Аюб 13:1-28 1. Аюба элира: «И дерриг а сан бӀаьргашна гина ду, суна иза хезна ду, со цу хӀуманах кхета. 2. Шуна хууш дерг суна а хаьа. Со а ма вац шул оьшуш. 3. Амма Нуьцкъалчуьнга вистхила лаьа суна, Далла хьалха сайн гӀуллакх лардан лаьа! 4. Ткъа аша сан чевнашна харцонца лоьралла до, шу дерриш а — пайда боцу лоьраш ду. 5. ЭхӀ, кхин дист а ца хуьлуш, шу дӀасевцича, иза, шун хьекъалалла ду аьлла, туьдур дара. 6. ЛадогӀийша гӀуллакх лардан ас бохучуьнга, сайн багахула ас туьдучун тидам бейша. 7. Делан дуьхьа зуламе дерг бохур ду те аша? Цунна гӀоьнна мекарниг дуьйцур ду те аша? 8. Цуьнга озабезам бан лаьий шуна? Делан гӀуллакх лардан гӀерта шу? 9. Нагахь Цо шу зийча, дика хир дуй? Я Иза, адам санна, левийр ву аша? 10. Цо луьра таӀзар дийр ду шуна, аша къайлаха озабезам лелабахь. 11. Цуьнан возалло шу кхера ца до те? Цунна хьалха шуна тӀе кхерам ца буссу те? 12. Аш далийна кицанаш, овкъарш санна, эрна ду. Шаьш лардан боху дешнаш поппаран турсаш санна ду. 13. ДӀа а совций, со вистхилийта, тӀаккха кхунах луъург хилахьара. 14. Сайн дахар кхерамечу хьоле ас хӀунда хӀоттор дара? Сайн са ас куьйга тӀе хӀунда дуьллур дара? 15. Цо со билггал вийна дӀавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву. Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса. 16. Цу тӀехь хир ду сан кӀелхьарвалар, хӀунда аьлча Делах тешаш воцург Цунна хьалхахӀотта ваьхьар вац. 17. Дикка ладогӀийша аса бохучуьнга, сан кхеторан дешнийн тидам бейша. 18. Аса сайн гӀуллакх кхетачу къепехь кечдина. Суна хаьа, со бакъвина хир вуйла. 19. Мила ву соьца къовса йиш йолуш верг? Со дӀатуьйр а вара, вала реза а вара. 20. Ши хӀума ма дахьара Ахьа суна тӀехь, тӀаккха со лелар вацара Хьох къайлавуьйлуш: 21. суна тӀера Хьайн куьг а дӀадаккхахьара Ахьа, Хьайн къематаца со кхера а ма вахьара Ахьа. 22. ТӀаккха дӀакхайкха соьга, ас жоп лур ду Хьуна, я ас къамел дийр ду, ткъа Хьо суна жоп луш хир ву. 23. Мел ду сан къа а, сан зулам а? Сан аьрхалла а, зулам а гайтахьа суна! 24. ХӀунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь, хӀунда лору Ахь со Хьайн мостагӀа? 25. ДӀасалела гӀа санна волу со кхераво те Ахь? Декъа ча санна волчу суна тӀаьхьалела те Хьо? 26. Къаьхьа кхел ю Ахьа суна йинарг, жималлехь соьгара даьллачунна суна доькхуш. 27. Ахьа сан когашна буржалш тоьхна, ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу, ас юьту лараш тергалйо Ахьа. 28. Иштта со, мурйоьлла дечиг санна а, нецаша йоу бедар санна а, телхаш ву».
Аюб 14:1-22 1. Аюба элира: [1] «Зудчо вина волчу стеган дахар доца ду, иза баланех вуьзна а ву. 2. Зезаг санна, гучу а волий, маргӀалвулу иза. ӀиндагӀ санна, водий, дӀавоьду иза, къайлаволуш. 3. Иза ву-кх Ахьа тергал веш верг! Хьайца кхеле кхойкхуш ву-кх Ахьа со? 4. Боьхачунах цӀенаниг схьавер вуй? Вер вац. 5. Адаман дахаран денош дагардина ду. Ахьа дуьстина цуьнан дахаран беттанаш, царал тӀехвала цуьнан йиш а яц. 6. Цундела ма вехьа иза тергал, витахьа иза, цуьнан денош, тӀелаьцна волчу белхалочун санна, чекхдовллалц. 7. Ур-атталла диттан а сатуьйсийла ю: схьахадийча а, иза денлур ду, иза керла патар ца долуш а дуьсур дац. 8. Лаьттахь цуьнан орам къанлуш белахь а, цуьнан юьхк бухахь яла йоллуш лаьттахь а, 9. цхьажимма цунна хи тосалушшехь, керлачу орамато санна, зӀийдагаш дӀахоьцу цо. 10. Амма адам делча, иза телхий, дӀадолу. ТӀаьхьара са дӀа а долий, адам кхин ца хуьлу. 11. Ӏам чуьра хи къайладалар санна а, хи дӀа а дахана, Ӏовраш якъалуш хилар санна а, 12. иштта стаг дӀа а вуьжу, кхин хьала а ца гӀотту. Стигалш мел юьсу, адам ден а лур дац, шен даларан набарх сама а доккхур дац. 13. Эхартехь со къайлавоккхуш велара Хьо. ОьгӀазвахар дӀадаллалц со хьулвеш велара Хьо. Цигахь Ӏен хан суна билгал а яьккхина, цул тӀаьхьа со дагавогӀуш велара Хьуна. 14. Веллачул тӀаьхьа вехар вуй те стаг? Сайн къахьегаран дерриг а деношкахь со паргӀатваккхаре хьоьжуш Ӏийр вара со. 15. Хьо кхойкхур вара, ас Хьуна жоп а лур дара, Хьайн куьйгаша кхоьллинчу сох хьоьгуш хир вара Хьо. 16. Ас мел боккху ког Ахьа багарбийр бара, амма сан къинош Хьуна дагадогӀур дацара. 17. Соьгара даьлла зулам Ахьа тӀоьрмаг чу дӀадуьллур дара, айса летийна къинош Ахь дӀахьулдийр дара. 18. Охьабужу лам боьхна дӀабалар санна а, тарх шен меттера меттахъялар санна а, 19. хино тӀулгаш жимдар санна а, хин Ӏовраша латта дӀадахьар санна а, йохайо Ахьа адаман сатуьйсийла а. 20. Стагана тӀехь Ахь кхоччуш толам боккху, тӀаккха иза дӀакхелха. Ӏожаллехь цуьнан юьхь а хуьйций, Ахьа иза дӀа а хьажаво. 21. Шен бераш сий долуш хилча а, цунна ца хаьа, церан сий дайча а, цунна ца го. 22. Шен лазар бен ца хьоьгу цуьнан дегӀо, шен гӀайгӀа еш бен дац цуьнан са».
