11. Ас тур заьнгала дайтира, иза караэцархьама. И тур ира а ду, заьнгала дина а ду, иза хӀаллаквечун кара дӀадалархьама.
12. Велха, узарш а деш, адаман кӀант, хӀунда аьлча и тур Сан къомана а, берриг а Исраилан элашна а дуьхьал даьккхина ду. Уьш Сан къомаца цхьаьна хӀаллакбина хир бу. Цундела велха, хьайн некха тӀе куьйгаш а детташ.
13. Иза зер хир ма ду! Делахь а хьан цу гӀожах дог далахь, хьан бала хир бац те?’ Иштта боху Хьалдолчу Эло“.
14. Ткъа ахьа, адаман кӀант, Соьгара хаам бе, куьйгаш вовшах а детташ. Тур шозза а, кхузза а охьадожийта, и тур адамаш дайъийта лерина ду, доккхачу хӀаллакдарна а лерина ду, иза гонах хьийзаш ма ду,
15. адамийн дегнаш дашорхьама а, охьаэгнарш дуккха а хилийтархьама а. Церан хӀорра а кевнехь Аса хӀаллакдайтаран тур хӀоттийна. ЭхӀ, ткъес санна къегийта дина ду иза, хӀаллакдайтарна даьккхина!
26. Хьалдолчу Эло боху: «ДӀаяккха хьайн коьртара чалба а, дӀадаккха таж а. Хийцамаш бен хан тӀекхаьчна. Лакхарнаш лахабаьхна хир бу, ткъа лахарнаш лакхабохур бу.
27. ХӀуй-пака! ТӀепаза! Аса хӀокху гӀаланах дамардарц дийр ду. Амма иза хир дац, цунна кхел яр шен кара дӀаделларг схьаваллалц. ТӀаккха Аса иза Цунна дӀалур ю».
28. «Адаман кӀант, Соьгара хаам бе нахе. ДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло иштта боху Ӏамминхошка, исраилхойх ца бешаш болчу: ‘Туьре хьажал! И тур баттара даьккхина ду, заьнгала дина а ду адамаш хӀаллакдархьама а, стелахаьштиг санна, къагийтархьама а.
29. Хьуна дуьхьалхӀиттина суьрташ эрна ду, ткъа пал тийсар а харцдерг ду. Тур зуламечу нехан логгехь ду, церан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, оцу дийнахь царна кхоччуш таӀзар дийр ду.
12. Ярушалаймехь ахчанах нах бойъу, юхалург деллачу ахчанна тӀера ял йоккху, шена уллохь волчуьнгара леварца са йоккху, ткъа Со вицвина цара’, — боху Хьалдолчу Эло.
13. ‘Нах лебарца аша са яккхарна а, иштта шайна юкъахь цӀий Ӏенорна а, Аса сайн куьйгаш вовшахтоьхна.
14. Сатохалур дуй те хьан даге, чохь са долуш санна хир дуй те хьан куьйгаш, Ас хьуна бекхам бечу заманахь? Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса.
15. Аса дӀасадаржор ду шу кхечу къаьмнашкахула а, дӀасакхуьссур ду шу кхечу мехкашкахула а. Суна хьалха шу цӀена цахилар чекхдоккхур ду Аса.
16. Хьо кхечу къаьмнашна хьалха сийсазъяьккхина хир ю. ТӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла’“».
19. Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шу боьханиг санна хилла дӀахӀиттина дела, Ас шу дерриш а Ярушалаймана чу схьагулдийр ду.
20. Дети а, цӀаста а, эчиг а, даш а, гӀели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цӀе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гӀалина чу а дехкина, лалор ду.
21. Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгӀазаллин цӀеран Ӏаь тухур ю шуна тӀе, тӀаккха шу цу юкъахь лелар ду.
22. ЦӀергахь лелаш долу дети санна, шу а лелар ду цу юкъахь. ТӀаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со вуйла, шуна тӀе Сайн дералла йоссийнарг“».
25. Мехкан пайхамарш зуламечу ойланашца вовшахтийсало, шен ижу а цоьстуш, гӀигӀ деш долу лом санна. Цара дуккха а нах хӀаллак а бо, цаьргара хьал а, жовхӀарш а схьа а доху, уьш бахьана долуш бисина Ӏаш болу зударий махкахь алсамбуьйлуш бу.
26. Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дӀа а тотту, Суна лерина хӀуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дӀа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дӀа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хӀума лелорца Цара Со а бехво.
27. Мехкан куьйгалхой ижу дӀасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цӀий а Ӏенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара.
28. Мехкан пайхамарш вочу пена тӀехь кир тухуш санна лела, хӀунда аьлча царна эрна суьрташ а го, цара харцболу пал а туьйсу. Цара боху: „Иштта олу Хьалдолчу Эло“, Веза Эла волчу Аса шайга хӀумма а ца дийцинехь а.
29. Мехкан наха кхиберш Ӏехабо, талораш до, къечунна а, мискачунна а гӀелонаш йо, кхечу махкара тӀебаьхкина нах а хьийзабо.
30. Пен тобан, пенна Ӏуьрг даьллачу метте мехкан дуьхьа дӀахӀотта стаг лийхира Ас, Соьга и мохк хӀаллак ца байтархьама, амма Суна иза ца карийра.
31. Цундела Ас Сайн оьгӀазалла дӀагойтур ю царна, Сайн дераллин цӀерца Ас хӀаллакбийр бу уьш, цара мел лелийнарг царна дуьхьал доккхур ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.