9. Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таӀзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цӀераш Исраилан халкъана юкъахь дӀаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богӀур бац. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла.
10. Иза иштта билггал хир ду, хӀунда аьлча цара Сан къам Ӏехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тӀе кир тоьхча санна хуьлу.
11. Цу пенна тӀе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дӀахаийта. ЧӀогӀа догӀа а догӀур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тӀе а хьокхур бу.
12. И пен охьабоьжча, халкъо хоттур ду пайхамаршка: ‘ХӀун хилла аша цу пенна тӀе тоьхначу кирах?’“
13. Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аса Сайн дераллица буьрса мох бохуьйтур бу, Сайн оьгӀазаллица чӀогӀа догӀа а доуьйтур ду, Ас къора а тухуьйтур ю, дераллица массо хӀума а хӀаллакдархьама.
14. Аша кир тоьхна болу пен Аса лаьтта тӀекхаччалц бохор бу, цуьнан бух массарна а гуш хилийтархьама. И пен боьжча, цунна кӀелахь шу хӀаллакьхир ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
15. Ас Сайн оьгӀазалла цу пенна а, цунна тӀе кир тоьхначарна а тӀеерзор ю. ТӀаккха Ас эр ду шуьга: ‘Пен кхин бац, иштта цунна тӀе кир тоьхнарш а бац —
16. машар боццушехь, Ярушалаймана машар бу бохуш, пайхамаралла дина болу Исраилан халкъан пайхамарш’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
21. Аса этӀор ду шун холмачаллин йовлакхаш, Сан халкъ шун карара схьа а доккхуш. Уьш кхин хир бац шун карахь ижу санна. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
22. Шаьш дуьйцу харцдерг бахьана долуш, Сан лаамехь болчеран дегнаш дохадо аша, Суна уьш гӀайгӀанехь хила ца луъушехь а. Харцдерг лелош берш шайн харцнекъа тӀера дӀа ца бовлар аша къобал ма дора, и дарца цара шайн синош кӀелхьардаха тарлуш хилахь а.
23. Цундела шуна кхин гур дац даьсса суьрташ, иштта аша кхин пал а туьйсур бац. Ас шун карара кӀелхьардоккхур ду Сайн халкъ. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».
7. Нагахь санна муьлхха а исраилхо я муьлхха а Исраил-махкахь вехаш волу кхечу къомах волу стаг, Соьгара жоп оьшуш, пайхамар волчу гӀахь, ткъа и стаг, Соьгара дӀа а вирзина, шен даг чохь цӀушна тӀевирзина а хилахь, цо ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттаяхь, Веза Эла волчу Аса цунна Сайгара жоп лур ду.
8. Со цу стагана дуьхьалвер ву, Ас цунах масал дийр ду, нахе цунах кицанаш а даладойтуш, Ас Сайн къомана юкъара дӀавоккхур ву иза, тӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
9. Нагахь санна Сан цӀарах харц хаам бан цхьа пайхамар Ӏехавеш велахь, Веза Эла волу Со иза Ӏехавинарг ву. Цунна дуьхьал Сайн куьг дерзор ду Аса, ткъа Сайн Исраилан халкъана юкъара иза ара а воккхур ву Аса.
10. Цу шинна а: хаттар дан веанчунна а, цунна жоп деллачу пайхамарна а — цхьатерра таӀзар дийр ду.
11. Иза Ас дийр ду, тӀейогӀучу ханна Исраилан халкъ Суна уллора дӀа ца далийта а, къинош летош шаьш сийсаз ца дахийта а. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву’“. Иштта боху Хьалдолчу Эло».
12. ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:
13. «Адаман кӀант! Муьлххачу а, Суна тешаме а ца хуьлуш, Суна дуьхьал къинош летийначу къомана тӀе Соьга Сайн куьг дерзалур дара. Ас церан махкахь болу кхача кхоччуш чекхбоккхуьйтур бара, царна тӀе мацалла а хьажор яра, Ас цу махкара адамаш а, хьайбанаш а хӀаллакдийр дара.
6. Лаьттан дола деш волу стаг меца вуьсур вац, ткъа эрна ойланаш еш лелаш волчунна къоьлла евзар ю.
7. Малки-ЦӀадакъа Шалейм-гӀалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тӀехь толам а баьккхина, цӀа вогӀуш волчу ИбрахӀимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦӀадакъас.