Юнус 1:1-17 1. Аматин кӀанте Юнусе Везачу Элера хаам хилира: 2. «Хьала а гӀаттий, йоккхачу Нунав-гӀала гӀо! Цигахь лелачу зуламечу гӀуллакхех лаьцна хаам кхаьчна сан лерге. Нунав-гӀалара бахархошна дуьхьал болу хьехамаш бе». 3. Юнус ваха новкъавелира. Амма иза Таршаш-гӀалахьа дӀаволавелира, Везачу Элах дӀавадархьама. ХӀордан йистехь йолчу Яппи-гӀала а кхаьчна, Таршаш-гӀала доьду хинкема карийра цунна. Мах а белла, оцу хинкеманна тӀе велира иза, Везачу Элан юьхь-дуьхьлара дӀавадархьама. 4. Амма Дала, хӀорда тӀехь чӀогӀа мох а балийтина, хӀорд ловзабаьккхира. Хинкема дохха доллуш дара. 5. Кхерабелла, массо кемалелорхой маьхьарий хьоькхуш бара, хӀораммо а шен-шен деланашка а кхойкхуш. Хинкеманан чуьра кира хӀорда чу кхоьссира цара, кема дайдалийтархьама. Ткъа Юнус, кеманан лаха чу а воьссина, чӀогӀа наб кхетта вижина Ӏаш вара. 6. ТӀаккха цунна тӀевеара хинкеманан коьрта хьаькам. «Вижина хӀунда Ӏа хьо? ХьалагӀатта, хьайн Деле кхайкха! Хьан Далла дага а даьхкина, вай хӀаллак ца хуьлуш дуьсур дац-те?» — элира цо. 7. Юххехь болчара барт бира: «Дуьйло, вай кхаж тосур бу, вайна тӀе хӀара бала балийнарг мила ву хаархьама», — аьлла. Цара кхаж тесира. Юнусана белира и кхаж. 8. ТӀаккха хаьттира хӀордахоша Юнусе: «Дийцахь, хьенан бехк болуш беана вайна тӀе хӀара беза бала? Хьо хӀун лелош ву? Стенгара вогӀу хьо? Мичахь бу хьан мохк? Муьлхачу къомах ву хьо?» — бохуш. 9. «Со Ӏебархо ву. Со латта а, хӀорд а кхоьллина волу Веза Эла, стигалара Дела, лоруш ву», — аьлла, жоп делира цаьрга Юнуса. 10. Ӏаламат чӀогӀа кхерабелира нах, хӀунда аьлча Юнуса ша Далла дуьхьалара къайлаваларан бахьана ма-дарра дийцинера цаьрга. Наха бохура цуьнга: «ХӀунда дина-те ахьа иза?» 11. Юха а хаьттира цара Юнусе: «ХӀун дан деза оха хӀорд дӀатейтархьама?» — хӀунда аьлча хӀорд карзахбаьллачуьра соцуш бацара. 12. Юнуса элира цаьрга: «Со, схьа а лаций, хӀорда чу кхосса, тӀаккха хӀорд дӀатуьйр бу шуна. Суна хаьа, со бахьана долуш тӀебеаний шуна хӀара беза бала». 13. Ткъа хӀара нах, шайгахь ницкъ мел бу гӀоьртина, пийсакаш хьекха буьйлабелира, лаьтта тӀе кхачархьама. Амма цунах гӀуллакх ца хилира, хӀунда аьлча хӀорд, карзахбаьллачуьра ца соцуш, кхин а чӀогӀа адамашна дуьхьалбаьллера. 14. ТӀаккха кхайкхира уьш Везачу Эле: «Доьху Хьоьга, Веза Эла, ма дехьа тхо хӀаллак хӀокху стеган са бахьана долуш. Нагахь санна хӀара стаг бехке вацахь, цуьнан цӀий тхох ма хьарчадехьа, хӀунда аьлча Ахьа, Веза Эла, Хьайна лиънарг дина дела», — бохуш. 15. ТӀаккха цара Юнус, схьа а лаьцна, хӀорда чу кхоьссира. ХӀорд карзахбаьллачуьра дӀатийра. 16. Ӏаламат чӀогӀа кхерабелира нах Везачу Элах. Цара сагӀа а даьккхира, нигаташ а дира. 17. Везачу Эло цхьана боккхачу чӀере, Юнус дӀакхалла аьлла, омра дира. Кхо де-буьйса даьккхира Юнуса оцу чӀеран гай чохь.
