Библия Один Год

1. ТӀаккха наӀматхо волу Цупар Аюбе вистхилира:
2. «Дуккха а дийцинчу дешнашна дуьхьал дала жоп дац те? Дукха къамелаш деш верг бакъ ву ткъа?
3. Хьан даьссачу къамелаша тхо дист ца хуьлуш сацор ду моьтту хьуна? Кхаьрдаш волу хьо цхьаммо а юьхьӀаьржачу хӀоттор вац моьтту хьуна?
4. Ахьа Деле боху: „Сайн хьехамехь со бакъ ву, Хьан бӀаьргашна хьалха со цӀена ву“.
5. Суна луур дара, Аюб, Дела хьоьга вистхила, хьуна дуьхьал Цо Шен бага схьаелла.
6. Шен хьекъалаллин къайленаш Дала хьуна йовзуьйтур елахьара, бакъйолчу хьекъалаллин цхьа агӀо хилла ца Ӏарна. Суна луур дара хьуна хаийта, Далла хьан къинойх цхьадерш дицдалийтина хилар.
7. Делан кӀоргачу къайленашка хьо билггал кхачало те? Нуьцкъалчу Делан бухбоцучу бакъдолчух хьан кхета ницкъ кхочий те?
8. Иза стигалел лекха ду — муьлха адам цига кхачалур ду? Иза эхартал кӀорга ду — муьлхачу стагана иза хаалур ду?
9. Цуьнан барам лаьттал беха бу, иштта иза хӀордал шуьйра бу.
10. Цо, схьа а веана, милла а набахти чу а воьллина, иза кхеле озийча, Цунна дуьхьал мила вер ву?
11. Цунна харцонаш лелориг вевза. Нагахь санна Цунна зулам гахь, Цо иза дагахь латтор дац?
12. Хьекъал доцург хьекъале верзийча, виркхело йинчу вирах адам хир дара.
13. Хьан дог чӀогӀа Далла тӀетевжаш хила деза, Цуьнга дӀакховдо деза ахьа хьайн ши куьг а.
14. Хьайн куьйгашна тӀе вониг латийнехь, хьайгара генна дӀакхосса деза ахьа, ткъа хьайн четар чохь зулам а ма Ӏайта.
15. ТӀаккха хьанна а нийса бӀаьргаш чу хьажалур ву хьо, цхьаннах а ийза ца луш лелар ву хьо, цхьаннах а кхоьрур а вац хьо.
16. ТӀаккха хьайн гӀайгӀа билггал бицбийр бу ахьа, дӀадахана хи санна бен, иза дага ца лоцуш.
17. Хьан дахар делкъенан малхал къегар дара, боданах Ӏуьйренан серло хир яра.
18. Хьайн сатуьйсийла йолу дела, хьо маьрша хир вара. Дала лар а веш, хьо кхерамбоцуш наб кхеташ хир вара.
19. Цхьаммо а кхера а ца веш, хьо дӀавуьжур вара, дукхахберш хьуна хьалха хьесталуш а хир бара.
20. Ӏесачеран бӀаьргашна са кӀезиг гур ду, шаьш кӀелхьарбовла церан йиш хир яц. ТӀаьххьара а, садалар бен, церан сатуьйсийла хир яц».
1. ТӀаккха Аюба, жоп а луш, элира:
2. «Ма бакъ ду иза! Шу нехан бага ю теша? Шуьца цхьаьна хьекъалалла лийр ма ду!
3. Ткъа сан а ма ду хьекъал, шун санна. Ткъа со а ма вац шул оьшуш — иза хьанна ца хаьа?
4. Деле кхойкхуш, Цо жоп луш хилла волчу, сох белам хилла сан доттагӀашна. Нийса а, кхачаме а волчу сох кхардам хилла.
5. Синтем болчунна моьтту бохамах кхарда веза. Ког тасабелларг чутоттуш ву.
6. ПаргӀат ду талорхойн хӀусамашкахь, Дела оьгӀазвохуьйтурш а синтеме Ӏаш бу, цара Дела шайн карахь лелош волуш санна.
7. ТӀаккха хатта акхарошка — цара хьоьхур ду хьуна, стигаларчу олхазарша дуьйцур ду хьуна.
8. Лаьттаца къамел де — цо хьоьхур ду хьуна, хӀорда чуьрачу чӀерашка а дийцийта хьайга.
9. Царах массарах а хьанна ца хаьа, Везачу Элан куьйго и дерриг а дина дуйла?
10. Цуьнан карахь ду хьуна массо а дийначу хӀуманийн синош а, иштта массо а адамийн синош а.
11. Маттана юучун чам хааре терра, лергана а ца девза ткъа дешнаш
12. Къеначаьргахь хьекъалалла карор ду хьуна, дукха ваьхнарг кхетам болуш ма хуьлу.
13. Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а, иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а.
14. Цо дохийнарг юхаметтахӀотталур дац, Цо чувоьллинарг паргӀатвер вац.
15. Цо догӀа сацадахь, массо а хӀума якъалур ю, Цо хиш схьахецахь, цара дерриг а латта хӀаллакдо.
16. Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю, Цуьнан карахь ву Ӏехориг а, Ӏехийнарг а.
17. Хьехамчаш Цо хьекъалх эшабо, кхелахойх Цо сонтанаш а хуьлуьйту.
