӀал“ эр дац ахь Сох.17БаӀалийн цӀераш цуьнан багара дӀайохур ю Аса, церан цӀераш кхин йохур яц цо.18Цу хенахь Аса барт бийр бу аренийн акхарошца, стигаларчу олхазаршца, лаьттарчу текхаргашца. Ӏаддий, туррий, тӀоммий дӀабоккхур бу Аса цу лаьтта тӀера. Кхерам а боцуш, баха буьтур бу Аса уьш.19Гуттаренна а Сайна тӀеерзор ю Аса хьо. Нийсо а, бакъдерг а, хедар боцу безам а, къинхетам а баларца Сайна ерзор ю Аса хьо.20Сайна тешаме хиларца тӀеерзор Аса хьо, Веза Эла волу Со тӀаккха къобалвийр ву ахь.21Цу дийнахь иштта хир ду, — боху Везачу Эло, — Аса стигалан дехарна жоп лур ду, цо а лаьттан дехарна жоп лур ду.22Ткъа ялтин а, чагӀаран а, даьттанан а дехарна лаьтто жоп лур ду, ткъа цара „ИзраӀал“ — Дала дӀадоь — аьлла, жоп лур ду.23Иза Аса Сайна лаьттахь дӀаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ — эр ду».Chechen Bible 2012 - Делан Йозанаш © Институт перевода Библии, 2012 Делан Йозанаш 2012 ХӀушаӀ 2 00:00:00 00:00:00 0.5x 2.0x https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/hosea/002.mp3 14 2