Библия Один Год

1. ХӀара бу доккхачу хин йистехь йолчу яьссачу аренах болу хаам. Къилберачу аренгахь хьоькху йилбазмехаш санна, чугӀерташ бу яьссачу арара, кхерам тосуш болчу махкара.
2. Буьрса сурт ду суна гайтинарг: ямартхо ямартло еш ву, талорхо талор деш ву. Ӏейлам, тӀамца тӀегӀо цунна! Мадай, цунна го бе! Везачу Эло узарш дӀасацор ду.
3. Оцу балхо Ӏадийначу сан дегӀан меженаш егош ю, беро хьийзочу зудчун санна, лазарш ду сан. Сайна хезаш долчо синтем байина сан, гуш долчо вохийна со.
4. Сан дог холчохь ду, кхерамна со вегош ву. Суна езначу маьркӀаженах къемат хилла суна.
5. Той кечдеш, охьаховша кузаш даржош — дууш а, молуш а бу нах. «ХьалагӀовтта, хьаькамаш, турсаш тӀе силам хьакха!»
6. ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта аьлла соьга: «Ваха а гӀой, хехо хӀоттаве. Шена гуш дерг схьадийцийта цуьнга.
7. Говрашна а, варрашна а, эмкалшна а тӀехь, шишша цхьаьна улло а хӀиттина, богӀу дошлой шена гича, цуьнга леррина ладогӀийта а, чӀогӀа тидам байта а».
8. Хехочо мохь хьаькхира: «Сан олахо! БӀаьвнехь лаьтташ ву со де дийне мел дели, иштта хӀора буса а ха деш ву со.
9. Шишша цхьаьна хӀиттина богӀуш дошлой а, схьабогӀуш нах а бу». Цул тӀаьхьа цо элира: «Бавел-гӀала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Ӏохкуш ду».
10. Эринчу ялтех тера долу сан халкъ! Берриге а ницкъийн Везачу Элера, Исраилан Делера, сайна хезнарг шуьга дӀакхайкхийна ас.
11. ХӀара бу тийналлин махках болу хаам. СеӀир-мехкашкара схьа мохь бетта соьга: «Хехо! Буьйсанан мел хан йисина? Хехо! Буьйсанан мел хан йисина?»
12. Хехочо жоп ло: «Ӏуьйре ю тӀейогӀуш, амма иштта буьйса а ю. Нагахь шайна лаахь, кхин цкъа схьа а дуьйлий, соьга хатта».
13. ХӀара бу Ӏаьрби-махках болу хаам. Дадданхойн къепалш, Ӏаьрби-махкарчу боьлакашкахь буьйса яккха дезар ду аша.
14. Тейма-махкара бахархой! Хьогах болчарна дуьхьал хи хьо, шайн махкара бевдда богӀучу нахана баьпкаца дуьхьалдовла,
15. хӀунда аьлча уьш даьхначу таррех а, озийначу Ӏедех а, тӀеман къизаллех а бевдда боьлху.
16. Хьалдолчу Эло элира соьга: «ТӀелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, цхьа шо далале, Къедаран тайпанан сийлалла ерриг а чекхъяьлла хир ю.
1. ХӀара бу хӀоттийначу суьртан тогӀих болу хаам. Шун бахархошна хӀун хилла, уьш берриш а тхевнаш тӀе хьала хӀунда бевлла,
2. гӀовгӀане, синтем боцу, йоккхаеш йолу гӀала? Хьан хӀаллакьхилларш туьро а ца байина, тӀамехь а ца белла.
3. Берриге а хьан тхьамданаш цхьаьна бевдира, амма уьш, Ӏад а ца кхуссуш, лийцира. Уьш берриш а йийсаре кхаьчна, мел гена бевдда хиллехь а.
4. Цундела боху ас: «Вита со, со доггах воьлхур ву. Ма гӀерта сан догъэца, сан хьоме халкъ дакъазадаккхар бахьана долуш».
