Библия Один Год

1. Делан Сино со, хьала а айина, Делан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна улло схьавалийра. Цигахь суна ткъе пхиъ стаг гира. Царна юкъахь халкъан куьйгалхой болу Ӏазуран кӀант Яъзан-ЯхӀу а, БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу а вара.
2. ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна хьалха лаьтташ берш зуламе ойла йолу нах бу, цара хӀокху гӀаларчу адамашна вон хьехарш до.
3. ХӀокхара боху: „Цкъачунна а вайна цӀенош ден йолу хан тӀе ца кхаьчна. Цу гӀалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“.
4. Цундела ахьа, адаман кӀант, царна дуьхьал Делера болу хаамаш бан беза. Вало, бе и хаамаш».
5. Цул тӀаьхьа суна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Цо соьга элира: «Везачу Эло иштта боху ала: „Шайна юкъахь ахьа иштта олуш ма ду, Исраилан халкъ. Хьан дагахь мел дерг Суна хууш ма ду!
6. Дукха адам хӀаллакдина аша кху гӀалахь, цуьнан урамаш декъех а дузуш“.
7. Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аша цигахь байъина охьабехкина нах — жижиг ду, ткъа и гӀала — яй бу, амма Ас шу цигара арадохур ду.
8. Шу туьрах кхоьруш ду, амма Ас и тур шуна тӀехьажор ду. — Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса. —
9. Цу гӀалара ара а даьхна, Ас шу хийрачу махкарчу нехан кара дӀа а лур ду, шуна кхел а йийр ю.
10. Шу туьро хӀаллакдийр ду, Исраил-махкахь Аса таӀзар дийр ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
11. ХӀара гӀала шуна кхераме боцу яй хилла дӀахӀуттур яц, ткъа шу цу чохь долу жижиг санна маьрша хир дац. Ас шуна кхузахь, берриг Исраил-махкахь, таӀзар дийр ду.
12. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Сан парзашца шу ца лелара, Аса тӀедехкинарш кхочуш а ца дора аша, ткъа шайна гонах дехаш долчу къаьмнаша тӀелаьцна бакъонаш аша ларйора“».
13. Аса Делера болу хаамаш бечу хенахь БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу кхелхира. Лаьтта охьа а воьжна, корта а таӀийна, аса мохь туххуш элира: «Хьалдолу Эла, Хьо Исраилан халкъах дийна висина мел волу стаг хӀаллакван воллу те?»
14. ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира:
15. «Адаман кӀант! Хьан вежарех — хьан гергарнаш болчу вежарех а, дерриг а Исраилан халкъах а лаьцна — Ярушалаймехь бехаш болчара боху: „Далла гена а бевлла, бехаш Ӏаш бу уьш, ткъа хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.
16. Цундела ахьа цу нахе дӀаала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘И нах Аса генарчу махка дӀабахийтинехь а, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а, цхьана ханна Со царна деза цӀа санна хир ву уьш дӀабаханчу мехкашкахь’“.
17. Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дӀасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дӀа а лур ду Аса“.
18. Сан халкъо, ша цига юхадирзича, берриг а дегаза а, ирча а цӀуш схьа а гулбина, уьш хӀаллакбийр бу.
19. Ас царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тӀулган дегнаш дӀа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса.
20. Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.
21. Амма шайн дегнашца дегаза а, ирча а болчу цӀушна тӀебирзинчаьрга хьаьжжина, царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе дожор ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
22. ТӀаккха каруб-маликаш, шайн тӀемаш дӀаса а даржийна, стигала хьаладевлира, чкъургаш а царна уллохь яра. Исраилан халкъан Делан сийлаллин нур а дара царна тӀехула.
23. Везачу Элан сийлаллин нур, гӀалина юккъера хьала а даьлла, цунна малхбалехьа болчу лам тӀехула дӀахӀоьттира.
24. Ша хӀоттийначу суьртехь Делан Сино со, хьала а айина, Бавел-махка юхавалийра, Исраил-махкара йийсаре дӀабигначу нахана тӀе. ТӀаккха и сурт соьгара дӀаделира.
25. Везачу Эло суна мел гайтинарг Исраил-махкара йийсаре дӀабигначаьрга дӀадийцира аса.
1. Везачу Элан дош кхечира соьга:
2. «Адаман кӀант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хӀума а ца хеза, хӀунда аьлча уьш аьрха нах бу.
