ТӀаьххьарнаш 22:1-20 1. Юши-ЯхӀун бархӀ шо хилла иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ядидат яра. Иза Боцкхат-гӀаларчу Ӏади-ЯхӀун йоӀ яра. 2. Юши-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Массо а хӀуманна тӀехь ша схьаваьлла волу Дауд-паччахь леллачу новкъахула лелара Юши-ЯхӀу. Цу некъа тӀера я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца ваьлла иза. 3. Юши-ЯхӀу-паччахьо олалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, шен йозанча волу Машулиман кӀентан Ацал-ЯхӀун кӀант Шапани вахийтира цо Везачу Элан цӀийне. Паччахьо элира: 4. «Динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а гӀой, Везачу Элан цӀийнан кевнехь лаьтташ болчу гӀаролхоша нахера схьагулдинчу ахчанан хьесап дайта цуьнга. 5. И ахча Везачу Элан цӀенна тӀехь болх беш болчу белхалошна тӀехьовсучу нехан кара дӀадала деза. Ткъа цара дӀадекъа деза и ахча Везачу Элан цӀа тодеш болчарна: 6. дечиг пхьерашна а, гӀишло ечарна а, пенаш дуттучарна а. Иштта дечиг а, хьаькхна тӀулгаш а схьаэцийта цаьрга, Везачу Элан цӀа тодархьама. 7. Шаьш оцу белхалошна дӀалуш долчу ахчанан хьесап а ма де, хӀунда аьлча царах теша мегар ду». 8. Динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀус йозанче Шапанига элира: «Суна товрат-хьехамийн тептар карийна Везачу Элан цӀа чохь». Хьалкхи-ЯхӀус и тептар Шапанига делира, ткъа вукхо иза дӀадийшира. 9. Йозанча Шапани паччахь волчу юхавеара, цуьнга хаам а беш. Цо элира: «Хьан ялхоша, Везачу Элан цӀенна хьалха долу ахча, схьа а эцна, Делан цӀа тодеш белхаш беш болчарна тӀехьожуш болчийн кара дӀаделла». 10. ТӀаккха йозанчо Шапанис элира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхӀус тептар делла соьга». Шапанис и тептар паччахьна хьалха дийшира. 11. Товрат-хьехамийн тептар тӀера дешнаш шена дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедар этӀийра. 12. ТӀаккха паччахьо, динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна а, Шапанин кӀантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхӀун кӀантана Ӏахбарна а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Ӏаси-ЯхӀуна а тӀе а дуьллуш, элира: 13. «Даха а гӀой, сан дуьхьа а, берриге а яхӀудхойн дуьхьа а оцу карийначу тептар тӀехь долчух лаьцна Везачу Элах дагадовла. Везачу Элан дералла вайна тӀехь чӀагӀъелла, вайн дайша хӀокху тептаран дешнашка ла ца дуьйгӀина дела. Вайх лаьцна цигахь мел яздинчуьнга хьаьжжина, лело дезарг лела ма ца дора цара». 14. ТӀаккха динан да Хьалкхи-ЯхӀу а, Ахьикхам а, Ӏахбар а, Шапани а, Ӏаси-ЯхӀу а Ярушалайман шолгӀачу декъахь Ӏаш йолчу а, шегахь Делера болу хаам беш йолчу а Хьулдатана тӀебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кӀентан Тикхавин кӀант волу Шалум, ткъа иза духарийн цӀенна тӀехь куьйгалхо вара.) Цара цуьнца къамел дира. 15. Хьулдата цаьрга элира: «ХӀара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тӀехьажийначу стаге хӀара дӀаала: 16. ‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам боуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а тӀе, яхӀудхойн паччахьо дешна долчу тептар тӀера дерриг а дешнаш тӀехь ма-хиллара. 17. Со дӀа а тесна, хаза хьожа йогӀу хӀума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хӀуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгӀазло хир ю кху меттигна тӀехь, дӀайовр йоцу алу санна›’. 18. Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла шаьш схьахьажийначу яхӀудхойн паччахье аша дӀаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: 19. Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дӀа а хезна, хьан дог кӀад а луш, Суна хьалха ахь хьо лахварна а, хьайн тӀехулара бедар этӀа а йина, Суна хьалха хьо велхарна а, Суна хьо дӀахезна, — боху Везачу Эло. — 20. И бахьанехь хьо, синтемца дӀа а кхелхина, хьайн дайшна тӀевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чу охьавуьллур ву. Хьан бӀаьргашна гур бац Аса кху меттигна тӀебоуьйтур болу и массо а бохамаш’“». Паччахьна тӀедаьхьира и жоп.
