ТӀаьххьарнаш 17:1-41 1. ЯхӀудхойн паччахь волчу Ахьаза паччахьалла деш долу шийтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Элан кӀант ХӀушаӀ. Цо исс шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. 2. ХӀушаӀа а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Амма шел хьалха хиллачу исраилхойн паччахьаша санна дукха зуламаш ца дора ХӀушаӀа. 3. Ашур-мехкан паччахь Шалманесар ХӀушаӀана дуьхьалвелира. ТӀаккха ХӀушаӀах, Шалманесарна ял а луш, цуьнан ялхо хилира. 4. Амма Ашур-мехкан паччахьна хааделира ХӀушаӀа шена дуьхьал барт бина хилар. ХӀушаӀа Мисар-мехкан Су-паччахьна тӀе геланчаш хьажийнера, ткъа Ашур-мехкан паччахьна, ша хьалха луш ма-хиллара, ял ца еллера цо. Цундела Ашур-мехкан паччахьо, ХӀушаӀ дӀа а лаьцна, иза набахти чу воьллира. 5. Берриг а Исраил-махкана тӀегӀоьртира Шалманесар. Шамран-гӀалина тӀе а веана, кхаа шарахь го бина латтийра цо и гӀала. 6. ХӀушаӀа паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш дӀалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гӀала. Исраилхой, Ашур-махка дӀа а бигна, Хьалахь-гӀалахь а, Газун-кӀоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гӀаланашкахь а баха охьаховшийра цо. 7. И дерриг а хилира, шаьш Мисар-махкарчу паччахьан карара а, оцу махкара а арадаьхна волчу шайн Везачу Далла дуьхьал исраилхоша къинош летийна дела. Исраилхоша кхечу деланашна Ӏибадат дора, 8. Везачу Эло шайн лаьттара дӀалелхийначу къаьмнаша лелийна доллу хӀума лела а дора, иштта исраилхойн паччахьаша хӀиттийна зуламе ламасташ цара а леладора. 9. Шайн Везачу Далла нийса хеташ доцу гӀуллакхаш къайлаха леладора исраилхоша. Цара шайн массо а гӀаланашкахь тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀахӀиттийра, ха деш йолу бӀов йолуш йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна чӀагӀйинчу йоккхачу гӀалина тӀекхаччалц. 10. Исраилхоша шаьш Ӏаш болчохь харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттинера хӀора гуна тӀе а, хӀора ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а. 11. Шаьш долчуьра Везачу Эло лелхийна долчу къаьмнаша санна, оцу массо а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора цара. Иштта, Веза Эла оьгӀазвохуьйту зуламе гӀуллакхаш дора цара. 12. Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, ткъа Везачу Эло исраилхошка аьллера: «Иза ма леладелаш». 13. Везачу Эло Шен массо а пайхамаршкахула а, хиндерг гуш волчуьнгахула а, Исраилан халкъе а, ЯхӀудан халкъе а дӀахьедар а деш, аьллера: «Шаьш лелачу зуламечу некъаш тӀера юхадовла, Аса шун дайшна тӀедиллина долу а, Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула шуна дӀабеллачу товрат-хьехамна тӀехь долу а Сан весеташ а, парзаш а ларде». 14. Амма цара ла ца дугӀура. Уьш а, шайн Везачу Делах тешар доцу шайн дай санна, аьрхабевллера. 15. Уьш дӀабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгӀира Везачу Эло шайга, дӀахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, уьш хӀумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хӀумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг». 16. Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дӀатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дӀахӀоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Ӏибадат а дора, БаӀал-харцдалла Ӏамал а йора. 17. Цара шайн бераш цӀерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цара, Иза оьгӀаз а вохуьйтуш. 18. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара исраилхошна. Цо уьш Шена уллора дӀатеттира. ЯхӀудан цхьа тайпа доцург, царах цхьа а ца висира! 