× Язык Европа Русский Белорусский Украинский Польский Сербский Болгарский Словацкая Чешский Румынский Молдавский Азербайджанский Армянин Грузинский Албанский Аварский Башкирский Татарский Чеченский Словенский Хорватский Эстонский Латвийский Литовский Венгерский Финский Норвежский Шведский Исландский Греческий Македонский Немецкий Баварский Голландский Датский Валлийский Гэльский Ирландский Французский Баскский Каталонский Итальянский Галакский Романи Bosnian Северная Америка Английский Южная Америка Испанский Португальский Гуарани Кечуа Аймара Центральная Америка Ямайский Науатль Киче Кекчи Гаитянский Восточная Азия Китайский Японский Kорейский Монгольский Уйгурский Хмонг Юго-Восточная Азия Малазийский Бирманский Хаха Чин Непальский Кебуано Тагальский Камбоджийский Тайский Индонезийский Вьетнамский Яванский Лаос Ибан Ю Миен Качин Лаху Aceh Balinese Bugis Pampanga Sasak Shan Waray Южная Азия Хинди Одиа Авадхи Mizo Каннада Малаялам Маратхи Гуджаратский Тамильский Телугу Панджаби Курух Ассамский Майтхили Бенгальский Урду Сингальский Догри Харианви Мейтей Конкани Сантали Синдхи Коя Тадо Санскритский деванагари Adilabad Gondi Ahirani Белуджи Bundeli Chhattisgarhi Garhwali Kangri Kumaoni Mewari Munda Sadri Seraiki Shekhawati Sylheti Центральная Азия Кыргызский Узбекский Таджикский Туркменский Казахстан Каракалпак Средний Восток Tурецкий Еврейский Арабский Персидский Курдский Пушту Коптский Африка Африкаанс Ксоза Зулусский Ндебеле Сото Амхарский Волайтта Нигерийский Мосси Ика Динка Кабильский Эве Суахили Марокканский Сомалийский Шоны Мадагаскар Игбо Лингала Баул Сисвати Тсонга Тсвана Гамбия Йоруба Камба Киньяруанда Хауса Chewa Луо Макуа Дюла Фульфульде Календжин Кикуйю Кикванго Кирунди Крио Нигерийский Пиджин Оромо Чилуба Чивенда Тви Умбунду Лугбара Лугуру Пулярный Гусси Маасаи Туркана Моба Нуэр Шиллук Тамашек Маконде Bemba Fon Hadiyya Ibibio Kimbundu Kimiiru Lango Liberian Kreyol Lomwe Mende Morisyen Ndau Nyankole Sena Sidamo Soga Songe Sukuma Tarifit Teso Tiv Zande Dagbani Континент Австралии Новая Зеландия Папуа Новая Гвинея Старые Языки Арамейский Латинский Эсперанто 1 1 1 Чеченский Чеченский1 1 1 Пхьалмане ДоладаларАрадаккхарӀамалъярЛеларКарлабаьккхинаргЮшаӀКуьйгалхойРутиШамъалДаудСулимТӀаьххьарнаш1 Шерашкахь2 ШерашкахьӀезарНахьми-ЯхӀуЭсиратАюбЗабурКицанашУстазИллиЕшаӀ-ЯхӀуЯрми-ЯхӀуТийжамашЯхьазкхиалДаниалХӀушаӀЮалӀамосӀабди-ЯхӀуЮнусМика-ЯхӀуНахьумХьабукъаЦапни-ЯхӀуХьагайЗакри-ЯхӀуМалъаки--- --- ---МаттайМаркЛакаЯхьъяВекалийнРимхошка1 Коринтхошка2 КоринтхошкаГалатахошкаЭпасхошкаПилапхошкаКовлусихошка1 Тассалникахошка2 Тассалникахошка1 Тимапига2 ТимапигаТитеПхьалманеӀебархошкаЯкъуба1 Кипин2 Кипин1 Яхьъяс2 Яхьъяс3 ЯхьъясЯхӀудаДовзийтинарг1 1 1 1 11 1 1 : 1 123456789101112131415161718192021222324251 1 1 Пхьалмане 1 Сохранить Заметки 1Оха, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа тутмакх хиллачу ПахӀала а, динан вашас Тимапис а, яздо тхоьца цхьаьна динан гӀуллакх кхочушдеш волчу хьомечу накъосте Пхьалмане