ТӀаьххьарнаш 7:1-20 1. ЭлишаӀа элира: «Везачу Элан даше ладогӀийша! Иштта боху Везачу Эло: „Кхана хӀоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал бен хир бац, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гӀалин кевнехь духкур ду“». 2. ТӀаккха паччахьо шен куьг тӀетовжош волчу тӀеман хьаькамо Делан стаге элира: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Вукхо жоп делира: «Хьан бӀаьргашна иза гур ду, амма цунах хӀумма а ахьа юур яц!» 3. Шайна тӀехь дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу виъ стаг вара гӀалин кевнехь хиъна Ӏаш. Цара вовшашка бохура: «Кхузахь ваьш даларе ла а доьгӀуш, хевшина Ӏийна хӀун дийр ду вай? 4. Шамран-гӀалахь мацалла ю, вай цига дахча а лийр ду. Ткъа вай кхузахь хевшина Ӏийча а лийр ду. Арамхой севцинчу метте гӀой вай? Ваьш цара дийна дитахь, Ӏийр ду вай, ткъа дайахь — лийр ду». 5. Суьйранна арамхойн меттаматтана тӀебахара уьш. Улло а бахана, уьш хьаьвсича, цигахь цхьа а адам дацара. 6. ЙогӀучу гӀудалкхийн татанаш а, дойн терсар а, догӀучу доккхачу эскаран гӀовгӀа а ю моттадалийтинера Везачу Эло арамхойн эскарна. ТӀаккха цара вовшашка аьллера: «Тешна, вайна дуьхьал тӀом байтархьама, исраилхойн паччахьо хьетахойн а, мисархойн а паччахьаш лаьцна хир бу». 7. МаьркӀажхенахь шайн четарш а, дой а, варраш а юьтуш, шайн меттамотт дӀа а тесна, шайн синош кӀелхьар а дохуш, дӀабевддера уьш. 8. Цамгар кхетта волу и виъ стаг, меттаматтана йисте а кхаьчна, четарех цхьанна чувелира. Цара яа а йиира, мала а мелира цу чохь. ТӀаккха четар чуьра дети а, деши а, тӀеюха бедарш а, схьа а эцна, дӀа а бахана, и хӀуманаш дӀалачкъийра цара. Юха а бирзина, цара шолгӀачу четар чуьра а еза хӀуманаш, схьа а эцна, уьш а дӀалачкъийра. 9. Цара вовшашка элира: «Вай нийса лелаш дац! Хаза хаам хилла де ду хӀара, ткъа вай, и дӀа а ца буьйцуш, Ӏаш ду. Нагахь вай кхузахь сатассалц Ӏахь, вайна таӀзар дийр ду. Вай, дахана, паччахьан цӀахь хӀара гӀуллакх дӀахаийта деза». 10. Цара, тӀе а бахана, гӀалин кевнехь лаьттачу гӀаролехь болчаьрга схьакхайкхира. Цара, дерриг а дӀа а дуьйцуш, элира: «Тхо арамхойн меттаматтана тӀедахара, амма цигахь цхьа а адам дацара я адаман аз а дацара хезаш. Ткъа лаьтташ яра йихкина говраш, варраш. Даьсса четарш дара, шаьш ма-хиллара, лаьтташ». 11. ГӀаролехь болчара и кхаъ дӀакхайкхийра, иза паччахьан цӀа чу а кхечира. 12. Паччахьо, буьйсанна хьала а гӀаьттина, шен тӀеман хьаькамашка элира: «Арамхой шуна хӀун дан бохку дуьйцур ду ас шуьга. Царна хаьа вайга мацалла хӀоьттинийла, цундела уьш, шаьш болчуьра дӀа а бевлла, аренгахь дӀахьулбелла. Царна дагахь хир ду: „Исраилхой гӀалара арабевлча, уьш дийна боллушехь схьа а лецна, вай гӀали чу девр ду“». 13. Паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо элира: «Вайн дийна бисина болу пхи дин, схьа а эций, вайн нах бахийта цига. И говраш хӀетте а лийр ю-кх, гӀалахь белла болу массо а нах санна. Уьш а бахийтина, хьовсий вай, цигахь хӀун ду?» 14. Говраш а йоьжна, ши гӀудалкх а, нах а бахийтира паччахьо арамхойн эскарна тӀаьхьа. «ГӀой, хьовсийша, хӀун ду те эццахь дерг», — элира паччахьо. 