Библия Один Год

1. Хийрачу мехкашкара зударий безара Сулим-паччахьна. ПирӀунан йоӀ йоцург, царна юкъахь бара муабахойн, Ӏамминхойн, эдомхойн, цӀаданхойн, хьетахойн йоӀарий.
2. Уьш бара Везачу Эло исраилхошка иштта дешнаш аьллачу оцу къаьмнех: «Аша оцу къаьмнех йолу зуда яло мегар дац, шаьш цаьрга шайн деланашна тӀаьхьа ца хӀиттадайтархьама». Амма и зударий тӀех дукха безарна, корта дӀабаханера Сулим-паччахьан.
3. Иштта, ворхӀ бӀе зуда а, кхо бӀе гӀарбаш-зуда а яра Сулим-паччахьан. Оцу зударша бакъболчу некъа тӀера дӀаваьккхира Сулим-паччахь.
4. Сулим-паччахь къанвелча, цу зударша шайн деланашкахьа дӀаверзийра иза. Цундела Сулим-паччахьан дог, шен ден Даудан ма-хиллара, шен Везачу Далла дерриг а дӀаделла дацара.
5. ЦӀаданхойн Ӏаштарт цӀе йолчу далла а, МилкӀом цӀе йолчу чӀогӀа боьхачу Ӏамминхойн далла а тӀевирзира Сулим-паччахь.
6. Иштта Везачу Элана хьалха шех зулам далийтира Сулим-паччахьо. Иза, шен да Дауд санна, кхоччуш тӀаьхьа ца хӀоьттира Везачу Элана.
7. ТӀаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гӀалина малхбалехьа лаьттачу борзана тӀехь цӀу-деланашна Ӏамал ен меттигаш дӀахӀиттийра: муабахойн цӀунна Камошна а, Ӏамминхойн цӀунна Мулкана а. И цӀуш Далла хьалха боьха лоруш бу.
8. Иштта шен хийрачу мехкашкара ялийначу массо а зудчунна шайн-шайн деланашна баьрзнашна тӀехь хӀиттийначу кхерчаш тӀехь хаза хьожа йохуьйту меттигаш а, сагӀа доккху меттигаш а кечъяйтинера Сулим-паччахьо.
9. Веза Эла оьгӀазвахара Сулим-паччахьна, шена шозза а дуьхьал хӀоьттина волчу Исраилан халкъан Везачу Делехьара цо шен дог дӀадерзадарна.
10. Везачу Эло ца магийнера Сулим-паччахьна кхечу деланашна тӀаьхьахӀоттар, амма Сулим-паччахьо кхочуш ца дира Везачу Эло шега дина омра.
11. ТӀаккха Везачу Эло элира Сулим-паччахье: «Хьо иштта леларна а, ахьа Соьца бина барт лар ца барна а, Аса хьайна бина хьехамаш ахь кхочуш ца барна а, Аса хьоьгара пачхьалкх билггала схьайоккхур ю, иза хьан уллорачарах цхьаннан кара а луш.
12. Амма хьан ден Даудан дуьхьа Аса иза цкъа, хӀинца хьо дийна мел ву, дийр дац. Хьан кӀентан карара дӀайоккхур ю Ас и пачхьалкх.
13. Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кӀантана».
14. ТӀаккха Везачу Эло Эдом-махкара паччахьан доьзалера волу ХӀадад, Сулим-паччахьан мостагӀа а вина, дуьхьалваьккхира цунна.
15. Иза иштта хилира: хьалха Дауд-паччахьо Эдом-махкаца тӀом бечу хенахь цу тӀамехь белларш дӀабохкархьама веана волчу эскаран хьаькамо Йоаба балаза бисина болу берриг а эдомхойн божарий байира.
16. Йоаб а, кхиболу исраилхой а ялх баттахь Ӏийра цигахь, шаьш берриг а эдомхойн божарий хӀаллакбаллалц.
17. Ткъа ХӀадад цу хенахь жима бер дара. Иза шен ден ялхой болчу масех эдомхочуьнца Мисар-махка дӀаведдера.