5. ХӀоттийначу суьртан тогӀи чохь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло цхьа де билгалдаьккхира. Оцу дийнахь нах карзахбаьхна хир бу, вовшийн хьоьшуш хир бу, уьш дарбелла хир бу. Наха гӀалин пенаш кегдийр ду, цара хьоькху маьхьарий лаьмнашкахь хезаш хир ду.
6. Шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а Ӏейлам-махкара тӀемалой тӀебогӀу, тӀом бан Ӏад-беттанаш а яхьаш. Кхир-махкарчу тӀемалоша турсаш кечдина.
7. Хьан тоьлла йолу тогӀеш гӀудалкхех юьзна а ю, кевнна дуьхьал лаьтташ дошлой а бу.
8. ТӀаккха Везачу Эло ЯхӀудан къомера лардар дӀадаьккхира. Оцу дийнахь шу хьоьжуш дара Ливанун-мехкан хьун цӀе йолчу паччахьан цӀа чохь Ӏалашдеш долчу герзашка.
9. Шуна гира Даудан гӀалин пенашна даьхна Ӏуьргаш. Лахарчу Ӏома чохь хи гулдеш дара шу.
10. Ярушалаймерчу цӀеношка а хьаьжна, шаьш къастийна цӀенош дохийра аша, гӀалин пенаш чӀагӀдархьама.
11. Ширачу Ӏома чуьра хи, схьа а эцна, Ӏалашдархьама, шина пена юккъехь меттиг кечйира аша. Амма и дерриге а Хилийтинчуьнга шу ца хьоьжура, дуккха а хьалха и гӀуллакхаш кхочушдан Къастийначун тидам ца бора аша.
12. Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дӀахедае а, шайна тӀе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга.
13. Амма шу самукъадаьлла а, даккхийдеш а дара! Шу, стерчий а, уьстагӀий а дойуш, жижиг дууш а, чагӀар молуш а дара. «Юушший, молушший Ӏей вай, кхана вай лийр долу дела» — бохура аша.
14. Массо а ницкъийн Везачу Эло аьлларг сайн лергашца хезира суна. «ХӀокху къинна гечдийр дац шуна, шаьш делла дӀадовллалц», — чӀагӀо йира массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло.
15. Иштта боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло: «Ваха а гӀой, паччахьан цӀийнан хьаькаме Шибне дӀаала:
16. „Хьан кхузахь хӀун ду я мила ву, кхузахь ахь хьайна къубба яьккхина хила? Хьажал, цо шена лекхачу меттехь къубба яьккхина, тархах шена садаӀаран цӀа аьгна!
17. ЛадогӀа, хьайх майраниг аьлла цӀе йоккхург, Везачу Эло хьо дӀакхуссур ма ву! Хьо чӀогӀа схьалоцур ву Цо.
18. Хьарчийна, хьох ларча а йина, Цо доккхачу лаьтта тӀе кхуссур ву хьо. Цигахь хьо лийр ву, хьан исбаьхьа гӀудалкхаш а хир ю. Хьан олахочун цӀенна хьо эхье хӀума ма ю!
19. Аса, хьайн меттера дӀа а ваьккхина, даржах вохор ву хьо“.
20. Оцу дийнахь Хьалкхи-ЯхӀун кӀант, Сайн лай волу Элъякъим тӀекхойкхур ву Ас.
21. Хьан духар цунна тӀе а дуьйхина, хьан доьхка цунна юкъах а дихкина, хьан дарж цунна дӀалур ду Ас. Ярушалайман бахархошна а, ЯхӀудан тӀаьхьенна а да хир ву иза тӀаккха.
22. Даудан тӀаьхьенах волчу паччахьан цӀийнан догӀа цуьнан кара лур ду Ас. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.
23. Ондачу метте тоьхна хьостам санна, чӀагӀвийр ву Ас иза. Шен ден цӀийнан сий ойур ду цо.
