× Язык Европа Русский Белорусский Украинский Польский Сербский Болгарский Словацкая Чешский Румынский Молдавский Азербайджанский Армянин Грузинский Албанский Аварский Башкирский Татарский Чеченский Словенский Хорватский Эстонский Латвийский Литовский Венгерский Финский Норвежский Шведский Исландский Греческий Македонский Немецкий Баварский Голландский Датский Валлийский Гэльский Ирландский Французский Баскский Каталонский Итальянский Галакский Романи Bosnian Северная Америка Английский Южная Америка Испанский Португальский Гуарани Кечуа Аймара Центральная Америка Ямайский Науатль Киче Кекчи Гаитянский Восточная Азия Китайский Японский Kорейский Монгольский Уйгурский Хмонг Юго-Восточная Азия Малазийский Бирманский Хаха Чин Непальский Кебуано Тагальский Камбоджийский Тайский Индонезийский Вьетнамский Яванский Лаос Ибан Ю Миен Качин Лаху Aceh Balinese Bugis Pampanga Sasak Shan Waray Южная Азия Хинди Одиа Авадхи Mizo Каннада Малаялам Маратхи Гуджаратский Тамильский Телугу Панджаби Курух Ассамский Майтхили Бенгальский Урду Сингальский Догри Харианви Мейтей Конкани Сантали Синдхи Коя Тадо Санскритский деванагари Adilabad Gondi Ahirani Белуджи Bundeli Chhattisgarhi Garhwali Kangri Kumaoni Mewari Munda Sadri Seraiki Shekhawati Sylheti Центральная Азия Кыргызский Узбекский Таджикский Туркменский Казахстан Каракалпак Средний Восток Tурецкий Еврейский Арабский Персидский Курдский Пушту Коптский Африка Африкаанс Ксоза Зулусский Ндебеле Сото Амхарский Волайтта Нигерийский Мосси Ика Динка Кабильский Эве Суахили Марокканский Сомалийский Шоны Мадагаскар Игбо Лингала Баул Сисвати Тсонга Тсвана Гамбия Йоруба Камба Киньяруанда Хауса Chewa Луо Макуа Дюла Фульфульде Календжин Кикуйю Кикванго Кирунди Крио Нигерийский Пиджин Оромо Чилуба Чивенда Тви Умбунду Лугбара Лугуру Пулярный Гусси Маасаи Туркана Моба Нуэр Шиллук Тамашек Маконде Bemba Fon Hadiyya Ibibio Kimbundu Kimiiru Lango Liberian Kreyol Lomwe Mende Morisyen Ndau Nyankole Sena Sidamo Soga Songe Sukuma Tarifit Teso Tiv Zande Dagbani Континент Австралии Новая Зеландия Папуа Новая Гвинея Старые Языки Арамейский Латинский Эсперанто 1 1 1 Чеченский Чеченский1 1 1 1 Тимапига ДоладаларАрадаккхарӀамалъярЛеларКарлабаьккхинаргЮшаӀКуьйгалхойРутиШамъалДаудСулимТӀаьххьарнаш1 Шерашкахь2 ШерашкахьӀезарНахьми-ЯхӀуЭсиратАюбЗабурКицанашУстазИллиЕшаӀ-ЯхӀуЯрми-ЯхӀуТийжамашЯхьазкхиалДаниалХӀушаӀЮалӀамосӀабди-ЯхӀуЮнусМика-ЯхӀуНахьумХьабукъаЦапни-ЯхӀуХьагайЗакри-ЯхӀуМалъаки--- --- ---МаттайМаркЛакаЯхьъяВекалийнРимхошка1 Коринтхошка2 КоринтхошкаГалатахошкаЭпасхошкаПилапхошкаКовлусихошка1 Тассалникахошка2 Тассалникахошка1 Тимапига2 ТимапигаТитеПхьалманеӀебархошкаЯкъуба1 Кипин2 Кипин1 Яхьъяс2 Яхьъяс3 ЯхьъясЯхӀудаДовзийтинарг1 1 1 1 1234561 1 1 : 1 12345678910111213141516171819201 1 1 Делан Йозанаш 2012 1 Тимапига 1 Сохранить Заметки 1Со, ПахӀал, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал ву. Векал хила бакъо суна елла вайн КӀелхьардохург волчу Дала а, вайн дегайовхо волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а.2ХӀара кехат ас яздо хьоьга, Тимапига. Делах а тешна, хьо сан бакъволу кӀант санна хилла. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хуьлда хьуна.3Доьху хьоьга, со Македон-махка воьдуш, аса хьайга ма-деххара, Эпасехь сацар. Цигарчу цхьаболчу нахана харц хьехамаш бар дехка деза ахь.4Къийсаршна тӀе бен далош доцу хьалха хиллачех лаьцна туьйранаш дийцар а, хаддаза шайн хьалхалера тайпанаш хьехор а дехка царна. Оцу къийсарша тешарца евзина йолчу Делан Ӏалашонна тӀе ца балабо уьш.5ЦӀеначу даггара, эхь-бехках буьззина, шалхо йоцучу тешаро хуьлуьйту безам бу уьш дӀабехкаран Ӏалашо.6Оцу хьехамашна тӀера дӀа а бевлла, цхьаберш, даьссачу хабаршкахьа а бирзина, галбевлла.7Товрат-хьехаман Ӏелам-хьехамчаш хила лаьа царна. Делахь а уьш шаьш а ца кхета я шаьш дуьйцучух я шаьш тешарца хьоьхучух.8Ткъа вайна-м хаьа, товрат-хьехамаш дика буйла, нагахь санна уьш лело ма-беззара лелош белахь.9И товрат-хьехамаш Делан лаамехь волчунна бина бац. Уьш зуламхошна, Ӏедална муьтӀахь боцучарна, Ӏесачарна, къинош летийначарна, дин доцучарна, Далла гергахь бехбеллачарна, сийсазчарна, шайн да а, нана а, кхидолу адамаш а дойучарна бина бу.10Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догӀуш лелочу массо а хӀуманна бина бу и товрат-хьехамаш.11Сийлахь а, декъала а волчу Дала тешарца соьга схьабеллачу хазачу кхоаца бу и хьехамаш.12Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гӀуллакх дан со билгалваьккхина Цо.13Ӏийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Ӏийсах ца тешаш а хилла дела.14Вайн Везачу Эло маьхза луш долу дика суна алссам тӀеӀаьнна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца болчу безамца а, тешамца а цхьаьна.15«Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен чу веана къинош летийнарш кӀелхьарбахархьама». И дош бакъ а ду, цунах цхьа а тайпана шеко йоцуш теша а деза вай. Къинош летийначарна юкъахь со массарал а хьалхара ву.16Цундела ма гечдина суна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, Шегахь мел долу доккха собар суна тӀехь гайтархьама. Цунах а тешна, хедар доцу дахар тӀеоьцун болчарна массарна а масална дина ду иза.17Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин.18Хьехам бо ас хьуна, сан кӀант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тӀемалочо санна, къовсам латтабойла,19хьайн тешар а, сий а лардеш. Цхьаболчара уьш юхатеттинера, цундела церан тешар хӀаллакьхилла, бохам баьлча доьхна хинкема санна.20Ишттачех бу ХӀуьманай а, Искандар а. Ӏеса къамелаш дан ца дезийла уьш кхетийтархьама, аса уьш иблисан кара дӀабелла.Chechen Bible 2012 - Делан Йозанаш © Институт перевода Библии, 2012 Делан Йозанаш 2012 1 Тимапига 1 00:00:00 00:00:00 0.5x 2.0x https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/1timothy/001.mp3 6 1