19. ЯхӀудхоша а ца лардора шайн Везачу Делан весеташ. Цара а леладора исраилхойн Ӏадаташ, исраилхоша дийрриг а деш. 20. Иштта, Везачу Эло дӀатеттира дерриг а Исраилан халкъ. Цо дуккха а баланаш тӀе а бахкийтира цунна, талорхойн кара дӀа а белира уьш. ТӀаьххьара а Шена гучуьра дӀа а бехира Везачу Эло исраилхой. 21. Везачу Эло исраилхой Даудан цӀийнах дӀакъастийча, НабатӀан кӀант ЯрбаӀам шайн паччахь дӀахӀоттийра цара. Ткъа ЯрбаӀама, исраилхой Везачу Элах дӀа а берзийна, доккха къа латадайтира цаьрга. 22. ЯрбаӀам-паччахьо летош доллу къинош летадора исраилхоша а. И къинош леточуьра совцуш а бацара исраилхой, 23. Везачу Эло уьш дӀататталц, Шен ялхой болчу массо а пайхамаршкахула Цо аьлла ма-хиллара. Исраилхой шайн махкара Ашур-махка дӀакхалхийнера, уьш хӀинца а цигахь бехаш бу. 24. Ашур-мехкан паччахьо Бавел а, Кут а, Ӏаву а, Хьамат а, Сепарвайм а гӀаланашкара халкъаш арадехира. Уьш исраилхойн метта Шамран-мехкан гӀаланашка схьабалийра цо. Шамран-мохк шайн дола а баьккхина, схьадалийна долу и халкъаш цигара гӀаланашкахь даха охьахевшира. 25. Цигахь даха доладелча, и халкъаш Везачу Эле ларамах дуьзна ца хилла. Цундела Везачу Эло царна юкъа лоьмаш дохуьйтура. Лоьмаша цхьаберш хӀаллакбора. 26. ТӀаккха Ашур-мехкан паччахьна тӀе хабар даьхьира: «Шамран-мехкан гӀаланашка схьа а далийна, ахьа охьаховшийначу халкъашна цу махкарчу Дала тӀедехкинарш ца девза. Цундела Цо царна юкъа лоьмаш дахийтина, ткъа цу лоьмаша и халкъ хӀаллакдо, царна цу махкарчу Дала тӀедехкинарш ца девза дела», — аьлла. 27. Ашур-мехкан паччахьо, омра а деш, элира: «Цигара арабаьхна болчу динан дайх цхьаъ оцу махка вахийта. Иза цига дӀа а хьажавой, цу мехкан Дала тӀедехкинарш а довзуьйтуш, иза цигахь вахийта». 28. ТӀаккха Шамран-махкара арабаьхначарах цхьа динан да, Бетал-гӀала схьа а веана, Везачу Элана Ӏамал муха ян еза а хьоьхуш, цигахь вехаш вара. 29. Амма хӀора халкъо шайн-шайн деланийн цӀуш бора. И цӀуш сагӀа доккхучу гунаш тӀехь шамранхоша динчу харцделанийн цӀеношкахь дӀахӀиттабора цара. Иштта шаьш даха охьахевшинчу хӀора а гӀалахь дира цара. 30. Бавел-гӀаларчу наха шайна Сакхат-Банут олу цӀу-дела вира, Кут-гӀаларчу наха — Нургал, Хьамат-гӀаларчу наха — Ашимаъ цӀераш йолу цӀу-деланаш дӀахӀиттийнера. 31. Ӏаву-гӀалахь — Нибхьаз а, Тартакх а цӀуш бира, сепарваймхоша шайн бераш цӀергахь дагадора шайн цӀу-деланашна Адир-Маликана а, Ӏанам-Маликана а уьш сагӀина а дахьаш. 32. Цу тӀе Везачу Элана а Ӏамал йора цара. СагӀа доккхучу гунаш тӀе шайна юкъара динан дай хаьржира цара. Уьш гӀуллакх деш бара гунаш тӀехь долчу харцделанийн цӀенош чохь. 33. Цара Везачу Элана Ӏибадат дора, амма, шаьш арадаьхначу къаьмнийн ламасташка хьаьжжина, шайн деланашна а Ӏамал йора цара. 34. ХӀинца а шайн хӀетахьлера Ӏадаташ леладо цара. Уьш Везачу Эле ларамах буьзна бац, ткъа Везачу Эло «Исраил» аьлла цӀе тиллинчу Якъубан тӀаьхьенна делла парзаш а, тӀедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а цара лар ца до. 35. Везачу Эло, Исраилан халкъаца барт а беш, царна тӀедиллинера: «Кхечу деланашна Ӏибадат а ма де, царна корта а ма бетта, Ӏамал а ма е, сагӀа а ма даккха. 36. Ткъа шу Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца а, схьакховдийначу куьйгаца а арадаьхна волчу Везачу Элана Ӏибадат а де, Цунна Ӏамал а е, Цунна сагӀа а даккха. 37. Везачу Эло шайна дӀаяздина парзаш а, тӀедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а гуттара а лардан деза аша. Кхечу деланашна Ӏамал ян ца еза аша. 38. Аса шайца бина барт биц а ма бе, кхечу деланашна Ӏамал а ма е. 39. Веккъа шайн Веза Эла волчу цхьана Далла Ӏамал е, тӀаккха Цо шу кӀелхьардохур ду шун массо а мостагӀех». 40. Амма исраилхоша Цуьнга ла ца дугӀура. Цара шаьш хьалха лелийна доллу гӀуллакхаш леладора. 41. Оцу халкъаша Везачу Элана а Ӏибадат дора, амма шайн цӀу-деланашна а Ӏамал йора. ХӀинца а церан бераша а, берийн бераша а, шайн дайша лелийна доллу гӀуллакхаш леладо.