ТӀаьххьарнаш 23:1-37 1. Юши-ЯхӀу-паччахьо ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а берриге а къаной схьагулбайтира. 2. Паччахь Везачу Элан цӀийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхӀуд-мехкан дерриге халкъ а, Ярушалайман берриге бахархой а, динан дай а, пайхамарш а, доллу халкъ а, уггаре ладаме доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тӀекхаччалц. ТӀаккха паччахьо Везачу Элан цӀенна уллохь карийначу Дала бинчу бертан тептар тӀера дерриге а дешнаш дӀадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо халкъана дӀа а хозуьйтуш. 3. БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира — цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тӀера дешнаш кхочуш а деш. ТӀаккха дерриге а халкъо чӀагӀо йира и барт кхочушбан. 4. ТӀаккха Юши-ЯхӀу-паччахьо омра дира, динан коьртачу дега а, вукху динан дайшка а, Везачу Элан цӀийнан кертарчу гӀаролашка а, оцу кертахь цӀу-деланашка БаӀална а, Ашерана а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а Ӏамал еш дӀахӀоттийна мел йолу хӀума араяккха аьлла. Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриг хӀуманаш Ярушалайм-гӀалина арахьа йолчу Кхидрун-тогӀи чохь ягаяйтира, ткъа уьш ягийча бисина болу чим Бетал-гӀала дӀабаьхьира. 5. ЯхӀудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора БаӀал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дӀабехира ЯхӀуд-мехкан массо гӀаланийн а, Ярушалайм-гӀалина гонах мел йолчу меттигийн а сагӀа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогӀу хӀума яго яхӀудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай. 6. Везачу Элан цӀийнан кертахь Ашера-цӀунна боьгӀна болу бӀогӀам Юши-ЯхӀу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гӀалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогӀи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хӀуманех чим бина, иза цӀеяхана боцучеран къуббанашна тӀехула дӀасабаржабайтира цо. 7. Цул тӀаьхьа Юши-ЯхӀу-паччахьо Везачу Элан цӀийнан кертахь лаьтташ болчу цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болчу «безачу» божарийн цӀенош дохадайтира. (Цигахь Ашера-цӀунна Ӏамал ечу хенахь тӀеюхуш йолу бедарш юцура зударша.) 8. Юши-ЯхӀу-паччахьо массо динан дай, ЯхӀуд-махкара ара а баьхна, Ярушалайм-гӀали чубехира. Берриге а ЯхӀуд-махкахь — ГибаӀ-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀ-гӀала кхаччалц — динан дайша тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягийна меттигаш бехъяйтира цо. Юши-ЯхӀу-паччахьо иштта гӀалин кевнна уллохь болчу газа-цӀушна лерина болу сагӀа доккху гу бохабайтира. ГӀалин хьаькам хиллачу ЮшаӀан кевнехь чуволлучохь, гӀалин кевнан аьрру агӀор, бара и гу. 9. Ткъа, хьалха цӀушна Ӏамалъеш хиларна, оцу динан дайшна Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана хӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀа даккха ца магадора. Делахь а вукху динан дайшца цхьаьна совсаза бепиг даа магийтина дара царна. 10. Юши-ЯхӀу-паччахьо сийсазъяьккхира Бен-ХӀинам-тогӀи чохь йолу Тупат олу меттиг, цхьана а стаге кхин цкъа а шен кӀант я йоӀ цигахь Мулка-цӀунна лерина цӀерах чекх ца бахийтархьама. 11. ДӀаяханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша говраш а, гӀудалкхаш а хӀиттайора Везачу Элан цӀийнан керта чу воллучохь, паччахьан кертара куьйгалхо волчу Ната-Маликан цӀенна юххехь. Малхан далла къобалйинера и говраш а, гӀудалкхаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо и говраш цигара дӀаяхийтира, ткъа гӀудалкхаш ягаяйтира. 12. Яханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша Ахьазан цӀенойн тӀехула долчу цӀийнан тхов тӀе тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечйинера. Иштта Маннаш-паччахьо а Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь сагӀа доккху меттигаш кечйинера. Ткъа Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриге сагӀа доккху меттигаш йоха а яйтина, йисина къапалгаш Кхидрун-тогӀи чу кхиссийтира. 13. Ярушалайм-гӀалина малхбалехь болу а, ХӀаллакдаран ломана къилбехь болу а сагӀа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхӀу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дӀахӀиттийнера цӀаданхоша Ӏамал еш йолчу дегазчу Ӏаштарт-цӀунна а, муабахоша Ӏамал еш волчу боьхачу Камош-цӀунна а, Ӏамминхоша Ӏамал еш волчу дегазчу МилкӀом-цӀунна а лерина. 