Библия Один Год

1. ХӀара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тӀехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цӀуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дӀайолу.
2. «Аса мисархой мисархошна дуьхьал карзахбохур бу, тӀаккха ваша веших а, доттагӀа доттагӀчух а, гӀала гӀаланах а, пачхьалкх пачхьалкхах а летар ю.
3. Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цӀуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тӀедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тӀегӀур бу уьш.
4. Мисархой къизачу куьйгалхочун кара лур бу Ас. Дера паччахь хир ву царна тӀехь олалла деш», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
5. Нил-хи а жимлур ду, арахула догӀу хи а, лакъа а лекъна, дӀадер ду.
6. Хин татолех вон хьожа йогӀур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргӀалдулур ду.
7. Нил-хин бердашна тӀехь йолу ораматаш а, цигахь дӀа мел дийна ялта а дакъалур ду. Мохо дӀаса а даржийна, уьш кхин хир дац.
8. Нил-хи чу мӀара тосуш болчу чӀерийлецархоша узарш дийр ду, уьш боьлхуш хир бу. Хи чу бойнаш тосуш берш дог дешна хир бу.
9. Ветанах хӀуманаш йийраш дог доьхна хир бу. КӀади дуцурш гӀайгӀане хир бу.
10. КӀадидархой боьхна хир бу, тӀелаьцна белхалой гӀаддайна хир бу.
11. ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла. ПирӀунан хьекъалечу хьехамчаша сонта хьехамаш бо. Аша муха эр ду пирӀуне: «Со хьекъалечу стеган а, ширачу паччахьийн а кӀант ву»?
12. Ва мисархойн паччахь, хьан хьекъалчаш хӀинца мичахь бу те? Массо а ницкъийн Везачу Эло Мисаран къомана дан леринарг хӀун ду цаьрга дийцийта а, массо а нахана хьалха довзийта а!
13. ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гӀалара баьччанаш Ӏехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чӀогӀа тӀулг санна хила безнехь а.
14. Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хӀуманна тӀехь. Вехна стаг шен Ӏеттораш тӀехула ма-леллара, лелаш бу мисархой.
15. Мисар-махкахь цхьаьнгге а хӀума далур дац шен къомана — коьрте а, я цӀогане а, лекхачу гаьнне а, я лохачу эрзе а.
16. Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш.
17. ЯхӀуд-мохк хьахор къемат хир ду мисархошна. И мохк шайна цхьаммо дагабаийтича, мисархой Ӏадийна хир бу, массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал дан леринчух а кхоьруш.
18. Цу дийнахь Мисар-махкара пхеа гӀалахь канаӀанхойн мотт а буьйцур бу, массо а ницкъийн Везачу Элан долахь хила чӀагӀо а йийр ю. Цхьана гӀаланах «Маьлхан гӀала» эр ду.
19. Цу дийнахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху кхерч хӀоттор бу Мисар-махкана юккъехь, ткъа дозанехь Везачу Элана лерина тӀулг хӀоттор бу.
20. И хӀуманаш массо а ницкъийн Веза Эла Мисар-махкахь хиларан билгало а, тоьшалла а хилла дӀахӀуттур ю. Мисархоша, шайна мостагӀаша ницкъ беш хиларна, Везачу Эле орца даьккхича, Цо паргӀатбохур бу уьш, царна тӀе уьш кӀелхьарбохург а, гӀодоккхург а вахийтина.
21. Везачу Эло Ша вовзуьйтур ву мисархошна, ткъа цу дийнахь мисархоша Иза шайн Дела хилар къобал а дийр ду, Цунна, дийнатан а, кӀен а сагӀанаш а дохуш, Ӏибадат а дийр ду. Везачу Элана нигаташ а дина, уьш кхочуш а дийр ду цара.
22. Везачу Эло мисархошна таӀзар дийр ду. ТаӀзар а дина, юха мисархой тобийр бу Цо. Уьш Везачу Элана тӀебоьрзур бу. Церан доӀанаш а хезна, царна дарба дийр ду Цо.
23. Цу дийнахь Мисарара Ашур-махка боьду боккха некъ хир бу. Ашурхой Мисара богӀур бу, мисархой Ашур-махка гӀур бу. Мисархой ашурхошца цхьаьна Везачу Элана Ӏамал еш хир бу.
24. Цу дийнахь Мисаран а, Ашуран а къоман даржехь Исраилан къам а хир ду. Уьш декъалдар хир ду дерриге а дуьненна.
1. Ашур-мехкан паччахьо Саргуна ваийтина волу тӀеман коьрта хьаькам Ашдод-гӀалина тӀе а летта, иза схьаяьккхинчу шарахь хӀара хилира.
2. Оцу хенахь Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Везачу Эло тӀедиллира билгалонна цхьа хӀума дар. Цо элира: «Ваха а гӀой, хьайн гӀодаюкъ а ястий, хьайна тӀера сингаттаман барзакъ а схьадаккха, когара мачаш а охьакхисса». Вукхо иштта дан а дира: иза верзина а, когаш Ӏуьйра а лелара.
