Ӏамос 8:1-14 1. Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: лаьтташ стоьмаш чохь болу тускар дара. 2. Цо хаьттира: «Ӏамос, хьуна хӀун го?» Ас жоп делира: «Аьхкенан чаккхенгахь кхиъна болчу стоьмийн тускар го суна», — аьлла. ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Сан халкъан, исраилхойн, чаккхе тӀекхаьчна. Ас цунна кхин гечдийр дац. 3. Цу дийнахь паччахьан цӀа чуьра эшарш белхаре йоьрзур ю, — боху Хьалдолчу Эло. — Дукха декъий хир ду. Уьш тийналлехь миччахьа а дӀакхуьссур ду». 4. ЛадогӀа кху дешнашка, мисканаш дӀакхалла а, къенаш хӀаллакбан а хьаьгна долчу а, 5. иштта дешнаш бохуш долчу а аша: «Керла бутт а, цкъа мацца байна а, дӀабовр бу, вайна ялта дӀадохка меттиг ялийтархьама. Далла лерина шоьтан де а дӀадер ду, вайга чӀоьнаш дӀаеллийтархьама, барам лахбалийтархьама, шекхалан мах хьалабаккхархьама, нийса доцучу терзанца нах лебархьама. 6. Иза хир ду хьал доцурш детих эца а, мисканаш шина мачех хийца а, дӀаден мегаш доцу хӀу дохка а». 7. Исраилан халкъах дозалла дечу Везачу Эло чӀагӀо йора: «Билггала цкъа а церан гӀуллакхех цхьа а дицдийр дац Аса! 8. Дегор-м дац те и бахьана долуш латта? Лаьтта тӀехь вехаш волу хӀора а воьлхур-м вац те? Дерриге а, доьду хи санна, тохалур ду. Мисар-махкара хи санна, лакхадолуш а, лахлуш а хир ду иза. 9. Оцу дийнахь иштта хир ду, — боху сан Хьалдолчу Эло — дийнан делкъехь Ас малх дӀахьулбийр бу, сирла де юккъе дахча, лаьтта тӀе бода боссор бу. 10. Шун деза денош гӀайгӀане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дӀахӀоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тӀедухур ду, хӀораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кӀантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю. 11. Денош тӀедогӀур ду, — боху сан Хьалдолчу Эло, — Ас лаьтта тӀехь мацалла хуьлуьйтур йолу. Иза бепиг доцу мацалла а хир яц, хи доцу хьогалла а хир яц. Иза Везачу Элан дош хазаре сатуьйсу хьогалла хир ю. 12. Уьш, Везачу Элан дош лоьхуш, Дуьрачу хӀорда тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе а, къилбаседера малхбале а лелар бу, амма иза карор дац. 13. Оцу дийнахь хаза мехкарий а, кегийрхой а хьагбаларна гӀора дайна хир бу. 14. Цара Шамранан цӀуйх дуйнаш боу: „Дийна волчу Данан делах дуй боу!“ я „Беар-ШабаӀан делах дуй боу!“ — олий. И чӀагӀонаш еш берш охьаоьгур бу, кхин хьала а гӀовттур бац».
Ӏамос 9:1-15 1. Веза Эла сагӀа доккхучу кхерчана уллохь гира суна. Цо элира: «Делан цӀенна хӀиттийначу бӀогӀамашна тӀе, баххаш ластийттал, хӀума тоха. И бӀогӀамаш массеран а кортош тӀе эгаде. Ткъа царах биснарш Ас туьраца хӀаллакбийр бу. Царах цхьа а дӀа а вадалур вац, цхьа а кӀелхьар а валалур вац. 2. Уьш, эхарта кхаччалц, лаьттах чубахнехь а, цигара а Сан куьйго схьабохур бу. Уьш, тийсалуш, стигала хьалабевллехь а, цигара а чукхуьссур бу Ас. 3. Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бӀаьргашна хьалхара дӀабевлла, хӀордан бухахь уьш дӀаловчкъахь а, цигахь а Ас хӀордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла. 4. Нагахь санна, шайн мостагӀашна хьалха а бевлла, уьш йийсаре гӀахь а, цигахь а Ас туьре омра дийр ду, уьш байа аьлла. Ас Сайн бӀаьргаш, царна диканна а ца хьажош, бохам бан тӀехьажор бу». 5. ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолу Эла лаьттах хьакхало, тӀаккха латта дӀасадекъало. Лаьтта тӀехь вехаш мел верг воьлху. Дерриг а латта, Мисар-махкара Нил-хи санна, лакха а долу, юха лах а ло. 6. Дала Шена лерина хӀусамаш стигалшкахь йина, ткъа Шен стигалан нартол лаьтта тӀехь дӀахӀоттийна. Цо хӀордан хиш схьа а гулдо, уьш лаьтта тӀехула дӀа а Ӏанадо. Цуьнан цӀе — Веза Эла ю! 7. «Шу а, исраилхой, хушахой санна дац ткъа Суна? Со вац ткъа исраилхой Мисар-махкара, пӀелаштамхой Крит-гӀайре тӀера, арамхой Кхирера арабаьхнарг?» — боху Везачу Эло. 8. «Хьалдолчу Элан бӀаьргаш къинош летийначу пачхьалкхана тӀехьажийна бу. Ас, хӀаллак а йина, лаьтта тӀера тӀепаза йойур ю иза. Амма Якъубан цӀа Ас кхоччуш хӀаллакдийр дац, — боху Везачу Эло. 9. — Ас, омра а дина, Исраилан халкъ массо а халкъашна юкъахь дӀасадаржор ду, цецана чу дожош долу буьртигаш санна, амма царах цхьа а вониг лаьтта ца бужу. 10. Сан халкъана юкъара къинош летийнарш берриге а туьрах хӀаллакьхир бу, цара бахахь а: „И бохам тхох хьакха а лур бац, тхуна тӀе а богӀур бац“». 11. «Охьадоьжна четар санна йолу Даудан пачхьалкх юхаметтахӀоттор ю Ас оцу дийнахь. Цуьнан йохийна а, лилхина а меттигаш, дӀа а къевлина, ширачу заманахь ма-хиллара, дӀахӀоттор ду иза. 12. Иза Эдомах диснарг а, Сан долахь хилла массо къаьмнаш а церан карадахийтархьама дийр ду Ас», — боху хӀара дерриге а деш волчу Везачу Эло. 13. «ТӀекхочур ду, — боху Везачу Эло, — охуш волчунна — оруш верг гун волу а, ткъа кемсаш хьуьйш верг уьш дӀаюьйш волчунна тӀаьхьа кхуьур воцу а токхе денош. Кемсийн мутта лаьмнех охьаӀийдалур ду, массо а баьрзнех схьаоьхур ду иза. 14. Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тӀе юхадерзор ду. Яссийначу гӀаланашкахь гӀишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш. Кемсийн бошмаш а йоьгӀна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду, бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара. 15. Ас шайн лаьтта тӀе охьаховшор бу исраилхой. Уьш кхин Ас царна деллачу лаьтта тӀера лелхийна лелор бац», — боху хьан Везачу Дала.
