Эсират 3:1-15 1. Цул тӀаьхьа паччахь волчу Ахьаш-Варуша, чӀогӀа сий деш, хьалаайинера агӀагхо волчу ХӀамдатин кӀант ХӀаман. Цо иза, массо а элел а лакхара вина, дӀахӀоттийнера. 2. Паччахьан кевнехь гӀуллакх деш болу массо а элий, ХӀаманна хьалхахь охьа а теӀаш, корта бетташ хуьлура. Иза царна паччахьо тӀедиллина дара. Ткъа Мардахай я охьа а ца таьӀара ХӀаманна хьалхахь, я цунна корта а ца беттара цо. 3. Паччахьан кевнехь гӀуллакх деш болчу паччахьан ялхоша хоьттура Мардахайга: «Паччахьо аьлларг кхочуш хӀунда ца до ахьа?» 4. ХӀора дийнахь бохург санна паччахьан элаша и хеттарш дора Мардахайга, амма цо ХӀаманна корта бетта аьлла долу паччахьан омра кхочуш ца дора. ТӀаккха элаша иза ХӀамане дӀадийцира. Царна хаа лаьара, чекхдер дуй те Мардахайн иштта лелар. Ткъа Мардахайс кхин а хьалха цу элашка дӀадийцина хилла, ша жуьгтий ву аьлла. 5. Шена Мардахайс, охьа а таьӀаш, корта ца беттар гича, ХӀаман чӀогӀа оьгӀазвахара. 6. Цунна кӀезиг хӀума хийтира цхьа Мардахай вийна Ӏар. Цундела цо, Мардахай жуьгтийн къомах вуй шега дийцарна, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь болу массо а жуьгтий хӀаллакбан бахьана лоьхура. 7. Ахьаш-Варушан паччахьаллин шийтталгӀачу шеран Нисан цӀе йолчу хьалхарчу баттахь ХӀаманна хьалха «пур» (иза «кхаж» бохург ду) тесира, де а, бутт а къастош, жуьгтий хӀаллакбан лерина хан билгалъяккхархьама. Иштта Адар цӀе йолчу шийтталгӀачу беттан кхаж белира. 8. Ахьаш-Варуш волчу а веана, ХӀамана элира: «Хьан къаьмнашна юкъахь, пачхьалкх мел ю, массо а маьӀӀехь дӀасадаьржина цхьа къам ду. Кхечу къаьмнийн доцу Ӏедалш ду цу къоман, ткъа цара пачхьалкхехь дӀахӀоттийна долу Ӏедалш кхочуш а ца до. Цундела паччахьо уьш иштта лелийта ца оьшу. 9. Паччахьан лаам хилча, ас цуьнга цхьа кховдор дийр дара. И нах хӀаллакбе аьлла, хьан омра хилча, аса итт эзар гали дато ахча дохьуьйтур дара хьан хазне, хьан хьал лардеш болчу нахе дӀадала». 10. ТӀаккха паччахьо шен пӀелга тӀера мухӀар, схьа а даьккхина, жуьгтийн мостагӀа волчу а, агӀагхо волчу а ХӀамдатин кӀанте ХӀамане дӀаделира. Цо иза, жуьгтий хӀаллакбе аьлла, шен омра чӀагӀдеш дӀаделира. 11. Паччахьо ХӀамане элира: «ХӀара дети хьуна дӀаделла ду, ткъа цу халкъана хьайна луъург де». 12. Хьалхарчу беттан кхойтталгӀачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХӀаманан омранаш дӀаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хӀора меттиган куьйгалхошка а, хӀора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цӀарах яздина дара, цуьнан мухӀарца чӀагӀдина а дара. 13. Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьӀӀе дӀасадаьхьира. Цу кехаташ тӀехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хӀаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгӀачу Адар беттан кхойтталгӀа де. 14. ХӀора пачхьалкхана чуйогӀуш йолчу меттигехь цу кехат тӀехь дӀаязбина сацам, нахана хьалха дӀа а бешна, гучубаккха безаш бара, уьш цу дийнахь кийча хилийтархьама. 15. Паччахьан омрица массо а геланча сихха новкъа велира. Паччахьан сацам Шушан-гӀалин гӀопахь долчу халкъана дӀабийшира. Паччаххьий, ХӀаманний молуш Ӏаш вара, ткъа Шушан-гӀалахь дехаш долу адамаш карзахдевлла хьийзаш дара.
