|
|
| 1. Исраилхойн паччахьо ЯрбаӀама паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Амци-ЯхӀун кӀант Ӏузи-ЯхӀу. |
| 2. Цу хенахь Ӏузи-ЯхӀун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Ӏузи-ЯхӀун ненан цӀе Яхул-ЯхӀу яра. Иза Ярушалаймера яра. |
| 3. Шен дас Амци-ЯхӀус лела мел динарг санна, Ӏузи-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хетарг. |
| 4. Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. |
| 5. Везачу Эло Ӏузи-ЯхӀу-паччахьна дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дӀаваллалц и цамгар цунна тӀехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цӀа чохь Ӏаш вара. Ткъа паччахьан кӀанта Йовтама паччахьан цӀенна тӀехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тӀехь урхалла а дора. |
| 6. Ӏузи-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. |
| 7. ТӀаккха Ӏузи-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ӏузи-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Йовтам. |
| 8. ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀаман кӀант Закри-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялх баттахь паччахьалла дира. |
| 9. Закри-ЯхӀус а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. |
| 10. Закри-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кӀанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш, иза вийра. Ткъа ша цуьнан метта паччахь хӀоьттира. |
| 11. Закри-ЯхӀус лелийначу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. |
| 12. Иштта Везачу Эло ЯхӀуга аьлла дешнаш кхочушхилира. Цо аьллера: «Хьан тӀаьхьенах доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». Иза иштта хила а хилира. |
| 13. ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Явешан кӀант Шалум. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьана баттахь паччахьалла дира. |
| 14. Тирца-гӀалара Гадин кӀанта Менахьима, ара а ваьлла, Шамран-гӀалахь Явешан кӀант Шалум вийра, ша цуьнан метта паччахь дӀа а хӀуттуш. |
| 15. Шалуман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо ямартлонца бинчу бартах лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. |
| 16. Оцу хенахь Менахьим, Тирца-гӀалара ара а ваьлла, Тапсахь-гӀалина тӀелетира. ГӀалина чохь мел болчу нахана а, цунна гонах бехачу нахана а тӀелетира иза, хӀунда аьлча цара гӀалин кевнаш дӀа ца диллинера. Берах йолу массо а зуда цестина хӀаллакьяйтира цо. |
| 17. ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Гадин кӀант Менахьим. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо итт шарахь паччахьалла дира. |
| 18. Менахьим-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Ша паччахьалла деш мел яьккхинчу хенахь НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. |
| 19. Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПӀула Исраил-махкана тӀегӀоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПӀуле, цуьнга шена гӀо а дойтуш, шен паччахьалла чӀагӀдархьама. |
| 20. ХӀора хьолахочунна тӀе шовзткъе итт шекхал дети далар тӀедожийра Менахьима. И ахча Ашур-мехкан паччахье дӀаделира цо. ТӀаккха Ашур-мехкан паччахь, Исраил-махкахь а ца вуьсуш, дӀавахара. |
| 21. Менахьиман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. |
| 22. ТӀаккха Менахьим, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Менахьим-паччахьан метта паччахь хилира цуьнан кӀант Пакхихь-ЯхӀу. |
| 23. Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до шовзткъе уьтталгӀа шо долуш, Исраилан халкъана тӀехь паччахь хӀоьттира Менахьиман кӀант Пакхихь-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. |
| 24. Пакхихь-ЯхӀус а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза. |