15. Уьш Йордан-хина тӀекхаччалц дӀабахара. Сихбелла, бевдда боьлхучу арамхоша охьаэгийна бедарш а, герз а дара некъан бохалла Ӏуьллуш. Паччахьо бахийтинчара, юха а бирзина, иза цуьнга дӀадийцира. 16. Халкъо, ара а даьлла, арамхойн четарш чуьра ерриг а хӀума схьаийцира. Везачу Эло ма-аллара, тоьллачу деман саьхьан мах цхьа шекхал, ткъа мекхан шина саьхьан мах а изза хилира. 17. Куьг тӀетовжош хилла волу шен тӀеман хьаькам паччахьо гӀалин кевнехь гӀаролехь дӀахӀоттийнера. Ткъа халкъо и тӀеман хьаькам кевнехь хьаьшира. Иза цигахь велира. Ша волчу паччахь веанчу хенахь, Делан стага цуьнга хир ду ма-аллара, дерриг а кхочушхилира. 18. Делан стага паччахье: «Кхана хӀоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал хир бу, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гӀалин кевнехь духкур ду», — аьллачу хенахь, 19. тӀеман хьаькамо аьллера Делан стаге: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Ткъа Делан стага хӀетахь аьллера: «Хьан бӀаьргашна иза гур ду, амма цунах хӀумма а ахьа юур яц!» 20. Оцу ялхочунна аьлларг хила а хилира: халкъо кевнехь хьаша а хьаьшна, иза велира.
ТӀаьххьарнаш 8:1-29 1. Ша веллачуьра денвина хиллачу кӀентан нене ЭлишаӀ-пайхамаро аьллера: «Хьала а гӀаттий, хьо а, хьан цӀеранаш а цхьанхьа шайн Ӏен таро йолчу метте дӀагӀо, хӀунда аьлча Везачу Эло сацам бина, кху махкахь ворхӀ шарахь мацалла лаьттар ю аьлла». 2. Оцу зудчо Делан стага шега аьлларг динера. Цо а, цуьнан цӀерачара а, дӀа а бахана, пӀелаштамхойн махкахь ворхӀ шо даьккхинера. 3. ВорхӀ шо чекхдаьлча, и зуда юхайирзира пӀелаштамхойн махкара. Цо, паччахь волчу а яхана, шен цӀа а, шен аре а шена схьаялар дийхира. 4. Ткъа паччахь цу хенахь Делан стеган ялхочуьнца ГӀайхьазица къамел деш вара. Цо бохура: «Дийцахьа соьга ЭлишаӀа мел динчу тамашийначу гӀуллакхех лаьцна». 5. ЭлишаӀа веллачуьра кӀант денварх лаьцна ГӀайхьази къамел деш воллучу хенахь, цу кӀентан нана, паччахье шен цӀа а, аре а юха а шен дола яккхийтахьара бохуш, доьхуш йоллура. Ткъа ГӀайхьазис элира: «Сан паччахь волу олахо, хӀара шиъ ду-кх ЭлишаӀа денвина кӀант а, цуьнан нана а». 6. Паччахьо оцу зудчуьнга хеттарш дира, ткъа зудчо дерриг а дӀадийцира. ТӀаккха паччахьо шен кертахь гӀуллакх деш болчех цхьаъ вахийтира цуьнца. Паччахьо элира: «Оцу зудчунна цуьнан долахь хилларг дерриг а юхадерзаде. Иза цӀера яьлла хиллачу хенахь дуьйна таханлерчу денна тӀекхаччалц, цуьнан кха тӀера баьллачу пайданах цунна доггӀург дӀа а ло». 7. Арамхойн паччахь Бен-Хьадид цомгуш волчу хенахь, ЭлишаӀ Дамасакхе веанера. Делан стаг цу гӀала веана аьлла хаам паччахьна тӀе кхаьчча, 8. паччахьо Хьазиале элира: «СовгӀат схьа а эций, Делан стагана дуьхьал гӀо. Цуьнга Везачу Эле хаттар дайта: „Кху цамгарх толур вуй со?“ — аьлла». 9. Шовзткъа эмкална Дамасакх-гӀалара уггар тоьлла долу совгӀаташ тӀе а дехкина, Хьазиал ЭлишаӀана тӀевеара. Цунна хьалха дӀа а хӀоьттина, Хьазиала элира: «Арамхойн паччахь волчу хьан кӀанта Бен-Хьадида, хьуна тӀеваийтина со: „Кху цамгарх толур вуй те со?“ — аьлла, хаттар дан». 10. ЭлишаӀа цуьнга жоп делира: «ДӀа а гӀой: „Хьо толур ву“, — ала цуьнга. Амма Везачу Эло, Бен-Хьадид лийр ву аьлла, дӀадиллина суна», — элира ЭлишаӀа. 11. ЭлишаӀ Хьазиале леррина дӀахьоьжура, иза воххалц. ТӀаккха Делан стаг вилхира. 12. Хьазиала хаьттира: «Хьо хӀунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хӀун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гӀепаш ягор ю, кӀентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», — жоп делира ЭлишаӀа. 13. Хьазиала элира: «Хьан лай волу со, жӀаьла, мила вара оццул доккха долу гӀуллакх кхочушдаллал?» ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Везачу Эло дӀадиллина суна арамхойн паччахь хила хьо билгалваьккхина хилар». 14. ЭлишаӀ волчуьра дӀа а вахана, шен паччахь волчу веара Хьазиал. Паччахьо хаьттира: «ХӀун элира хьоьга ЭлишаӀа?» «Цо соьга элира, хьо толур ву», — аьлла, жоп делира Хьазиала. 15. ШолгӀачу дийнахь Хьазиала, стомма юргӀа схьа а эцна, иза, хи чохь даша а дина, паччахьан юьхь тӀе тесира, ткъа важа велира. Цуьнан метта Хьазиал, паччахь а хилла, дӀахӀоьттира. 16. Ахьабан кӀанта Йорама Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, ЯхӀудан халкъана тӀехь ЯхӀушапти паччахь волуш, яхӀудхойн кхин паччахь дӀахӀоьттира ЯхӀушаптин кӀант ЯхӀурам. 17. ЯхӀураман ткъе шийтта шо дара, иза яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттича. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. 18. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цӀийнах берш ма-леллара, хӀунда аьлча Ахьабан йоӀ цуьнан зуда яра. ЯхӀурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 19. Делахь а Везачу Элана, Шен ялхо волчу Даудан дуьхьа, ЯхӀудан халкъ хӀаллакдан ца лаьара. Цуьнан тӀаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чӀагӀо ма йинера Везачу Эло. 20. ЯхӀурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхӀудан халкъан карара кӀелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дӀахӀоттийра. 21. ЯхӀурам шен ерриге а гӀудалкхашца ЦаӀир-гӀала вахара. Иза, буьйсанна тӀе а гӀоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гӀудалкхашна тӀера церан хьаькамашна а тӀелетира. Ткъа яхӀудхойн эскархой шайн цӀеношка дӀасабевдира. 22. Эдоман халкъ таханлерчу денна тӀекхаччалц яхӀудхойн карара дӀадалларх иштта Ӏаш ду. Оццу заманахь Либна-гӀала а яхӀудхошна дуьхьалъяьллера. 23. ЯхӀурамах лаьцна — цо мел динчу гӀуллакхех лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 24. ТӀаккха ЯхӀурам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀураман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз-ЯхӀу. 25. Исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀанта Йорама паччахьалла до шуьйтталгӀа шо долуш хилира яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀантах Ахьаз-ЯхӀух паччахь. 26. Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ӏатал-ЯхӀу яра. Иза исраилхойн паччахь волчу Ӏумарин кӀентан йоӀ яра. 27. Ахьаз-ЯхӀу а вара Ахьабан цӀийнах болчийн некъахула лелаш. Ахьабан цӀийнах болчара санна, цо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора, хӀунда аьлча шен ненехула иза Ахьабан цӀийнаца гергарло долуш вара. 28. Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадера Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира. 29. Йорам-паччахь тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу а веанера ИзраӀал-гӀала, цомгуш волу Ахьабан кӀант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.