ТӀаьххьарнаш 18:1-37 1. Исраилхойн паччахь волчу Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до кхоалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ахьаз-паччахьан кӀант Хьузакх-ЯхӀу. 2. Иза паччахь дӀахӀуттуш цуьнан ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхӀус. Цуьнан ненан цӀе яра Аби-ЯхӀу, ткъа иза Закри-ЯхӀун йоӀ яра. 3. Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг. 4. СагӀа доккху гунаш дӀадехира цо, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьийшира, Ашера цӀе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цӀестан лаьхьа Хьузакх-ЯхӀус кагбира, хӀунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цӀе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора. 5. Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхӀу. Цул хьалха, я цул тӀаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхӀудхойн массо а паччахьашна юкъахь. 6. Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дӀа ца вирзира Хьузакх-ЯхӀу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо. 7. Веза Эла гуттара а вара цуьнца, ткъа ша дечу массо а гӀуллакхаш тӀехь аьтто хуьлуш вара Хьузакх-ЯхӀу. Ашур-мехкан паччахьна дуьхьал а волуш, цунна муьтӀахь вацара Хьузакх-ЯхӀу. 8. Ха деш йолу бӀов йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна йоккхачу чӀагӀйинчу гӀалина тӀекхаччалц, пӀелаштамхошна тӀехь толамаш бехира цо, Ӏази-гӀалина а, цуьнан гонах йолчу аренна а тӀекхаччалц. 9. Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до доьалгӀа шо долуш, ткъа исраилхойн паччахьан Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до ворхӀалгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Шалманесара, тӀе а гӀоьртина, Шамран-гӀалина го бира. 10. Кхо шо даьлча, Шалманесара дӀалецира и гӀала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до йолхалгӀа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХӀушаӀа паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, дӀалаьцнера Шамран-гӀала. 11. Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дӀабигира. Хьалахь-гӀалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гӀалахь а, мадайхойн гӀаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш. 12. И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догӀарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тӀе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугӀура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара. 13. Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до дейтталгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхӀуд-мехкан массо а аьлла чӀагӀйинчу гӀаланашна тӀе а гӀоьртина, уьш дӀалецира. 14. ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус Лахиш-гӀала ашурхойн паччахьна тӀе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Ӏадвитахьа со. Ахьа бохху ял дӀалур ю аса хьуна». ТӀаккха ашурхойн паччахьо яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна кхо бӀе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тӀедожийра. 15. Цу тайпана Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дӀаделира Хьузакх-ЯхӀус. 16. Везачу Элан цӀа чохь ша дӀахӀиттийначу дешин неӀаршна тӀера а, неӀарийн гураш тӀера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дӀаделира цо. 17. Ашурхойн паччахьо Лахиш-гӀалара шен тӀеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхӀу-паччахьна тӀе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дӀакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, наха хӀуманаш юьттучу аренна тӀебоьдучу новкъахь, дӀахӀиттира уьш. 18. Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цӀахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дӀаяздеш волу Асайпан кӀант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тӀевеара. 19. Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дӀаала Хьузакх-ЯхӀуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бӀобулуш дерг хӀун ду?’ 20. Ахь боху хьайн говзалла а ю, тӀеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Ткъа хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал? 21. Кагъелла Ӏаса санна болчу оцу Мисар-махкана тӀетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тӀе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Ӏаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун. 22. Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де’. 23. Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гӀо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тӀе ховшо береш карор барий хьуна? 24. Сан олахочун уггар кӀезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гӀерта хьо, Мисар-махко хьайна тӀеман гӀудалкхаш яларх а, дошлой бахкийтарх а тешна хьо Ӏаш хилча? 25. Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тӀе вогӀур варий со иза хӀаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‘Ваха а гӀой, хӀокху махкана тӀе а латий, иза хӀаллакбе’“». 26. Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца». 27. Эскаран хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тӀе а, хьуна тӀе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хӀара дешнаш дӀаала? ХӀан-хӀан, хӀокху пенна тӀе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юур долчу а, шайн хьатӀ муьйлур долчу а кху адамашка а дӀаала веана со». 28. ТӀаккха эскаран хьаькамо, хьала а гӀаьттина, чӀоггӀачу озаца Ӏебархойн маттахь элира: «ЛадогӀалаш ашурхойн сийлахьчу паччахьан дешнашка! 29. ХӀара ду паччахьо бохург: „Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта. Цуьнга сан карара шу кӀелхьардахалур дац. 30. ‘Везачу Эло вай кӀелхьар а дохур ду, и гӀала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ — бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхӀуга ле ма дайта. 31. Ла ма догӀа Хьузакх-ЯхӀуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гӀой, суна тӀедуьйла. Шух хӀораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тӀера а, инжирийн дитташ тӀера а стоьмаш доийла, иштта хӀораммо а шен долахь йолчу гӀу чуьра хи а молийла, 32. аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, зайт-дитташ а, моз а долуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц. Цу тайпана шу дехар а ду, лийр а дац. ‹Везачу Эло вай кӀелхьардохур ду›, — бохуш, шаьш ледеш волчу Хьузакх-ЯхӀуга ла ма догӀа. 33. Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кӀелхьарбаьккхиний? 34. Мичахь бу Хьамат-гӀалин а, Арпад-гӀалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева олучу гӀаланийн деланаш? Шамран-гӀала а кӀелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? 35. Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кӀелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТӀаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?’“» 36. Дуьхьал цхьа а дош ца олуш, дӀатийна Ӏаш дара халкъ, хӀунда аьлча паччахьо омра динера: «Цунна дуьхьал жоп ма ло», — аьлла. 37. ТӀаккха паччахьан цӀийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дӀаяздеш волчу Асайпан кӀанта Юахьис а, шайн тӀехулара бедарш а этӀийна, Хьузакх-ЯхӀуна тӀе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дӀадийцира.