| 25. Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан коьрта хьаькам Пикхахьи вара. Иза Рамли-ЯхӀун кӀант вара. Цо, Пакхихь-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, ГалӀад-гӀалара шовзткъе итт стаг шеца схьа а эцна, Шамран-гӀалахь паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чохь паччахь вийра. Цуьнца цхьаьна АргӀаб а, Ария а вийра цо. ТӀаккха Пикхахьи паччахь хилла дӀахӀоьттира Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан метта. |
| 26. Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. |
| 27. ЯхӀудхойн паччахь волчу Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла деш долу шовзткъе шуьйтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи. Цо ткъа шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. |
| 28. Пикхахьис а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза. |
| 29. Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигӀлат-Палиасара, схьа а веана, Ӏаюн, Абал-Байт-МаӀак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гӀаланаш, иштта ГалӀад-мохк, Галилай-мохк — шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш — дӀалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дӀакхалхийра цо. |
| 30. Элан кӀанта ХӀушаӀа, Рамли-ЯхӀун кӀантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тӀе а летта, иза вийра. Иштта, Ӏузи-ЯхӀун кӀанта Йовтама паччахьалла до ткъолгӀа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дӀахӀоьттира ХӀушаӀ. |
| 31. Пикхахьин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. |
| 32. Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ӏузи-ЯхӀун кӀант Йовтам. |
| 33. Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра. |
| 34. Шен дас Ӏузи-ЯхӀус санна, Йовтама а Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. |
| 35. Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. Ткъа Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара Ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара. |
| 36. Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. |
| 37. Цу заманахь арамхойн паччахь Рицан а, Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а вахийтира Везачу Эло яхӀудхошца тӀом бан. |
| 38. Ткъа Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь ша схьаваьллачу Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз. |
|
|
| 1. Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до вуьрхӀитталгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Йовтаман кӀант Ахьаз. |
| 2. Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Дауде терра а ца лелаш, шен Везачу Далла нийса хеташ долу гӀуллакхаш ца леладора Ахьаза. |
| 3. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кӀант цӀерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш лела а деш. |
| 4. Гунаш тӀехь а, баьрзнаш тӀехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора Ахьаза. |
| 5. ТӀаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а, Ярушалайм дӀалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тӀом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга. |
| 6. Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гӀала Араман халкъана юха а ерзош, цу гӀалара яхӀудхой дӀалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гӀала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу. |
| 7. Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигӀлат-Палиасарна тӀе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кӀелхьарваккхахьа со». |
| 8. ТӀаккха Ахьаза Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан цӀийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгӀатна дахьийтира. |
