Библия Один Год

1. Юшайн юьхках зӀийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду.
2. Везачу Элан Са цунна тӀехь Ӏийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву.
3. Веза Эла ларар цунна тамехь хир ду. БӀаьргашца гиначуьнга хьаьжна, цо гӀуллакх къастор дац, лергашца хезначуьнга хьаьжна, цо нахана кхел йийр яц.
4. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гӀело хьоьгучеран гӀуллакх догцӀеналлица къастор ду цо. ГӀаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Ӏаьнарца цо Ӏесанаш бойур бу.
5. Нийсо цуьнан хенаш тӀера доьхка санна хир ю, тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду.
6. ТӀаккха борз Ӏахарца цхьаьна Ӏийр ю, цӀокъ буьхьигна уллохь Ӏуьллур ду, эса а, къона лом а, дерстина даьхни а цхьаьна хир ду. Жимачу беро лелор ду уьш.
7. Етт стечу ченаца цхьаьна бежар бу, церан кӀорнеш цхьаьна Ӏохкур ю, лоьмо, старо санна, ча дуур ду.
8. Бер лаьхьанан Ӏуьрга уллохь ловзур ду, цо шен куьг цуьнан бенна тӀе кховдор ду.
9. Берриг а Сан безачу лам тӀехь зен а, зулам а хир дац, хӀунда аьлча, хино хьалабузу хӀорд санна, Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта.
10. Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Ӏаш волу меттиг сийлалла хир ю.
11. Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дӀакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатӀрус-махкара а, Хуша-махкара а, Ӏейлам-махкара а, ШанӀар-махкара а, Хьамат-гӀалара а, хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало.
12. Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дӀалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дӀасабаржийна яхӀудхой дуьненан еа а маьӀӀера схьакхойкхур бу.
13. Эпрайман хьагӀ а дӀаер ю, ЯхӀудан мостагӀалла дӀахедар ду. Эпрайман ЯхӀуде хьагӀ хир яц, ЯхӀуда Эпраймана мостагӀалла лелор дац.
14. Эпрайман а, ЯхӀудан а къам, малхбузехьа а дахана, пӀелаштамхошна тӀелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Ӏамминан халкъ муьтӀахь хир ду цушинна.
15. Мисаран хӀордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тӀехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхӀ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кӀархаш а буьйхина, дехьавалалур ву.
16. ТӀаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра.
1. Цу дийнахь вайн къомо эр ду: «Хьо хаставо оха, Веза Эла. Хьо тхуна оьгӀазвахана хиллехь а, Хьайн оьгӀазалла дӀаяьккхина, Ахь тхуна синтем белла.
2. Дела ву тхо кӀелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Ӏаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хӀуманах, хӀунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кӀелхьардаьхна дела.
3. КӀелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца».
4. Цу дийнахь аша эр ду: «Хаставе Веза Эла, деха Цуьнга, халкъашна Цуьнан гӀуллакхех лаций дийца, Цуьнан цӀе сийлахь хилар дагадаийта массарна а.
5. Иллица хаставе Веза Эла, Цо сийлахь гӀуллакхаш дина дела. ДӀахоуьйла иза дерриге а дуьненахь.
6. Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хӀунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву».
6. Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
7. Цо уьш нийсачу новкъахула дӀабигира, шена чохь адамаш дехаш йолчу гӀала а бохуьйтуш.
8. Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
9. Цо хьогуш верг Ӏаба а во, меца верг диканца вуза а во.
10. Цхьаберш Ӏаьржачу боданехь бехаш Ӏаш бара, аьчка буржалш а тоьхна, гӀайгӀанехь а болуш,
11. хӀунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера, Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера.
12. Церан дегнаш Цо халачу белхашца охьатаӀийра, уьш гал а бевллера, царна орцахвала цхьа а стаг а вацара.
13. Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
14. Цо уьш Ӏаьржачу боданера арабехира, церан буржалш доха а дина.
15. Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
16. ЦӀестан кевнаш Цо доха а до, аьчка гӀораш хьеша а хьоьшу.
17. Цхьаберш Ӏовдалш бара, гӀело а хьоьгуш, шайн зуламе некъаш а, шаьш летийна къинош а бахьана долуш.
18. Церан синош массо а кхачанах дӀадирзинера, уьш Ӏожаллин кевне а кхаьчнера.
3. Стигалан лакхалле а, лаьттан кӀоргалле а кхачалург цахилар санна, паччахьан дагах а кхета йиш яц.
4. Боьхачух цӀанде дети, говзанчина кад бан гӀирс лур бу ахьа.
5. Паччахьна уллора Ӏеса стаг дӀаваьккхича, нийсонехь чӀагӀлур ду цуьнан паччахьалла.
1. Аса сайн дагахь сацам бира, со шу долчу вогӀуш, юха а шун дог дохош ца ван.
2. ХӀунда аьлча аса юха а шун дог дохийча, хьан дийр дара суна хазахетар, аса халахетийтина долчу шу доцучара?
3. Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла.
4. Аса боккхачу дегалазамца, дегаӀаткъамца, дуккха а долу сайн бӀаьрхишца яздинера шуьга и кехат. Иза шун дог лазорхьама яздина дацара. Шуьга болу сайн тӀех боккха безам шуна бовзийта яздинера аса иза.
5. Нагахь цхьаммо дог дохийнехь а, цо сан дог ца дохийна, амма цхьана декъана шун массеран а дохийна, тӀех луьра ца олуш дитича.
6. Дукхахболчара дина таӀзар тоьар ду иштта волчунна.
7. Цундела шуна гӀолехь ду, хӀинца цунна къинтӀера а девлла, цуьнан догъэцча, иза йоккхачу гӀайгӀане ца вахийта.
8. Аса доьху шуьга цундела, цуьнга шайн безам хилийтар.
9. Иза аса яздинера, шу зийначул тӀаьхьа, шу массо а хӀуманна тӀехь соьга ладугӀуш дуй те хьажархьама.
10. Шу къинтӀера девллачунна со а ваьлла, хӀунда аьлча со хӀуманна къинтӀера вала везаш хилча а, аса иза шуна диканна дина Дала леррина Къобалвинчунна хьалха,
11. иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тӀехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу.
12. Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дӀакхайкхо Троя-гӀала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неӀ дӀайиллира.
13. Амма со синтем байна вара, хӀунда аьлча цигахь суна сайн динан ваша волу Тита ца карийра. И бахьанехь, церан Ӏодика а йина, со Македоне вахара.
14. Амма Далла баркаллаш бохийла вай! Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайна тӀехь толам а баьккхина, муьлххачу хенахь а вай толаман тобанехь лоьлуьйту Цо. Дала леррина Къобалвинарг вовзаран хаза хьожа вайгахула массанхьа а дӀасаяржайо Цо.
15. КӀелхьарбовларан некъа тӀе бевллачарна а, хӀаллакьхиларан новкъахь болчарна а юкъахь Дала леррина Къобалвинчо Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду вай.
16. ХӀаллакьхиларан новкъахь болчарна иза Ӏожаллин хьожа ю, уьш валаре а буьгуш. Ткъа кӀелхьарбовларан новкъахь болчарна иза хаза хьожа ю, уьш дахаре а буьгуш. Хьаьнга далур дара и дерриге а?
17. Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цӀарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012