Забур 72:8-16 8. Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара. Дозаллаш дарца нахана гӀело яран ойланаш йо цара. 9. Цара шайн баганаш стигалшка хьала а йохуьйту, церан меттанаш лаьттахула дӀаса а даьржа. 10. Цундела цара дечунна тӀедоьрзу Цуьнан халкъ а, цара лелочух кхоччуш ша дуза а деш. 11. Цо олу: «Далла и муха хуур ду? Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?» 12. Иштта бу и Ӏесанаш! Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ца ешшехь, церан хьал алсамдолу. 13. Ас сайн дагахь элира: «ТӀаккха аса сайн дог цӀандар а, сайн куьг цӀена леладар а эрна хилла те? 14. Дийнахь сарралц соьга Ӏазап а хьоьгуьйту, хӀора Ӏуьйранна суна таӀзарш а дойту». 15. Ткъа: «Ас цу тайпана къамел дийр ду», — ас аьллехьара, Хьан берийн тӀаьхьенна хьалха со бехке хир вара. 16. Ас ойла йора, со цунах муха кхетар вара те бохуш. Амма суна цунах кхета хала дара,
Кицанаш 18:12-13 12. Курачу стеган дог, цуьнан вожар хилале, ирхдоьду, ткъа ша лахара хеттачул тӀаьхьа стеган сий хьаладер ду. 13. ХӀумане ла а догӀале жоп луш волу стаг сонта ву, цунна тӀе эхь догӀу.
Яхьъя 18:19-40 19. Динан коьртачу дас мурдех а, Цо бечу хьехамех а лаьцна хаьттира Ӏийсага. 20. Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дӀадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цӀеношкахь я Делан цӀа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хӀумма а ца дуьйцура. 21. Ахьа Соьга хӀунда хоьтту и? Хезначаьрга хатта, Аса шайга хӀун дуьйцура. Царна хаьа хьуна, Аса хӀун аьлла». 22. Ӏийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гӀаролхочо, Ӏийсан юьхь тӀе тӀара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?» 23. Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ас цхьа хӀума нийса ца аьллехь, схьаала, иза иштта дац аьлла. Аса нийса аьллехь, Суна хӀунда етта ахь?» 24. ТӀаккха Ӏийса, вихкина а волуш, динан коьрта да волчу Кайбана тӀехьажийра Ӏаннас. 25. Ткъа ШамӀа-Кипа хӀинца а вохлуш лаьтташ вара. ТӀаккха элира цуьнга: «Хьо-м вац те Цуьнан мурдех?» «Вац», — аьлла, дӀахадийра Кипас. 26. Кипас лерг даьккхинчун гергара волчу, динан коьртачу ден ялхойх цхьаммо элира: «Хьо вацара Цуьнца цхьаьна бешахь суна гинарг?» 27. Иштта Кипас юха а элира: «Вацара». Ткъа цу сохьта нӀаьна кхайкхира. 28. Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гӀишлона чу вигира Ӏийса. Цу хенахь Ӏуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гӀишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама. 29. ГӀишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хӀун бехк балабо аша?» 30. Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дӀавелла хир вацара оха Иза». 31. ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дӀа а эций, шайн Ӏедало ма-бохху, кхел е Цунна». Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо». 32. Иза хилира Ӏийсас Шен валар муха хир ду дӀахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама. 33. ТӀаккха Пулата, юха а гӀишло чу а вахана, Ӏийса шена тӀе а кхайкхина, хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» 34. Ӏийсас жоп делира: «Хьайгара боху те ахьа иза, я кхечара аьлла те хьоьга Сох лаьцна?» 35. Пулата, жоп луш, элира: «Жуьгти ву ткъа со? Хьан халкъо а, динан коьртачу дайша а схьавелла-кх Хьо сан кара. Ахь хӀун дина?» 36. Ӏийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хӀинца Сан пачхьалкх кхузара яц». 37. ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Хетарехь, Хьо хӀетте а Паччахь ву-кх?» Ӏийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугӀу Сан озе». 38. Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хӀун ду?» Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тӀевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хӀума ца го суна. 39. Пасахьан дийнахь гуттара а деш цхьа хӀума ма ду шун: тутмакхех цхьаъ паргӀатвоккхуьйтуш. Иштта, ас хӀара жуьгтийн къоман Паччахь дӀахеца лаьий шуна?» 40. Цара маьхьарий хьаькхира: «ХӀара ма хеца, Барраб схьахеца», — аьлла. Ткъа Барраб талорхо вара.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012