14. Юши-ЯхӀу-паччахьо дохадайтира харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, дӀадахийтира Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а. Ткъа и меттигаш беллачийн даьӀахкех юьзира. 15. Иштта кхин а Юши-ЯхӀу-паччахьо бохийна дӀабаьккхира Бетал-гӀалахь болу сагӀа доккху кхерч. Исраилхошка къинош летадайтинчу НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама цигахь, сагӀа доккхучу гу тӀехь, дӀахӀоттийна хилла и кхерч. Цигахь мел йолу хӀума ягийна дӀаяккхийтира цо, Ашера-харцдалла лерина болу бӀогӀам а тӀехь. Йисина хӀуманаш ата а аьтта, царах чан яйтира паччахьо. 16. Юши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, оцу лома тӀехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьӀахкаш схьаяийтира. ТӀаккха и даьӀахкаш оцу сагӀа доккхучу кхерча тӀехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаӀам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, и гӀуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира. 17. Цо хаьттира: «И хӀун чурт ду суна гуш дерг?» Цу гӀаларчу бахархоша жоп делира цуьнга: «ЯхӀуд-махкара вогӀуш хиллачу Делан стеган къубба ю иза. Ткъа цо яханчу заманахь ахьа хӀинца Бетал-гӀалин сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал динарг аьллера». 18. Юши-ЯхӀу-паччахьо элира: «Меттах ма ваккха иза, цуьнан даьӀахкаш цхьаммо а ма хьае». ТӀаккха цара меттах ца ехира цу стеган а, Шамран-махкара вогӀуш хиллачу пайхамаран а даьӀахкаш. 19. Иштта, Юши-ЯхӀу-паччахьо Шамран-махкарчу гӀаланашкахь сагӀа доккхучу гунаш тӀехь дӀахӀиттийна цӀу-деланийн цӀенош а дохадайтира. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахнера цу кеппара долу цӀенош исраилхойн паччахьаша дӀахӀиттадарна. Ша Бетал-гӀалахь диннарг оцу гунаш тӀехь йолчу сагӀа доккхучу меттигашна а дира Юши-ЯхӀу-паччахьо. 20. Ишттачу меттигашкара динан дай Юши-ЯхӀу-паччахьо байина дӀабахийтира. ТӀаккха адамийн даьӀахкаш цу сагӀа доккхучу меттигашна тӀехь ягийра. Ткъа иштта Ӏамал ен меттигаш йоха а яйтина, ша Ярушалайме юхавирзира Юши-ЯхӀу-паччахь. 21. ТӀаккха Юши-ЯхӀу-паччахьо халкъе омра дира. Цо элира: «Везачу Эло тхоьца бинчу оцу бертан тептар тӀехь яздина ма-дарра, дазде аша шайн Везачу Далла лерина долу „Пасахьан“ деза де». 22. Исраилан халкъана тӀехь мехкан куьйгалхоша олалла дечу хенахь дуьйна, исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн деношна тӀекхаччалц цкъа а цу тайпана даздина дацара «Пасахьан» деза де. 23. Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш Везачу Элана лерина долу и «Пасахьан» деза де Ярушалайм-гӀалахь даздира. 24. Юши-ЯхӀу-паччахьо хӀаллакбира ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а беллачийн синош тӀедоьхуш берш а, жинашца тайнарш а, цӀахь болу цӀуш а, кхиболу цӀуш а, массо а кхидолу дегаза хӀуманаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дира и дерриге а, Везачу Элан цӀа чохь динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀуна карийначу товрат-хьехамийн тептар тӀера тӀедехкинарш кхочушдархьама. 25. Юши-ЯхӀу-паччахьал хьалха я цул тӀаьхьа ца ваьллера и санна шен доллучу даггара, доллучу синца, боллучу ницкъаца Везачу Элана тӀевирзина верг, массо а хӀуманна тӀехь Муса-пайхамаран хьехамаш кхочушбеш верг. 26. Амма Маннаш-паччахьо мел дина дегаза хӀуманаш бахьана долуш, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахийтинера. ХӀинца а ЯхӀудан халкъана оьгӀазваханчуьра юха ца вирзира Веза Эла. 27. Везачу Эло элира: «Ас ЯхӀудан халкъ юхатоттур ду Сайна дуьхьалара, Айса юхатеттина Исраилан халкъ санна. Иштта Айса къастийна йолу Ярушалайм а, хӀара Сан цӀа а, Ас шех лаьцна: „Сан цӀе хир ю цу чохь“ — аьлла долу, дӀатоттур ду Ас Сайна хьалхара». 28. Юши-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 29. Юши-ЯхӀус паччахьалла дечу хенахь Мисар-мехкан паччахь волу Наху-пирӀун Эпрат-хин йисте вахана хилла, Ашур-мехкан паччахьна гӀо дархьама. Юши-ЯхӀу-паччахь пирӀунна дуьхьал тӀом бан аравелла хилла. Ткъа пирӀуно, МагӀидда-гӀалахь шена Юши-ЯхӀу гича, иза вийна. 30. ТӀаккха Юши-ЯхӀун ялхоша цуьнан дакъа, Ярушалайм-гӀала а деана, шен къубба чохь дӀадоьллира. ЯхӀуд-мехкан халкъо Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз, къобал а вина, шен ден метта паччахь вина дӀахӀоттийра. 31. ЯхӀу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. ЯхӀу-Ахьазан ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-махкара йолу Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. 