× Язык Европа Русский Белорусский Украинский Польский Сербский Болгарский Словацкая Чешский Румынский Молдавский Азербайджанский Армянин Грузинский Албанский Аварский Башкирский Татарский Чеченский Словенский Хорватский Эстонский Латвийский Литовский Венгерский Финский Норвежский Шведский Исландский Греческий Македонский Немецкий Баварский Голландский Датский Валлийский Гэльский Ирландский Французский Баскский Каталонский Итальянский Галакский Романи Bosnian Северная Америка Английский Южная Америка Испанский Португальский Гуарани Кечуа Аймара Центральная Америка Ямайский Науатль Киче Кекчи Гаитянский Восточная Азия Китайский Японский Kорейский Монгольский Уйгурский Хмонг Юго-Восточная Азия Малазийский Бирманский Хаха Чин Непальский Кебуано Тагальский Камбоджийский Тайский Индонезийский Вьетнамский Яванский Лаос Ибан Ю Миен Качин Лаху Aceh Balinese Bugis Pampanga Sasak Shan Waray Южная Азия Хинди Одиа Авадхи Mizo Каннада Малаялам Маратхи Гуджаратский Тамильский Телугу Панджаби Курух Ассамский Майтхили Бенгальский Урду Сингальский Догри Харианви Мейтей Конкани Сантали Синдхи Коя Тадо Санскритский деванагари Adilabad Gondi Ahirani Белуджи Bundeli Chhattisgarhi Garhwali Kangri Kumaoni Mewari Munda Sadri Seraiki Shekhawati Sylheti Центральная Азия Кыргызский Узбекский Таджикский Туркменский Казахстан Каракалпак Средний Восток Tурецкий Еврейский Арабский Персидский Курдский Пушту Коптский Африка Африкаанс Ксоза Зулусский Ндебеле Сото Амхарский Волайтта Нигерийский Мосси Ика Динка Кабильский Эве Суахили Марокканский Сомалийский Шоны Мадагаскар Игбо Лингала Баул Сисвати Тсонга Тсвана Гамбия Йоруба Камба Киньяруанда Хауса Chewa Луо Макуа Дюла Фульфульде Календжин Кикуйю Кикванго Кирунди Крио Нигерийский Пиджин Оромо Чилуба Чивенда Тви Умбунду Лугбара Лугуру Пулярный Гусси Маасаи Туркана Моба Нуэр Шиллук Тамашек Маконде Bemba Fon Hadiyya Ibibio Kimbundu Kimiiru Lango Liberian Kreyol Lomwe Mende Morisyen Ndau Nyankole Sena Sidamo Soga Songe Sukuma Tarifit Teso Tiv Zande Dagbani Континент Австралии Новая Зеландия Папуа Новая Гвинея Старые Языки Арамейский Латинский Эсперанто 1 1 1 Чеченский Чеченский1 1 1 Эпасхошка ДоладаларАрадаккхарӀамалъярЛеларКарлабаьккхинаргЮшаӀКуьйгалхойРутиШамъалДаудСулимТӀаьххьарнаш1 Шерашкахь2 ШерашкахьӀезарНахьми-ЯхӀуЭсиратАюбЗабурКицанашУстазИллиЕшаӀ-ЯхӀуЯрми-ЯхӀуТийжамашЯхьазкхиалДаниалХӀушаӀЮалӀамосӀабди-ЯхӀуЮнусМика-ЯхӀуНахьумХьабукъаЦапни-ЯхӀуХьагайЗакри-ЯхӀуМалъаки--- --- ---МаттайМаркЛакаЯхьъяВекалийнРимхошка1 Коринтхошка2 КоринтхошкаГалатахошкаЭпасхошкаПилапхошкаКовлусихошка1 Тассалникахошка2 Тассалникахошка1 Тимапига2 ТимапигаТитеПхьалманеӀебархошкаЯкъуба1 Кипин2 Кипин1 Яхьъяс2 Яхьъяс3 ЯхьъясЯхӀудаДовзийтинарг1 1 1 1 1234561 1 1 : 1 12345678910111213141516171819202122231 1 1 Делан Йозанаш 2012 Эпасхошка 1 Сохранить Заметки 1Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала яздо, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана тешаме а болуш, Эпасехь бехачу Делан нахе.2Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.3Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Дела а, Да а. Цо Ӏийсаца декъалдина вай стигалшкахь массо а тайпана синан декъалдаршца.4Дуьне а кхоллале, вай Ӏийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цӀена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела,5хаьржина Дала, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайх Шен бераш дархьама. Иштта яра Цуьнан Ӏалашо, иштта бара Цуьнан лаам.6Цунна везаш волчу Цуьнан КӀантехула Цо вайна деллачу сийлахьчу диканна вай хастамаш бойла Цунна.7Ӏийсас, Шен цӀий Ӏанорца мах а белла, вай паргӀат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду.8И дика тӀех дукха делла вайна Дала мел хуьлучу хьекъалаллица а, кхетамца а.9Шен къайлаха йолу Ӏалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Ӏалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю.10Ткъа Делан Ӏалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тӀехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш.11Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хӀума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Ӏалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта.12Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага хьалха дуьйна сатуьйсуш долчу вайга Делан сийлалла даздайта дина дара иза.13Шаьш кӀелхьардовларх лаьцна болу билггал бакъболу хаза кхаъ шайна хезча, шу а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьнатуьйхира. Цунах шу тешна дела, Дала шуна тӀе Шен мухӀар туьйхира, Ша лур ду аьлла долу Шен Деза Са даларца.14Шен долахь берш кхоччуш паргӀатбаххалц, Делан Са Дала вайна лур долчунна закъалтана делла ду. Дала иза Шен сийлалла вайга хастадайтархьама дина.15И дерриге а бахьана долуш, Веза Эла волчу Ӏийсах шун долчу тешарх а, Делан долахь болчу массаьрга а шун болчу безамах а лаьцна сайна хезначхьана,16сайн доӀанашкахь, шу дага а лоьцуш, саццаза шуна тӀера Далла баркаллаш боху аса.17Вайн Веза Эла волчу а, Ша леррина къобалвинчу а Ӏийсан Дала, сийлаллин Дас, Шех дерг кӀоргге хаийта шуна хьекъалаллин а, довзийтаран а Са лойла.1818-19 Шун дегнашна тӀера пардо дӀадоккхийла Цо, шу тӀекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хӀун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ19***20Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агӀор охьахаийра Цо.21Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цӀарал лакхара вина ца Ӏаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цӀарал лакхара а вина.22Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хӀуманна тӀехь коьртаниг хилийта.23Ӏийсах тешачийн ерриге а тоба — Дала леррина Къобалвинчун дегӀ ду. И тоба Цунах кхоччуш юзуш ю. Ткъа Дала леррина Къобалвинчо массо а хӀума массанхьа а Шеца дузадо.Chechen Bible 2012 - Делан Йозанаш © Институт перевода Библии, 2012 Делан Йозанаш 2012 Эпасхошка 1 00:00:00 00:00:00 0.5x 2.0x https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/ephesians/001.mp3 6 1