Юнус 2:1-10 1. Ша чӀеран гай чохь воллуш, Юнуса доӀанца дийхира шен Везачу Деле. 2. Цо элира: «Со гӀайгӀанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас, тӀаккха Везачу Дала суна жоп делира. Эхартара цӀогӀа туьйхира ас, тӀаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз. 3. ХӀордан кӀоргене, хӀордан даг чу кхоьссина Ахьа со. Хин Ӏовраша го бина суна. Хьан массо тулгӀенаш, со керчош, тӀехула евлла суна. 4. ТӀаккха элира ас: „Хьайн бӀаьргашна хьалхара дӀаваьккхина Ахь со, амма суна юха а гур ду Хьан Деза ЦӀа“. 5. Бух боцучу хӀордо къевлина со, сан син тӀе а кхаьчна, дӀалаьцна со хино. Сан коьртах хӀордан бецаш хьаьрчина. 6. Лаьмнийн буха кхаччалц охьавеана со. Гуттаренна а шен гӀораш а доьхкина, лаьтто дӀакъевлина со. Амма Ахьа, Сан Веза Дела, хьалаваьккхира со бух боцучу Ӏин чуьра. 7. Кхин сайн тоха са ца хилча, суна дагавеана Хьо, Веза Эла, тӀаккха Хьан Дезачу ЦӀа чохь волчу Хьоьга дӀакхаьчна сан доӀанаш. 8. Эрна а, харц а деланаш лоруш берш шаьш даим дезаш волчу Делах дӀакъаьстина. 9. Амма сайна тӀера сагӀа сайн озаца хастам беш доккхур ду ас. Сайн нигат а кхочушдийр ду ас. Везачу Элан карахь ду кӀелхьарвалар!» 10. Везачу Элера шозлагӀа а хаам хилира Юнусе:
Юнус 3:1-10 1. «Вало, гӀо Нунав-гӀала! Цигахь, оцу йоккхачу гӀалахь, бахархошка кхайкхаде Ас хьайга бохург». 2. Дала ма-бохху, Нунав-гӀала вахара Юнус. Далла гергахь еза шахьар яра и Нунав-гӀала. Кхаа дийнахь некъ баллал йоккха яра иза. 3. ТӀаккха хьалхарчу дийнахь некъ мел бало, кхайкхам беш волавелла вахара Юнус: «Кхин шовзткъа де даьлча, юхур йолуш ю Нунав-гӀала!» — бохуш. 4. ТӀаккха тийшира Делах Нунав-гӀалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тӀедеача юхуш йолу бедарш тӀеюьйхира. 5. Нунавара паччахье а кхечира гӀаланах лаьцна беш болу хаам. ТӀаккха и паччахь, шен гӀанта тӀера хьала а гӀаьттина, шен паччахьан духар дӀа а даьккхина, кхин, вон тӀедеача юхуш йолу, бедарш тӀе а юьйхина, чим тӀе охьахиира. 6. ТӀаккха цо Нунав-гӀалахь омра дира: «Паччахьан а, цуьнан гонахара куьйгалхойн а сацам иштта бу: адамаша а, хьайбанаша а, стерчаша а, уьстагӀаша а хӀумма а ма яа, цхьа а беже ма гӀо, цхьаммо а хи ма мала», — аьлла. 7. «Массо адамаша вон тӀедеача юхуш йолу бедарш тӀеюха. Даьхнина тӀе хӀуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХӀораммо Далла тӀеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гӀело а ма е», — аьлла. 8. «Хьанна хаьа, Дела, юха а ваьлла, вайгахьа верзахь а, Шен нуьцкъала оьгӀазло вайна тӀера дӀа а яьккхина, вай хӀаллак ца деш дита мега Цо». 9. ТӀаккха гира Далла церан дика ойланаш а, уьш шайн зуламечу новкъара юхабовлар а. ТӀаккха юхавелира Дела Ша царна бийр бу аьллачу бохамна, Цо бан а ца бира царна и бохам. 10. Юнусана иза чӀогӀа халахийтира, цундела иза оьгӀазвахара.
