× Язык Европа Русский Белорусский Украинский Польский Сербский Болгарский Словацкая Чешский Румынский Молдавский Азербайджанский Армянин Грузинский Албанский Аварский Башкирский Татарский Чеченский Словенский Хорватский Эстонский Латвийский Литовский Венгерский Финский Норвежский Шведский Исландский Греческий Македонский Немецкий Баварский Голландский Датский Валлийский Гэльский Ирландский Французский Баскский Каталонский Итальянский Галакский Романи Bosnian Северная Америка Английский Южная Америка Испанский Португальский Гуарани Кечуа Аймара Центральная Америка Ямайский Науатль Киче Кекчи Гаитянский Восточная Азия Китайский Японский Kорейский Монгольский Уйгурский Хмонг Юго-Восточная Азия Малазийский Бирманский Хаха Чин Непальский Кебуано Тагальский Камбоджийский Тайский Индонезийский Вьетнамский Яванский Лаос Ибан Ю Миен Качин Лаху Aceh Balinese Bugis Pampanga Sasak Shan Waray Южная Азия Хинди Одиа Авадхи Mizo Каннада Малаялам Маратхи Гуджаратский Тамильский Телугу Панджаби Курух Ассамский Майтхили Бенгальский Урду Сингальский Догри Харианви Мейтей Конкани Сантали Синдхи Коя Тадо Санскритский деванагари Adilabad Gondi Ahirani Белуджи Bundeli Chhattisgarhi Garhwali Kangri Kumaoni Mewari Munda Sadri Seraiki Shekhawati Sylheti Центральная Азия Кыргызский Узбекский Таджикский Туркменский Казахстан Каракалпак Средний Восток Tурецкий Еврейский Арабский Персидский Курдский Пушту Коптский Африка Африкаанс Ксоза Зулусский Ндебеле Сото Амхарский Волайтта Нигерийский Мосси Ика Динка Кабильский Эве Суахили Марокканский Сомалийский Шоны Мадагаскар Игбо Лингала Баул Сисвати Тсонга Тсвана Гамбия Йоруба Камба Киньяруанда Хауса Chewa Луо Макуа Дюла Фульфульде Календжин Кикуйю Кикванго Кирунди Крио Нигерийский Пиджин Оромо Чилуба Чивенда Тви Умбунду Лугбара Лугуру Пулярный Гусси Маасаи Туркана Моба Нуэр Шиллук Тамашек Маконде Bemba Fon Hadiyya Ibibio Kimbundu Kimiiru Lango Liberian Kreyol Lomwe Mende Morisyen Ndau Nyankole Sena Sidamo Soga Songe Sukuma Tarifit Teso Tiv Zande Континент Австралии Новая Зеландия Папуа Новая Гвинея Старые Языки Арамейский Латинский Эсперанто 1 1 1 Чеченский Чеченский1 1 1 Маттай ДоладаларАрадаккхарӀамалъярЛеларКарлабаьккхинаргЮшаӀКуьйгалхойРутиШамъалДаудСулимТӀаьххьарнаш1 Шерашкахь2 ШерашкахьӀезарНахьми-ЯхӀуЭсиратАюбЗабурКицанашУстазИллиЕшаӀ-ЯхӀуЯрми-ЯхӀуТийжамашЯхьазкхиалДаниалХӀушаӀЮалӀамосӀабди-ЯхӀуЮнусМика-ЯхӀуНахьумХьабукъаЦапни-ЯхӀуХьагайЗакри-ЯхӀуМалъаки--- --- ---МаттайМаркЛакаЯхьъяВекалийнРимхошка1 Коринтхошка2 КоринтхошкаГалатахошкаЭпасхошкаПилапхошкаКовлусихошка1 Тассалникахошка2 Тассалникахошка1 Тимапига2 ТимапигаТитеПхьалманеӀебархошкаЯкъуба1 Кипин2 Кипин1 Яхьъяс2 Яхьъяс3 ЯхьъясЯхӀудаДовзийтинарг1 1 1 6 123456789101112131415161718192021222324252627281 1 1 : 1 123456789101112131415161718192021222324252627282930313233341 1 1 Делан Йозанаш 2012 Маттай 6 Сохранить Заметки 1«Варелаш, шаьш Далла деш долу гӀуллакх нахана гайта гӀерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна.2Айхьа сагӀа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гӀерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цӀенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогӀуш йолу ял иштта а дӀакхаьчна шуна.3Айхьа мискачунна сагӀина хӀума лучу хенахь хьайн аьрру куьйге а ма хаийта аьтту куьйго лелош дерг,4айхьа лун сагӀа къайлаха хилийта. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю».5«Шаьш доӀа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дӀа ма тарло, гуламан цӀенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доӀанаш дан дӀахӀуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна.6Ткъа ахьа хьайн доӀа дечу хенахь, хьайн цӀа чу а валий, чӀоггӀа неӀ тӀе а таттий, къайлаха волчу хьайн Дега доӀа де. Къайлаха мел дерг гуш волчу хьан Дас боггӀу мах хадор бу хьан.7Ткъа айхьа доӀа дечу хенахь, кхечу къаьмнех болчу наха санна, ца оьшуш мел дерг ма дийца. Царна моьтту, шаьш къамел дукха мел до а, иза дикахо дӀахезар ду Далла.8Царах дӀа ма тарло, хӀунда аьлча шун Дена аш Шега дехар а дале хаьа, шуна хӀун оьшу.9Цундела шаьш доӀа дечу хенахь хӀокху дешнашна тӀе тидам бахийта: Тхан стигалара Да! Хьан цӀе сийлахь хуьлда!10Хьан Олалла тӀекхочийла. Стигалшкахь санна, лаьттахь а Хьан лаам кхочушхуьлийла.11Тахана даъал напха лохьа тхуна!12Дехьа тхуна геч, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра.13Хьарам лаамна кӀел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара.14Наха шуна йинчу хьарамаллина аша гечдахь, стигалахь волчу шун Дас шуна а дийр ду геч.15Амма шу шайна вас йинчарна даггара къинтӀера ца довлахь, шун Да шуна а вер вац аша летийначу къиношна къинтӀера».16«Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хӀунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дӀагайта гӀерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна шуна.17Айхьа марха кхобучу хенахь хьайн юьхь а йилий, хила ма-веззара лела,18нахана хьуо марха кхобуш вуйла а ца гойтуш. Хьан Дена иза хууш ду хьуна, Иза хьуна гуш вацахь а. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю».19«Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хӀаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дӀахьур ду.20Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хӀаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дӀа а хьур дац.21Хьан хьал долчохь хьан дог а хир ду.22Стеган бӀаьрг цуьнан дегӀан серлонан хьоста ду. Цундела хьан ши бӀаьрг цӀена белахь, хьан дерриге а дегӀ серлонах дуьзна хир ду.23Амма хьан бӀаьргаш цӀена бацахь, хьан дерриг дегӀ а бодане ду! Цу боданал бен хьох серло яцахь, ма инзаре боккха хила беза-кх и бода!24Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний — Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу».25«Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегӀан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегӀ духарал дезах ду.26Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хӀумма дӀа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша?27Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша?28Бедар бахьана долуш са хӀунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тӀедолуш долчу петӀамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу.29Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна.30Иштта эрна арахь тӀедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цӀергахь догур доллушехь, шу кхин а чӀогӀа кечдийр ма ду, Делах кӀезиг тешаш дерш.31Цундела кест-кестта: „Оха хӀун юур ю теша?“, я: „ХӀун мер ю теша?“, я: „ХӀун тӀеюхур ю теша?“ — бохуш, шайн са ма гатде.32Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш.33Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду.34Кханенна сагатдеш ойла ма е — цуьнан шен Да ву. ХӀора де а шен гӀайгӀа яхьаш догӀу».Chechen Bible 2012 - Делан Йозанаш © Институт перевода Библии, 2012 Делан Йозанаш 2012 Маттай 6 00:00:00 00:00:00 0.5x 2.0x https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/matthew/006.mp3 28 6