Забур 143:1-6 1. Даудан назма. Декъала ву Веза Эла, Иза сан тарх ю. Цо тӀамана кечвина со, сан куьйгаш лата Ӏамийна. 2. Суна тешаме Верг, сан ГӀап, сан къайлаволу Меттиг, со КӀелхьарвоккхург, сан турс — сан Цунах дегайовхо ю. Цо сан куьйга кӀел даладо сан халкъ. 3. Веза Эла! Мила ву стаг, Ахь цуьнан гӀайгӀа бан, адамийн кӀант тергал хӀунда во Ахьа? 4. Адам хьоькхучу махах тера ду, цуьнан дахар а дацлуш долу ӀиндагӀ ду. 5. Веза Эла! Хьайн стигалш дӀаса а таттий, чувоссахьа. Лаьмнех хьакхалохьа, тӀаккха цара кӀур тосур бу. 6. Стелахаьштиг тохий, мостагӀий дӀасакхиссахьа, Хьайн пхерчий а тохий, лахкахьа уьш.
Кицанаш 30:1-4 1. ХӀара хьекъале а, Делера долу а дешнаш Якхайн кӀентан АгӀуран ду. Итиале а, Укале а дӀадийцина ду хӀорш: 2. «Адамах тера а воцуш, сонтачу хьайбанах тера ву со, соьгахь адамехь болу кхетам а бац. 3. Хьекъалалла аса Ӏамийна а дац, Везачу Делах лаьцна сан хаарш а дац. 4. Мила ву, стигала хьала а ваьлла, юхавирзинарг? Мила ву шен карахь мох сацийнарг? Мила ву шена тӀекхоьллинчу обанна юкъахь хи сацийнарг? Мила ву дуьненан доза хадийнарг? Муха ю цуьнан цӀе? Муха ю цуьнан кӀентан цӀе? Хьуна хууш дуй иза?
Довзийтинарг 6:1-17 1. ТӀаккха суна гира Ӏахаро ворхӀ мухӀарх цхьаъ дӀадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!» 2. Со дӀахьаьжча, суна кӀайн дин гира. Цу тӀехь, карахь Ӏад а долуш, бере вара. Цуьнга толаман таж делира. ТӀаккха и толам боккхуш верг толам баккха вахара. 3. Ӏахаро шолгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира шолгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!» 4. ТӀаккха расха болу кхин дин арабелира. Цу тӀе хиъна волчунна бакъо елира Лаьттара машар бохо а, адамашка вовшийн дайийта а. Оцу беречуьнга доккха тур делира. 5. Ӏахаро кхоалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира кхоалгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дӀахьаьжча, суна Ӏаьржа дин гира. Цу тӀехь бере вара, цуьнан карахь терза дара. 6. Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кӀен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагӀар а талха ма де!» 7. ТӀаккха Ӏахаро доьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира доьалгӀачу дийнатан озо олуш: «Схьавола!» 8. Со дӀахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тӀехиъна «Ӏожалла» цӀе йолу бере вара, шена тӀаьхьахӀоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгӀа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а. 9. Цо пхоьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, сагӀа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна. 10. Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Ӏийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цӀий Ӏанорна царна таӀзар ца деш а?» — аьлла. 11. ТӀаккха царна хӀоранна а кӀайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кӀеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Ӏийсана гӀуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц. 12. Суна гира Ӏахаро йолхалгӀа мухӀар дӀадоккхуш. ТӀаккха чӀогӀа мохк бегийра. Малх а, Ӏаьржачу тӀергӀан духар тӀедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цӀий санна, цӀийбелира. 13. ЦӀеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тӀера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тӀе охьаийгира. 14. Стигал а, хьарчийна долу тептар санна, дӀа а хьаьрчина, дӀахьулъелира. ХӀора лам а, гӀайре а меттахъяьккхира. 15. Лаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тӀеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргӀат берш а хьехашна чохь а, чӀажашна чохь а дӀалевчкъира. 16. Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тӀе а эгий, дӀахьулдейша тхо Ӏарша тӀехь хиъна Волчунна гарх а, Ӏахаран таӀзарх а. 17. Цара таӀзар даран къематде тӀедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012