Юнус 4:1-11 1. ТӀаккха цо доӀанна тӀехь дийхира Везачу Эле: «Ва Веза Эла! И дацара аса со сайн махкахь хиллачу хенахь дийцинарг? Цундела веддерий со-м Таршаш-гӀала, хӀунда аьлча Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а, Хьо атта оьгӀаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а вуйла сайна хаьа дела. Хьо сиха дохковолуш хуьлу, Хьайна цхьанна бохам бан дагадеача. 2. Ткъа хӀинца, Веза Эла, дӀаэцахь сан са, хӀунда аьлча суна валар гӀоле ю-кх, вехачул». 3. ТӀаккха Везачу Эло хаьттира: «Бакъо юй-те хьан оьгӀазваха?» 4. Цул тӀаьхьа Юнус, гӀалара ара а ваьлла, гӀалин йистехь малхбалехьа йолчу агӀор охьахиира. Цигахь цо шена бун йира. Оцу бун чохь ӀиндагӀе а хиъна, гӀаланах хӀун хуьлу-те бохуш, хьоьжуш Ӏара иза. 5. ТӀаккха Везачу Дала Юнусана хало ца хилийтархьама а, цуьнан коьрта тӀехула ӀиндагӀ хилийтархьама а, цхьа орамат кхиийра. Иза Юнусал а лакхаяьлла хьалакхиира. Юнусана и орамат чӀогӀа хазъелира. 6. Цул тӀаьхьа Дала иштта нисдалийтира: шолгӀачу дийнахь сатоссучу хенахь цу ораматан бух нӀаьно, баа а биъна, талхийра. ТӀаккха орамат якъаелира. 7. Малх кхетча, Дала малхбалехьара чӀогӀа бовха мох балийтира. Малхехь Юнусан корта чӀогӀа батталора. Цуьнан са малделлера, тӀаккха шена валар дийхира цо: «Валар а гӀоле ду-кх, иштта вехачул», — бохуш. 8. Юха а хаьттира Юнусе Дала: «Бакъо юй хьан иштта оьгӀазваха и орамат якъаялар бахьана долуш?» Юнуса элира: «Ю сан бакъо, со валлал чӀогӀа оьгӀазвахана!» 9. ТӀаккха элира Везачу Эло: «Хьуна къахетта оцу ораматах, цхьана буса хьала а яьлла, цхьана буссехь хӀаллакьхилла йолчу, айхьа цунна тӀехь къахьегна доццушехь, иза айхьа кхиийна доццушехь. 10. Муха хетар дац Суна къа, шайн аьтту куьг аьрручух къасто а ца хууш, бӀе ткъа эзар адам а, шортта даьхни а шен чохь долуш йолчу йоккхачу Нунав-гӀаланах?» 11. Даудан хастаман назма. А с хастор ву Хьо, сан Паччахь волу Дела. Хьан цӀе декъалйийр ю ас массо а хенахь.