| 9. Ашурхойн паччахьо ладуьйгӀира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тӀом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гӀала дӀакхалхийтира, ткъа Рицан вийра. |
| 10. Цул тӀаьхьа Ахьаз-паччахь Дамасакхе Ашур-мехкан паччахьна ТигӀлат-Палиасарна дуьхьалвахара. Ахьазана Дамасакхехь лаьтташ болу сагӀа доккху кхерч гира. Цо оцу сагӀа доккхучу кхерчан жима кеп а яйтина, иза дӀа муха хӀотто беза дуьйцуш долу кехат а яздина, уьш динан дега УръяхӀуга дӀадахьийтира. |
| 11. ТӀаккха динан дас УръяхӀус шега Дамасакхера Ахьаз-паччахьо схьабаийтинчу кепехь сагӀа доккху кхерч бира. Ахьаз-паччахь Дамасакхера юхаверзале динан дас УръяхӀус и кхерч бина дӀахӀоттийра. |
| 12. Паччахьна, ша Дамасакхера цӀа веача, и сагӀа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тӀе а вахана, цу тӀехь сагӀа даьккхира. |
| 13. Дийнаташ дагоран сагӀа а, кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а даьккхира цо цу кхерчана тӀехь. Бертан сагӀа а доккхуш, кхерчан агӀонаш тӀе цӀийн цинцаш туьйхира паччахьо. |
| 14. Керлачу кхерчана а, Везачу Элан цӀенна а юкъахь Везачу Элана дӀакъастийна цӀестан кхерч бара лаьтташ. Амма Ахьаз-паччахьо, и кхерч, схьа а эцна, шен керлачу кхерчана къилбаседехьа агӀор охьабиллира. |
| 15. Динан дега УръяхӀуга, омра а деш, Ахьаз-паччахьо элира: «Оцу боккхачу кхерчана тӀехь Ӏуьйренан дийнаташ дагоран сагӀа а, суьйренан кӀен сагӀа а даккха. Иштта цу тӀехь паччахьан а, кху махкара массо а адамийн а дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кӀен сагӀанаш а, адамийн чагӀаран сагӀанаш а даха. Муьлхха а дагоран сагӀа доккхуш даьлла цӀий а, муьлхха а сагӀина дахьаш долчу дийнатийн цӀийн цинцаш а тӀетоха оцу кхерчана тӀе. Ткъа цӀестан кхерч пал туьйсуш лелор бу аса». |
| 16. Ахьаз-паччахьо омра ма-дарра, дерриге а кхочушдира динан дас УръяхӀус. |
| 17. Ахьаз-паччахьо чкъургаш тӀехь йолчу кӀелхӀотторгашна тӀера деакӀов пенаш а, еш а дӀадехира. Иштта боккха цӀестан яй а дӀабаьккхира, цӀестан стерчашна тӀера иза тӀулган цӀенкъа охьа а буьллуш. |
| 18. Везачу Элан цӀийнан кертахь шоьтан дийнахь дӀахӀуттучу гуламна лерина йина тхевнан кӀело а дӀаяьккхира Ахьаза. Иштта паччахьан арахула Везачу Элан цӀа чу вогӀийла а дӀаяьккхира. Иза Ашур-мехкан паччахьан дуьхьа дира Ахьаза. |
| 19. Ахьазан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. |
| 20. ТӀаккха Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ахьазан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьузакх-ЯхӀу. |
|
|
| 21. Ницкъ хилларг, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, юха ма воьрзийла. ГӀело хьоьгучо а, мискачо а Хьан цӀарна хастамаш бойла. |
| 22. Ва Дела, дуьхьал а валий, Хьайн гӀуллакх лардехьа, сонтачо дийнахь сарралц Хьо емалвар дагадаийтахьа. |
| 23. Диц ма дехьа Хьан мостагӀаша хьекхна маьхьарий а, Хьуна дуьхьалбевллачара хаддаза еш йолу гӀовгӀа а. |
| 24. Адамо аьллачух цуьнан шен са дузу. Шен дешнашкахула мел хилийтинчух Ӏебар ву иза. |
| 25. Дахар а, Ӏожалла а стеган маттах доьзна ду. Цундела вистхила дезаш верг аьллачун тӀаьхье тӀелаца а кийча хила веза. |
| 26. Цул тӀаьхьа Тхьабара-хӀордан йистехь Ӏийсас юха а Шен мурдашна гайтира Ша. Иштта гайтира Ӏийсас Ша цигахь. |
| 27. Цу хенахь ШамӀа-Кипа а, ТӀама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаӀил а, Зевадин кӀентий а, Ӏийсан мурдех волу кхин шиъ а — уьш цхьаьна бара. |
| 28. ШамӀа-Кипас элира цаьрга: «Со чӀерий леца воьду». Вукхара элира цуьнга: «Тхо а догӀу хьоьца». Ара а бевлла, хинкеман чу хевшира уьш, амма цу буса цара хӀумма а ца лецира. |
|
|
| 20. Ткъа Ӏуьйре тӀейогӀучу хенахь Ӏийса бердан йисте дӀахӀоьттира, амма мурдашна ца хаьара, Иза Ӏийса вуйла. |
