Библия Один Год

1. Ӏамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТӀаккха МилкӀом-харцделан къомо гадахойн мохк хӀунда дӀалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гӀаланашкахь хӀунда бу Ӏаш?
2. Зама тӀекхочур ю, — боху Везачу Эло, — Ӏаммин-махкарчу Рабба-гӀалин нахана Аса тӀеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гӀаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цӀерца хӀаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гӀаланашкара дӀабахийтира, амма исраилхоша Ӏамминхой цигара дӀалохкур бу, — боху Везачу Эло.
3. Делха, Хьешбонан бахархой: хӀаллакйина ГӀай-гӀала. Тийжа, Рабба-гӀалин зударий, шайна тӀе сингаттаман бедарш а юхий. Белхарца шайн гӀалин пенашна юккъехь дӀасауьдуш хила, хӀунда аьлча мостагӀчо МилкӀом йийсаре дӀавуьгур ву, цуьнан динан дайшца а, элашца а цхьаьна.
4. ХӀунда до аша шайн тогӀех дозаллаш, уьш токхе ю а бохуш? Ва тешаме доцу къам, хьайн хьолах тешна а Ӏаш, хьуна моьтту, хьуна тӀелата цхьа а ваьхьар вац.
5. Амма Ас массо а хьан маьӀӀера хьуна тӀе къемат доуьйтур ду, — боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло, — тӀаккха шу дӀадовдур ду, цхьаммо а шу юха цхьаьна схьа а гулдийр дац.
6. Амма тӀаьхьа Аса Ӏамминхойн аьтто юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло.
7. Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гӀалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДӀадаьлла те церан хьекъал?
8. Дадданан бахархой, бовдий, дӀагӀо кхузара, хьехаш чохь дӀаловчкъа, хӀунда аьлча Ӏесаван тӀаьхьенна бохам бийр бу Ас. Цунна таӀзар даран хан схьакхаьчна.
9. Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багӀахь, таьллангаш тӀехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багӀахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те?
10. Амма Аса Ӏесаван тӀаьхьенан мел долу хӀума схьадоккхур ду, Ас гучуйохур ю церан дӀалечкъийлаш, кхин уьш къайла ца бовлуьйтуш. Церан бераш а, гергарнаш а, уллоранаш а байина дӀабохур бу. Эдоман тӀаьхьенах цхьа а вуьтур вац.
11. Дита хьайн бобераш, Ас дола дийр ду церан. Хьан бисина Ӏаш болу зударий а Сох тешна Ӏан мегар ду».
12. Иштта боху Везачу Эло: «Нагахь таӀзаран кад мала декхарийлахь боцучара иза мала дезча, таӀзар даза хьо хӀунда дита деза, Эдоман къам? Хьо таӀзар доцуш дуьсур ма дац — ахь а таӀзаран кад мер бу!
13. Аса Сайх чӀагӀо йо, — боху Везачу Эло, — Бацар-гӀала йохийна хилла дӀахӀуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цӀе а йоккхуш, неӀалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю».
14. Везачу Элера болу хаам хезна суна, и хаам бахьаш геланча а ваийтина халкъашна тӀе: «Шайн эскарш схьа а гулдай, Эдомна тӀамца чугӀорта.
15. Ас халкъашна юкъахь жима дийр ду хьо, ткъа адамашна юкъахь хьо дегаза хетар ду.
16. Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Ӏеха ма делла. Тархийн чӀажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тӀехь а хьо Ӏаш ду, амма хьан цӀенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дӀа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», — боху Везачу Эло.
17. «Эдом-махках нах кхаьрдар бу. Цигахула мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шайна гича.
18. Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а, царна гонахара гӀаланаш а йохийна дӀаяьхначул тӀаьхьа ма-хиллара, — боху Везачу Эло, — иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац.
19. Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогӀур а ву, цӀеххьана эдомхой шайн махкара дӀабовдуьйтур а бу. ТӀаккха Сайна луъург а оцу махкана тӀехӀоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаӀу валалур ву Суна дуьхьал?
20. ЛадогӀал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гӀалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чӀагӀо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дӀакхоьхьур бу аьлла. Ас чӀагӀо йо, церан латта Аса хӀаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш.
21. Эдом южуш яьллачу гӀовгӀано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хӀорд болчу кхаччалц дӀахезаш хир ду.
22. Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тӀедеанчу аьрзуно санна, мостагӀаша шайн тӀемаш дӀасадохуьйтур ду Бацар-гӀалина тӀехула. Эдомхойн тӀемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду».
23. Везачу Элера хӀара хаам Дамасакхах лаьцна бу: «ЮьхьӀаьржачу хӀоьттина Хьамат-гӀала а, Арпад-гӀала а, хӀунда аьлча цаьрга вон хаам кхаьчна. ХӀорд санна, оцу шиннан дегнаш хьийзаш ду, гӀайгӀанехь хиларна церан синтем а бац.
24. Дамасакх-гӀалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дӀабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гӀайгӀано а, лазаро а уьш дӀалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду.
25. Сан сакъералуш хиллачу, гӀараяьллачу гӀалара нах дӀа хӀунда ца бевдда?
26. Цигарчу майданашкахь а, урамашкахь а къона нах охьаоьгур бу, массо а тӀемалой а хӀаллакьхир бу цу дийнахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —
27. Ас цӀе тосур ю Дамасакхан пенех, ткъа оцу цӀеро Бен-Хьадид-паччахьан гӀепаш дӀакхоллур ю».
28. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара эшийначу Къедаран тукхамах а, Хьацоран пачхьалкхех а лаьцна Везачу Эло боху: «Къедаран тӀаьхьенна тӀамца тӀегӀорта, хӀаллакдай, дӀадаккха малхбалехьара долу халкъ.
29. Церан четарш а, жаш а схьадохур ду, церан четарийн шаршуш а, церан бахам а, церан эмкалш а мостагӀаша дӀахьур ю. Наха цаьрга мохь хьоькхур бу: „Массо а агӀор къемат ду шуна тӀегӀерташ!“
30. ДӀадовда, сихха дӀагӀо кхузара, Хьацоран бахархой, бердашна юкъахь дӀаловчкъа, — боху Везачу Эло. — Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шуна тӀелата сацам бина. Шу муха дуьхьалдевр ду цунна, хӀара ойла йина.
31. „ХьалагӀовтта, машарехь Ӏаш долчу, цхьана а хӀуманна гӀайгӀа а ца беш Ӏаш долчу халкъана тӀелата, — боху Везачу Эло. — Я неӀарш а, я гӀораш а цуьнан гӀаланийн дац, уьш цхьацца а бевлла Ӏаш бу“.
32. МостагӀаша церан эмкалш дӀайохур ю, церан даьхний дӀалачкъор ду. И шайн гиччош тӀера месаш лоргуш болу нах Ас массо а маьӀӀехула дӀасабаржор бу, массо а маьӀӀера царна тӀе бохам хьажор бу Аса, — боху Везачу Эло. —
33. Хьацор иштта чангӀалкхийн бен хилла дӀахӀуттур ю, массо а ханна яьсса аре а хилла. Адам цигахь цкъа а дехар а дац, цхьа а стаг цигахь соцур а вац».
34. ЯхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀун олаллин дуьххьарчу заманахь Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира. Иза Ӏейламан бахархойх лаьцна бара.
35. Массо а ницкъийн Везачу Эло бохура: «Ас Ӏейламан секхаӀадкхоссархой хӀаллакбийр бу, оцу къоман уггар боккха болу ницкъ.
36. Ас Ӏейламана тӀе иштта стигалан еа маьӀӀера биъ мох тӀехьажор бу. Иштта массо а меттехула дӀасабаржор бу Ас уьш. Дуьнен чохь цхьа а къам хир дац Ӏейламхой тӀе ца дуссуш.
37. Церан мостагӀех а, уьш хӀаллакбан лоьхуш болчарах а кхерор бу Ас Ӏейламхой. Ас царна бохам боккхур бу, иштта Сан чӀогӀа дералла царна тӀе а ерзор ю, — боху Везачу Эло. — Ас Сайн тур царна тӀехьажор ду, уьш берриш а хӀаллакбина дӀабаххалц.
38. Церан паччахь а, берриг а баьччанаш а хӀаллак а бина, Ас Сайн паччахьан гӀант дӀахӀоттор ду Ӏейлам-махкахь, — боху Везачу Эло. —
39. Амма тӀаьххьарчу деношкахь Аса Ӏейламан къоман аьтто юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло.
1. Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хашадхойн мохк болчу Бавелах лаьцна бина хаам хӀара бу:
2. «Массо а халкъашка дӀахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дӀадийца: „Бавел-гӀала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьӀаьржачу хӀоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьӀаьржачу хӀиттина, цуьнан цӀуш дог доьхна а бу“.
3. Къилбаседера къам Бавел-махкана тӀегӀертар ду, цунах яьсса аре а йина, дӀа а хӀоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дӀагӀур ду».
4. «Оцу деношкахь, и хан тӀекхаьчча, — боху Везачу Эло, — Исраилан къам а, ЯхӀудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш.
5. Цара Цийон-ломана тӀе боьдуш болу некъ хоьттур бу, цу агӀор дӀа а хьоьжуш, уьш цига гӀур бу. Схьа а баьхкина, массо а ханна болу, цкъа а бицлур боцу барт а беш, шаьш Везачу Элаца боьхкур бу цара.
6. Сан къам, тиладелла лелаш долу уьстагӀий санна, дара. Церан Ӏуша, нийсачу новкъа тӀера дӀа а даьхна, лаьмнаш юккъехула дӀасалаьхкинера уьш. Лам тӀера гунна тӀе довлуш, шайн Ӏаш йолу меттиг а йицйина, дӀасалелара уьш.
7. Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагӀаша бохура: „Тхо бехке дац, хӀунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Ӏаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Ӏаш бара“.
8. ДӀагӀо Бавелера, бита хашадхойн мохк, жена хьалха яьлла йоьду бож санна хилий, дӀахӀотта.
9. Ас къилбаседехьара Бавелна тӀе дуккха а даккхий къаьмнаш далор ду. Уьш цунна дуьххьал дӀахӀуьттур ду, ткъа Бавел цара схьайоккхур ю. МостагӀийн пхерчий дика тӀемалой санна ду, тӀам тӀера даьссачу куьйгашца юха ца боьрзуш болу.
10. Хашадхойн берриг а махкахула хӀонс схьаоьцур ю, ткъа махкана къола деш берш хӀонсах Ӏаьбна хир бу», — боху Везачу Эло.
11. «Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дӀалацарна. КӀа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тӀемалойн говраш санна, терсаш дара шу.
12. Амма хӀинца шун нана юьхьӀаьржачу хӀуттур ю, шу дина болчу Бавел-махкана эхь хетар ду. Кхечу къаьмнашна юкъахь Бавел уггар кӀезигниг хир ду. Бавел-мохк яьсса аре а, декъа латта а хир ду.
13. Везачу Элан оьгӀазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГӀалина уллохула тӀех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича.
14. Бавелна го а бай, тӀамана кечло. СекхаӀедаш кхуьссурш, гӀалехьа дӀахеца шайн пхерчий, уьш кхоа а ма де, хӀунда аьлча цо Везачу Элана дуьхьал къа латийна.
15. ТӀеман маьхьарий детташ, цунна го бай, дӀахӀитта. Тахана ша мостагӀийн кара дӀаелла Бавел-гӀалано, йохийна цуьнан бӀаьвнаш, цуьнан пенаш охьаэгна. Веза Эла волчу Аса цунна бекхам беш хиларна, аша а бекхам бе цунна. Цо кхечу къаьмнашна тӀехь деш дерг аша а де цунна тӀехь.
16. ХӀаллакве Бавел-махкахь латта дӀадуьйш верг а, ялта схьагулдечу хенахь карахь марс берг а. МостагӀийн туьрах кӀелхьарвалархьама, кхечу къомах верг хӀорра а шен къам долчу юхаверза веза, хӀорра а шен махка ведда дӀаваха веза».
17. «Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьӀӀехула дӀасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дӀакхаьллина, тӀаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьӀахкаш аьтта».
18. Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса кестта таӀзар дийр ду Бавелан паччахьна а, цуьнан махкана а, Ашур-мехкан паччахьна таӀзар ма-дарра.
19. Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тӀехь а, ГалӀадехь а дузур ду.
20. Цу заманахь, и хан тӀекхаьчча, — боху Везачу Эло, — Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхӀудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хӀунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса».