3. Ткъа ахьа, адаман кӀант, хьо йийсаре дӀавуьгуш волчуха ларча кечъе, ткъа дийнахь, массарна а гучу хенахь, новкъа валий, хьайн меттера кхечу метте дӀагӀо. ТӀаккха кхета а мега уьш. Делахь а иза аьрха къам ду.
4. Йийсарехь хьайна оьшуш йолу хӀуманаш а, хьо дӀаваха кечвеллийла хоуьйтуш, дийнахь араяха, ткъа суьйранна хьо а, йийсаре волуш санна, аравала.
5. Уьш хьоьжуш болчу хенахь, хьайн пенах Ӏуьрг а даккхий, цигахула аравала.
6. Царна гойтуш, хьайн ларча белш тӀе а йиллий, Ӏаржлучу хенахь дӀагӀо. Хьо муьлхачу агӀор воьду хьайна ца гайта, хьайн юьхь дӀакъовла, хӀунда аьлча Аса хьо дерриг а Исраилан халкъана масална дӀахӀоттийна».
7. Аса дерриг а, сайга аьлла ма-хиллара, дира. Йийсарехь сайна оьшуш йолу хӀуманаш, схьа а эцна, дийнахь араехира, ткъа суьйранна, куьйгаца пенах сайна Ӏуьрг а даьккхина, бодашкахула ларча ара а яьккхина, массарна а гуш, иза сайн белш тӀе йиллира.
8. Ӏуьйранна соьга Везачу Элан дош кхечира:
9. «Адаман кӀант! Исраилан аьрхачу къомо, хьо хӀун деш ву аьлла, хьоьга хаьттирий те?
10. ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: хӀара араяьккхина ларча — Ярушалайман баьчча а, цигахь долу дерриг Исраилан къам а ду “.
11. ДӀаала цаьрга: „Со шуна билгало ю. Ас динарг шуна а тӀекхочур ду. Шу кхузара ара а дохур ду, йийсаре дӀа а дуьгур ду“.
12. Царна юкъара волу баьчча, бодашкахь шен карара ларчанаш белшаш тӀе а ехкина, аравер ву. Иза цигара аравалийта, пенах Ӏуьрг доккхур ду. Ткъа цо шен юьхь дӀакъовлур ю, ша воьду некъ шена ца гайта.
13. Ас цунна тӀе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тӀаьхьа иза Бавеле дӀавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тӀе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву.
14. Ас паччахьна уллохь мел верг — цуьнан тӀеман хьехамчаш а, цуьнан дерриг эскар а — массо а маьӀӀехула дӀасалоллур ду, ткъа Со баттара даьккхинчу туьраца тӀаьхьавер ву царна.
15. Иштта, Ас шаьш кхечу къаьмнашкахула дӀаса а даржийча, кхечу мехкашкахула дӀаса а кхийсича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
16. Амма царах кӀеззиг адам Аса туьрах а, мацаллех а, Ӏожаллин уьнах а кӀелхьардоккхур ду, цаьрга кхечу къаьмнашка шаьш Суна дуьхьал мел лелийна долчу вонех лаьцна дӀадийцийта. ТӀаккха уьш кхетар бу, Со Веза Эла вуйла».
17. Юха а соьга Везачу Элан дош кхечира:
18. «Адаман кӀант! Хьайн бепиг кхерарца даа, хи а мала вегорца, доьхначу дагца.
19. Исраил-махкара долчу халкъе ахьа ала деза: „Хьалдолчу Эло Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а бахархойх лаьцна иштта дуьйцу: ‘Цара шайн бепиг баланехь дуур ду, хи а гӀайгӀанца мер ду, хӀунда аьлча церан махкахь дерриг а хӀума дӀадаьккхина хир ду, цара цу махкахь мел бехаш болчарна ницкъ бина дела.
20. ХӀинцале а шайна чохь адамаш дехаш йолу ерриг а гӀаланаш хӀаллакйийр ю, дерриг а латта дассалур ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».
21. Соьга юха а Везачу Элера дош кхечира:
22. «Адаман кӀант! Исраил-махкарчу наха хӀара кица хӀунда даладо: „Де дийне мел долу хан дӀайолу, хӀора сурт а дӀадолу“?
23. Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас дӀадоккхур ду и кица, исраилхошна юкъахь кхин далор дац и кица’“. Амма ала цаьрга: „ХӀора хӀоьттина сурт кхочушхуьлу хан тӀекхочу“.