Забур 94:12-19 12. Кхечу стагах дош а ма ло, цуьнан декхарш хьайна тӀе а ма лаца. 13. Уьш хьоьга дӀа ца такхалахь, ур-атталла хьайн дӀавуьжу мотт-гӀайба а хьуна кӀелара дӀалоцур бу. 14. Аса юха а хоьтту: «Дала Шен халкъ дӀатесна те?» Дера ца тесна! Со а ма ву ИбрахӀиман хӀух схьаваьлла а, Бен-Яманан тайпанах волу а исраилхо. 15. Дала дӀа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хӀун боху Эли-ЯхӀу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо: 16. «Веза Эла! Хьан пайхамарш хӀаллакбина, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна. Со цхьаъ бен висина вац, ткъа со а вен дагахь лоьху цара». 17. Ткъа хӀун жоп делира Дала цунна? «Аса цӀу волчу БаӀална горахӀоьттина воцу ворхӀ эзар стаг витина Сайна», — элира Цо. 18. ХӀинцалерчу хенахь а изза хуьлу: исраилхойх цхьаболу нах Ӏийсах тешаш бу, ткъа Дала уьш Шен диканца хаьржина. 19. Делан диканца иза хилча, адамаша динчу дикачу гӀуллакхашца доьзна дац иза. Иштта ца хилча, Делера долчу диканах дика хир дацара.
Кицанаш 22:26-27 26. Иштта жамӀ дан мега: Исраилан халкъана ша лехнарг ца карийра. Дала хаьржинарш бен ца кхечира Делан дикане. Ткъа биснарш Дала дагца дарбинера. 27. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хӀумма а ца го бӀаьргаш а, хӀумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама».
Римхошка 11:1-18 1. Дауд-паччахьо боху: «Цара шаьш-шайна хӀиттийначу тойнашкахь гуро а, речӀано а лоцийла уьш. Гал а бевлла, охьаэгийла уьш, бекхам а бойла царна. 2. Бода богӀийла церан бӀаьргашна хӀумма а ца гархьама, баккъаш а хуьлийла церан ситтина гуттаренна а». 3. Аса юха а хоьтту: «Жуьгтий гуттаренна а галбевлла те?» Дера ца бевлла! Мелхо а, церан галбовлар бахьана долуш кхечу къаьмнех болчу нахана кӀелхьардовлар карийна, исраилхойн цаьрга хьагӀ хилийтархьама. 4. Ткъа церан галбовлар дуьнен чуьра адамашна а диканна хилча, церан синан эшар кхечу къаьмнех болчу нахана диканна хилча, мел сов дика хир ду, уьш кхоччуш барамехь хилча! 5. Шуьга боху аса, кхечу къаьмнех болу нах: шун векал со хиларна, сайн балхах дозалла до аса. 6. Цаьрга хьагӀ хилийта соьга меттахбахалур бац те сан къомах берш, иштта кӀелхьарбахалур бац те соьга царах цхьаберш? 7. Сан къомах берш дӀатасарна, дуьнен чуьра нахаца Дела тайча, тӀаккха сан къомах берш тӀеэцар кхин хӀун хир ду, беллачуьра денбалар дацахь?! 8. Бедан хьалхарчу декъах деттинарг Делан долахь хилча, берриг а бод Цуьнан долахь бу. Диттан орамаш даздина хилча, диттан гаьннаш а хир ду иштта даздина. 9. Зайт-диттана тӀе, шен долу гаьннаш дӀа а хедийна, акхачу диттан гаьннаш тӀедогӀаре терра, иштта, кхечу къаьмнех болу нах, шу а тӀедоьгӀна долу га санна ду, зайт-диттан орамех схьаболучу ницкъах а, дахарх а дӀакхетта. 10. Амма дӀахедийначу гаьннашна хьалха куралла ма елахь. Дагадаийталахь хьайна, орам латтош верг хьо ца хилар, ткъа хьо оцу орамо латтош хилар.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012