Библия Один Год

1. Везачу Эло Ярми-ЯхӀуга аьлла долу дешнаш иштта дара:
2. «Везачу Элан цӀийнан ков долчу дӀа а хӀоттий, хӀара хаам дӀакхайкхабе: „ЛадогӀа Везачу Элера долчу дешнашка. ХӀокху кевнна чухула а бовлуш, Везачу Элана суждане оьхуш долчу ЯхӀудан халкъан массара а ладогӀа.
3. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло, Исраилан Дала: хийца шайн дахар а, шайн гӀуллакхаш а. Шайга бохург аша дахь, Аса кхузахь даха дуьтур ду шу.
4. Ма теша шайна хезаш долчу харцкъамелех. Цхьаболчу наха боху: ‘Кхузахь ду Везачу Элан цӀа! Веза Эла Ша кхузахь волу дела, тхо кхерамехь дац!’
5. Амма шайн дахар а, гӀуллакхаш а нисдина, вовшашца нийсо а лелош,
6. тӀебаьхкина болчу нахана гӀело а ца еш, байшна а, бисина Ӏаш болчу зударшна а гӀело а ца еш, бехк боцучеран цӀий а ца Ӏанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тӀаьхьа а ца хӀуьттуш шу лелахь,
7. Аса хӀокху лаьтта тӀехь даха дуьтур ду шу. ХӀара латта Аса шун дайшна дӀаделла ду, церан тӀаьхье абаденналц цу тӀехь яхийта.
8. Амма шу ледеш долчу дешнех тешна Ӏаш ду, царах шайна пайда бер боццушехь.
9. Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чӀагӀо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаӀална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу.
10. Цул тӀаьхьа Сан цӀе лелош долчу цӀийнан керта тӀе а догӀий, Суна хьалха дӀахӀуьтту шу: ‘Тхо маьршадевлла’ — бохуш. Массо а и дегаза хӀуманаш лелорхьама, шаьш маьршадевлла моьтту те шуна?
11. Сан цӀе лелош долу хӀара цӀа шуна хьалха зуламхойн бен хилла дӀахӀоьттина те? Суна-м и шадерг а гина! — боху Везачу Эло. —
12. Дуьххьара Сан Ӏаш йолу меттиг дӀахӀоттийна йолчу Шилун-гӀала а гӀой, хьовса, Аса цу меттигна хӀун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш.
13. И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, — боху Везачу Эло, — Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгӀира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора.
14. Цундела Шилун-гӀалина динарг Аса хӀинца Сан цӀе лелош долчу хӀокху цӀенна а дийр ду, шу оцу цӀийнах тешна Ӏаш доллушехь а, Аса хӀара меттиг шун дайшна дӀаеллехь а.
15. Аса Сайна уллора юхатоттур ду шу, шун гергара йолу Эпрайман тӀаьхье юха-ма-таттара“».
16. «Ткъа ахьа, Ярми-ЯхӀу, и къоман дуьхьа Соьга доӀанаш ма де, царах къинхетам бар а ма деха Соьга, хӀунда аьлча Суна хьан доӀа хезар дац.
17. Хьуна гуш дац цара ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамнекъашкахь а деш дерг?
18. Бераша дечиг лахьадо, дайша цӀе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш охьадутту, Со оьгӀазвахийтархьама.
19. Амма цара зен дийриг Со ву те? — боху Везачу Эло. — ХӀан-хӀа, шаьш-шайна зен ма до цара, шаьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош».
20. Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгӀазло а, дералла а хӀокху меттигна тӀе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тӀе, иштта дитташна а, ялтина а тӀе. Сан дералла цӀе санна йогур ю, ткъа иза дӀаяйа стаг а хир вац».
21. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Даха а гӀой, Суна дийнаташ дагоран сагӀа даккхаран метта, цунах долу жижиг сагӀанийн кхидолчу жижигна тӀедилла. Суна цунах хӀумма а ца оьшу — аша-шаьш и дерриг а даа!