24. Исраилан халкъана юкъахь даьсса сурт я мекара пал кхин цхьаммо а лелор бац.
25. Делахь а Веза Эла волчу Аса Сайна ала луург эр а ду, ткъа иза кхочуш а хир ду. ТӀаьхьататтар кхин хир дац. Шун деношкахь, ва аьрха халкъ, Айса аьлларг Ас кхочушдийр ду». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
26. Соьга Везачу Элан дош кхечира:
27. «Адаман кӀант! Исраилан халкъана моьтту, хьуна хӀоьттина суьрташ дуккха а шераш дӀадаьлча бен кхочуш а хир дац, хинйолчу заманах бен хьо Соьгара болу хаамаш беш а вац.
28. Цундела дӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: цхьа а Ас аьлла долу дош кхин тӀаьхьатеттина хир дац, амма Ас аьлларг кхочушхир ду. Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса“».
1. Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Хьоьга хьалахьажабо ас сайн ши бӀаьрг, стигалшкара паччахьалла деш Верг!
2. Лай шен олахочуьнга ма-хьежжара, зуда-лай шен зуда-олахочуьнга ма-хьежжара, вайн Везачу Деле хьоьжуш ду вай, Цо вайх къинхетам баллалц.
3. Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, къинхетам бехьа, хӀунда аьлча тӀехдукха кхиссарш йора тхуна наха.
4. Дуккха а хьийгира оха куранаш тхох кхардар а, куралла ечара тхо аьшнаш дар а.
5. ЦӀий Ӏанийна волу стаг ша велла дӀаваллалц ведда лелар ву. Цхьаннах а цунна тӀетовжийла ма хуьлийла.
17. Нийсачу некъа лела стаг баланех кӀелхьарвоккхур ву, ткъа хаа а хууш харцнекъа тӀе ваьлларг цӀеххьана вужур ву.
18. 1-2 Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дӀахӀотто: къинах дӀакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тӀе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тӀе сихлойла вай.
1. ***
2. Вай иза дийр ду, Дала вайна магийтахь.
3. Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тӀе кхеттарш, стигаларчу совгӀатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш,
4. Делан Дашо луш долу дика а, хин долчу дуьненан ницкъ а бевзинарш,
5. тешарх дӀа а къаьстина, юха а Далла тӀеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тӀе цхьаьнгге а бхалур бац, хӀунда аьлча цара юха а жӀарах дӀатуху Делан КӀант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш.
6. Кест-кеста шена тӀедогӀуш долу догӀа дӀа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду.
7. Ткъа баьӀаш а, къух а бен шена тӀехь ца кхуьу латта Дала неӀалт кхайкхорна герга ду. Чаккхенехь иза цӀаро дагор ду.
8. Иштта оха бахахь а, сан хьоменаш, тхо тешна ду шу дикачу новкъахь хиларх — и некъ кӀелхьардовларна тӀебоьду.
9. ХӀунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гӀуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хӀинца а гӀодарца Цуьнга гайтина болу безам а.
10. Тхуна лаьара, шух хӀораммо иштта шайн тӀедирзина хилар шаьш чекхдовллалц гойтийла, шун сатийсамаш кхочушхилийтархьама.
11. Мало еш а доцуш, шайн тешарца а, собарца а лур ду аьлларг схьаоьцучарах шу тера хила лаьара тхуна.
12. ИбрахӀимна Ша ваӀда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела.
13. Цо элира: «Аса хьо декъал а вийр ву, хьуна дуккха а тӀаьхье а лур ю».
14. Собарца хьоьжуш а Ӏийна, Дала шена лур ду аьлларг схьаийцира ИбрахӀима.
15. Наха шайл а доккхачу хӀуманах дуй боу, цу дуйно, аьлларг чӀагӀ а дой, муьлхха а къовсам дӀабоккху.
16. Цундела Дала а дуй биъна, Шен лаам хийцалур боцийла Ша ваӀда динарг кхочун долчарна дӀахаийта лууш.
17. Дала ваӀда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хӀума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дӀадахана долу вай чӀогӀа иракарахӀиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тӀехь латтархьама.
18. И дегайовхо вайн синна онда а, тешаме а зӀе ю. Делан стигалийн цӀа чохь йолчу кирхьанна тӀехьа дӀайоьду иза.
19. Оцу езачу меттиге вайл хьалха Ӏийса вахана, Малки-ЦӀадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012