Библия Один Год

1. Сулим-паччахьан дерриге а иллешна юкъара уггар а хаза илли. Цо берташца дӀахьулйойла сан юьхь! ЧагӀарал мерза бу хьан безам!
2. Хьан духӀийн хьожа а мерза ю. Хьан цӀе дӀасаӀанийна хьакхар санна ю. Цундела веза хьо мехкаршна!
3. ДӀайига со хьайца, сихлур ду вайшиъ! Паччахьо шен цӀа чу йиги со! Вайшиъ самукъадаьлла хир ду, сакъоьруш хир ду. ЧагӀарал чӀогӀа болу хьан безам хестор бу вай. Ма нийса бу хьо дукха везаш берш!
4. Ярушалайман мехкарий, со Ӏаьржа ю, амма хаза ю, Къедаран четарш санна Ӏаьржа ю, Сулиман цӀийнан шаршуш санна хаза ю.
5. Сан Ӏаьржачу басе ма хьежа — малхо еттина со. Сан ненан кӀенташа, суна оьгӀаз а бахана, кемсийн бошмаш ларъян хӀоттийна со, ткъа сайн кемсийн беш ас лар ца йина.
6. Сан дагна везнарг, алахьа соьга: мичахь дажадо ахь хьайн даьхни? Мичахь садоӀу ахь делкъахенахь? Хьан накъостийн жашна уллохь хьо, юьхь къайла а яьккхина, хӀунда лоьхура ас?
7. Хьуна хӀунда ца хаьа и меттиг, зударшна юкъахь уггар исбаьхьаниг? УьстагӀийн лорах дӀа а гӀой, жаӀуйн четарш уллохь хьайн буьхьигаш яжае.
8. ПирӀунан южучу кхелашна юкъахь уггар исбаьхьачуьнца хьо юсту ас, сан хьомениг.
9. Исбаьхьа ю хьан беснеш лергарчу чӀагаршна юкъахь. Хьан логах кхозуш жовхӀарш ду.
10. Детица кхелина дашо чӀагарш йойтур ю вай хьуна.
11. Шен маьнги тӀехь паччахь хиъна мел Ӏан, сан духӀино шен хаза хьожа йоуьйтура.
12. Сан накхошна юкъахь Ӏуьллу чохь хаза хьожа йогӀу бецаш долу бохча санна ву сан хьомениг суна.
13. Мерзачу зазанан курс санна ву сан везарг Ӏейн-ГӀадин кемсийн бошмашкахь.
14. Ма исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ю! Кхокха санна, эсала а, хаза а бу хьан бӀаьргаш!
15. Ма исбаьхьа ву хьо, сан везарг, ма безаме ву! Соьналлех бина бу вайн мотт.
16. Вайн цӀийнан бӀогӀамаш хилла лаьтта баганан дитташ, вайн чуьра тхевнаш зоьзан диттех дина ду.
17. Со Шарон-аренара акха зезаг ду, тогӀи чуьра петӀамат-зезаг ду.
1. Коканан коьллаш юкъахь петӀамат санна, мехкаршна юкъахь ду сан деган зезаг.
2. Хьуьнан дитташ юкъахь Ӏожан дитт санна, кхиъначу кӀенташна юкъахь ву сан везарг. Цу Ӏожан ӀиндагӀехь хиъна Ӏаш хазахета суна, цуьнан стоьмаш сов мерза ду ас дууш.
3. Цо со той долчу цӀа чу йигира, суна тӀехула йолу цуьнан байракх — безам бу.
4. Кишмашца сан гӀора чӀагӀдейша, Ӏежашца сан дог тодейша, гӀелъяллалц безамах со хьоьгу дела.
5. Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду, аьтту куьйгаца со марайоьллина цо.
6. Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.
7. Сайн везарган аз хеза суна! Иза вогӀуш ву, лаьмнашна тӀехула кхиссалуш, гунашна тӀехула лелхаш.
8. Сан хьомениг масарх я къоначу сайх тера ву. Тхан пенна тӀехьа лаьтта иза, цӀийнан корах чу а хьоьжуш, гурах чекх бӀаьрг а бетташ.
9. Сан везарг соьга баха хӀоьтти: «ХьалагӀатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла.
10. Хьажал, Ӏа а дӀадаьлла, догӀанаш а севцина.
11. Лаьтта тӀехь зезагаш а гучудевлла. Олхазарша эшарш лоькху хан тӀееана, къоркхокхийн аз ду вайн махкахь хезаш.
