× Язык Европа Русский Белорусский Украинский Польский Сербский Болгарский Словацкая Чешский Румынский Молдавский Азербайджанский Армянин Грузинский Албанский Аварский Башкирский Татарский Чеченский Словенский Хорватский Эстонский Латвийский Литовский Венгерский Финский Норвежский Шведский Исландский Греческий Македонский Немецкий Баварский Голландский Датский Валлийский Гэльский Ирландский Французский Баскский Каталонский Итальянский Галакский Романи Bosnian Kabardian Северная Америка Английский Южная Америка Испанский Португальский Гуарани Кечуа Аймара Центральная Америка Ямайский Науатль Киче Кекчи Гаитянский Восточная Азия Китайский Японский Kорейский Монгольский Уйгурский Хмонг Tibetian Юго-Восточная Азия Малазийский Бирманский Хаха Чин Непальский Кебуано Тагальский Камбоджийский Тайский Индонезийский Суданский Вьетнамский Яванский Лаос Ибан Ю Миен Качин Лаху Aceh Balinese Bugis Pampanga Sasak Shan Waray Южная Азия Хинди Одиа Авадхи Mizo Каннада Малаялам Маратхи Гуджаратский Тамильский Телугу Панджаби Курух Ассамский Майтхили Бенгальский Урду Сингальский Догри Харианви Мейтей Конкани Сантали Синдхи Коя Тадо Санскритский деванагари Adilabad Gondi Ahirani Белуджи Bundeli Chhattisgarhi Garhwali Kangri Kumaoni Mewari Munda Sadri Seraiki Shekhawati Sylheti Bagri Bhilali Bodo Braj Tulu Центральная Азия Кыргызский Узбекский Таджикский Туркменский Казахстан Каракалпак Средний Восток Tурецкий Еврейский Арабский Персидский Курдский Mazanderani Пушту Коптский Африка Африкаанс Ксоза Зулусский Ндебеле Сото Амхарский Волайтта Нигерийский Мосси Ика Динка Кабильский Эве Суахили Марокканский Сомалийский Шоны Мадагаскар Игбо Лингала Баул Сисвати Тсонга Тсвана Гамбия Йоруба Камба Киньяруанда Хауса Chewa Луо Макуа Дюла Фульфульде Календжин Кикуйю Кикванго Кирунди Крио Нигерийский Пиджин Оромо Чилуба Чивенда Тви Умбунду Лугбара Лугуру Пулярный Гусси Маасаи Туркана Моба Нуэр Шиллук Тамашек Маконде Bemba Fon Hadiyya Ibibio Kimbundu Kimiiru Lango Liberian Kreyol Lomwe Mende Morisyen Ndau Nyankole Sena Sidamo Soga Songe Sukuma Tarifit Teso Tiv Zande Dagbani Edo Kituba Континент Австралии Новая Зеландия Папуа Новая Гвинея Старые Языки Арамейский Латинский Эсперанто 1 1 1 Чеченский Чеченский1 1 1 Довзийтинарг ДоладаларАрадаккхарӀамалъярЛеларКарлабаьккхинаргЮшаӀКуьйгалхойРутиШамъалДаудСулимТӀаьххьарнаш1 Шерашкахь2 ШерашкахьӀезарНахьми-ЯхӀуЭсиратАюбЗабурКицанашУстазИллиЕшаӀ-ЯхӀуЯрми-ЯхӀуТийжамашЯхьазкхиалДаниалХӀушаӀЮалӀамосӀабди-ЯхӀуЮнусМика-ЯхӀуНахьумХьабукъаЦапни-ЯхӀуХьагайЗакри-ЯхӀуМалъаки--- --- ---МаттайМаркЛакаЯхьъяВекалийнРимхошка1 Коринтхошка2 КоринтхошкаГалатахошкаЭпасхошкаПилапхошкаКовлусихошка1 Тассалникахошка2 Тассалникахошка1 Тимапига2 ТимапигаТитеПхьалманеӀебархошкаЯкъуба1 Кипин2 Кипин1 Яхьъяс2 Яхьъяс3 ЯхьъясЯхӀудаДовзийтинарг1 1 1 1 123456789101112131415161718192021221 1 1 : 1 12345678910111213141516171819201 1 1 Делан Йозанаш 2012 Довзийтинарг 1 Сохранить Заметки 1Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дӀахаийтира, цунна тӀе Шен малик а дахийтина.2Яхьъяс ма-дарра дийцира Делан дашах а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динчу тоьшаллех а лаьцна шена мел гинарг.3Декъала ву хӀара Делера бинчу хааман дешнаш доьшург. Декъала бу, цу хааме ла а дугӀуш, хааман тептар тӀехь яздинарг лардийраш, и дерриге а кестта хир долу дела.4Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо: Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а,5билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,6Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гӀуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тӀейогӀучу заманна. Амин.7Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тӀаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тӀехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!8«Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, — боху Везачу Дала. — Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогӀун волу а Нуьцкъалниг».9Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Ӏийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а, таӀзар а деш, Патмас цӀе йолчу гӀайренна тӀе вахийтинера со.10Везачу Элана леринчу дийнахь Делан Са суна тӀе доьссира, тӀаккха сайна тӀехьа чӀогӀа аз хезира суна, турби чуьра схьадолуш санна.11Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».12И суна хезнарг хьенан аз ду те аьлла, со юхахьаьжира. Со юхахьаьжча, суна гира деших бина ворхӀ стогар.13Ткъа оцу ворхӀ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кӀантах тера цхьаъ» вара. Цунна тӀехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара.14Цуьнан коьрта тӀера месаш, тӀаргӀа а, ло а санна, кӀайн яра. Цуьнан БӀаьргаш а дара йогу алу санна.15Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цӀастанах тера бара. Чухчарин гӀовгӀа санна дара Цуьнан аз.16Цуьнан аьтту куьйгахь ворхӀ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агӀор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра.17Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тӀе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТӀаьххьарниг а.18Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш.19Иштта, дӀаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна.20Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхӀ седанан а, ворхӀ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхӀ седа — уьш Ӏийсах тешначийн динан ворхӀ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхӀ стогар — уьш ворхӀе а динан тобанийн гулам бу».Chechen Bible 2012 - Делан Йозанаш © Институт перевода Библии, 2012 Делан Йозанаш 2012 Довзийтинарг 1 00:00:00 00:00:00 0.5x 2.0x https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/revelation/001.mp3 22 1