Забур 74:1-8 1. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма. 2. Хастам бо оха Хьуна, Дела. Хьан цӀе уллохь хиларна Хьуна хастам бо. Адамаша Хьан тамашийначу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу. 3. Ахьа боху: «Хан билгал а яьккхина, Ас нийсонца йолу кхел хоржур ю. 4. Латта дӀасалесташ хилча а, цунна тӀехь мел бехаш берш кхерамехь хилча а, цуьнан бӀогӀамаш чӀагӀдийриг Со ма ву. 5. Курабевллачаьрга Ас боху: „Кура ма дийла“, ткъа Ӏесачаьрга: „Шайн ницкъах дозалла ма де, 6. стигална дуьхьал шайн ницкъах дозалла ма де, кура корта а айина, деза детташ ма дийца“». 7. ХӀунда аьлча малхбалера а, малхбузера схьа а, я яьссачу аренгара схьа а дац стеган лекха хилар, 8. амма Дела ву Кхелахо: Цо цхьаъ охьатаӀаво, ткъа важа лакхавоккху.
Кицанаш 18:22-24 22. Дика зуда карийнарг декъала ву. Иза караяр цу стагана Веза Эла резахиларан билгало ю. 23. Къен стаг дехар деш вистхуьлу, ткъа хьалдолчун жоп кӀоршаме хуьлу. 24. ДоттагӀий дукха хиларо вохарна тӀевалаво, амма бакъволу доттагӀа хилча, иза вешил а уллора хуьлу.
Векалийн 1:1-26 1. Лоруш волу Теапил, сайн хьалхарчу жайни тӀехь ас яздинера хьоьга Ӏийсас дан а, хьеха а долийначу дерригенах а лаьцна, 2. Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тӀекхаччалц. 3. Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тӀевеара Ӏийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Ӏийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хӀуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура. 4. Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гӀалара дӀа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила. 5. ХӀунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду». 6. Мурдаша, гул а белла, хаьттира Ӏийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахӀоттайо хан тӀе ца кхаьчна?» — аьлла. 7. Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гӀуллакх дац. 8. Амма шуна тӀе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхӀуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а». 9. Иза а аьлла, церан бӀаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Ӏийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. 10. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦӀеххьана царна хьалха кӀайн духар тӀехь долу ши стаг дӀахӀоьттира. 11. «Галилай-мехкан бахархой, — элира цара, — шу хӀун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Ӏийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогӀур ву». 12. Цул тӀаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тӀера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоӀучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал. 13. ГӀала а баьхкина, уьш лакхарчу цӀа чохь гулбелира. Векалийн цӀераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Ӏандар, Пилап, ТӀама, Барталамай, Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Якъубан кӀант ЯхӀуд, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочуш дан гӀертарг. 14. Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доӀанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Ӏийсан нана Марем а, Ӏийсан вежарий а бара. 15. Цкъа уьш гулбеллачу метте бӀе ткъа гергга динан ваша веара. Кипас, хьала а гӀаьттина, элира: 16. «Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Ӏийса лоцуш болчарна тӀехь куьйгалла дина волчу ЯхӀудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тӀехь. 17. ЯхӀуд вайх цхьаъ вара, вай Далла гӀуллакх дечу хенахь вайца дакъа а лецира цо». 18. Ӏийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тӀехь велла карийна иза, даьттӀачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш. 19. Ярушалаймехь массарна а хаьара оцу хиллачух лаьцна, цундела шайн маттахь цара «ХӀакал-дама» аьллера цу лаьттах. Иза «ЦӀийн латта» бохург ду. 20. «Забур тӀехь цхьанхьа яздина ду: „Цуьнан керт дӀатесна хуьлийла, цигахь цхьа а кхин ма вехийла“, вукхунхьа: „Далла гӀуллакх дечохь цуьнан меттиг кхечо дӀалоцийла“. 21. Цундела вайна оьшу гуттар а вайца Ӏийсана уллохь а хилла, 22. ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Ӏийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Ӏийса денваларан теш хила а веза». 23. Шиъ билгалваьккхира: шех Бар-Сабба я «Юст» олу Юсуп а, Маттахьи а. 24. Векалша доӀа дира: «Веза Эла! Хьуна хӀораннан а дог девза, гайтахьа тхуна 25. ша ваха веззачу метте дӀаваханчу ЯхӀудан метта, Айхьа векал а вина, гӀуллакх дан хаьржинарг». 26. Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгӀа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дӀакхийтира.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012