12. Инжиран дитто шен стоьмаш а марздо, заза даьккхинчу кемсийн таьлланго хьожа а гӀиттайо. ХьалагӀатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла.
13. Ломан чӀожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хӀунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа.
14. Схьалеца тхуна цхьогалан кӀорнеш, кемсийн бошмаш талхош долу! Заза даьккхина йолу кемсийн бошмаш талхош долу цхьогалш схьалеца тхуна!»
15. Сан везарг сан ву, ткъа со цуьнан ю. Цо шен жа петӀаматаш юккъехь дажадо.
16. Де дохделла а далале, ӀиндагӀаш а дӀадовдале, цӀа юхаверзахьа, сан хьомениг, чӀажийн лаьмнашна тӀерачу масарх я къоначу сех тарлохьа.
17. Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цӀарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.
1. Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна. Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.
2. Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!
3. Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха, гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.
4. Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,
5. ва Шен ялхо волчу ИбрахӀиман хӀу дерш, Ша хаьржина волчу Якъубан тӀаьхьенах дерш.
6. Веза Эла волу Иза вайн Дела ву. Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.
7. Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,
8. ИбрахӀимца Цо бина болу барт, Исхьакхана чӀагӀо йина долу ваӀда.
9. Ӏеса адам санна, хьаналчу стеган цӀенна уллохь кӀелонаш а ма е, цуьнан хӀусам а ма йохае.
15. Делан лаамехь лелаш верг, ворхӀазза охьавоьжча а, хьалагӀоттур ву, ткъа Ӏесанаш — бохамаша охьаэгор бу.
16. Аса кхин а цхьа хӀума тӀедуьллу шуна. ХӀинца хаста а ца до ас шу, хӀунда аьлча шун гуламаша, диканиг дахьачун метта, вониг дахьа.
17. Цкъа хьалха аса сайна хезначух лаьцна эр ду. Шу цхьаьна гулделлачу хенахь шуна юкъахь декъадаларш хуьлу боху. Цунах со цхьажимма теша а теша.
18. (Цу тайпана долу декъадаларш хила а деза шун, шайна юкъара билггал тешаш берш гучубахархьама.)
19. Шаьш цхьаьна гуллучу хенахь, билггал Везачу Элан пхьор даа гулделча санна ца гулло шу.
20. ХӀунда аьлча шу шаьш еана йолу яа хӀума яа сихло. ТӀаккха цхьаберш меца буьсу, ткъа вуьш чагӀаро бахабо.
21. Юург яа а, мерг мала а шайн цӀенош дац те шун? Я Делан долахь йолчу массо а Ӏийсах тешначийн тобанах шу дешаш дац те? Я мисканаш дегаза хета те шуна? ХӀун ала деза те аса шуьга? Хастор дуй те ас шу и бахьанехь? Аса и гӀуллакхаш бахьанехь хастор дац шу.
22. ХӀунда аьлча аса Везачу Элера Шеггара схьаэцна айса шуна делларг. Шена ямартло йинчу буса Веза Эла волчу Ӏийсас, бепиг схьа а эцна,
23. Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХӀара Сан дегӀ ду, шун дуьхьа дӀалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама».
24. Уьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш».
25. ХӀунда аьлча шаьш хӀара бепиг мосазза доу а, хӀара кад мосазза молу а, Веза Эла схьаваллалц, Цуьнан валар кхайкхадо аша.
26. Цундела нагахь цхьаммо хӀара бепиг даар а, Везачу Элан кад малар а лело хьакъ ма-дарра ца леладахь, иза Везачу Элан дегӀана а, Цуьнан цӀийна а дуьхьал къа латорна бехке хир ву.
27. Стага ша-шен зен веза, ткъа цул тӀаьхьа цо и бепиг а доийла, и кад а молийла.
28. ХӀунда аьлча нагахь санна цхьаммо, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ а ца лоруш, юуш а, молуш а елахь, иза шена кхелана юуш а, молуш а ву.
29. Цундела шух дукхахдерш гӀораза а, цомгуш а хуьлу, цхьаберш бала а ле.
30. Нагахь вай ваьш зуьйш делахьара, Везачу Эло йийр яцара вайна кхел.
31. Ткъа вайна тӀехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таӀзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама.
32. Иштта, сан динан вежарий, шаьш Везачу Элан пхьор даа гулделча, вовшашка ладогӀалаш, и даа сих а ца луш.
33. Нагахь санна шух цхьаъ меца велахь, шайн цӀахь яа юург, гуламехь иза шуна кхелъярна ца хилийтархьама. Ткъа дисна гӀуллакхаш со дӀавеанчу хенахь нисдийр ду аса.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012