а,2иштта динан йише Апияте а, тхоьца цхьаьна динан тӀемало волчу Арихупе а, Пхьалманан цӀерачу динан тобане а.3Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.4Даим сайн доӀанашкахь хьо дага а лоьцуш, Далла хастамаш бо аса.5Ӏийса-Элах хьан тешарх а, массо а Делан нахе хьан болчу безамах а лаьцна хезна суна.6Аса доӀа до Ӏийсах тешачаьрца хьан йолу юкъаметтиг кхин а кхоччуш хилар доьхуш, Дала леррина Къобалвинчун сийдархьама вай дан мегаш мел долу дика хьуна хаа а хууш.7Динан ваша, хьан безамах боккха синтем а, хазахетар а хилла суна, хьан доггах леларо Делан нехан дегнаш дендина дела.8Иза иштта долу дела, ахь дан дезарг Дала леррина Къобалвинчун цӀарах хьоьга майрра дӀахьедан йиш ю сан.9Делахь а бакъахьа хета суна хьоьга безамца дехар дар. Хьоьга доьхург къена стаг волу ПахӀал ву. Цул сов, хӀинца, Дала леррина Къобалвинчунна Ӏамал ярна, со тутмакх а ву.10Сайн кӀант айса лоручу Онисамах лаьцна дехар до ас. Со набахтехь лаьцна волуш, иза бакъдолчу дахаре ваьккхира аса.11Цхьана хенахь-м хьуна пайденна вацара Онисам. Ткъа хӀинца иза хьуна а, суна а пайденна ву.12Аса юхавоуьйту хьуна иза, хьан кара аса сайн дог дӀалуш санна.13Хаза кхаъ кхайкхорна со лаьцна волчохь, хьан метта сайна гӀуллакх а дойтуш, иза сацо лиира суна.14Делахь а хьан пурба доцуш хӀумма а дан ца лаьа суна. Ахь деш долу дика гӀуллакхаш, ца ваьлла дина а доцуш, ахьа хьайн лаамца дина хуьлийла лаьа суна.15Хьанна хаьа: хьо волчуьра цуьнан цхьана ханна дӀавахар гуттаренна а иза юха хьоьга тӀелацийтархьама нисдина хила а ма тарло.16Лай тӀеоьцуш санна а доцуш, лел лакхара а лоруш, хьоме динан ваша санна, тӀеэцахьара ахьа иза. Суна чӀогӀа дукха веза иза. Ткъа хьуна суна чул а сов везалур ву. Лай санна везалур вац иза, амма Везачу Элера волу ваша санна везалур ву.17Нагахь ахь со хьайн юххера стаг лоруш велахь, со тӀеоьцуш санна, тӀеэцахьа иза а.18Нагахь санна цо хьуна цхьа халахетар динехь, я иза хьуна декхарийлахь велахь, иза аса сайна тӀелоцу.19Аса, ПахӀала, сайн куьйга яздо хьоьга: аса дӀатокхур ду и декхар. Ткъа хьайн дахарца хьо суна декхарийлахь хилар-м ас хьехош а дац.20Цундела, сан ваша, хьо Везачу Элаца волу дела, и гӀуллакх дар доьху ас хьоьга. Синтем бехьа сан дагна Дала леррина Къобалвинчуьнца хьо хиларна.21И ас дехнарг ахьа дийриг хиларх со тешна волу дела, яздо аса хьоьга. Суна хаьа, аса дехначул а сов ахьа иза дийр дуйла.22Кхин цхьа дехар а ду сан хьоьга. Хьайн хьешан чоь кечъелахь суна. Шун доӀанашна жоп а луш, со шу долчу дика дӀакхочур ву аьлла, дегайовхо ю сан.23Маршаллаш доуьйту хьоьга соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа тутмакх хиллачу Эпарпис а,24соьца цхьаьна динан гӀуллакх дӀакхоьхьуш болчу Марка а, Арестаха а, Демис а, Лакас а.25Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара долу дика хуьлийла шуьца.Chechen Bible 2012 - Делан Йозанаш © Институт перевода Библии, 2012 Делан Йозанаш 2012 Пхьалмане 1 00:00:00 00:00:00 0.5x 2.0x https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/philemon/001.mp3 1 1