Эсират 4:1-17 1. Шена паччахьан сацамах лаьцна дерг хиъча, Мардахайс шена тӀера бедарш этӀийра. Цо, вон тӀедеача юхуш йолу бедарш шена тӀе а юьйхина, коьрта тӀе чимаш тесира. ЧӀогӀа воьлхуш гӀала аравелира иза. 2. Паччахьан кевнна улло дӀа а вахана, цигахь сецира иза, хӀунда аьлча сингаттаман духар дуьйхина верг цӀа чу ваха бакъо йолуш вацара. 3. Паччахьан сацам дӀакхаьчначу массо а маьӀӀехь боьлхуш, тийжаш бара нах. Марха а кхобуш, доьлхуш дара адам, дукхах болу жуьгтий, сингаттаман духар а дуьйхина, лаьттарчу чимашкахь Ӏохкуш бара. 4. Эсират йолчу а баьхкина, божарех а, зударех а болчу кхуьнан ялхоша Мардахайх лаьцна дийцира. ЧӀогӀа саготта яра Эсират. Цо Мардахайна тӀеюха хӀума яхьийтира, цуьнга, шена тӀера сингаттаман духар дӀа а даьккхина, уьш тӀеюхийтархьама. Амма Мардахайс уьш схьа ца ийцира. 5. ТӀаккха Эсирата паччахьо шена тӀехӀоттийна волчу ваьӀначу ялхочуьнга ХӀатахига схьакхайкхира. Эсирата иза Мардахай волчу вахийтира, цуьнан сагатдеш дерг хӀун ду хьажа. 6. ХӀатахи паччахьан кевнна хьалхахь йолчу гӀалин майдане вахара, цигахь Мардахайх кхета. 7. Мардахайс цуьнга шена хилла долу массо а хӀума дӀадийцира. Цо иштта цунна дӀахаийтира, жуьгтий хӀаллакбархьама ХӀамана паччахьан хазне охьадилла чӀагӀо йина долу дато ахча мел ду а. 8. Цо иштта ХӀатахига дӀаделира, жуьгтий хӀаллакбе аьлла, паччахьан сацам тӀехь болу кехат а. И сацам цу хенахь Шушан-гӀалин массо а маьӀӀе дӀабахьийтинера. Мардахайна лаьара и сацам Эсиратана дӀабовзийла а, цунна массо а хӀума дӀахоийла а. Цо Эсиратана тӀедиллийтира, иза паччахь волчу а яхана, цуьнга шен къомах къинхетам бахьара аьлла, паччахье дехарш дар. 9. ХӀатахис, юха а веана, Эсирате дӀадийцира Мардахайс шега мел дийцинарг. 10. ТӀаккха Эсирата Мардахайга хабар дахьийтира: 11. «Массо а паччахьан гӀуллакх деш болчарна а, массо а халкъашна а хууш ду, хӀора зуда, я стаг, ша паччахьо тӀекхайкхина а воцуш, иза волчу чухуларчу керта водахь, и стаг, Ӏедало ма-бохху, вийна хила везаш вуйла. И санна волу стаг дийна вуьсур ву, нагахь санна паччахьо цуьнга шен дашо гӀаж дӀакховдаяхь. Ткъа со паччахьна тӀе кхайкхаза ткъе итт де дӀадаьлла». 12. Мардахайга Эсирата аьлла долу дешнаш дӀадийцира. 13. ТӀаккха цо Эсирате юха а хабар дахьийтира: «Хьуна ма мотталахь, жуьгташна юкъара хьо цхьаъ, паччахьан цӀа чохь хиларна, кӀелхьаръер ю. 14. Нагахь санна хьо хӀинцалерчу хенахь йист а ца хуьлуш ӀадӀахь, жуьгташна гӀо кхечу меттера кхочур ду, ткъа хьо а, хьан ден цӀа а хӀаллакьхир ду. Хьанна хаьа, хӀара зама бахьана долуш кхаьчний а хьуна паччахьан дарж». 15. Эсирата Мардахайна дуьхьал жоп дахьийтира: 16. «Ваха а гӀой, Шушан-гӀалахь мел волу жуьгтий вовшах а тохий, суна тӀера марха кхаба. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ца молуш, ца дууш хан яккха. Со а, сан ялхой а хир бу, шу санна, марха кхобуш. Цул тӀаьхьа со паччахь волчу гӀур ю, иза Ӏедална дуьхьал делахь а. Нагахь со яла езахь, со лийр ю». 17. Мардахайс, дӀа а вахана, шега Эсирата аьлларг дира.