3. ТӀаккха элира Везачу Эло: «Сан ялхо ЕшаӀ-ЯхӀу кхаа шарахь верзина а, когаш Ӏуьйра а лийлира, иза Мисар-махкана а, Хуша-махкана а хиндолчунна билгало яра.
4. Ашур-мехкан паччахьо, Мисар-мохк а, Хуша-мохк а схьа а баьккхина, цигара къона а, къена а йийсархой дӀабуьгур бу. Берзина а, когаш Ӏуьйра а хир бу уьш, ур-атталла церан вареш ерзина хир ю, Мисарна эхь хетийтархьама.
5. Хуших дегайовхо хилларш а, Мисарах дозалла динарш а кхоьруш а хир бу, юьхьӀаьржа а хӀуьттур бу.
6. Цу дийнахь хӀордан кху йистехь бехаш болчу бахархоша эр ду: „Вайн шайх дегайовхо хилла а, Ашур-мехкан паччахьах кӀелхьардовла гӀо дехна а болчарна хӀун хилла хьажал! Вай муха девр дара кӀелхьар?“»
40. ТӀаккха Везачу Эло церан элашна тӀе эхь тотту, уьш некъ боцучу яьссачу аренашкахула лоьлуьйту.
41. Амма къен стаг Цо гӀелонах схьа а воккху, цуьнан тӀаьхьенаш, жа санна, деба а йо.
42. Дика нах, и хӀума а гуш, баккхийбеш бу, ткъа вочеран цу хӀуманна дуьхьал ала хӀума а дац.
43. Хьекъалалла долуш болчарна и хӀуманаш дӀагойла, Везачу Элан хедар боцучу безамах лаьцна цара ойланаш йойла.
44. Ялта чудерзочу хенахь лайн шело санна хуьлу ша дӀахьажийначунна тешаме волу геланча — шен олахочун дог ойу цо.
45. Делаца цхьаьна къахьоьгуш долчу оха чӀогӀа дехар до шуьга, Делера шаьш тӀеэцна долу дика эрна ма хилийтийша.
46. ХӀунда аьлча Дала аьлла: «Халкъе Со резахиларца хьоьжучу заманчохь Суна хьан аз хезира, кӀелхьардоккхучу дийнахь Аса гӀо дира хьуна». Ткъа хӀинца тӀееана Дела вайга резахиларца хьоьжу и зама, хӀинца ду и кӀелхьардовларан де.
47. Цхьана а хӀуманна тӀехь цхьанна а вас хилийта бахьана ца хуьлуьйту оха, тхаьш деш долу гӀуллакх емал ца дайтархьама.
48. Мелхо а, массо а агӀор Далла гӀуллакх дийраш санна тхаьш хилар гойту оха: баланаш а, халонаш а, бохамаш а доьналлица тхаьш ловш.
13. Иза оха гойту тхайна еттачу хенахь, тхо набахти чохь дохкуш, карзахбевллачу наха тхо лелхийна лелош, тхаьш къахьоьгуш, буьйсанна наб яйна лелаш, мацалла ловш.
1. Иштта, тхайн цӀеначу дахарца, кхетамца, собарца, эсала хиларца, Делан Синца, шалхонаш йоцучу цӀеначу безамца,
2. билггал бакъдерг кхайкхорца, Делан ницкъаца гойту оха иза. Бакъваран герз тхан аьтту а, аьрру а куьйгашкахь ду.
3. Тхан ларам а бо, тхо сийсаза а доху. Тхуна лен а лоь, тхо хеста а до. Тхох харцлуьйш дерш до, амма тхо бакъонца лела.
4. Тхо гӀарадевлла доцуш лору, амма тхо массарна а девза. Тхо делла лору, ткъа тхо лан а ца ле. Тхуна луьра таӀзар до, ткъа тхо дайа а ца дойу.
5. Тхуна халахетарш до, ткъа тхо гуттара а самукъане ду. Тхо къен ду, амма дуккха а болчарна хьал ло оха. Тхан хӀумма а яц, амма массо а хӀуманан дай ду тхо.
6. Коринтхой! Оха цӀеначу дегнашца къамел до шуьца. Тхан дегнаш дӀаделладелла ду шуна.
7. Тхо шух дӀа ца къехка, ткъа шу шайн дегнашкахь тхох дӀакъехка.
8. Аса сайн берашка санна боху шуьга: «Шайн дегнаш дӀа а деллий, тхо шайца ма-хиллара, хилийша шу а тхоьца».
9. Ӏийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кӀел ма лелийша. ХӀун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХӀун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь?
10. ХӀун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХӀун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь?
11. ХӀун цхьаьнадогӀург ду те Делан цӀенна а, цӀушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цӀа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду».
12. Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дӀа а довлий, царах дӀакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хӀуманах ма хьакхалойша, тӀаккха Аса тӀеоьцур ду шу».
13. «Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кӀентий а, йоӀарий а хир ду, — боху массо а ницкъийн Везачу Дала».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012