| 21. Ӏийсас элира цаьрга: «ДоттагӀий, чӀерий дуй шуьгахь?» Цара жоп делира: «Дац», — аьлла. |
|
|
| 1. Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шайн чӀерий лоцу бой хинкеманан аьтту агӀор чутаса, тӀаккха карор ду шуна чӀерий». Цара бой чутесира, тӀаккха чӀерий тӀех дукха лаьцна хиларна, и бой хьала ца яккхалора цаьрга. |
| 2. ТӀаккха Ӏийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХӀара Веза Эла ву». Ткъа ШамӀа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гӀодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира. |
| 3. Ткъа важа мурдаш, хинкеманна тӀехь, шайна тӀаьхьа чӀерашца йолу бой а текхош, хӀордан йисте кхечира, уьш болчуьра хӀордан йисте кхача, ши бӀе дол хиллал бен юкъ йоцу дела. |
| 4. Мурдашна, хинкеманна тӀера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кӀоран алу а йолуш, цунна тӀехь чӀерий а, юххехь бепиг а гира. |
| 5. Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш хӀинца лаьцначу чӀерех цхьадерш схьада кхуза». |
| 6. ШамӀа-Кипас, хинкеман чу ваьлла, шена чохь юьззина даккхий чӀерий долу бой хӀорд чуьра лаьтта схьаозийра. Берриг а чӀара бӀе шовзткъе кхойтта бара. Уьш оццул дукха доллушехь, чӀерий лоцу бой ца етӀира. |
| 7. Ӏийсас элира цаьрга: «Схьадуьйла, хӀума яа шайна». Ткъа мурдех цхьа а ца ваьхьара Цуьнга хатта: «Хьо мила ву?» Мурдашна хаьара, Иза Веза Эла вуйла. |
| 8. Ӏийсас, тӀе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дӀаделира, тӀаккха чӀара а дӀакховдийра. |
| 9. Веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Ӏийсас иштта кхозлагӀа а Шен мурдашна гайтира Ша. |
| 10. Уьш яа хӀума йиина бевлча, ШамӀа-Кипе Ӏийсас элира: «Яхьъян кӀант ШамӀа! Царначул сов кӀорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТӀаккха Ӏийсас элира Кипе: «Сан Ӏахарий дажаде ахьа». |
| 11. ТӀаккха юха шозлагӀа а элира Ӏийсас Кипе: «Яхьъян кӀант ШамӀа, кӀорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира цуьнга: «Сан уьстагӀийн Ӏу хила хьо». |
| 12. КхозлагӀа а элира Ӏийсас: «Яхьъян кӀант ШамӀа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Ӏийсас кхозлагӀа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» — аьлла. ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира Кипе: «Сан уьстагӀий дажаде ахьа. |
| 13. Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дӀа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо». |
| 14. Иштта элира Ӏийсас Кипе, цо мухачу Ӏожаллица Дела вазвийр ву дӀахоуьйтуш. ТӀаккха и аьлла, Ӏийсас кхин а тӀетуьйхира: «Суна тӀаьхьахӀотта хьо». |
| 15. Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тӀаьхьавогӀу, Ӏийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Ӏийсан некха тӀе а таьӀна Ӏийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» — аьлла волу а мурд вара иза.) |
| 16. Иштта, и мурд гина, Кипас элира Ӏийсага: «Веза Эла, ткъа кхунах хӀун хир ду?» |
| 17. Ӏийсас элира Кипе: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лууш хилча, хьан хӀун бала бу цуьнца? Хьо Суна тӀаьхьахӀотта». |
| 18. Иштта даьржира динан вежаршна юкъахь и «мурд лийр вац» аьлла дешнаш. Ткъа Ӏийсас иза лийр вац ца аьллера. Ӏийсас аьллера: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лиъча, хьан хӀун бала бу цуьнца?» |
| 19. И мурд ву цунна тоьшалла дийриг а, цунах лаьцна яздинарг а, ткъа вайна хаьа, цуьнан и тоьшалла билггал бакъ дуйла. |
| 20. Кхин дуккха а дара Ӏийсас дина гӀуллакхаш. Схьахетарехь, царах массарех лаьцна тептарш яздинехь, хӀокху дуьнен чу а тарлур дацара уьш. |
|
|
| Chechen Bible 2012 |
| Институт перевода Библии, 2012 |