32. ЯхӀу-Ахьаз паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 33. Наху-пирӀуно, Ярушалаймехь ЯхӀу-Ахьазе паччахьалла ца дайта, иза Хьамат-махкарчу Рабила-гӀалахь набахти чу воьллира. Наху-пирӀуно гӀуда такхар тӀедожийра ЯхӀуд-махкана. Шена ши бӀе пунт дети а, ши пунт деши а даьккхира пирӀуно яхӀудхошкара. 34. ТӀаккха Наху-пирӀуно Юши-ЯхӀу-паччахьан Элъякъим цӀе йолу кхин кӀант хӀоттийра, шен ден метта паччахь вина. Наху-пирӀуно Элъякъиман цӀе хийцира, цунах ЯхӀу-Якхам аьлла. Ткъа ЯхӀу-Ахьаз пирӀуно Мисар-махка дӀавигира, иза цигахь дӀа а кхелхира. 35. ЯхӀу-Якхам-паччахьо дети а, деши а лора пирӀунна. И хӀума кхочушдархьама, цо хӀора а стагера, цуьнан долахь долчу лаьттан мехе хьаьжжина, деши а, дети а доккхура. 36. ЯхӀу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. ЯхӀу-Якхаман ненан цӀе Забудат яра. Иза Рума-гӀаларчу Пади-ЯхӀун йоӀ яра. 37. ЯхӀу-Якхам-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.
ТӀаьххьарнаш 24:1-20 1. ЯхӀу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхӀуд-махкана тӀегӀоьртира. Кхаа шарахь Ӏийра ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кӀел. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. 2. Везачу Эло ЯхӀу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а тӀемалой, цаьрга ЯхӀуд-мохк хӀаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. 3. Везачу Элан лаамца хилира и дерриге а ЯхӀудан халкъаца, иза Шена дуьхьалара юхататтархьама. Везачу Эло иза дира Маннаш-паччахьо дукха къинош леторна а, цо сийсаза долу гӀуллакхаш дарна а, 4. иштта цо бехк боцу дукха адам хӀаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гӀала цу нехан цӀийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана. 5. ЯхӀу-Якхаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 6. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Ткъа цуьнан кӀант ЯхӀу-Яхин керла паччахь хилла дӀахӀоьттира шен ден метта. 7. Мисар-мехкан паччахь шен махка чуьра тӀом бан кхин ара ца велира, хӀунда аьлча Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера Эпрат-хина тӀе кхаччалц долу латтанаш дӀалецира Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара. 8. ЯхӀу-Яхинан берхӀитта шо кхаьчнера, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь олалла дира. ЯхӀу-Яхинан ненан цӀе Нахьушат яра. Иза Ярушалаймерчу Эли-Натин йоӀ яра. 9. ЯхӀу-Яхин-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 10. Цу хенахь Бавел-мехкан паччахьан Набухди-Нецаран тӀеман хьаькамаша, Ярушалайм-гӀалина тӀе а гӀоьртина, цунна го бира. 11. ТӀаккха Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар гӀалина тӀевеара, шен тӀеман хьаькамаша гӀалина го бинчу хенахь. 12. ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тӀеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхӀалгӀа шо долуш, цо ЯхӀу-Яхина йийсар дира. 13. ТӀаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан хазни чохь мел йолу хӀума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хӀума а дӀаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цӀенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хӀуманаш дӀаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. 14. Цул тӀаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дӀабигира. Иштта, йийсаре дӀадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхӀуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. 15. Цу тайпана, ЯхӀу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гӀуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах — уьш берриш а Ярушалайм-гӀалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. 16. Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дӀадигира шена чохь ворхӀ эзар тӀемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дӀабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тӀемалой бара. 17. Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гӀалахь керла паччахь дӀахӀоттийра. Иза вара ЯхӀу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхӀу. Матан-ЯхӀун цӀе а хийцина, ЦӀадукъ-ЯхӀу аьлла, цӀе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо. 18. ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. 19. ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен да ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 20. Ярушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла. Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.