21. «ТӀелата Мератайман лаьттана а, Пакхудан бахархошна а. Царна тӀаьхьа а бевлла, уьш кхоччуш хӀаллакбе, — боху Везачу Эло. — Аса шайна тӀе мел диллинарг де.
22. ТӀеман а, боккхачу бохаман а гӀовгӀа ю массо а махкахула схьахезаш ерг.
23. Ма йохийна, кагйина дӀаяьккхина-кх дуьненан варзап йолу Бавел! Ма инзардевли-кх халкъаш Бавелна динчунна!
24. Ас гураш доьгӀнера хьуна, Бавел, хӀинца, хьайна а ца хууш, хьо цара дӀалаьцна. Веза Эла волчу Суна хьо дуьхьал яьллера, цундела хьо, кара а йина, дӀалаьцна.
25. Везачу Эло Шен дӀадуьллийла йолчуьра оьгӀазаллин герзаш схьаэцна, хӀунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан дан дезаш гӀуллакхаш ду хашадхойн лаьтта тӀехь.
26. Массо а маьӀӀера Бавелна тӀе гӀорта! НеӀарш а кегъеш, схьаелла церан ялта Ӏалашдо меттигаш! Бавелах хоттан саьлнаш е! Массо а хӀума, буха ца дуьтуш, дохадай, дӀадаккха.
27. Массо а тӀемалой, байий, дӀабаха! Стерчий санна, байархьама дӀабига уьш! Къа ду церан! Царна таӀзар дан деза де тӀекхаьчна».
28. (КӀелхьардовлархьама Бавел-махкара дӀаидинчу адамаша бохучуьнга ладогӀа! Цийон-лам тӀе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цӀенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.)
29. «Бавел-гӀалина тӀелата схьакхайкха массо а секхаӀад карахь долчаьрга. Схьаваийта хӀора секхаӀад дула хууш верг. ГӀалина го бе, цигара цхьа а ведда кӀелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хӀунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу!
30. Кегий нах хӀаллакьхир бу цуьнан урамашкахь, ткъа оцу дийнахь цуьнан берриг а тӀемалой а бойур бу», — боху Везачу Эло.
31. «Хьо чӀогӀа кура ду, Бавелан къам, цундела Со хьуна дуьхьалваьлла, — боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. — ТӀекхаьчна хьуна таӀзар дан деза хан.
32. Ког а тасабелла, охьакхетар ю кура Бавел, хьалагӀатта цунна цхьаммо а гӀо а дийр дац. Ас цуьнан гӀаланех цӀе латор ю, цу цӀеро гонах массо а хӀума дагийна дӀадоккхур ду».
33. Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Йийсарехь болчу исраилхошна а, яхӀудхошна а гӀело йо. Уьш дӀабигна массара а дӀалаьцна латтош бу, ткъа царна уьш схьахеца а ца лаьа.
34. Амма уьш ПаргӀатбохург чӀогӀа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гӀуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гӀайгӀа а кхуллуш».
35. Везачу Эло боху: «Тур тоха хашадхошна! Тур тоха Бавелехь бехаш болчарна, церан баьччанашна а, хьекъалчашна а!
36. Тур тоха церан динан дайшна, уьш кхетамчуьра а бохуш. Тур тоха церан тӀемалошна, уьш къематах а бузуш.
37. Тур тоха церан говрашна а, гӀудалкхашна а, шайна юкъахь болчу тӀелаьцначу тӀемалошна а, уьш, зударий санна, кхоьруьйтуш. Тур тоха церан хазнашна, уьш хӀонс санна дӀаса а йохуьйтуш.
38. Йокъа хӀоттае Бавеларчу хишна тӀе, уьш долу меттигаш якъа а еш, хӀунда аьлча Бавел — цӀуйн мохк бу, ткъа оцу дегазчу цӀуша уьш хьерабоху.
39. Яьссачу аренийн акхарой а, чангӀалкхаш а Бавелехь ехар ю, иштта бухӀанаш а хир ю кху лаьтта тӀехь ехаш. Адамаш цигахь цкъа а дехар дац, массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашна цкъа а стаг цигахь Ӏаш хир вац.
40. Везачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а, царна гонах йолу ярташ а йохийна дӀаяхаре терра, — боху Везачу Эло, — иштта Бавелаца хир ду. Цигахь цхьа а адам дехаш хир дац, цхьа а стаг цигахь кхин соцур вац.