22. Шун дай Мисар-махкара арабаьхначу дийнахь, Аса, цаьрга вист а хуьлуш, дийнаташ дагоран сагӀанех а, вукху сагӀанех а лаьцна цхьа а тайпа весет ца дира.
23. Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугӀуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тӀе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, — аьлла.
24. Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгӀира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тӀе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агӀор а ерзийна.
25. Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура.
26. Амма шун дайша Соьга ла а ца дугӀура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра.
27. Ярми-ЯхӀу, ахьа и хӀума цаьрга дӀадийцахь а, цара хьоьга ладугӀур дац, хьо цаьрга кхайкхахь а, цара хьуна дуьхьал жоп лур дац.
28. Цундела ахьа ала деза: „ХӀара къам — шен Везачу Делан озе ла ца дугӀуш долу къам ду, иштта цо ша нис ца дойту. Тешаме хилар къомана юкъахь кхин ца хуьлу — цунах лаьцна цхьа а вист а ца хуьлу“».
29. «Боьлхуш хила, оцу къоман нах! Шайн месаш, дӀа а ларгий, дӀакхисса. Ерзинчу лакхенашкахь тийжам бе, хӀунда аьлча Везачу Эло хӀара къам дӀатеттина, Ша оьгӀазвахийтина долу къам долчуьра Иза дӀавахана.
30. Суна вон хеташ долу хӀума дина ЯхӀудан халкъо, — боху Везачу Эло. — Сан цӀе лелош долчу цӀа чохь цара шайн дегаза цӀуш дӀахӀиттийна, и цӀа бех а деш.
31. Бен-ХӀинам-тогӀи чохь йолчу Тупатахь цара сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а дагорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац.
32. Цундела, варелаш! — боху Везачу Эло, — тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю, хӀунда аьлча шайн байина болу нах цара кхузахь дӀабухкур бу, кхузара меттиг чекхъяллалц.
33. Беллачеран декъий лаьттахь Ӏохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тӀера дӀалахка цхьа а стаг а хир вац.
34. Аса сацор ду ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хӀунда аьлча хӀара латта дассийна лаьтташ хир ду».
1. «Цу заманахь, — боху Везачу Эло, — яхӀудхойн паччахьийн а, церан тхьамданийн а даьӀахкаш, иштта динан дайн а, пайхамарийн а, Ярушалаймерчу бахархойн а даьӀахкаш церан кешнаш чуьра арайохур ю.
2. Оцу нехан даьӀахкаш дӀасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кӀелахь. Стигалара и хӀуманаш хӀокху нахана езара, царна хӀокху наха гӀуллакх а дора, уьш царна тӀаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Ӏибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьӀахкаш, уьш цхьаммо а дӀа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Ӏуьллуш долу кхо санна, цигахь Ӏохкур ю.
3. Аса уьш мичча а дӀалаьхкинчу меттигашкахь оцу вочу халкъах массо а дийна дисначарна дахарал Ӏожалла дика хетар ю», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
4. «Ярми-ЯхӀу, халкъе Везачу Эло боху алий дӀаала: „Стаг охьакхетча, иза юха хьала ца гӀотту те? Стаг харцновкъа ваьллехь, иза юха ца воьрзу те?
5. ТӀаккха хӀара халкъ Сох хӀунда дӀадирзина? Ярушалайм Суна массо а хенахь тешнабехк хӀунда хуьлу? Ӏехорна тӀаьхьабовлу уьш, ткъа Со волчу юхадерзарх къаьхка.
6. Аса леррина ладоьгӀна цаьрга, амма бакъдерг ца дуьйцу цара. Царах цхьа а шаьш лелийначунна дохко а ца ваьлла, цхьаммо а ца боху: ‘ХӀун дина Аса?’ Уьш тӀамана юккъехула лаллаелла йоьдучу говрах тера бу.
7. Олхазаршна а хаьа шаьш схьадахка деза хан а, шаьш дӀадаха деза зама а: аистна а, къоркхокханна а, чӀегӀардигна а, гӀаргӀулина а. Амма хьуна, Сан халкъ, ца хаьа Аса хьайна тӀедиллинарг.
