Ӏамос 1:1-15 1. ХӀара дешнаш ТакхоӀарчу жаӀуйх цхьаъ волчу Ӏамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хӀоьттича, хезнера. Иза, яхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус а, исраилхойн паччахьо, ЯхӀуашан кӀанта, ЯрбаӀама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара. 2. Ӏамоса иштта элира: «Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву, Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз. ТӀаккха дежийлаш а якъалур ю, Кармал-ломан бохь а бакъалур бу». 3. Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара ГалӀад-гӀала аьчка гӀирсаца эрина. 4. Хьазиал-паччахьан цӀенна тӀе цӀе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гӀепаш а ягор ю цу цӀеро. 5. Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогӀин бахархой а хӀаллакбийр бу, Байт-Ӏедан цӀийнера олаллин гӀаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кӀошта йийсаре дӀагӀур ду», — боху Везачу Эло. 6. Иштта боху Везачу Эло: «Ӏази-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дӀабеллера, Эдоман карабахийтархьама. 7. Ӏази-гӀалин пенашна тӀе а цӀе хьажор ю Ас. Цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш. 8. Ашдод-гӀалин бахархой а хӀаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гӀалахь олаллин гӀаж дӀалаьцнарг а вохор ву Ас. Ӏекхран-гӀалина тӀе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пӀелаштамхойх дисина халкъ а хӀаллакьхир ду», — боху Хьалдолчу Эло. 9. Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дӀабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт. 10. Цора-гӀалин пенашна тӀе а хьажор ю Ас цӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш». 11. Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тӀаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгӀазалла цкъа а ца юьтура цара. 12. Теман-гӀалина тӀе а цӀе хьажор ю Ас, цу цӀеро хӀаллакйийр ю Бацар-гӀалин гӀепаш а». 13. Иштта боху Везачу Эло: «Ӏамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хӀунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалӀадехь, шайн латтанийн доза шордархьама. 14. Ас цӀе хьажор ю Рабба-гӀалин пенашна тӀе. Цо хӀаллакйийр ю гӀалин гӀепаш: тӀом дӀабоьдучу дийнахь — маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь — йилбазмехаца. 15. Цу гӀалин паччахь а вуьгур ву йийсаре, цуьнца цхьаьна цуьнан лоруш болу нах а буьгур бу», — боху Везачу Эло.
Ӏамос 2:1-16 1. Иштта боху Везачу Эло: «Муабахоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча муабахоша Эдом-мехкан паччахьан даьӀахкаш, царах чим а беш, ягийна дӀаяьхнера. 2. Муаби-махкана тӀе цӀе хьажор ю Ас, цо хӀаллакйийр ю Кхиръют-гӀалин гӀепаш, тӀаккха Муаби-мохк хӀаллакьхир бу. И бохам хуьлучу хенахь тӀеман гӀовгӀа хир ю, коьман маӀан аз а хир ду хезаш. 3. Ас хӀаллаквийр ву цу мехкан куьйгалхо, ткъа цунна гонах берш а хӀаллакбийр бу Ас цуьнца цхьаьна», — боху Везачу Эло. 4. Иштта боху Везачу Эло: «ЯхӀудхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча Везачу Элан товрат-хьехамаш дӀатеттира цара, Цуьнан парзаш лар а ца дина. Церан дай тӀаьхьахӀиттина леллачу цӀуша тилийна уьш. 5. Ас цӀе хьажор ю ЯхӀудана тӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш». 6. Иштта боху Везачу Эло: «Исраилхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара бакъверг а детих дӀавухку, къениг а вухку шина мачех. 7. Къечеран кортош лаьттан ченалахь хьоьшуш ду, ткъа мискачарна нийсаниг дан ца магадо цара. Ур-атталла да а, цуьнан кӀант а цхьана зуда-ялхочуьнца лела оьху, Сан еза цӀе емал а еш. 8. Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тӀе а юхий, Ӏохку уьш сагӀанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гӀуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагӀар муьйлу цара шайн Делан цӀа чохь. 9. Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хӀаллаквина. Ас церан лакха тӀера стом а, лахара орам а хӀаллакбина. 10. Ткъа Ас шу арадехира Мисар-махкара. Шовзткъа шарахь лелийра Ас шу яьссачу аренгахула, эмархойн латта шун дола далийтархьама. 11. Ас шун кӀенташна юкъара пайхамарш хоржура, ткъа шун къонахех — назархой хуьлуьйтура. Иштта дац ткъа иза, исраилхой?» — боху Везачу Эло. 12. «Ткъа аша назархошна чагӀар мийладора, пайхамаршка омра дора: „Делера болу хаамаш ма бе!“ — бохуш. 13. Ас хӀинца охьатаӀор ду шу, цӀевнех юьзначу гӀудалкхо охьа-ма-таӀӀора. 14. ТӀаккха кадечун а дӀавада ницкъ хир бац, ондачуьнга а шен ондалла латталур яц, тӀемалочуьнга а шен дахар кӀелхьардаккхалур дац. 15. Пхерчий кхуьссург а дуьхьаллатталур вац, маса лелаш верг а дӀавадалур вац, дошлочуьнга а шен дахар кӀелхьардаккхалур дац. 16. ТӀемалошна юкъара уггар а доьналла дерг а оцу дийнахь водур ву, герз охьа а тесна», — боху Везачу Эло.
Ӏамос 3:1-15 1. ЛадогӀа кху даше, исраилхой. Мисар-махкара шу арадаьхначу Везачу Эло шун массо а тукхамашка аьлла: 2. «Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тӀехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш». 3. Новкъа вер вуй те шиъ, вовшашца барт а ца беш? 4. Хьуьнхахь лом угӀуш хуьлий те, шена хьалха ижу ца хилча? Лоьман кӀорнино шен бен чуьра аз хозуьйтуш хуьлий те, ша лаьцна хӀума а йоцуш? 5. РечӀанна чу нислур дуй те олхазар, шена чӀогӀа езаш йолу хӀума цу чохь ца хилча? ДӀакъовлалур юй те речӀа, цу чу цхьа хӀума ца нисъелча? 6. Коьман маӀа локхур юй те гӀалахь, адам кхера а ца долуьйтуш? Хуьлий те гӀалина бохам, Веза Эла воцучо тӀебаийтина? 7. Везачу Эло цхьа а хӀума ма ца до, Шен ялхой болчу пайхамаршка Шен къайле дӀа а ца йовзуьйтуш. 8. Мила вуьсу, лоьмо гӀигӀ дича, кхера ца луш? Хьалдолчу Эло аьлча, мила вуьсур ву Цуьнгара хаамаш ца беш? 9. Ашдод-гӀалин а, Мисар-мехкан а паччахьийн цӀеношкахь Ӏаш болчаьрга дӀакхайкхаде: «Схьагулло Шамран-гӀалин лаьмнаш тӀе, хьовса уьш мел низам доцуш бу, цара мел бечу ницкъе», — алий. 10. «Царна ца хаьа нийсонца лела, — боху Везачу Эло. — Ницкъ беш а, талораш деш а гулйо цара шайн хӀусамашкахь йолу хазна». 11. Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «МостагӀа дерриге а лаьттана гонах хир ву! Цо йохор ю хьан чӀагӀо, хьан хӀусамашна талор дийр ду». 12. Иштта боху Везачу Эло: «Наггахь Ӏуьно лоьман багара схьайоккху ши ност я лерган кийсак санна, иштта кӀелхьарбаьхна хир бу Шамран-гӀалахь маьнгин йистехь а, Дамасакхехь метта юккъехь а хевшина Ӏаш болу исраилхой. 13. Ла а догӀа, Якъубан цӀийне дӀахьедар а де», — боху массо а ницкъийн Дела волчу Хьалдолчу Эло. 14. «Исраилхошна церан къинош бахьанехь Айса таӀзар дечу дийнахь Бетал-гӀалахь долу сагӀа доккху кхерчаш дохор ду Ас. СагӀа доккхучу кхерчийн уггар деза дакъош — церан маӀаш, хеда а йина, лаьтта охьатуьйсур ю. 15. Ас хӀаллакдийр ду Ӏа доккху а, аьхке йоккху а цӀенош. Пийлан кӀомсаршца кечдина цӀенош а хӀаллакьхир ду. Дуккха а даккхий цӀенош, хӀаллак а хилла, дӀадевр ду», — боху Везачу Эло.