41. Хьовсал, къилбаседехьара тӀедогӀуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тӀаме кечам беш ду доккха къам.
42. Церан карахь гоьмукъаш а, секхаӀедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богӀучу хенахь, карзахбаьллачу хӀордах тера бу. Хьоьца тӀом бан кийча бу уьш. Церан Ӏалашо — хьуна тӀелатар ю, Бавел.
43. Царах лаьцна Бавелан паччахье хаам кхаьчча, цуьнан куьйгаш гӀелделла охьадахара. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара цуьнгахь.
44. Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогӀур а ву, цӀеххьана бавелхой шайн махкара дӀабовдуьйтур а бу. ТӀаккха Сайна луъург оцу махкана тӀехӀоттор ву Аса. Сох мила тарвалалур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаӀу валалур вара Суна дуьхьал?
45. ЛадогӀал Веза Эла волчу Ас Бавел-гӀалин бахархошна дан леринчуьнга, иштта хашадхойн махкана Аса дан леринчуьнга а. Ас чӀагӀо йо, жа санна долчу Бавелан къома чуьра къонахой дӀакхоьхьур бу. Ас чӀагӀо йо, церан латта Аса хӀаллакдийр ду, цара мел лелийнарг бахьана долуш.
46. Бавел схьаяьккхина яьллачу гӀовгӀано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий къаьмнашна юкъахь дӀахезаш хир ду».
121. Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг тоьлу, гомачу некъаш тӀехула лелаш волчу хьоладел.
122. ХӀара кехат ду Делан лай волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу а ПахӀалера. Со Дала къобалвина Ша хаьржина болчу нехан тешар нийса хилийта а, суьпа муха даха деза гойтуш долу билггал бакъдерг адамашна довзийта а.
123. И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера.
124. Шена хеттачу хенахь Дала Шен дош довзийтира. Вайн КӀелхьардохург волчу Дала, сох а тешна, и дош дӀакхайкхор суна тӀедиллира.
125. Ӏийсах тешар вайшиннан цхьаъ хиларна, билггал сан кӀант волчу хьоьга яздо аса, Тита. Вайн Да волчу Делера а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла хьуна.
126. Аса Критехь хьо витар хӀара Ӏалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гӀуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тӀедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гӀаланашкахь тхьамданаш дӀахӀиттабар а.
127. Ишттанаш дӀахӀиттабелахь: шайн леларехь вониг ала хӀума доцурш, цкъа бен зуда ялоза берш. Церан бераш а Ӏийсах тешаш хила деза. Цхьаннан а йиш хилийта ца еза, церан бераш сийсаза лела, я уьш Далла муьтӀахь дац ала.
128. Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хӀума доцуш хила веза динан тобанан гӀайгӀабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгӀазе а, сиха а воцуш, маларна тӀера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза.
6. Безамца хьеший тӀе а оьцуш, диканиг а дезаш, собаре а волуш, оьзда а волуш, Далла тешаме а волуш, юхаозавала а хууш, хила веза тхьамда.
1. Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тӀегӀерташ хила а веза иза. ТӀаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахӀитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан.
2. ХӀунда аьлча кӀезиг бац адамаш карзахдохуш къамелаш дийраш. Цара, даьсса хабарш а дуьйцуш, нах Ӏехабо. Къаьсттина Ӏийсах тешаш болчу сунтбинчех лаьцна боху ас хӀара.
3. Уьш совцо беза. Дийнна доьзалш хӀаллакбо цара, цаоьшург кхайкхош. Эхь а ца хеташ, шайна пайда лоьхуш до цара иза.
4. Царна юкъара волчу цхьана пайхамаро аьлла а ма ду хӀара: «Критахой гуттара а бу харцлуьйш а, акхаройн къизалла йолуш а, тӀингар юзу малончаш а».
5. И нийса аьлла а ду-кх. Цундела мел болчу къовламца харцбе уьш, церан тешар нийса хилийтархьама.
6. Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тӀера дӀабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга.
7. Цхьаболчара олу: «ЦӀена болчарна массо а хӀума цӀена ду, ткъа къинош летийначарна а, Ӏийсах ца тешачарна а цхьа а хӀума цӀена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду.
8. Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дӀабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтӀахь бац. Цхьана а тайпана дика гӀуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012