Забур 74:18-23 18. Сонта хиларо стеган некъ талхабо, амма шен даг чохь цо Дела бехкево. 19. Исраилхой, ладогӀалаш соьга: Назартара Ӏийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХӀунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а кхочушйора. 20. Ӏийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дӀавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жӀарах дӀа а тохийтина, вейтира Иза. 21. Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Ӏожаллин багара а ваьккхина. Ӏожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. 22. Дауда олура Цунах лаьцна: „Суна гуттар а гора Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта. 23. Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегӀ а ду сатуьйсийлах дуьзна.
Кицанаш 19:3-3 3. ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.
Векалийн 2:22-47 22. Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь“. 23. Вежарий, аса билггала бакъдерг дӀахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дӀа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду. 24. Иза пайхамар вара. Дала цунна чӀагӀо йинера, цуьнан тӀаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла. 25. Хиндерг хууш, Дауда дийцинера Дала леррина Къобалвинарг денлург хиларх а, Иза кошахь вуьсург ца хиларх а, Цуьнан дегӀана дахкадалар гург ца хиларх а лаьцна. 26. Дала Ӏийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду. 27. Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Ӏийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг. 28. Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агӀор охьахаа, 29. Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’, — аьлла“. 30. Цундела, берриг а исраилхой, хаалаш: аша жӀарах дӀатоьхна Ӏийса — Дала Цунах Веза Эла а, Къобалвинарг а вина шуна». 31. И дешнаш хезча, эхь хетта, нехан дегнаш лелхадохкура. Цара хоьттура Кипе а, кхечу векалшка а: «Вежарий, хӀун дан деза оха?» — бохуш. 32. Кипас элира цаьрга: «Шух хӀора а Далла тӀе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Ӏийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТӀаккха шуна совгӀат санна Делан Са лур ду. 33. И совгӀат дукха хенахь дуьйна а лур ду аьлла дара шуна а, шун берашна а, шуна тӀаьхьабогӀучу, Дала Шена тӀекхойкхун болчу массарна а». 34. Кипас, цаьрга дӀа а хьедеш, дехарца бохура: «КӀелхьардовлалаш хӀокху телхинчу адамех». 35. Цуьнан хьехам тӀеоьцучара шаьш хих чекхдохуьйтура. Цу дийнахь Ӏийсан мурдийн тоба кхин кхаа эзар стагана совъелира. 36. Уьш гуттар а векалийн хьехаме ладугӀуш а, вовшех дагабовлуш а, бепиг дохош а, доӀанаш деш а бара. 37. Берриш а Делах кхоьруш бара. Дала дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дора векалшкахула. 38. Ӏийсах тешаш берш цхьаьна бара, церан массо а хӀума юкъахь дара. 39. Шайн керташ а, долахь дерг а дӀа а духкуш, шайна юкъахь дӀасадоькъура цара, хьанна хӀун оьшу хьаьжжина. 40. ХӀора дийнахь цхьаьна Делан цӀийнан кертахь бара уьш. ЦӀеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура, 41. Далла хастамаш а беш. Гонах болчара а уьш лорура. Везачу Эло хӀора денна совйоккхура кӀелхьарбохучийн тоба.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012