Забур 144:1-8 1. Б илггал, хӀора дийнахь Хьо декъал а веш, Хьан цӀе хестор ю ас ерриге а тӀейогӀучу хенахь. 2. В еза Эла сийлахь ву, Иза хасто хьакъ ву, Цуьнан сийлаллех дерг хуур дац. 3. Г уттар а тӀаьхьено тӀаьхьенна Хьан гӀуллакхаш а хестор ду, цара Хьан ницкъах лаьцна а дуьйцур ду. 4. Д уьйцур ду аса Хьан доккхачу сийлаллин барамах. Хьан инзаречу гӀуллакхех лаьцна ойла йийр ю ас. 5. Е рриге а тӀейогӀучу хенахь Хьан инзаречу гӀуллакхийн нуьцкъалаллех дуьйцур ду наха, ткъа ас Хьо сийлахь хилар кхайкхор ду. 6. З урма а локхуш, Хьан нийсо хастор ю, Хьан сийлахьа дикалла а ойур ю цара. 7. И штта дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву Веза Эла, атта оьгӀаз а ца воьдуш, боккха безам а болуш. 8. Цуьнан дешнашна тӀе хӀумма а тӀе ма тоха, иза ахьа дахь, Цо хьо гучу а воккхур ву, хьо харцдерг дуьйцуш хилар дӀа а гойтур ду».
Кицанаш 30:6-9 6. Ши хӀума ду ас Хьоьга доьхуш, со валале тӀеэцахьа сан дехар, Веза Эла. 7. Даьссаниг а, харцдош а суна гена даккхахьа, суна я къоьлла а, я бахам а ма лохьа, Суна доггӀучул кхачанан дакъа схьадустахьа. 8. Суна догӀучул дукха хӀума сан хилахь, со Хьох дӀакъаста мега, «Веза Эла мила ву?» — бохуш. Амма со къен хилахь, аса хӀума лачкъо мега, тӀаккха Хьан цӀе аса бехйийр ю. 9. Ӏахаро ворхӀалгӀа мухӀар тептар тӀера дӀадаьккхича, цхьана эха сахьтехь тийна хилла дӀахӀоьттира стигалахь.
Довзийтинарг 8:1-13 1. Далла хьалха лаьтташ долу ворхӀ малик гира суна. Церан кара локхуш йолу ворхӀ турба еллера. 2. ТӀаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоьттира. Иштта алссам хьожа йогӀу хӀума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доӀанашца цхьаьна, Делан Ӏаршана хьалха лаьтташ болчу сагӀа доккхучу дашо кхерчана тӀе Далла лерина долчу сагӀина охьайиллархьама. 3. ТӀаккха оцу хьожа йогӀучу хӀуманах баьлла кӀур Делан долахь болчеран доӀанашца цхьаьна маликан карара Далла хьалха хьалабахара. 4. Малико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тӀера йогуш йолчу цӀеран кӀегийх буьзира. ТӀаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гӀовгӀа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра. 5. Шайн карахь ворхӀ турба йолу ворхӀ малик турба лакха кечделира. 6. Хьалхарчу малико турба лекхча, цӀийх дӀаийна йолу къора а, цӀе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгӀачу декъах цӀе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгӀа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира. 7. ШолгӀачу малико а турба лекхира. ТӀаккха, богуш болчу ломах тера йолу цхьа йоккха хӀума хӀорда чу а кхоьссина, хӀордийн кхоалгӀа дакъа цӀий хилла дӀахӀоьттира. 8. ХӀордашна чохь йолчу садолчу хӀуманийн кхоалгӀа дакъа а хӀаллакьхилира. Иштта хӀаллакьхилира хӀордкеманийн кхоалгӀа дакъа а. 9. КхоалгӀачу малико а турба лекхира. ТӀаккха стигалара боккха седа охьабуьйжира. Иза, хаьштиг санна, къегаш бара. Хийн а, шовданийн а, хьостанийн а кхоалгӀачу декъа тӀе охьабуьйжира и седа. 10. Цу седанан цӀе «сагал-буц» ю. ТӀаккха Лаьттан хийн кхоалгӀа дакъа, сагал-буц а хилла, къахьделира. Дукхахдолу адамаш, и къаьхьа хи мелла дела, делира. 11. ДоьалгӀачу малико а турба лекхира. Цул тӀаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгӀа дакъа дӀахьулделира. Цундела церан кхоалгӀа дакъош кхоьлина дӀахӀиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгӀа дакъа, серло ца луш а хилла, дӀахӀоьттира. 12. Со дӀахьаьжча, стигална юккъехула тӀемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012