8. Аша боху: ‘Тхан товрат-хьехамаш а бу, тхоьгахь хьекъал а ду’. Амма иза иштта дац, хӀунда аьлча шун Ӏеламчу наха товрат-хьехам талхабора.
9. Шун хьекъалчаш юьхьӀаьржачу а хӀуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал?
10. Цундела Аса церан зударий кхечарна дӀалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дӀа. КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тӀера динан дайшна тӀе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла.
11. Сан къомана тӀехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хӀумма а дац бохуш. Цара Сан къам Ӏехадо, цуьнгахь машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь.
12. Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хӀума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цӀий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хӀаллакьхир бу. Нахана таӀзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш“», — боху Везачу Эло.
13. «Аса массо а хӀума цаьргара схьадоккхур ду. Кемсийн таьлланг тӀехь цхьа а кемс юьтур яц, инжирийн дитта тӀехь цхьа а инжир а юьтур яц, царна тӀера гӀаш а маргӀалдулур ду. Аса царна мел делла долу хӀума а кхиболчара схьадоккхур ду», — боху Везачу Эло.
14. «Вай кхузахь хӀунда Ӏа? ХьалагӀовтта, чӀагӀйина йолчу гӀаланашка дӀадахийта вай, цигахь лийр ду вай! Вайн Везачу Дала Ӏожаллин кхел хадийна вайна. Цо дӀаьвше хи муьйлуьйту вайга, Цунна дуьхьал вай къинош летийна хилар бахьана долуш.
15. Вай долчу машар кхочуш бу бохуш, сатийсинера вай, амма диканиг ца кхечи вайга. Вай долчохь дарбанан хан хиларе сатийсинера вай, амма цуьнан метта къемат кхечи вайга.
16. Дан-гӀала йолчуьра мостагӀийн говрийн хур дар схьахеза. Церан дой терсарна берриге а мохк бегаш бу. Уьш схьабогӀуш бу, мохк а, цунна чохь мел ерг а, иштта гӀала а, цунна чохь вехаш мел верг а хӀаллаквархьама».
17. «Аса шуна тӀе лаьхьанаш санна болу мостагӀий хоьцур бу. Уьш дӀасацо йиш йоцучу дӀаьвшечу лаьхьанех тера бу, ткъа цара шуна це тухур ю», — боху Везачу Эло.
18. Маца хир бу те сан дагна хьаам? Ма гӀайгӀане ду-кх сан дог!
19. ЛадогӀахь гӀо доьхуш долчу сан къоме. Цо боху: «Цийонехь Веза Эла кхин вац те? Цигахь цуьнан Паччахь кхин вац те?» Амма Везачу Эло боху: «ХӀунда вахийтина те цара Со оьгӀаза, шайн хӀумма а йоцу харцделанаш а, цӀуш а бахьана долуш?»
20. Наха боху: «Ялта а чуэцна, аьхке а чекхъяьлла, амма вай кӀелхьар ца даьхна».
21. Холчохь ду сан халкъ, цундела хала ду суна а. ЧӀогӀа гӀайгӀане ву со, сан даг чу кхерам боьссина.
22. ГалӀадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хӀунда ца тоделла те цаьрга?
1. А дамаш декъала хуьлу цӀеначу некъаца лелча, Везачу Элан товрат-хьехам тӀехь а лаьтташ.
2. А дамаш декъала хуьлу Цуьнан сацамаш ларбеш хилча, дерриг а шайн дагца Иза лохуш хилча.
3. А ла хӀума долу гӀуллакхаш цара ца до, амма Цуьнан некъашца лела уьш.
4. А хьа омранаш тхуна тӀедехкина, тхоьга уьш кхоччуш лардайтархьама.
5. Ма-дарра олучу дешнашца стаг нисвар гӀоле ду, доттагӀчуьнга болу безам къайлабахьарал.
6. Хьо везачо доху бехкаш бакъ ду, хьо ца везачо йоху обанаш харц ю.
1. Суна шуьга дӀахаийта лаьа, мел чӀогӀа къахьоьгу аса Лаудикехь дехачу шун дуьхьа а, юьхь-дуьхьал со шайна гина а боцучу массеран дуьхьа а.
2. Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахӀитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чӀогӀа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву.
3. Цунна чохь къайлаяьккхина ю кӀоргге долчу хьекъалан а, кхетаман а мел йолу хазна.
4. Аса иза боху шуьга, цхьаннан а хазачу къамелах шу Ӏеха ца далийтархьама.
5. ХӀунда аьлча со, шуна гуш юххехь вацахь а, синца шуьца ву. Шун оьзда дахар а, Дала леррина Къобалвинчух шун чӀогӀа долу тешар а гуш, воккхавеш ву со.
6. Дала леррина къобалвина Ӏийса шаьш Веза Эла санна тӀеэцарна, Цуьнца доьзна а долуш, дахалаш.
7. Шайн тешаран орамаш Цунах дӀа а тасий, Цуьнца цхьаьна хьалакхиалаш. Шайна хьехначу тешарехь чӀагӀлолаш. Баркаллех дуьззина хилалаш.
8. Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Ӏадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тӀехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац.
9. ХӀунда аьлча адаман сибат тӀеэцна волчу Цунна чохь Дела кхачам болуш Ӏаш ву.
10. Шу а ду кхачам боллуш дуьзна, шу Цуьнца доьзна долу дела. Стигалийн мел болчу хьаькамел а, куьйгалхойл а коьрта ву Иза.
11. Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дӀабаьхна.
12. Хих чекхдовлучу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дӀадоьхкина долу шу Цуьнца цхьаьна денделла, Иза веллачуьра денвинчу Делан ницкъах шун долчу тешарца.
13. Шаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина.
14. Цо дӀадайина вайн декхар тӀеяздина долу йоза. Оцу кехат тӀехь вайна дуьхьал долу а, вай бехке озош долу а парзаш дара. ЖӀарах дӀа а тоьхна, Дала и кехат дӀадаьккхина.
15. Иза дарца жинийн хьаькамийн а, куьйгалхойн а карара олалла дӀадаьккхина Цо. Ӏийса жӀарах дӀатохарехула царна тӀехь толам а баьккхина, массарна а хьалха уьш юьхьӀаьржачу хӀиттийра Цо.
16. ХӀинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла.
17. ХӀунда аьлча и дерриг а хиндолчун дегӀан ӀиндагӀ ду, ткъа долуш дерг Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна ду.
18. Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Ӏамал ян а деза бохучо шу Ӏеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тӀе а чӀагӀдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган.
19. ДегӀан Корта болчу Дала леррина Къобалвинчунна тӀе ца гӀерта иза. И корта бахьана долуш, пхенаша а, меженаша а латтадеш цхьаьнатесна долу и дерриг а дегӀ Делан лаамехь хьалакхуьуш ду.
20. Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца шу, дала а делла, кху дуьнен чохь долчу парзийн а, Ӏадатийн а долара схьадевлла хилча, хӀунда гӀерта шу, кху дуьненан долахь долуш санна,
21. «хӀокхунах ма хьакхалолаш», «хӀара ма яалаш», «кхунах куьг ма Ӏотталаш» бохучу сацамашна тӀе?
22. Диина даьлча, телхина дӀадер долчу хӀуманех лаьцна дуьйцу оцу хьехамашкахь. Уьш адамаша даьхна парзаш а, хьехамаш а бен дац.
23. ТӀехьаьжча, иштта парзаш хьекъале ду мотта тарло: цаьрца ду шайн лаамца Ӏамал яр а, харцкепара шаьш лахара хетар а, шайн догӀмашна тӀехь ницкъ бар а. Делахь а, цара шайн хьарамчу лаамашна урхалла даре хьаьжжина, цу парзийн цхьа а мах бац.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012