Забур 141:1-4 1. Даудан хьехаме назма. Хьехахь волуш цо дина доӀа. Аз хозуьйтуш, Везачу Эле кхойкху со, аз хозуьйтуш, Цуьнга доӀа до ас. 2. Сайн латкъам ас Цуьнга балхабо, Сайн гӀайгӀа ас Цунна йовзуьйту. 3. Сан са кхачочу хенахь Хьуна сан некъ бевза. Со лелачу новкъахь мостагӀаша къайлаха суна гур боьгӀнера. 4. Со аьтту агӀор хьожу, амма массара а со цаларар го суна. Сан тӀетевжийла дӀаяьлла, сан синан гӀайгӀа беш цхьа а вац.
Кицанаш 29:25-25 25. Адамех кхерар — стагана хӀоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг кӀелхьарвоккхур ву.
Довзийтинарг 3:1-22 1. «Сардис-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Шегахь Делан ворхӀ Са а, ворхӀ седа а Болчо: „Девза Суна шун гӀуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цӀераш лелайо, амма шу делла ду. 2. Сама а довлий, шайна чохь дисина долу тешар чӀагӀде, иза хӀаллакьхилале. ХӀунда аьлча Суна карийна, аша деш долу гӀуллакхаш Сан Далла хьалха кхоччуш чекхдевлла цахилар. 3. Шаьш тӀеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогӀур ву Со. 4. Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гӀуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кӀайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хӀунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу. 5. Толам баьккхинчунна тӀе кӀайн духар духур ду. Цуьнан цӀе дахаран тептар тӀера Ас дӀа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха. 6. Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“». 7. «Палидалпи-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догӀа Долчо. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц. 8. „Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хьовсал! Цхьаьнгге а дӀакъовлалур йоцу неӀ дӀайиллина Ас шуна хьалха. Шун ницкъ кӀезиг белахь а, аша Сан дош а лардина, Со дӀа а ца тесна. 9. Гой шуна! Аьшпаш а буттуш, шаьш боццушехь, жуьгти ду бохуш болу иблисан гуламах берш Ас шуна хьалха дӀахӀиттор бу, шун когашка уьш охьа а тоӀуьйтуш. Хуур ду царна, Суна шу дезийла. 10. Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тӀебоуьйтур болчу заманах. 11. Кестта вогӀур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дӀа ца даккхийта. 12. Толам баьккхинарш Сан Делан цӀа чохь бӀогӀам хилла дӀахӀуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тӀехь Сайн Делан цӀе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гӀалин цӀе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогӀуш йолчу Ярушалайм-гӀалин цӀе хир ю. Сайн керла цӀе а язйийр ю Ас царна тӀехь. 13. Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“». 14. «Лаудика-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо: 15. „Девза Суна шун гӀуллакхаш — шу я шийла а дац, я довха а дац. Я шийла, я довха делара шу! 16. Довха а, шийла а доцуш, шу мела хиларна, Ас Сайн багара а дӀадохур ду шу. 17. ХӀунда аьлча аша боху: ‘Тхо дехаш а ду, хьал долуш а ду, тхуна оьшуш хӀумма а дац’. Ткъа шу ца кхета шаьш ирс дайна а, декъаза а, къен а, бӀаьрзе а, дерзина а хиларх! 18. Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цӀергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КӀайн духар а эца шайна, иза, тӀе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дӀахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бӀаьргех хьакха, бӀаьрса даийтархьама! 19. Сайна везарг, метта а валош, таӀзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тӀедерза! 20. Хьовсал! Со, неӀарах пӀелг а бетташ, лаьтташ ву. Сан аз а хезна, неӀ дӀайиллинчун цӀа чу вер ву Со. Цуьнца цхьаьна хӀума юур ю Ас, ткъа иза Соьца шуьне хуур ву. 21. Толам а баьккхина, Сайн Ден Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе охьахаа. 22. Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012