× Язык Европа Русский Белорусский Украинский Польский Сербский Болгарский Словацкая Чешский Румынский Молдавский Азербайджанский Армянин Грузинский Албанский Аварский Башкирский Татарский Чеченский Словенский Хорватский Эстонский Латвийский Литовский Венгерский Финский Норвежский Шведский Исландский Греческий Македонский Немецкий Баварский Голландский Датский Валлийский Гэльский Ирландский Французский Баскский Каталонский Итальянский Галакский Романи Северная Америка Английский Южная Америка Испанский Португальский Гуарани Кечуа Аймара Центральная Америка Ямайский Науатль Киче Кекчи Гаитянский Восточная Азия Китайский Японский Kорейский Монгольский Уйгурский Хмонг Юго-Восточная Азия Малазийский Бирманский Хаха Чин Непальский Кебуано Тагальский Камбоджийский Тайский Индонезийский Вьетнамский Яванский Лаос Ибан Ю Миен Качин Лаху Южная Азия Хинди Одиа Авадхи Mizo Каннада Малаялам Маратхи Гуджаратский Тамильский Телугу Панджаби Курух Ассамский Майтхили Бенгальский Урду Сингальский Догри Харианви Мейтей Конкани Сантали Синдхи Коя Тадо Санскритский деванагари Центральная Азия Кыргызский Узбекский Таджикский Туркменский Казахстан Каракалпак Средний Восток Tурецкий Еврейский Арабский Персидский Курдский Пушту Коптский Африка Африкаанс Ксоза Зулусский Ндебеле Сото Амхарский Волайтта Нигерийский Мосси Ика Динка Кабильский Эве Суахили Марокканский Сомалийский Шоны Мадагаскар Игбо Лингала Баул Сисвати Тсонга Тсвана Гамбия Йоруба Камба Киньяруанда Хауса Chewa Луо Макуа Дюла Фульфульде Календжин Кикуйю Кикванго Кирунди Крио Нигерийский Пиджин Оромо Чилуба Чивенда Тви Умбунду Лугбара Лугуру Пулярный Гусси Маасаи Туркана Моба Нуэр Шиллук Тамашек Маконде Континент Австралии Новая Зеландия Папуа Новая Гвинея Старые Языки Арамейский Латинский Эсперанто 1 1 1 Чеченский Чеченский1 1 1 Ӏабди-ЯхӀу ДоладаларАрадаккхарӀамалъярЛеларКарлабаьккхинаргЮшаӀКуьйгалхойРутиШамъалДаудСулимТӀаьххьарнаш1 Шерашкахь2 ШерашкахьӀезарНахьми-ЯхӀуЭсиратАюбЗабурКицанашУстазИллиЕшаӀ-ЯхӀуЯрми-ЯхӀуТийжамашЯхьазкхиалДаниалХӀушаӀЮалӀамосӀабди-ЯхӀуЮнусМика-ЯхӀуНахьумХьабукъаЦапни-ЯхӀуХьагайЗакри-ЯхӀуМалъаки--- --- ---МаттайМаркЛакаЯхьъяВекалийнРимхошка1 Коринтхошка2 КоринтхошкаГалатахошкаЭпасхошкаПилапхошкаКовлусихошка1 Тассалникахошка2 Тассалникахошка1 Тимапига2 ТимапигаТитеПхьалманеӀебархошкаЯкъуба1 Кипин2 Кипин1 Яхьъяс2 Яхьъяс3 ЯхьъясЯхӀудаДовзийтинарг1 1 1 1 11 1 1 : 1 1234567891011121314151617181920211 1 1 Ӏабди-ЯхӀу 1 Сохранить Заметки 1Ӏабди-ЯхӀу-пайхамарна сурт хӀоттар. Хьалдолчу Эло иштта бохура Эдоман халкъах лаьцна. Везачу Эло хӀара хаам бира тхоьга, тӀаккха оха геланча вахийтира, и хаам халкъашна дӀахазийра: «ХьалагӀовтта, Эдомана дуьхьал тӀом бийр бу вай!» — аьлла.2«Ас къаьмнашна юкъахь жиманиг дийр ду хьох, цундела хьо лорур дац цара.3Хьо хьайн деган куралло Ӏехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“4Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла, седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а, Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», — боху Везачу Эло.5«Къуй-м