18. Мадани-махкара дӀа а бевлла, уьш Паран цӀе йолчу яьссачу аренга дӀабахара. ТӀаккха оцу Паранера адамаш а далош, Мисар-махкара пирӀунна тӀе баьхкира уьш. И пирӀун Мисар-мехкан паччахь вара, цо, ХӀададна Ӏан меттиг а, латта а, юург а елла, тӀеийцира иза.
19. ПирӀуно, ша ХӀададна чӀогӀа резахиларна, шен зудчун йиша яхийтира цуьнга маре. Паччахьан зудчун цӀе Тахьпанайса яра.
20. Оцу ХӀададан зуда йолчу Тахьпанайсин йишас кӀант вира цунна. Оцу кӀантана Ганубати цӀе тиллира. Тахьпанайсас и кӀант паччахьан керта валийра, иза пирӀунан берашца цуьнан кертахь Ӏаш вара.
21. Мисар-махкахь ша Ӏаш волуш, ХӀададна хезира, Дауд-паччахь, вала а велла, шен дайх дӀакхетта хилар а, иштта эскаран хьаькам Йоаб а велла хилар а. ТӀаккха ХӀадада элира пирӀуне: «Ахь со дӀахецахьара, сайн махка цӀа верза йиш хир яра сан».
22. Ткъа пирӀуно хаьттира ХӀададе: «Со волчохь хьуна хӀун ца тоьънера, хьайн махка верза хьан лаам хила?» ХӀадада жоп делира: «Дерриг а дара сан, делахь а дӀахецахьа со», — аьлла.
23. Кхин а цхьа мостагӀа дуьхьалваьккхира Дала Сулим-паччахьна. Иза вара ЭлидаӀан кӀант Ризун, шен олахо волчу Цоба-мехкан паччахьах ХӀадад-Ӏезарх дӀаведда волу.
24. Дауд-паччахьо ХӀададӀезар-паччахьна тӀехь толам баьккхича, шена гонах адамаш а гулдина, оцу жимачу эскаран хьаькам хилира ЭлидаӀан кӀант Ризун. Уьш Дамасакх-гӀала бахара, цигахь а бисина, паччахьаша санна, олалла дора цара.
25. Даим, Сулим-паччахь дийна мел ву, Исраил-мехкан мостагӀа вара Ризун. ХӀадада динчу зуламашна иза а тӀекхийтира. Ткъа Ризуна, арамхойн паччахь а хилла, Исраил-махкана зулам дора.
26. НабатӀан кӀант ЯрбаӀам а велира Сулим-паччахьна дуьхьал. ЦӀарда-юьртара эпраймхо волу ЯрбаӀам Сулим-паччахьан ялхо вара. Цуьнан нана ЦаруӀат йисина Ӏаш яра.
27. Ткъа хӀара ду ЯрбаӀам Сулим-паччахьна дуьхьалваларх лаьцна дийцар. Сулим-паччахьо Милло цӀе йолу терхийн басенаш меттахӀоттаяйтинера. Иштта шен ден Даудан гӀалина гонах долу пенаш а тодойтуш хилла иза.
28. ЯрбаӀам онда стаг вара. Цо болх бечу хенахь Сулим-паччахьна гира цу къонахчунна шен болх дика бан хаар. ТӀаккха Сулим-паччахьо Юсупан тайпанах болчеран махкахь болх беш болчу массарна а тӀехь хьаькам хӀоттийнера ЯрбаӀам.
29. Цхьана дийнахь ЯрбаӀам Ярушалайм-гӀалара араваьлла вогӀуш вара. Новкъахь цунна шилунхо волу, АхьъяхӀу цӀе йолу цхьа пайхамар дуьхьалкхийтира. Ткъа оцу аренгахь уьш шаьш бара.
30. ТӀаккха АхьъяхӀус, шена тӀера цӀена бедар схьа а яьккхина, иза шийтта декъе йийкъира.
31. Цул тӀаьхьа АхьъяхӀус ЯрбаӀаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХӀунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дӀалур ду Ас.
32. Амма цхьа дакъа Сулиман карахь дуьтур ду Ас, Сайн лай волчу Даудан дуьхьа а, Исраил-мехкан юкъара Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалин дуьхьа а.
33. Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тӀера дӀа а ваьлла, цӀаданхойн цӀу-далла Ӏаштартана а, муабахойн цӀу-далла Камошна а, Ӏамминхойн цӀу-далла МилкӀомна а Ӏибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тӀера дӀа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дӀахӀоьттина. Цу гӀуллакхашна тӀехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира.
34. Амма Ас ерриг а пачхьалкх схьайоккхур яц Айса хаьржинчу Сулим-паччахьан карара. Сан весеташ а, Сан хьехамаш а лардина волчу, Ас хаьржинчу Сайн лайн Даудан дуьхьа могуьйтур ду Ас Сулимана ша велла дӀаваллалц паччахьалла дан.
35. Амма цуьнан кӀентан карара дӀадоккхур ду Ас и паччахьалла, ткъа хьоьга пачхьалкхан итт декъана тӀехь олалла дойтур ду Ас.
36. Сулим-паччахьан кӀанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цӀе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалахь Сайна хьалха цуьнан тӀаьхьенах волчуьнга олалла дайта а.
37. Ас хӀинца хоржу хьо, ткъа тӀаьхьа ахьа олалла дийр ду хьайн дагна лиъначу хӀуманна тӀехь. Хьо хир ву Исраил-мехкан паччахь.
38. Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тӀаьхьа а хӀоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тӀаккха Со хир ву хьоьца. Ас чӀагӀдийр ду хьан цӀа. Хьан цӀийнах паччахьийн цӀа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дӀалур ду.
39. Ас охьатаӀор ю Даудан тӀаьхье, Сулим-паччахьо иштаниг шегара далийтарна, амма иза гуттаренна а дийр дац, цхьана ханна бен“».
40. Ткъа Сулим-паччахь ЯрбаӀам вийна дӀаваккха лууш вара. ТӀаккха ЯрбаӀам Мисар-махка дӀаведира. Иза, Мисар-мехкан паччахь волчу Шушакхана тӀе а вахана, Сулим-паччахь дӀакхалххалц Мисар-махкахь Ӏийра.
41. Сулим-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цуьнан хьекъалаллех а лаьцна — яздина ду Сулим-паччахьан гӀуллакхех долчу тептар тӀехь.
42. Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тӀехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира.
43. ТӀаккха Сулим-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен ден Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кӀант РахьбуӀам.
1. РахьбуӀам Шехем-гӀала дӀавахара, хӀунда аьлча берриге а исраилхой цига дӀабаханера, иза паччахь дӀахӀотторхьама.
2. Шена иза дӀахезча, НабатӀан кӀант ЯрбаӀам Мисар-махкахь висира. Цигахь иза Сулим-паччахьах ведда ваххарх Ӏаш вара.
3. Амма цара, ЯрбаӀамна тӀе нах а бахийтина, цуьнга юхаверзар дийхира. ТӀаккха ЯрбаӀам а, массо исраилхой а РахьбуӀам волчу дӀабахча, халкъо цуьнга элира:
4. «Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гӀуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хӀинца дайдехьа. ТӀаккха оха хьуна хьалхара гӀуллакх дийр дара».
5. РахьбуӀама элира: «Кхо де даьлча юхадуьйла суна тӀе, аса жоп лур ду шуна». Халкъ дӀадахара.
6. РахьбуӀам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимна хьехамчаша санна гӀуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуӀама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хӀун аьлча бакъахь хета шуна?» — аьлла.
7. Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь, таханлерчу дийнахь хьо оцу халкъана ялхо а хилла, ахьа царна гӀуллакх а дахь, цаьрца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу».
8. Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуӀама дӀатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гӀуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза.
9. Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хӀун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“».
10. РахьбуӀамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча диллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цӀазапӀелг сан ден гӀодаюкъал а стомма бу.
11. Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна“».
12. Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаӀам а, дерриг халкъ а кхозлагӀчу дийнахь РахьбуӀамна тӀедеара.
13. Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дӀа а теттина,
14. кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуӀама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна».
15. Иштта паччахьо ла ца дуьйгӀира халкъо шега бохучуьнга, хӀунда аьлча иза Везачу Эло нисдинера, Ша НабатӀан кӀанте ЯрбаӀаме шилунхо волчу АхьъяхӀугахула аьлларг кхочушхилийтархьама.
16. Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугӀийла гича, паччахье элира: «Вай Даудан цӀийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кӀентан цӀийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цӀа дерза шу, исраилхой. Даудан кӀанта ша дойла шен цӀентӀехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цӀа дӀасабахара.
17. Ткъа РахьбуӀама ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь Ӏаш болчу исраилхошна тӀехь паччахьалла дира.
18. Цо белхалошна тӀехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тӀе, амма исраилхоша иза, тӀе тӀулгаш кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуӀам сихха гӀудалкха чу хиира, Ярушалайме дӀавадархьама.
19. Иштта тахханалц а Даудан цӀенна дуьхьалбевлла Ӏаш бу исраилхой.
20. ЯрбаӀам цӀа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийра. ЯхӀудан тайпанах берш бен ца хӀиттира Даудан цӀийнах болчарна тӀаьхьа.
21. РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, дерриге а ЯхӀудан цӀийнах а, Бен-Яманан тӀаьхьенах а волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, Сулим-паччахьан кӀентан РахьбуӀаман кара паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза.
22. ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Дала элира:
23. «Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье РахьбуӀаме а, ЯхӀудан, Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу массаьрга а, кхидолчу халкъе а дӀаала:
24. „Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“». Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, уьш Цо ма-бохху юхабирзира.
25. ЯрбаӀама Эпрайм-лам тӀехь йолу Шехем-гӀала чӀагӀйира. Иза цу чохь ваха охьахиира. Эццара дӀа Пенуал-гӀала а вахана, иза чӀагӀйира цо.
26. Шен дагахь ЯрбаӀама бохура: «Паччахьалла дар юха а Даудан тӀаьхьенан карадерза там бу.
27. Нагахь халкъо, Ярушалайме а оьхуш, Везачу Элан цӀийнан кертахь сагӀа даккха доладахь, адамийн дегнаш юха а яхӀудхойн паччахь волчу РахьбуӀамна тӀедоьрзур ду. ТӀаккха цара со вуьйр ву».
28. ЯрбаӀама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТӀех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хӀорш бу».
29. Цхьа дашо эса Бетал-гӀалахь, важа — Дан-гӀалахь дӀахӀоттийра цо.
30. Цу гӀуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гӀала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Ӏибадат дан.
31. Иштта гунаш тӀехь Везачу Элан а, харцделанийн а цӀенош догӀийтира ЯрбаӀама. Массо а халкъана юкъарчу нахах динан дай бина дӀахӀиттийра цо, уьш Левин тӀаьхьенах боццушехь.
32. Шеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь ЯхӀуд-махкахь даздеш хиллачу кепара деза де билгалдаьккхира цо. Оцу дезачу дийнахь сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀанаш дохура цо. Изза дира цо Бетал-гӀалахь а, деших ша динчу эсашна сагӀанаш а дохуш. Бетал-гӀалахь ша динчу сагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх деш динан дай дӀахӀиттийра цо.
33. Шеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, ша билгалбаьккхинчу баттахь, исраилхошна ша хӀоттийначу дезачу дийнахь, ша дӀахӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀе вахара иза, цигахь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама.
5. Хьо лоьхуш берш массо а Хьо бахьанехь хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла! Шаьш Ахь кӀелхьардахар дезаш болчара саццаза: «Сийлахь ву Дела!» — олийла.
6. Со-м къен а, миска а ву. Дела, суна тӀе кхача сихлохьа! Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а. Веза Эла, хье ма лохьа!
7. Ямартчу дагна дика карор дац, харцлуьйш болу мотт воне кхочур бу.
8. Хьекъал доцу кӀант волу да сингаттаме хуьлу, Ӏовдалчун да цкъа а ирсе хир вац.
9. Ирсе хилар дарбане молха санна ду, ткъа сингаттам стаг вакъош йолу цамгар санна бу.
10. Иштта, Пасахьан деза де тӀекхача ялх де дисича, Бет-ХӀина олучу гӀала веара Ӏийса. Ӏийсас веллачуьра денвина волу ЛаӀзар а вара цигахь вехаш.
11. Цигахь суьйренан пхьор кечдинера Ӏийсана. Марта а яра гӀуллакхаш деш. И ЛаӀзар а вара Ӏийсаца пхьор дуучаьрца.
12. ТӀаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Ӏийсан когаш тӀе доьттира. Цул тӀаьхьа шен коьртара месашца Ӏийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цӀа хаза хьожа йогӀучу даьттанан хьожанах дуьзира.
13. ТӀаккха Ӏийсан мурдех цхьаммо, ЯхӀуд-Искархочо, тӀаьхьа Ӏийсана ямартло ен волчо, элира:
14. «И деза даьтта кхо бӀе динари ахчанах дохка а доьхкина, мискачарна дӀа хӀунда ца дийкъира вай?»
15. И ша аьлларг ца элира цо мискачу нехан бала кхаьчна, ткъа ша къу хиларна элира. Шегахь мурдийн ахча Ӏалашдеш лелош болу тӀоьрмаг болу дела, наггахь цу чу тосучу ахчанах хӀума схьаоьцура цо шена.
20. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Йита и зуда. Шена ца хуъушехь, Со дӀавуллун волчу денна Ӏалашдина хилла цо и даьтта.
21. ХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуьца, ткъа Со даим хир вац шуьца».
22. Дукхах болчу яхӀудхошна хиира Ӏийса цигахь вуйла. Ӏийса гархьама хилла а ца Ӏаш, Цо веллачуьра денвина волу ЛаӀзар ган а баьхкинера уьш.
1. Ткъа динан коьртачу дайша ЛаӀзар а вен сацам бира.
2. ХӀунда аьлча ЛаӀзар бахьана долуш баьхкина дукхах болу яхӀудхой, динан куьйгалхойх дӀа а къаьстина, Ӏийсах тийшира.
3. ШолгӀачу дийнахь Пасахь даздан баьхкинчу дукхачу нахана хезира, Ӏийса Ярушалайме вогӀуш ву аьлла.
4. Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Ӏийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара: «ХӀашанна! Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Исраилан Паччахь!»
5. Ткъа Ӏийса, цхьа къона вир карийна, цунна тӀе хиира, Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара:
6. «Ма кхералахь, Цийонан йоӀ! ХӀара хьан Паччахь вогӀу, къоначу вира тӀе а хиъна».
7. Цуьнан мурдаш юьхьанца ца кхийтира цунах. Амма, тӀаьхьа, Ӏийсан сийлалла кхочушхилча, кхийтира уьш, и дешнаш Цунах лаьцна яздина хиларх а, и дерриг а Цунна дина хиларх а.
8. Хьалха Цо ЛаӀзар къуббанна чуьра схьакхайкхинчу хенахь а, Цо иза веллачуьра денвинчу хенахь а Ӏийсаца хиллачу наха цунах тоьшалла дора.
9. Ӏийсас оцу тамашийначу гӀуллакхан билгало яр хезна, Цунна дуьхьалбаьхкира нах.
10. Парушхоша вовшашка бохура: «Гой шуна, вай-м хӀумма а дан ца ларий? Ткъа дерриг дуьне а Цунна тӀаьхьахӀуттуш ма лаьтта!»
11. Пасахьан дезачу дийнахь Далла Ӏамал ян баьхкинчарна юкъахь грекахой а бара.
12. Галилай-махкара Бет-Саида-гӀалара волчу Пилапана тӀебахара уьш. Цара, дехарш деш, элира Пилапе: «Олахо, тхуна Ӏийса ган лаьа».
13. Цунах лаьцна Пилапа Ӏандаре дӀаэлира. ТӀаккха Ӏандара а, Пилапа а, вахана, Ӏийсага дӀадийцира грекахошна луург.
14. Ӏийсас, жоп луш, элира цу шинга: «ТӀекхаьчна Адамийн КӀентан сийлалла дӀагойту сахьт.
15. Баккъалла а боху Ас шуьга: нагахь кӀен буьртиг лаьтта боьжча, хӀаллак ца хилахь, иза ша буьсур бу. Ткъа нагахь иза ша хӀаллакьхилахь а, дуккха а стом лур бу цо.
16. Шен са дезачо иза хӀаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Ӏалашдийр ду иза.
17. Милла а Суна гӀуллакх деш верг Суна тӀаьхьахӀуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гӀуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012