24. Цунна тӀехь кхозуш хир ду цуьнан ден цӀийнан дозалла, цуьнан бераш а, церан бераш а цу чу а догӀуш. Цуьнан хьостамна тӀехь массо а пхьегӀа кхозуш хир ю — боганашна тӀера кхабанашна тӀекхаччалц.
25. Цу хенахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — ондачу меттехь болу хьостам, меттах а баьлла, охьабужур бу. Цу тӀехь кхозуш дерг, доьхна, дӀадер ду». Иштта боху Везачу Эло.
1. Даудан назма.
2. Сан дог Хьох тешна ду, Дела, ас Хьуна иллеш эр ду, дерриг а сайн синца Хьуна хастам бийр бу.
3. Самабала, мерз-пондар! ГӀатта, Ӏад хьокху пондар! Малх самабоккхур бу ас!
4. Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву, Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.
5. Стигала кхаччалц бу Хьан безам, мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар.
6. Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!
7. Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа, оха дина доӀа дӀа а хазахьа, Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама.
8. Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш, Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю.
9. ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю, ЯхӀуд-мохк — Сан паччахьаллин гӀаж ю.
14. ДогӀа ца луш йолу марханаш а, мох а санна ду, совгӀат дийр ду а аьлла, иза цадар.
15. Собарца куьйгалхочун ойла корчуьйту, ткъа эсалчу къамело кхоччуш чӀогӀа йолу ойла а хуьйцу.
16. Хьайна моз карадахь, шен барамехь даа иза, тӀех дукха а диъна, и моз схьа ца Ӏетторхьама.
1. Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Ӏийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Ӏаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хӀара кехат.
2. Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна.
3. Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву.
4. Цо вайн муьлххачу а гӀайгӀанехь вайна синтем ло, Цо вайна беллачу оцу синтемца муьлххачу а гӀайгӀанехь болчу кхечарна а вайгахула синтем хилийтархьама.
5. Дала леррина Къобалвинчуьнца вай боькъуш болу Цуьнан лазамаш алсамбийларе терра, Цо вайна луш болу синтем а алсамбуьйлу.
6. Оха баланаш хьоьгуш хилча — иза шун синтеман а, кӀелхьардовларан а дуьхьа ду. Тхо догъоьцуш хилча — иза шун синтеман дуьхьа ду, хӀунда аьлча оцу синтемо шуна чохь доьналла кхуьуьйту, оха хьоьгуш болу баланаш шуьга а хьегийтархьама.
7. Тхо чӀогӀа тешна ду шух, хӀунда аьлча тхуна хаьа, нагахь оха хьоьгу баланаш шуьца бекъалуш хилча, тхан деган синтем а бекъало шуьца.
8. Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Ӏан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хӀиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш.
9. Тхайн дагахь-м тхаьшна даларан кхел йина моьттуш дара тхо. Иза хиллера, тхо тхайх тешна а доцуш, амма белларш а юхаденбеш волчу Делах тешна хилийтархьама.
10. Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кӀелхьардехира тхо, Цо кӀелхьардохур а ду. ХӀинца чул тӀаьхьа а Цо кӀелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо.
11. Тхуна тӀера доӀанаш а деш, цу гӀуллакха тӀехь аша гӀо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доӀанашка Дала ладогӀарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу.
12. Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тӀехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцӀена а, хӀумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара.
13. 13-14 Цундела и кехат дешча, шу кхетар доцу хӀума ца яздо оха. Сан дегайовхо ю, цхьадолчух-м шу хӀинцале а кхетта хиларе терра, шу тхох кхоччуш кхетарг хиларх, вайн Веза Эла волчу Ӏийсан дийнахь оха шух дозалла дийриг хиларе терра, аша а тхох дозалла дийриг хиларх.
14. ***
15. Ишттачу тешарца со дагахь вара уггар хьалха шу долчу ван, шун шолгӀа а декъалалла хилийтархьама.
16. Со Македоне воьдучу хенахь шу долчухула а ваьлла, тӀаккха, юхавоьрзуш, юха а шу долчу ван ойла яра сан, шуьга со ЯхӀуд-махка новкъа а воккхуьйтуш.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012