бацара те хьуна баьхкинарш? Буьйсанна лела талорхой-м бацара те хьуна иштта бохам бинарш? Цара-м шайна оьшшучул бен хӀума дӀахьур яцара. Нагахь шу долчу кемсаш лечкъош берш къайлаха чубаьхкича, цара а буьтур бацара ткъа кемсийн масех буьртиг?6Ма, чӀим санна, цӀанвина Ӏесав! Къайлаха мел ерг а ма гучуяьккхина цуьнан!7Шу шайн бартхоша дозанан йисте кхаччалц дӀалохкур ду. Шуьца бертахь бехачара, шу ле а дина, эшор ду. Шуьца цхьаьна шуьне ховшучара шу Ӏовжор ду. Цара эр ду шух лаьцна: „Мичахь ду церан дерриг а хьекъал?“»8«Цхьана дийнахь Ас таӀзар дийр ду Эдомна. Церан хьекъале нах хӀаллак а бийр бу, церан хьекъалалла дӀа а доккхур ду Ас, — боху Везачу Эло. —9Хьан тӀемалой, Теман-гӀала, кхерабелла хир бу, ткъа Ӏесаван лам тӀехь берш хӀаллакбийр бу».10«Аша шайн вешина Якъубана гӀело ярна, шуна тӀе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хӀаллакьхир ду.11Церан хьал хийрачу наха дӀахьочу дийнахь, кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла, Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь, шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара.12Шу хьогӀаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхӀудхой хӀаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь.13Шу чудовла ца дезара Сан халкъан кевнехула цуьнан ирс дайначу дийнахь. Ур-атталла хьежа гӀуллакх а дацара цуьнга цу дийнахь. Аша цуьнан бахамна тӀе куьг кховдо ца дезара цунна бохам хиллачу дийнахь.14Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь латта ца дезара цуьнан бевддарш хӀаллакбархьама, дийна биснарш дӀабала а ца безара аша оцу баланечу дийнахь.15Массо а халкъашна гергадеана Везачу Элан къематде. Аша диннарг шуна а дийр ду. Хьакъ мел дерг шун кортош тӀе доьрзур ду.16ХӀунда аьлча Сан безачу лам тӀехь аша маларш мийларе терра, кхечу къаьмнаша а муьйлур ду уьш массо а хенахь. Цара кхаьллина дӀадоккхур ду, тӀаккха, цкъа а ца хилча санна, дӀа а девр ду уьш.17Ткъа кӀелхьардовлар Цийон-лам тӀехь хир ду. И лам, еза меттиг а хилла, дӀахӀуттур бу. Якъубан цӀийно шена бакъонца догӀуш долу латта тӀаьхьалонна доладоккхур ду.18Якъубан цӀийнах цӀе хир ю, Юсупан цӀийнах цӀеран алу хир ю, ткъа Ӏесаван цӀийнах ча хир ду. И ча дагор ду. ТӀаккха цхьа а дийна вуьсур вац Ӏесаван цӀийнах». Иштта боху Везачу Эло.19«Ӏесаван лам къилберачу яхӀудхоша дӀалоцур бу, ткъа акъарешна чуьра болчара пӀелаштамхой кара а берзор бу, Эпраймера а, Шамранера а аренаш дӀа а лоцур ю. Бен-Яманан тӀаьхьено ГалӀад-мохк схьабоккхур бу.20Исраил-мехкан къилбаседерчу агӀонера махкахбаьхначеран эскаро, юха а деана, КанаӀанан латта Сарпат-гӀалина тӀекхаччалц дӀалоцур ду, ткъа Ярушалаймера ара а баьхна, Сапрад цӀе йолчу меттигехь баха ховшийначара ЯхӀуд-мехкан къилбера гӀаланаш схьайохур ю.21КӀелхьардаха богӀуш берш Цийон-лам тӀе богӀур бу Ӏесаван ломана тӀехь олалла дан. ТӀаккха Везачу Эло Ша паччахьалла дийр ду».Chechen Bible 2012 - Делан Йозанаш © Институт перевода Библии, 2012 Делан Йозанаш 2012 Ӏабди-ЯхӀу 1 00:00:00 00:00:00 0.5x 2.0x https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/obadiah/001.mp3 1 1