18. Паччахьашна тӀера хаза духарш дӀа а дохий, лейн бедарш царна тӀеюхуьйту Цо.
19. Динан дай Цо даржах эшабо, чӀагӀбина куьйгалхой херцабо, уьш тоххара дуьйна белахь а.
20. Тешамечу хьехамчийн къамелаш а сацадо, къеначеран къасторан хьуьнар а эшадо.
21. Сийлаллехь болчеран сий а дойу Цо, ницкъ болчаьргара ницкъ а дӀабоккху.
22. Боданехь хьулдинарг а Цо гучудоккху, Цо Ӏожаллин бода а серлонга боккху.
23. Цо халкъаш доьбуьйту, уьш хӀаллак а до. Къаьмнаш нуьцкъала а до, юха уьш дӀа а дуьгу.
24. Дуьненан мехкийн куьйгалхошкара хьекъал дӀа а оьций, уьш некъаш доцучу аренгахула буьйлабелла лоьлуьйту Цо.
25. Куьйган уьшаршца боданехь лела уьш, бехна нах санна, уьш тоьхкуьйту Цо».
1. Схьадуьйла, Везачу Элана хастам бер вай, вайн кӀелхьардовларан Тархе даккхийдерца кхойкхур вай.
2. Хастамаш барца Цунна хьалха хӀуьттур вай, даккхийдерца эшаршкахь Цуьнга кхойкхур вай.
3. Веза Эла сийлахь Дела ву, Массо а деланашна тӀехь сийлахь Паччахь ву Иза.
4. Лаьттан кӀоргалла а Цуьнан карахь ю, лаьмнийн баххьаш а Цуьнан ду.
5. ХӀорд а Цуьнан бу, Цо иза кхоьллина дела, ткъа декъа латта Цуьнан куьйгаша дина ду.
6. Дуьйло, Далла хьалха охьатаьӀар вай, вай кхоьллинчу Везачу Элана хьалха горахӀуьттур вай.
7. ХӀунда аьлча Иза вайн Дела ву, Цо Ӏалашдеш долу халкъ ду вай, Цуьнан куьйга кӀел долу жа ду. Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,
8. «Дуьхьал ма дийлалаш, Мерибахь а, Массехь а санна а, зеран дийнахь яьссачу арахь санна а.
9. Шун дайша Со зийра цигахь, Ас дина мел дерг шайна гиннашехь.
10. Шовзткъа шарахь цу тӀаьхьенна оьгӀазъоьхуш Ӏийра Со. Ас элира: „Шайн дегнашкахь тиладелла халкъ ду иза, Сан новкъа ца баха уьш“.
11. Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».
24. Сихха оьгӀазвоьдучуьнца гергарло ма леладе, сиха моха йогӀучарна улло а ма гӀо,
25. церан некъаш ца Ӏамархьама а, хьайна гур ца богӀийтархьама а.
1. Динан вежарий! Доггах лаьа суна исраилхой а кӀелхьарбаьхна хила. Цунах лаьцна доьху аса Деле.
2. Царах тоьшалла до аса: хьекъалца нийса некъ шайна ца бовзахь а, Далла леррина гӀуллакх деш бу уьш.
3. Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гӀиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтӀахь ца хилира уьш.
4. Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хӀоранна а хилийтархьама.
5. Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
6. Ткъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“ — бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама).
7. «Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“ — бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама).
8. ХӀан-хӀа! ХӀун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тӀехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду.
9. «Ӏийса Веза Эла ву!» — бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кӀелхьарваьккхина хир ву.
10. ХӀунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тӀевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кӀелхьарваьккхина хиларна тӀевалаво.
11. Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».
12. Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хӀунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хӀорра а алссам декъалво Цо.
13. Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХӀорра а, Везачу Элан цӀе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кӀелхьарвоккхур ву».
14. Ткъа Цуьнга муха кхойкхур бу уьш, Цунах шаьш тешаш ца хилча? Муха тешар бу уьш, Цунах лаьцна шайна хезна а ца хилча? Муха хезар ду царна, Цунах лаьцна цхьаммо а дӀакхайкхош ца хилча?
15. Ткъа наха муха дӀакхайкхор ду, дӀакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: «Хаза кхаъ бахьаш болчу геланчийн когаш мел хаза бу!»
16. Амма исраилхоша массара а ца ийцира и хаза кхаъ тӀе. ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьллера: «Веза Эла! Мила тийшира оха хьехначух?»
17. Делахь, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна долу дош цхьаммо кхайкхийча, адамашна хаза кхаъ хеза, ткъа и кхаъ хезча, адамаш Цунах теша.
18. Ткъа аса хоьтту: царна ца хезнера хаза кхаъ? Дера хезнера. Делан Йозано боху: «Дерриг а лаьтта тӀехула чекхъяьлла церан лар. Дуьне мел ду дӀакхаьчна церан тоьшалла».
19. Аса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху: «Халкъ доцучу халкъе Ас хьагӀ хуьлуьйтур ю шун, ткъа кхетам боцучу халкъан гӀоьнца Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю шуьгахь».
20. Ткъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро майрра боху: «Ца лехначарна Со карийна, Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса».
21. Ткъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаӀ-ЯхӀугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Ӏийра Со Сайн куьйгаш дӀакховдийна муьтӀахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012