Забур 89:46-52 46. Хьал долуш волчо къечу нахана тӀехь олалла до. Юхалург хӀума оьцуш верг и хӀума лучун ялхо хуьлу. 47. Зуламан хӀу тосучо бохаман ялта гулдийр ду, ткъа кхечарна цо еш йолу гӀело чекхъер ю. 48. Жуьгти хилар гӀолехь хӀунда ду, я сунтварх хӀун пайда хуьлу? 49. Иза массо а агӀор гӀолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Ӏалашдан делла хилар ду. 50. Ткъа и хӀун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар? 51. Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву». 52. Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дӀадоьллуш хилча, хӀун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таӀзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.)
Кицанаш 22:7-8 7. Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло? 8. Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хӀета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хӀинца а хӀунда ян еза?
Римхошка 3:1-31 1. Иза иштта делахь: «Диканиг далийтархьама, зуламаш дей вай» хӀунда олийла дац ткъа? Вай иштта хьехамаш бо бохуш, цхьаболчара меттанаш детта вайна. Ишттачарна Дала нийса кхел йина. 2. ТӀаккха? Дуй те вай царал тоьлуш? Данне а дац, хӀунда аьлча ас дӀагайтина жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а къинан долахь хилар. 3. Яздина ма ду: «Далла хьалха цхьа а бакъ вац. 4. Цхьа а кхетам болуш а вац, цхьа а Дела лоьхуш а вац. 5. Массо а адамаш Делах дӀадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац. 6. Церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю. Шайн меттанашца нах лебо цара. Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь. 7. Церан баганаш сардамех а, стимах а юьзна ю. 8. ЦӀий Ӏано уьш сиха арабовлу. 9. Цара шаьш баханчохь бохам а бо, хӀаллакдар а дахьа. 10. Машаран некъ ца бевза царна. 11. Церан бӀаьргаш чохь Делах кхерар дац». 12. Ткъа хӀинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш — жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу. 13. Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета. 14. Ткъа хӀинца гучудаьккхина Далла хьалха адамаш бакъдар муха магийна. Иза товрат-хьехамашца доьзна дац. Цунах лаьцна тоьшалла до товрат-хьехамаша а, пайхамарша а. 15. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Ӏийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц, 16. хӀунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дӀакъастийна а ву. 17. Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсас нах къинойн олаллех паргӀатбахар бахьана долуш. 18. 25-26 Къинойн гӀуда такхаран сагӀина Ӏийса дӀавелира Дала. Ӏийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гӀуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таӀзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХӀинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Ӏийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. 19. *** 20. Стенах дозалла дойла ду стеган? Цхьана а хӀуманах дац! Делахь хӀун бахьана долуш Далла хьалха бакъво стаг? Товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь бакъво те стаг Далла хьалха? Дера ца во! Ӏийсах тешарехула бен бакъ ца во! 21. Иштта, оха жамӀ до: адам Далла хьалха бакъдар цуьнан тешарехула бен дац, ткъа товрат-хьехамаш кхочушбарехула иза ца хуьлу. 22. Ткъа Дела кхечу къаьмнех болчу нехан а воцуш, беккъа жуьгтийн Дела ву те? Вац дера, Иза кхечу къаьмнех болчу нехан а Дела ву. 23. Дела цхьаъ бен вац. Адамийн тешарехула Цо сунтбинарш Шена хьалха бакъбо, ткъа оццу тешарехула Цо сунтбаза берш а бакъбо Шена хьалха. 24. ТӀаккха Ӏийсах тешарна товрат-хьехамаш дӀабохий те вай? Дера ца боху. Мелхо а, вай уьш тӀечӀагӀбо.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012